http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


ШИНА ДЕГАН ЛАЗАМ А, МАРЗО А Печать Email

Анасова Малика

 

 

 

Хьуна сагатло сан,

Хьуна сахьийза,

Хаттанза, сан даго

Хаьржина ерг.

М-С. Гадаев

 

 

Хьуна сагатло сан,

Хьоьга со кхойкху,

Моттанза ойланаш

Хийцина верг.

Хан йоцчу хенаца

ЛадегIа йолу,

Хууш, хир доцийла

Вовшашка лер.

 

Маттаца моз Iена

Хьоьгара дешнаш

Дуьненан исбаьхьчу

Бахамах ду.

Церан мах хадабан

Ду дог сан-терза,

Цара сан яхарна

Дийриг гIо ду.

 

Хьуна дог диллина,

Хьоьца са ийнарг

Совнаха гергарло

Эшначех яц.

Ахь, яха Iамийта,

Дийцина хилларш

Кхечуьнан маттаца

Девзина дац.

 

Бакъ белахь

цхьаъ хилла

Даима безам –

Ораман чIагIалла

Ларйина цо.

Коьртачех лерина

Адамаллин тешам,

Диканехь, вонехь и

Хийца ца ло.

 

М. Анасова

Ала ахь, дагахь ма-дарра,

Iовжоргахь Iалаш ца веш.

Хийла со лайна ву тарраш,

Тешаро эша со веш.

Гадаев М.-С.

 

… Дийцалац дагахь ма-дарра,

ТIаьхьа-хьалха лелхарна уьш.

Вайшиннах, сайна ма-гарра,

Еана, хIора де зуьйш.

Цу денойл декъала хилла

Зама ца карайо кхин-

Довзале вай муха Iийна?

Муьлхачун хилла-те ирс?

Суна хьо сайн дуьхьа хетта –

Хьуна а иштта ю со –

Вайшиннан гергонан меха

Лаьттаца хIума ца го.

Ахь хьеста Iамарах доьлла,

Жима дог ладоьгIна ду –

Ишхеца1 сирла б1аьрг боьгIна,

Гаре сатесна хьо ву.

Вайшиннан герго шен доза

Доцучех ларалуш ду.

Сох хили бIаьстенан хьоза –

Ламанан аьрзу хьо ду.

Амма хьан когийн ду гураш –

Луучу кхочийла дац.

Ойла-м ю езачун лулахь,

Цунах дIахадалуш яц.

 

Массо хIума а бераллина тIера схьадолалуш ду-кха вайн. Иштта дагахь лаьтташ цхьа сурт ду сан бераллин дагалецамашкахь. Цкъа а диц ца ло суна жимчохь со шена герга ийзаш хилла Iаламан сурт. Юьртана юьстах, Маьлха-Басе олучу кIотарахь, Iаш дара тхо. Школе даха генна меттиг яра и кегийчу берашна. Цигара схьа мелла дуьхьал некъ бара цхьана лекхачу гуца хьалавала везаш. Цу гуца, некъо гола тухучу, хьаьввзачу меттехь, цхьана гIамаран тIулга юккъехь хьаладаьлла синтар дара.

И синтар даьллачу хазачу гуца, цу синтаран исбаьхьчу хазаллех, ша башха хаза киртигаш йолуш, товш безамехьчу гIашца йогIалой, цхьа шатайпа дог-ойла хийцалой, цуьнга хьежарх хада ца лууш, цунна айса хIун дан деза а ца хууш, цунна уллора ца ялалуш, лоррий охьахуий, цуьнга хьоьжуш, цхьа бийца ца хуучу сингаттамца, цуьнца йолчу марзонан уьйраца цунах ца Iебаш, школе яхар тIаьхьа дуьтий, сайна сайх юй ца хуучу цамгарца – Iаламан и ниIмат хаздаларций, цунна хIун де ца хаарций – хьоьжуш а сакъералора. Цхьа шатайпа сингаттам хуьлура, бер шех кхетайиш йоцу. И сурт даима лаьттина бIаьрхьалха. ХIинца кхета со хIетахь сайна хуьлуш дерг хIун хилла, мичара хилла. И ножан синтар, шо мел долу, сан хенаца кхуьуш долу, цхьа сингаттаме марзо хилла кийра дижина хилла. И дезаран, хаздаларан бахьана дийца, цуьнах кхета ца туьгуш, даг чохь цхьана байтан мукъамца хесто, къаго, хьаста лууш хилла сан са. И поэзи езаран хьу хилла хилар хIинца хаьа суна. Поэзин лакхалле, говзалле кхаьчна яцахь а, и лазам хилла-кха сица. Цигара хьу хета суна сайца язораш хилла лаьттарг.

 

Кегийчу когех дийгIалуш кIохцалш,

Когаш а Iуьйра, бацалахь кхерсташ,

Маьлха-Басен тогIехь берашца ловзарш

Цу ножан гIашца сох къайладевли

Къовллий дIалоций шен марахь дадас,

Лазийна кIохцал нанас схьадоккхуш,

Гох2 хьийзаш хилла да-нана маццах

Доцуш ду дийна. Со а го йоккха…

 

3-чу я 4-чу классехь хилла хир ду и. Цхьацца могIанаш яздора ас сайна т1еIаткъам хиллачуьнца дозуш. Нийсса могIанаш яздалар бен, кхин дIа хьесапе доцуш. Эццахь дисина могIанаш 9-чу классехь карладахар хилира, бакъйолчу поэзина генахь уьш хиллехь а. Оцу хенахь Нажи-Юьртан редакцехь долчу «Коммунизман маяк» газетехь хаамбира, стихашца гергарло долчарна лерина литобъединени ю, цигахь баттахь цкъа вовшахкхетар хир ду аьлла. Цуьнан куьйгалхо вайна массарна дика вевзаш волу поэт Шайхиев Iалвади вара. Хазделла, редакце яхара со, цига бахьа белхаш, дийца хIума сайн дацахь а. Эццахь вевзира суна Шайхиев Iалвади. Айса даьхьна могIанаш деша суна эхьхеташ карийча, Шайхиевс дийшира шайна рифма, ритм хIун ю ца хуу сан могIанаш. Соьга вониг, дог юхадоккхург ца элира, тIаьхьо, Iемина яьлча, атта, дика яздар хир ду аьлла. Гулбеллачу декъашхойн цIераш тIехь йолуш, говза язъеллачийн а, Iалвадис юха кечдина тодинчу сан могIанийн жима стих а йолуш литературин агIо араелира. Эццахь, оцу хенахь, билгалделира соьца ерг поэзи езаран хьу хилар. ХIинца санна телевизорш, массо тайпана хаарш, хаамаш буьйцуш йолу зама а ма яцарий и 66-67-гIа шераш.

Дагахь а хьанна дара хIетахь, суна вуй а ца хууш волу Мохьмад-Селахь сан дахаран коьрта дакъа хилла гучувер ву а, я сан, иштта «корматалла» йолчу, Мохьмад-Селахь санначу къонахчуьнца дIахьош гергарло хила тарло бохург а. Хьалха, ша жима волчу хенахь, тхан юьртахь гергара нах болуш, вахар-вар долуш, массо цу хенан къонахошна вевзаш хиллера и.

Набахти чохь цуьнца цхьаьна нисвеллера сан гергонах цхьа стаг. Вовшашца шайн долчу гергонна юкъахь ас цхьацца могIанаш яздеш хиларх хьахийнера цо Мохьмад-Селахье, и кIорггера хаарш долу хьехамча хиларе терра. Шена а бевзаш, ша а вевзаш, дайшкахь дуьйна герго лелийначу нехан йоI поэзи езархо юй хиъча, цунна гIо дан хьожур ма ву ша аьлла, суна ца хуург, оьшург хоттуш, массо хIуманна ша суна гIо дан лууш, кийча хирг хилар хоуьйтуш, ала, хьажа луучунна озалуш ца хилар доьхуш, кехат яздира цо соьга, шега сан стихаш яхкийтар тIедуьллуш.

Цунна чIогIа тайнера зудаберо стихаш язъеш, и шена бевзачу нехан кертара хилар а. И тешара суна гIо эшарх.

«Оьшуш долу гIо ца хилахь, хила тарлург хиланза юьсур ю хьо. Бена чуьра хьалаяьлла, тIома яла са а хьийзаш, шен ницкъах тешна йоцуш, хIинца а майрра тIемаш хецна, айбаяла ца яьхьаш, гонах ладоьгIуш, ша муха, хIун де-те, хIун дича хIун хуьлу-те бохуш, бIаьрг беттачу олхазаран кIорнех тера хета суна хьо», - яздора цо. Иштта яра тхойшиннан гергонан юьхь. ХIинца уьш юьхьанца дуьйна дийцарца дагардан мел хийцамаш хилла. ХIетте а дагалецамашка йолу со.

 

 

Хьоьга…

 

Мича кепара дешнашца баста ца хаьа, цу гергонан дагалецамашкахь хорамо Iаьвдинчу, вайшиннан гергонан марзонах хиллачу овгало легашкахь къуьйлуш, цхьа жимма хьоьца къамеле яларан сурт тардеш, бIаьрхишна юккъехула могIанашка хьоьжуш, хьо уллохь вацаран йоьхначу шовкъаца даге ла а доьгIуш, дIатийначу ойланашна юха а хецаяла меттиг белла, вайшинна мел моьттуш хилла диканаш юкъахдовларан Iаткъамца бина яьгначу йовхонан шийла шад.

ХIетте а, и шад къелачохь собаре хилар сайн декхар хиларна, хьан цIенчу синна тIера, хазачу-даггарчу вайшиннан гергонна тIера долийна ас хIара могIанаш, Мурид. Ахь иштта цIе тиллинера хьайна, соьга хьайх яккхийта. «ГIазотан мурид воцуш, хьан дахаран некъан, кхоллараллин белхан, эшамийн-лехамийн хьашташка хьожу Мурид ву со», - чIагIдора ахь.  Со ондда хьайн белшах товжа, цунах гIортор йина улло ялар дара хьуна луург. Хьайгара гIо суна эшар, и гIо хьайгара суна хилар дара хьуна луург. Иштта хила а хилира. ХIора кехатан чаккхенехь доьшург дуьххьара «Хьан ваша Мохьмад-Селахь», - хиллехь а, тIаьхьо жимма гергонан дахаллехь «Хьан Мурид» хилла дисира. Яздо ас, хьан сийлалла лерина, вовшашка кховдийнначохь дисинчу куьйгашна тIера, байбеллачохь севцинчу когашна тIера, датталучохь гIорийначу дагна тIера, дийца долийнначохь дисинчу, дезачу адаме дуьйцуш хиллачу аьхначу дешнашна тIера, заза хецначохь юкъахъевллачу мерзачу сатийсаман йовхачу ойланашна тIера, вайшиннан дахаран хиндолчунна лерина хьан хиллачу сирлачу хьесапашна тIера.

Хьайн декъазчу кхолламан цхьа чаккхе гина, цхьа жимма а бохучух кхиъна, охьахаа кхиалур моьттуш, ойланашца сатийсина, дахарехь хиланза дисинчу хьан хьегаман суьрташ цаьрца дустуш, ахь дийцинарш хIинца дагца зийзаш, хьан син къина доьлхучу даг тIера сингаттам Iаткъаран бала къурдашца къуьйлуш, вайн дагалецамийн йоккха аре даг чу ца тарлуш, цуьнца ядарх-хьадарх маслаIат ца хуьлуш, вайшиннан лаамаш багарбечу хеначу яхча яздо ас хIорш.

ХIунда девзира вайшинна? Ма сиха чекхбелира и жима мур (I967-I972 шераш). ХIун делира цу ханна довзаро вайшинне а? Шиннен а дегнех, муха тосу а ца хууш, дагахь хилла а доцучу кепара суй тесира.

Цу суйнах цIе кхерстина, хьайца и хилар хаийта атта доцуш, мел хенаш, мел некъаш, мел бахьанаш листина ахь! Хьайн поэзин лаккхарчу тIегIанехь со уллохь нисъелла, дуккха хийцамаш бевзира хьуна хьайца. Диканехь-вонехь воьхна воцуш, собарна вицвелла, хийцавелла вевзина воцуш, цу суйнах яьллачу цIергахь вагарна сатоха орца ца даккхалуш ца висира хьо. Соьгара бен ца эшна орца, соьца бен ца йоьхна чот  кхетайора ахь доллучун бахьанех. Вайшинна юккъера хенан яхалла а, сан жимчу дагца дозаделла, гIелделлачу хьайн дагна ян дуьхьало йоцуш Iийнехь а, цул толар ца хуьлуш, хийла-хийла язди. Девнаш а хили сан хьоьца ишттачунна лерина. Уьш дIа а дирзи. Мел ду уьш. Ишттачу дийцаршка кхачале-ма дукха урокаш, хьехамаш бара хьан суна луш. Къамелаш алсамдийла доладелира. Кехаташка йолу марзо шатайпа, шега денна ладоьгIуьйтуш хилира. Кехат ца догIуш-м цхьа а де дацара. Цхьа де дисинехь, шолгIачу дийнахь ши кехат цхьаьна догIура. Цхьана башхачу ницкъаца чIагIлуш, толуш, ца хилча мегар доцу герго дара и. Дуьххьара стихашна лерина хиллехь а къамелаш, тIаьхь-тIаьхьа кхечу «мукъаме» дирзира хабар. Доккхачу маьIне дара хIора дош а.

Амма хIора хьан дашна муьтIахь дог сан ца хиллехь а, шен жималлина, хада, дIатаса ца лаарна, кехаташца дозаделла вайшиннан герго ша башха хазна яра. Цо дагца цхьа хьаам, цхьа лаам латтабора, шен маьIна даьккхина со яьлла йоцу.

Ахь хаза яздечуьнга хьоьжуш, могIанийн маьIне ладоьгIуш, хьох таръяла, хьох Iама лаьара суна. Мел хетарг хьайга олуш йоцуш, цхьа ийзалуш долу герго ас леладахь, вайшинчух цIена, вовшех кхеташ, вовшех тешаш долу хила ма-деззара гергарло хир дац, бохура ахь.

«Ишттачунна ас пурба ца ло хьуна, герго мелла дог даьстина, дош майрра, ондда бIобулуш хила деза. Вайшинна юкъахь йогIур яц къайленаш, озадаларш, шалхаллаш, харцонаш», - яздора ахь. «Хьо жима ю. Къона ю. Къоначун дагца безамна лерина тема бен цкъачунна гергара, уллора хир яц. Цунах бен язлуш хир дац цкъа а. Цундела, ас сайгахьара пурба ло хьуна, и «безам» бохучу темина язйинарш, ийза ца луш, со-воккха, хьо-жима доцуш, хецна язъеш, схьаяийтар. Ненан-бере, беран-нене, йиша-вешин вовшашка, ур-атталла кхача къастош, шатайпа кхача алсам безаш хиларна тIекхаччалц безам ша-шатайпа луш, адаман шатайпа синхаам, синлазам, синмарзо ю. Цу марзонах ша ма-дарра бен дуьйцийла яц. Хецна ца яздинарг  кхеташ хир дац, ладоьгIучун-ладогIа дог догIуш хир дац», - бохуш, ала луучунна маршо ялар хьоьхуш, дара хьан лаамах дерг. Сел даггара, сел хьанал сайн накъост хилла, кIадо, мало йоцуш, массо агIор кхетош-кхиоран болх сайца дIабахьарна, мелла а хьуна тамехь дерг хоржуш, дог ойбуш дерг ала хьийзара со а.

 

 

Цунах…

 

Цу юкъана долу герго гергарчу шина адаман уьйрашца дара, цул совнаха дагатесна, хааделла хIума доцуш, цунна-шех, суна-сайх а. ЙоьIан кIантеpа хуьлучу безаман марзонна лерина байт цуьнга еша яхьийта а эхь хетара хIетахь-м. Ишттачух аларна бакъо йоцуш, гергара вара и. И доза цо ша дIадаьккхира, ша дуьненан хьесапца долчух кхеташ хиларе хьаьжжина. Цу тIера дIадоладелира лирика хецна, маьрша йитар, цунна дуьхьалонаш цаяр. Цунах-со, сох-иза мелла а цхьана деган схьакъаданзачу къайлахчу кIоргенехь Iехалуш хилла-кха, барта схьааьлла, яздина дош доццушехь охашимма. Цхьанхьа схьакъада хьийзаш цхьа зIийдиг хилла-кха, хIинца а хаза билгалъяьлла яланза, орам хецна яланза, ницкъ гулбан кхианза. Шен ораман чIагIалла мел ю хаъалц, тIамарш ца хоьцуш Iийна хила тарло. И кхуьуш гуш, цунна ка хьоькхуш, шега цунна меллалц дуьхьало яло хьоьжуш, цо мелла шовкъехь латтош хилла-кха, суна хIун ду а ца хууш, сан Мурид.

 

 

Хьоьга…

 

*   *   *

Меллаша дохуш маттаца гилгаш,

Ойланаш керчаш, мохца гIа санна,

Амалан шаго1, хьаьстина, хийци –

Со Iехо йохку-теша хьан байташ?

 

Синкхача кхочу цаьргара суна,

Хуьлучух ца кхеташ, хьесапе юьйлу.

Вай муха кхечи ишттачу гу тIе? –

Хаттанза гIала вовшашна юьйгIи.

 

Цу г1алин корехь кхета малх вайна,

Цигара боьду суьйренгахьа.

ЖовхIарех суьлхьнаш дуьйцина сайна,

Хастам бан Далла довзарна вай.

 

Цхьанненна а ца хууш, ваьшшинна кхоьллира вайша шатайпа герго, иштта и кхоллалур ду бохург аьттехьа деана дацахь а дагна цкъа а. Дуьхьал маттаца ца алалург йозанан хьаьркашца далхалора, кхеталора. Йозанца дерг мелла атта, мерза хеталора. ХIора кехат дахаран цхьацца киртиг яра. Цу киртигашца дозалуш, долалуш ду мел доккха хIума а. Стенна эшара нахала даккха ваьшшинна бен оьшуш доцу, вайшинца бен дозуш доцу и герго? Амма юкьа-кара вайгахьа къарзанза ца Iийриш хиллера. Совнахчийн бIаьргашна доцург го, лергашна-доцург хеза, матто-доцург кхуллу. Цу дерригенах ваьшшинан герго Iалашдан хьийзара вай.

Вайшиннан гергонах шеконаш ерш а хиллера, вайшинна хьалхабевлла, кхечу гаьннашца дуй-теша церан доттагIалла-гергарло бохучунна тIекхиа лууш, шайн шеконийн дуьненахь вайга хьуьйсуш.

Денна дIасалелачу почтица кхочучу кехатийн алсамдовларо массо бохург санна цец а, шек а ваьккхина хиллера. Тешна бевлларш а хиллера, дуьхьал ала ца хIуттуш, тIаьхьашха дуьйцуш. Цунах-м суна сов тIаьхьа хиира. Ишттанаш арахула кхолладелла кхерсташ лелачу хенахь-м, леррина хьаьжча, вайн синошна, соьга хаьттича,  хууш цу тайпанчу хабарех  х1ума дацара. Амма церан а дукха бехк бацара. Моьттийла хилла, жима-воккха ца бохуш, хьоьгара-соьга, соьгара-хьоьга долу кехаташ гуш берш почтан белхалой бен ца хилча а. Ткъа лаьмнийн ярташкахь массо цIа, хIора адам, кера юккъехь санна, шера гуш, девзаш ду. Иштта гIарадаьлла хилла хир ду-кха хилале хилларг.

Конверто ма-ллов хуьлура яздинчу кехатан тептарш. Дуьхьал аьллачунна дуьхьало ян дезаш хуьлура, доцурш-моьттурш дукха хиларна. Цу эладитанашна юкъахьарча ца лаьара. Ца лаьара, вайн гIарадаьлла хилла доттагIалла, харцахьа даьккхина, аьшнаш дан а. Iийний я Iийр а дуй ткъа гонахарчарна хетарш хьулделла а, кIеззиг бен доцчух цара доккха сурт кхолланза а?

Дийнна дахар дара цу конверташа дIасакхоьхьуш. Ма дукха дара, лаамашца тардеш, лоьхуш, даго хьоьхурш. Уьш цхьа а къобал ца хили-кха, хьан дог айбадаллийтина, жимма самалхадаларца волавелла, сатийсинчу ЦIен-бердан басешка кхарста, садаIа ваххалц дерш мукъана а. ПIелгашца шаьш дагардалла бен дац-кха воккхавеш даьхкина денош-ма хьан. ХIетте а Iехалуш хилла-кха царах, сирлачу сатийсаро хьошуш цатам.

 

Цу кIеззиг деношца мел дукха девзи,

Мел дукха зевзина, Iовжийна дог.

Амма дог къонахчун, даланза меттах,

Къевлинчу буйнаца собаре го.

 

Вайшиннан гергонан мах оццул хьесапе бацара суна юьхьанца. Амма, хьан матте ла мел дийгIи, юх-юха и хазлора. Цунах хада амал ца гора. Суна сайл дика хьуна со дика евзаш, сох соьл дика хьо кхеташ каравора. Ахь гIиттайора соьца керла ойланаш. Ахь кхийдайора кханенаш йовзаран кIоргалле. Ахь Iамайора, дахаран хийцамаш, хиламаш бевзаш, цаьрца сема хила, сема хьажа. Мел дара суна Iама луурш хьоьца, цIийнан пенашкара ара адамашна юкъа кхаччалц, мел долчарна тIе кхаччалц.

Мух-мухха сан яхар хилар, мил-милла хилла со сацар ца дезара хьуна. Ахь хьоьхучарна, ахь бохучарна тIекхиа сан са сов генахь дара. Цуьнан шен паналла, шен аьрхалла яра.

 

 

Цунах…

 

Цунна шена хьалхара тахане бен, кхане хIун ю а ца хаьара. Ткъа ша лоьхучу кханене, дуьхьало йоцуш, мацца а, мухха а дIакхачалур ю моттара. Уьш дерриш зийна, гина ваьллачунна сан хиндерг, ца хиндерг вовшашца дуста, сан кханенийн жамI дан хаьара.

Лаьара со Iалашъян дахаран некъан хьовзамех, лазамех. Нанас, дас шайн беран санна, даггара сан доладан, суна луург лаа, суна иэшалла ерг хилийта, массанхьа  массарлахь шеца со йоьлуш, йоьлхуш уллохь Iалашъеш лело, суна болчу томах шена там хуьлуш, цу томан ирсехь жимма мукъана вахар хир ду моьттуш а, цуьнга сатесна, цунах тешначу даго шовкъ латтош вара и.

Иштта, цо санна, кIорггера, цо санна, хьанал массара дуьйцу хир ду алалур дац соьга. Дукха ца хезна суна гонаха а ишттанаш. Вовшашна диэза адамаш дуьне кхоьлличахьана хилла, хир долуш а ду. Амма, иштта къизалла лайна, бала гина, дуьненан дахаран марзонах догдиллина, шен кхолламна муьтIахь хилла, шен оьмаран чаккхене ладоьгIна Iачу хенахь карзахдаьллачу цуьнан даго юха а бала бина цунна.

Тхойшиннан гергонца хьаьвзина ойланаш, хьовзийна корта а, дог а.

Стенна эшара цунна и?

Эшарий-те и хIумманна а?

Хаац. Амма дог-м къонделла, андделла, дахаран кханенашна чоьташ еш, шен мерза бала доггах тIеэцна, цунах Iехаделла, хIуъа а цуьнан дуьхьа далур долуш, хийцаделла хьаьжна дуьнене.

Иза а ду-кха дахаран цхьа га, сихха кагделлехь а.

 

 

Хьоьга…

 

Лелориг дицделла, генарчу со йолчу лаьмнашкахьа вирзина, массо ойланийн хаттарш, жоьпаш оцу агIонга вирзина луш дара хьан даго хьуна, ахь дийцарехь. Вайшинна а тIера, хьайн дагца,  хьайца къамеле вуьйлуш, соьга дийца луурш аз доцчу маттаца хьайга дуьйцуш, соьгара хьайна хаза, хаа лууш долу жоп, хаттар соьгара хезначух тардан, хьайн ойланашца хьуо хьайн Iехош, цу Iехаваларх сакъералуш, жимма а маьлхан серло лаьмнаш тIехьара хьайна къадар мел ду, цу самукъанечу дахарх тоам хилла, чекх мел даьллачу Iийжамийн дахарца и тIаьххьара дахар доьзна, шийлачу ойланийн тIулгIе эккхош еанчу йовхачу тулгIенехь дог къонделла, жимделла, дог диллинчу дахаре вухавирзина вогIучу хьуна дерриг диканиг кечдинера цунах хьаьгначу даго.

Лаамаш…

Сирлачу лаамашка хьаьжна хIумма дац-кха вайна еллачу хенан. Суьйренга хьежар мича кепара, Iалашонца ду, Iуьйренга хьежар мича кепара, Iалашонца ду- цу хIора хенан ша-ша тайпа лаамаш, хаамаш, суьрташ билгалдора. Iуьйре… Муха дара, сатасале Венерин бIаьра хьоьжуш, ахь ечу ойланийн сурт? ХIара ду-кха и сурт:

 

Хьаьстина олу ас: хьоме Венера,

Къегина хьоьжу хьо «иза» ю-теша?

Ткъа хьуна юххера кхоьлина седа

Воккхаллехь со ву-те, ницкъана эшна?

 

Варийлахь, Малика, йицъялар доцуш,

Сатасар даржарца Венера гуолахь.

Сирлачу безаман юьхьца и хьостуш,

Сан цIарах цуьнга ахь маршалла луолахь.

 

Вехар ву хьуна со, мел го и хьуна.

Олуш ду: «Iаьршара са догIу синна».

Лаьттаца хьол дезаш са ца го суна,

Хьоьца бен бIаьрсина ца ваьлла сирла.

 

Венерин серлонан йовхонца йогуш,

Вайшиннан безамна хьесталахь иза.

Цуьнца хьан сурт тарлуш, маслаIат доцу

Хьегамийн Iуьйренаш листина къиза.

 

Венера буьту ас весетца хьуна,

Сайл тIаьхьа цуьнгахьа хьо а хьежийта,

Вайшиннан ирсана ас леринчунна

Дисинарш, цуьнга луш, хьоьга далийта

(Гадаев М-С.)

 

 

*  *  *

Ламанийн раьгIнашца беттаса гIоттуш,

Аьхкенан Iаламан хазалла къеста.

Стигланан шорталлехь шайха нур догуш,

Седарчий качделла, сакъераделла.

 

Хьесталац суна уьш, тохара санна,

Саготта хиийзачохь хьежа йицъелла.

ХIинца схьакъестабо царлара сайна

ДоттагIчо цIе тоьхна битина седа.

 

Гергонал гергара хетара дагна,

Оцунна бахьана хиларна шалха.

Хетачийн къайленаш яцара талла,

Цу дагалецамийн кхоллало байташ.

 

Хьехамча хиллера суна хьох воккха,

Синтеме, собаре кхачаре кхойкхуш.

Тешаро, хиларах хьуна сов хьоме,

Яхь лаца Iамийра, хьоьца яхь къовсуш.

 

Дешарехь дазлора: «Сатосуш гIоттий,

Сахуьлчу седане хьежало веха.

Хьан цIарах цIе туьллий, эсала кхойкхий,

Хьуна гуш санна и, сецало хьеста».

 

Хьомсара Венера! Лийринчун васташ,

Амалаш, лаамаш хьоьца схьакъеда

Стигланца цхьанхьара нур догуш дайча,

Цуьнан сийнна лерина иза ма хета.

 

Сатасар даржале, малхбале хьоьжуш,

Венерин серлонца гуш ву хьо денна.

Вайшиннен меттана мерза и хьоьстуш,

Хьан безам бевзина яхар ирс хетта.

 

Ламанийн даккъашка маршалла хоьттуш

Шен кIажарш Iаламна йоькъуш го малх а.

Венера дIабаха... Цуьнан сурт лоьхуш,

БIаьргаша Iенадо дазделла даш-хи.

Венера хетало къайлах схьахьоьжуш,

Шегахьа хьоьжучун гIайгIанаш яйъа.

 

Цунах…

 

Ша чувоьллинчуьра мукъа ваккхале, цомгаш хилла, набахтин больницехь лаьттира иза дуккха а. Цу цамгаран гIелонехь а, шен дахаре юхахьаьвзинчу, мацах хербелла, хаьддачу сатийсаме вухавирзина, цунах дог ца дилладаларо вахаре кхийдош а, бохург-луург хиланза дисарна кхераро, кехатийн могIанашка гIорасиз куьйга балхамаш язбеш а, уьш суна схьакхачийта хьийзош а къахьийгира цо. Атта дацара, язъеллачу цамгарца меттахь воьжна висар дахделла, лаьмнашкахьа йогIучу дартанан тIемашца иллин мукъамаш тийсина, юха цу мукъамца лаьмнийн юьртахь цхьаннан дог эшаре дирзина лекхалуш хазарх сакъераделлачохь, шена муха кхоллало а ца хууш кхоллабеллачу деган бахамах-марзонах хада а.

Ишттачу денойн цхьана суьйрана лаьмнашкахьа йогIуш гинчу дартанца са хьаладаьлла, дегI айба ца делла, ша дартанна тIаьхьа хьоьжуш кхолладеллера цуьнан «Хьехархочуьнга» аьлла долу, Усманов Iимрана дIаолу илли. Суьйра-Коьртара схьахьоьжуш Ишхе-ламанан бухь-корта хьоьстуш, суьйренаш маьркIажене яхарх яздора цо. Мел дийци а, керла, мел хьисти а, хаза, юха-юха ала дешнаш, дешнийн маьIнийн башхаллаш муха кхоллалора, муха карайора ца хаьа, хIоразза, цхьаъ вукхунах тера ца хуьлуш, амма цхьана орамна тIера схьа ша дерриг а.

 

 

Хьоьга…

 

Дахаран зовкхо кIеззиг хьистина, вонаша дукха теIийна, амма гор ца вожавелла, говзачу маттана кхоьллина бакъ илланча, сийлахьчу нийсонан хьехамча, къонахошлахь къонах вара хьо. Ишттачу оьздачу къонахчунна уллохь Iема шен диканаш-вонаш вовшашца дуста а, ган а. Iема уьш шех хадо. Къонахчуьнгахь товш гуш, марзделлачо самайоху йийшина лаьттина ойланаш, х1инццалц цхьанна а хIуманан хьесапе йоцуш лаьттина йолу. Iема кхечу кепара ойланаш ян, цаьрца дуьне а, дахар а кхечу суьртахь довза а, ган а. Эццара юхаволавала лаьа ваха а (нагахь шен хан хир аьлла хетахь цунна).

Карахь йолчу хенан лехамашна тIаьхьаюьсуш йоцуш, хьалха лелха ца гIерташ, заманан лехамашка хьаьжжина яха, Iан лаьара хьуна со.

ДIадахьалур доцу масех дукъ коча оьллина, некъаца текхаш оьхучул, таро йоллу цхьа гIуллакх схьалаьцна, цуьнца хила ма-еззара хьанал, цIена, таза хилар дара хаздийриг суна.

Хьан хьехамашка ладегIаро гергара вора, гергахьа юьгура со хьуна. Хуьл-хуьлуш, воцуш цатерг хуьлий дIахIутту хьан деган накъост хила хууш долу адам. Хийла жоп дала озаелла дисинарг ца аьлча а кхеташ хуьлура хьуна. Айхьа жоп лора ас дала дезачунна тIера, сан аланза дисинчун чулацамах кхетарца. ХIетахь суна атта хуьлуш хилла а хир ду дагна герга деанарг дIататта а. Жималла мелла а аьрха, шога, онда а ма ю. Ткъа хьуна лууш дерг дара-хьайн синкъайленехь дахаран тIаьхьенан айхьа дохучу бустамашка терра вахар хаздар. Суна луучунна муьлхха некъ а карабора хьуна, нагахь айхьа лоьхучу кепара сирла сан лаамаш хилчахьана.

ХIунда хиллера, ца хаъа, хьуна сох сел сирла седа. Мичара гулбелира оццул ницкъ, сан некъан массо мохь, хала бала хьайца дIабахьа, сан белшах язо1 ца гайта.

 

Хенаца карчамаш хиларах воьлла,

Стигланца ткъес санна, лаьттаца вага

Веанчу хьан накъост хила со йоьлча,

Сох хIунда хилира-те хьан сина бала?

 

Хьаннашкахь вовшашка эшаршца кхойкху

Ши кхокха санна, ваьш долуш ген-генахь,

Иллешца кхайкхира вовшашка, догуш,

И кхайкхар кхечарна хазар ца дезаш.

 

Хан йоцчу хенаца кхевдина Iаьрше,

Хьан дагна жимма а самукъа хилла,

Бицбелла хир хьуна сингаттам аьрга,

ЙогIучу заманан юьхь туьдуш сирла.

 

Кхиавелла хилла велира хьо хьоьгучу кепара назманаш язъеш. Церан маьIнех дуьне цецдохуш, хьайн лаамийн мерза чам эцар доьгIна ца хили хьо Маса илли юкъахдиси? Хьан ирсе хиларца со ирсе хеташ, хьо лорур вар-кха сийлаллехь веза. Хьан гIелалла яйъа накъосталла хир дар-кха соьгара. Хьан тийналла йохо байташ йоьшур яра, хьан сина аьхналла шайца ерш.

Хьан лезна дог ойбуш, сайн дагах цунна гIортор йийр яра. Хан ца хили хьуна, хьо хьоьжу седа хьайн коре кхачо. Дийцарш, лаамаш, лазамаш… Уьш диси дагалаца вайшиннах суна, масийтта шерашкахь, хьаьнга аьлла, далхо да воцуш, ахь кийрахь къийлинарг дийцина, синна кхачо хила таро хиллехьара, оццул дегаузаме хир дацара и шир ца лун чекхдевлларш. Къизачу кхолламан йийсархо хилла, хьоьгучу уьйрашна юкъахь сацар ца делла, цу массо суьртех цхьабосса чекхвалавелла волу хьо турпалхо ву, мил-милла санна воцуш, массо дорцаш, дIаьвшаш, герзаш, дахаран сингаттамечу лазамийн ойланаш зийна, юьйдина, лайна ваьлла.

Хьо кхоьруш, озалург цхьаъ лорура ахь: суна хьовзамениг, со кхетар йоцург хьайн маттана аладалар, ларамаза а.

Тамехьдерг соьга яздарехь а там хуьлуш хьан синна хиларна, хастам бу Далла, и «совгIат» хьан дагна делла, хьо мелла а хьаьстина. Ген-геннахь долчу вайшиннан синошна новкъарло яцара ул-уллохь хила, шаьш вовшех кхеташ, вовшех тешаш, вовшийн оьшуш хиларх тешначул тIаьхьа.

 

Вайшинна юккъера некъаш

Хьовзаме дацара дийца…

МогIане нисдина дешнаш

ДIакхачо хиларна гIирсаш.

 

Йоьхначу набаран бахьана дийца,

Мерза и йохарна там хуьлу дела,

Яздарах Iабале, сахуьлуш сирла

Хьийсочу кехатийн мах бара беза.

 

Сел тергаме, къинхетаме соьца хьан хиларо гергара вора хьо дагна. Мел-меллаша заза доккхуш, хьийкъина тоелла хиллера шатайпачу исбаьхьчу бахаман беш. Цу бешара схьаIенаш хиллера суна хьан могIанаш. Коччуш со церан маьIнех кхеттийла хьоьга хаийта ца лаьара суна. Ишттаниг дагахь хир ду ца моьттина дела. Ца лаьара цу могIанийн, дерриг хьан дахар шайца дIадузуш яздинчу, сил цIеначу дагарх Iеначу хьаналчу хьан марзонна тIехула вайшиннан доттагIаллин уьйраш хадо а. Дуьхьал луш жоп доцчу кехатийн дийцарш совцуш дацара, ас юкъ йолийтича а жоьпашна. Уьш доьшуш мел Iа, со юлуш хийтира суна хьан «лазаран» поэмех, иллех, дахарх… Ахь яздора:

 

Ирсаца ког баккха йисна

Меттиг ца евзачу хенахь,

Дахаран къахьалла йиъна,

Эшначохь хьуьнарна дегIан,

 

Жималлехь кхирстина волчу

Евзина лаьмнашкахьара,

Хьоьцанна айделла, тIома

Дели дог, соьга хаттанза.

 

Тамаше хетара сайца

Иштачун суьртахь цIе ялар

ТIекхиа гIертара дагна,

ЦIенна ган цуьнгара дагар.

 

Ойланаш юьйлура морзах,

Хадийна синтемах, хьолах.

Дош ала хетара бехке

Айса ловш долчунна тIера.

(Гадаев М.-С.)

 

 

٭  ٭  ٭

ГIайгIанаш йийшина юха а кийра,

Садаккха санна, цар хьийзайо вон.

Суна пе тоьхна, ца ялалуш хийра,

Маса ю карзахчу цаьргара йорт!

 

Юха а геналла дуьхьал ма туьйсу,

Шегара жималла иэхьарца схьа,

Хьаьъначу марзонан хIорда чохь луьйчуш,

Тешамца тийсарца дикане са.

 

Амма и геналла сихха дIайоьду,

Ойланца схьакъедда хиларна ша.

Яшийна юьхь якъо оза куьг хьоькху,

Бешна, ца кхачало кийрара ша.

 

Луьра ду, теллича, безаман дакъа,

Хьан-хьанна кхоччуш ша зеделла дац.

Цуьнгара вон-дика ша-шехь ца лайча,

Дийцаршца кхеталур ала хаац.

 

Маржа, сан доттагIа! Велира хьо хIинца,

Дийца ца кхиъначех дийцарца Iаба.

ТIаьххьара садаIар хьан цIарца тийча,

Со а дIакхочур ю хьо волчу цкъацкъа.

 

Гуш хилча хIинца вай, иэккхийна хорша,

Дайлур дара балано таIийна догIмаш,

Декъазчу безамо лахийна йолу

Ойланаш евр яра баттаца ловза.

 

Баттаца шайгара хазалла къовсуш,

Хьан дахар къагорн а лур дара нур а.

Ча такхо тачанца цхьа гечо доккхуш,

Билгало хир яра дуьненна гуш схьа.

 

Седарчийн тобанна юккъехь хьо вехаш

Гуш санна, Iаьршашка йогIало со.

Уьш дар-кха даима вайшинна хьехош,

Дуьгуш вай ваьшша Iан баттана чохь –

Цуьнан нур ца оьшуш ваьшшинна го.

 

 

*  *  *

Цкъа а вайн лаьттана

цхьа цамгар кхеттехь,

Декъазчун безаман къахьалла ийна,

Иза хьан йочане –  муьстачу некъахь

Ахьа мел лайначу декъана хилла.

 

Деган гергонан марзонца вовшашка кхийдаш, вовшашна оьшуш, кханешна леринчу сирлачу ойланийн хаза суьрташ дохкуш, цу суьртийн барамехь некъаш-хетарш нисдалийта лаам болуш, цу лаамна герга кхочуш хиларх тешна долуш, вешан сакъераделлачохь Iалам а ваьшшинца декхало моьттуш, дерриг дIадалхо кхианзарш дагца ловзадуьйлуш, мерзачу дахаре куьг кховдийна дохккучохь юткъйели сел генара, сел хала беанчу некъан аса. И аса -  дашо хьасанца кхелина, болатан зIенашца йихкина, мокхазан бердех сехьаяьлла, хадалуш йоцу безаман аса, деган дашо хьаса, жовхIарийн гIала.

 

ЖовхIарийн гIала ма юьйгIи ахь вайна,

Дагарца цунна чохь шен нуьрехь дог.

Iемина хилча и сан дуьхьа дага,

Асчул сов цунна хьан дийр дара гIо?

 

Ирсана гIаланаш ца оьшу суна –

Цхьаъ бен ца кхоьллина адаман дог.

Сан цIарца шеца цо мел лайначунна

Хьайца дог дитахьа, хьастахьа со.

 

Вайшиннан шина дагах цхьа дог ма хилла,

Шиннен а лаамаш цхьатерра го.

Шиннен а лазаме цхьа лазам хилла,

Шиннех а – вовшашна хили-кха лор.

 

«Хьо-воккха, со-жима» юкъахь дац вайна.

Шиннен а цхьабосса безамаш го.

Доккхачу ирсана хIун оьшу тIаккха? –

Марзонах кхоллало синхазнийн хIорд.

 

Цу хIордан тулгIеша дохучохь гена

Гонаха, мох балахь, хинкема дац.

Вай мичахь совцур-те? Кхочур-те стенга? –

Хаттаршна жоп хаа Дела бен вац.

 

ЭхI-хIай! Ма хала ду-кха, дагна гатте еш, цунна маслаIат хила ца туьгуш, дог Iуьйдуш, кийрахь сингаттамо бIарзвар.

Вала-вола меттиг ца хуьлуш, дегIан доладан хьал ца тоьаш, дуьненахь мел болу бохам шена цхьанна кхаьчча санна, цхьа къиза хьаьвза-кха и, цкъацкъа къаьсттина а. Мел доккха хIума ду, юха а сел доьхна, деза де шега деъча, хецна шен бала цхьаьнга балхийна, цуьнан мохь жимма байбина, дийцарехь ладоьгIна, кхетта, хьан дагара хууш накъост, ондда бIобулуш шех волу доттагI ца хилар. Хазахетарца я халахетарца долчунна багах даьлларг делахь, масийтта гаьннаш цунна тIетохий, доцург-долуш дой, дерг-доцуш дой, цхьа иблисан меттанийн хабарш мел сиха сийса долало нахалахь цхьаццачу. Ишттачух дийца, кхета, дагаяла, ела, елха, шеконашна шеко йоцуш волу хьо саннарг шолгIа суна хир воцу бакъ доттагI вара хьо сан, Мурид. ХIинца айсса яхьа еза сайгара гIайгIанаш, мацах ахь санна. Хьан рагI соьгахь хила езаш хилча санна, нисдели сан хьоьца язораш1 хилла дахар а.

 

Со бахьанехь ахь мелла дац-кха,

Кхехкачу цIастан хи-хIорд.

Хьол хьалха со яьлла яц-кха,

И мала витарца хьо.

 

Сол тIаьхьа хьуо виса доьгIнехь,

Ахьа а мер дара и.

ХIун дийр ду? Кхолламо оьхьург

Схьаэцар ду-кха вайн гIиллакх.

 

Хьайн деган патаршлара массо ойланаш, шайн-шайн массо тайп-тайпанарчу беснашца охьаяссийначу кехате яссайо аса сайн гIайгIанийн раьгIнаш. Церан бух, бохь суна сайнна бен ца го.

Иштта хийланца хилла, хуьлуш, хир долуш ду-кха хIара дуьне! Шен доккхаллин боьрахь хIокхо ца гойтуш, ца лойтуш, ца лоуьйтуш хIун ду адамашна? Цхьацца верг шен Iалашоне кхочий вуьсу, башха цунна къахьега деза аьлла хета а кхиале. Ткъа вукхо дуккха лан дезаш хуьлу ишттачу кхачархьама, шен ирс ша кхолла деза бохучунна тIетийжаш. Ткъа кхозлагIниг – массо цу хьегамашкахула, эшаллашкахула чекхвала, цуьнан массо къахьо шен кийрахь литтаелла чекхъяла, цу массо бохамехь-баланехь яхь ца яла, юкъ ца яста кхоьллича санна, массанхьа, массаьрца, даима вулавелла-къовлавелла, шен хьал-шовкъ совнахчарна ца хоуьйтуш, цунах дийцар  белам ца хилийта, хи бухахь а, цIергахь а,  Iан Iама кхоьллича санна, чекхвала дезаш нисло кху дахарера, ша бохург - лоьхург цунна хилале, шена бен доцург хилла ша Iийнарг хуьлуш, собар ца дохкархьама. Халонаш лан а атта хуьлу, дахаран гал-морзахаллехь хьо оьшуш, хьуна оьшуш, шиннен а хьежамаш цхьатерра нислуш волу доттагI уллохь хилча. Ишттачо ло хьуна ца тоьачохь собар, хьекъал. Хазачу  хабарех шен хьекъалан башхачу Iаьнарца, синхьаам-синкхача хуьлуш Iачуьнца лаьтташ, вехаш. Ишттачу дахарца вогIург къанвала ца догIу. Хьан деган дог ду бакъ, доттагI. Цунах хадарал халаниг хир дац. Йоккха къелла, къиза цхьалла евза цунах хаьддачу дагна. И суна дика хаьа.

Яийта, кхетийта хьовзарх, наб хьуна аьттехьа ца йогIу. Мел къахко, лахка хьийзарх, гIайгIане ойланаш кийрара ца йовлу. Мел хьайн сина маслаIат дан хьо хьийзарх, цунах гIуллакх ца хуьлу. Цкъа цхьана агIор долалахь, эццара юхадирзина далале, шен хьолах-дийнах дохале, шеца хьарчавой, вожаво даго. Цуьнца къийса хIума, цул тола хIума дац, и ша берта деана ца далахь. Ша бохучунна тIаьхьа вай дигар хуьлу деган, вай бохучуьнга ладогIале. Иштта ма хилира и хьоьца, сан доттагI. Хьо цуьнца ца ларийначул тIаьхьа бен, цуьнан йийсарера вала ца велла, цо ваттар, хьийзор кIордийна, къиза вогуш Iачул, мерза валар тоьла аьлла, хиндолчун сурт билгал доцуш, хьо воьдучу некъан бердашна тиллина тIай ду-дац ца хууш, хьайх хIун хуьлу, хьайга хIун олу, хьо мича кхачар хир ца хууш, цхьа а доза, тача девзаш доцчу некъа цу даго ваьккхира хьо, дуккха ахь шена дуьхьалонаш йинчул тIаьхьа, шел дехьа ша волуьйтур воций хаийтина.

Хийла шеддаш бина, къийлина вара хьо ишттачунна гIара ца вала. Вайн гергонан мах ца хаар а дацара и. Цул тIех делира дог. Деган шен марзо кхоллаелира вайшиннан доттагIаллина юккъехула. Цунах «шалго безам», я «шалха безам» элира ахь. Дан а дара иштта. Шийлачу дорцалара ша, хьоьга бина хаам, хаттанза хIумма доцуш, шен марзонах дуьзна даларна, эккха ца эккхахь, кхин дан хIума доцуш, хьайн лаамера, хьайн долара даьлла, хьерадаьллачу даго айбина кхоьссина, шеца цхьаьна лаьмнашка деара хьан са. Ахь иштта дийцара и. ДагадогIу суна. Хьан багах мел даьлларш дагардан, юха лехьо со ларор яц. Хено йоккха юкъ йиллина, иэс-кхетам хийцабелла. ХIетахьлерчу хьан оьмаран ханна тIаьхьа а кхиъна. ХIетте а, хIинца кхета со, къанделла хиллехьара, даго иштта хьо Iехор вацара. Дог, корта сема мел ду адам дахалуш ду. Дахалуш мел ду-адам онда ду. Онда дог мел ду – адам къона ду. Къона мел ду адам – цуьнца безам а бу. Хене хьаьжна хIумма дац. Дерриг могашаллах, хьан гонах, кхетамах дозу, дукхах дерг. Кхетам мел берг декъала веха бохург а дац и. Безам мел беха, адам дехий ткъа? Адам мел деха, безам а бехий? Цхьатерра жоп лойла дац оцу хаттаршна.

Безам мел беха, адам дехий? Деха. Декъаза деха и. Цунна хIумма ца го цул сов. Кхин цо леха а ца лоьху. Кхин цунна эша а ца оьшу. Шен безаман цIарца луьсту массо шен цхьаналлин, гIелаллин шийла ойланаш. Цу ойланийн дуьнена волий, цунах тоам хуьлий, шех ойланаш стамлуш лаьттачу шен безаман йийсархо хуьлий, шен дахаран тийначу цхьаналлина муьтIахь лай хуьлий, шен безаман мерза бала хуьлий, и мерза бала къуьйлу кийра цхьанна а ца хоуьйтуш хуьлу цуьнан дахар. Безам а беха цуьнан ишттачу дахарехь. Цо маршо, паргIато ца ло адаман дагна. Цо ша дIа ца тоттуьйту, мел вукхунна лаарх. Я хада а ца хеда цунах, цунна и паргIато ца ялархьама санна, чIагIлой. Бес-бесар ду адаман безамца дахар а.

Безамца декъала бехарш… Церан шайн дуьне, шайн хьажар ду гонаха. Уьш къан ца ло. Уьш гIел ца ло. Уьш дар ца ло. Массо совгIаташца, темашца доккха дуьне доккха совгIат ду царна. Царах дацара хьан дуьне, Мурид. Хьо сов тIаьхьависира. Ткъа хьалха, кхолламо хьуна ког тесна, хадийра массо хIетахьлера марзонаш а. Юха а, хьуна совгIатна я балина санна, кховдийра, мел хилларш, лайнарш херадевлла Iаччу хенахь, керла безам. Цкъа а ца ваьгначу кепара лорура ахь и вагар, цул хьалхарчех суна дегабаам хиларх а кхоьруш, байташкахь язйина кхечу йоь1ан цIе цунна лерина байташ карийна, цу геналле кхевдина, и ца тайна, со хьовзарх кхоьруш, хьайн дагца сол хьалхара лара, сол гергара хилла, сол деза хетта, сан меха хилла кхин адам хилла ца хиларх тешош юх-юха а. Даима дийца лаьара хьуна хьайн деган хьал. Лаьара, со цунах кхеташ хиларе кхачар, суна и гергара хетар, довзар. Дийца мел долий, дукха гуллора, дийца мел дийцарх, кIорда ца дора. Кхача ца лора. Мало ца йора. Цу доллучунна кечвинарг онда ницкъ,   безам шеца болу дог дара, шегахь хир ца моьттина хьал-ницкъ цу безамо карабайтина, я кховдийна. Иштта хьайга кхевдина и ца къовлабелира хьуна, массо бердашна, хишна, цIарна тIехула иккхина, хьалхалерчу доттагIаллин дозанал дехьа и безам шеца баьллачу даго шена тIе кхайкхира хьо. Iалур варий ткъа дукха иштта? ХIан-хIа! Безам эшо ницкъ кху дуьненахь бац, нагахь и цIенна безам белахь. IиндагI санна, цхьана бIарлагIех кхоллабелла боцуш, ша кхиъна, кхоллабелла безам, хьан лорах ца хедаш, хьуна тIаьхьа лела. Иштта хьоьх ца къаьстинчул тIаьхьа байташка дирзира цуьнан дагар – мерза лазар – мерза бала.

 

Бала – сан мерза бала,

Кхоьллина хьо сина къала!

Алахьа, со мича вала,

Эций сайгара бала?

 

Хазийта суна хьайн матта,

Хьоьца ас хIун илли ала?

Айбина я стигла вала,

Сайца хьо яьккхина къайла?

(Гадаев М.-С.)

 

 

Цунах…

 

Дукхахьолахь стигланца доьзна а хуьлура цунна диэза дустарш: суьйре, Iуьйре тергалъяр,  сахуьлуш, садовш хуьлу суьрташ. МаьркIажан мур бара уггар садуу шен лорург, мархаш, бес-бесар хийцалуш, седарчий, шайн-шайн каппашкахь гулделла. Цуьнан шен кхин дуьне дара, ша Iаш волчул сов гуш долу. Уьш дукха дара, да виса шен делаI! Цунна эшна хир ву-кха хийла деган накъост, цунах кхетар, шен кхолламерчу цатемаша дахаран массо чемаш чаьмза баьхначу хенахь, уьш дийцина, хораман шад баста. Массо хIуманна, мел хала и хиларх, са чIагIдан, яхь чIагIъян, къонахалла ларъян а ма дац атта, тIулган долуш санна шен дог, дахарца мел доьзначунна шек доцуш, паргIат Iийриг хилла. ХIора дог а шеца цхьацца лазам, белар, белхар доцуш дац-кха, дика ладогIалахь, ладогIа хаахь, кхиахь, лаахь.  Шен деган орамехь дерш дижина лаьтташ долу аддаме дийца ца лууш ма хуьлу. Туьйра санна, массанхьа массаьрга дуьйцуш товш ма дац иштачунна леринарш. Сил деза хьуна дерш, совнахчунна – хьоьца башхалла йоцучунна - новкъарло еш бен, хенан хьем беш бен оьшуш, там беш ма ца хуьлу.

ХIора а адамца ша-ша тайпа хилар нисло-кха цундела и гергарлонаш а, вер-ваккхарна тIе кхаччалц.

ДоттагIашлахь а карабо мостагIчух тера дог долуш гонах хьийзарш. Хийрачарлахь караво хьоьца йолу уьйраш лоьхург, лоьрург. Цундела хала ду доттагIаллехь доттагIий бовза. Тешначара тешнабехк гойту. Цул йоккха къизалла а дукха хир яц.

Тешнабехк… Хийла хьайца Iовжийна, хийла хьайца эшийна, кхокха хуьлий дуьхьалхьийзаш, марзо хуьлий, даге кхийдаш, цуьнга кхаьчначул тIаьхьа, лаьхьа хуьлий, и дог доруш, дууш хьийза хьо, хIай къиза тешнабехк, хьол боьха хIума дац кху лаьттахь, стигал кIел.

Дахаран марзонан чомах, хила тарлучу кхечу доттагIийн уьйрех къахкаво ахь. Ахь цестарх, кхача ца луш, гох-гоха цесталуш, лозуш ахь катоьхна дог. Ишттачух дика хиъна сан доттагIчунна. Амма осалалла, тешамазалла шеца ца лан, кхолламера дукха лазамаш тIеэцна, уьш ловш схьавеана.

Кху дахарца доцуш, вайна ца бевзина лазарш-цатемаш бан а буй-те? Хьесап диний церан? Белахь-муьлхарш бу уьш? Ахь варх, хьуна хетарх, моттарх хуьлуш вац хьан-хьаннах накъост я доттагI. ДоттагI – и шолгIа ваша ву. Бакъволчу доттагIчо, хьан гIалаташ довзуьйтуш, хьо царах ларвийр ву. Хьоьгара нийса ца хетарг хьуна ца могуьйтуш, хьоьца девне-къовсаме вер ву. Хьан сингаттаман дакъа шена дазделла, хьуна хIун орца лаха ца хууш, гатвелла лелар ву. Хьан диканах там хилла, хьоьца шовкъ тоелла, самукъане хьийзар ву. Хьан нийсонан жоьпах тешаш, ца кхетачуьнга хаттарш дийр ду, шегара хьуна х1ун эшалла яра хуур ду, хьоьгара шена иэшалла ерг хоуьйтур ду.

ДоттагI… ДоттагIалла. Деза, сийлахь, мехала ши дош ду и шиъ. Цу бакъволчу доттагIчух ваьлларг байлахь, чIирлахь висинарг хуьлу. Изза хилира суна а. Цуьнан иэшалла, цуьнгара иэшалла! Уьш меттахIитто гергара адам дац сан. МоттаргIех тасаделла лаьтташ долу доттагIалла – и ю и ша тIехь йина гIала. Мацца а, мичча хенахь хи буха гIур йолуш ю и, хенан хIоттамашца Iалам хийца даларца. Тхойшиннан гIала – иза дегнийн уьйрийн марзонах йина хаза, мерза яра, и юхучех яцара. Йисахь, юьсур яра и, дегнаш шайн уьйрашна, тIаьххьара даьIначу сица гIорийча. Хала ду ишттачу доттагIчух хадар лан а, ган а.

 

Декъаза цхьаналла евзина суна,

Йоьхуш цу хьаннашка акхаройх угIа.

Цул къиза хIун хилла кху лаьттан шуца? –

Цуьнца ца Iийначо жоп лур дац цунна.

 

ДоттагIа вара сан вевзина генахь,

Шийлачу цхьаналлин чета таIийна.

Дуьне а къахьделла сил дезаделла,

Серлонца доцучу коре хьажийна.

 

Амма и, цIеххьана… дог тохаделла,

Цуьнгарчу ницкъаца самалхадаьлла,

Дицдала дитина довларца керла,

Кхиира байташка яккха сайн бIаьсте.

 

Цуьнца и кхирстира, Iаьршашка ваьлла,

Кхийдийра зезагаш, лаьттахь мел девлла,

Седарчий къестийра оцунна аьлла,

Вала а сецира, барамза ваьгна.

 

И вагар дара цо хаьржина шена,

ГIеххьарчу заманан ирсана аьлла.

Мерзачу дагаран чагIа

Дагца чIагIъелира аьхналла аьхна.

 

 

Хьоьга….

 

Хьайн массо пхенашна лерина ойланаш-хьесапаш дуьйцуш, бан безачу белхан дукхаллех, цу балхаца хьайн гIоьнча хилла улло яьлла ас дан дезачу гIуллакхех, гондахьара дуьне девзина ца Iаш, генара дуьне, цуьнан адамаш, церан амалш, амалийн башхаллаш, Iаламаташ, хазалла йовза, ган, кхача дезачу мехкийн цIерш яра дагахь, суна йовзуьйтуш а. Стиглахула, лаьттахула кхача веза меттигаш ягарйора ахь. Доккха дуьне дерриг хьайна девзина далар тIе диллича санна Дала, сихо яра хьан, массо хиламашна тIе кхиа сахьийзаш, цара садууш. Оцу массанхьа сох гIоьнча хилла караяро, хьо кхиалург, ларавийриг хиларна шеко яцара хьан, цIеххьана цамгаро дIалаццалц.

Да виса шен делаI! Хийла деган декъахо-накъост эшна хилла хир ву-кха хьуна а. Хийлазза листина хир ю-кха чаьмза ойланаш хьан кийра, шайгара язалла айба, уьш екъа накъост воцуш. Дагарчух хаа а, хаа лаа а уллохь адам доцуш, хьайн лазаман тов-ов хьайн дегIаца ницкъ латто дезачу собарца ловш хилар хаьржина дуьне дара хьоьца. Хьан шатайпа дуьне, хьаьнц-хьаьнцца хуьлуш а, хьан-хьанна ган, довза хууш а доцу дуьне. Ишттачу дуьненахь хьо хьуо висаро хийла илли кхолланза дисийти. Ши куьг йозанна дихкина, ши бIаьрг дахаран хазаллах Iабаран чомах ца болийта бихкина, мотт, зевнечу аьзнийн мукъамашца илли ца алийта, доттагIийн тобанехь къамеле вийларехь хьайгара диканиг ца довзийта, нахера оьшург-луург-садуург ца хаийта бихкина, жовхIарийн орамашкара бух юьйлу ойланаш нахала ца йовлийта, сацийна, ма къиза яздина хилла хьан кхолламан йоза.

Ахь лайначуьнга, хьоьга кхаьчначуьнга хьаьжча, гуш ду, декъазчу кхолламан кIомсар хьох чIогIа елла хилла хилар.

Сингаттамо бинчу моьнашка хьажархьама, хьан кийра ган куьзганаш делахьара, цуьнан цхьа а киртиг цIена карор яцар-кха хьан кийрахь. Тахана, х1етахь хьан хиллачу хене яхча, дика кхета со оцу дерригенах…

Хийламма бехк лоруш эли хьан кхоллаеллачу йовхачу ойланашна а, ца хууш хьуна уьш мел оьшуш хилла, ца хууш, мел иэшалла цаьргара лаьттина. Жималлин мор воккхалле кхаччалц шийлачу гIайгIанашца баьккхина, уллохь дог хьаста, цунах къахетарг воцуш, хьан-хьанна хьайн хьал хоуьйтур долуш а доцуш, дахаран зовкхан чам эцар ца хилла, дуьненан декъаза кхаж баьлла, хьуна лууш, моьттуш доцуш, цхьа ларамаза нисъеллачу сихаллехь луралла коча деана, йоккхачу, ехачу ирхонехь и текхо дезаш хили хьан. Цу дерриг Iазапан шераш чекхдевлла, хьайн дахаран дика иэца кхиалур аьлла хеттачу хенахь, цамгаро юха а меттахь висийтира. Со йогIура хьо ган, дукха ца ягIахь а. Кехатца санна атта ца хилара, юьхьадуьххьал нисъелча, хабар дийцарна. Эхьхетара, гIиллакх лоцура, вайна юкъахь йолчу хьан хенан лерамна делахь а.

Иштта, вай цхьаьна долчохь хабарна, амална мелла со ийзалуш хилар гучу ахь (суна и хьуна хуур ду ца моттара) элира: «Малика! Даима хабарна, амална хеццалой, кехатца санна, паргIат дешнаш олуш, луучух, гиначух хоттуш, хьайга хаьттинчунна хецна жоп луш, хьайх а, сох а дийцарна къийлалуш йоцуш, паргIат хьо ца хилахь, гонах лелаш болчарна а, вайн амалш зен-йовза луучарна а шеко кхуллур ю ахь хьайн эхьхеташ, дош халла бен ца олуш, юьстах сецарца а, къамелан дахаллехь бIаьра хьаьжна елаяла ца туьгуш, лаьтта бIаьра хьоьжуш къамеле йийларца а». Вай дикка къамелаш дира хьо ц1а вирзинчу хенахь хьан вешин кертахь. ХIетахь ас кхоччуш хьесап ца дира церан а, хьан наха лелочун а. Со хьо волчу еъча, вайша долчу чу ца вогIура хьан ваша я гергарнаш а, уьш гучехь-вай, вай гучехь-уьш долуш Iаш хиллехь а.

ХIинца кхета со, ма-хуьллу юьстахдолчу хьашташка хьожуш, уьш стенна лелаш хилла. Мелла а вайн гергонах даьржинчу «эладитанах» цхьа бахьана хилла хир ду цара схьалаьцнарг, дукха гойла а ца нисло дела (хIинца санна, некъаш, машенаш яцара мичча хенахь ваха а, ван а), вайша мелла а атта, маьрша хилийта ваьшшинан къамелашкахь.

Яздинчу кехаташка, хьан стихаш тIехь йолчу тетрадашка хьоьжуш, вайшинна юккъе лаьтта  охьайиллинчу чамди чуьра тептарш кегош, ахь, хоьржуш, уьш соьга луш, доьшуьйтуш, шайн-шайн кхоллаяларан бахьанаш дуьйцуш, суна пайда хила тарлург, соьга пайдаэцийта цIа дохьуьйтуш, уьш дешча кхолладеллачунна яздой, ас хьуна юха кехат доуьйтуш, со йогIуш карахь дохьуш, хаза мур бара болабелларг.

Массо са а вовшашна девзаш хуьлучу лаьмнийн жимчу юьртахь гIарадевлла хиллера вайшиннан цIарца почтехула лела кехаташ.

Суна иштта и хууш дацара.

Амма массо хIума хIун бос болуш, муха хьожа йогIуш хуьлу хаа луучу адамашна меттиг яьллера шайн кIамлучу меттигашна даьтта хьакха. Цхьана дийнахь ас хьуна делира жимма язйинчу байтан могIанаш, дуьххьара хьо волчу еана, хьоьца къамелаш дина, цIа еанчул тIаьхьа кхолладелла.

 

«Замано аьгна сан межеш,

БIарзвелла, гIорасиз хилла», –

Бохуш, ахь яздора дешнаш,

Кхоьруш хьо хетарна хийра.

 

Хьо суна иштта ца хийти,

Дог деа совгIатна сайца.

Къона и, хьоьца дIаийна,

ЧIагIдели, юха ца дала.

 

Цхьа онда, онда хьо хета,

Воккхалла аьттехьа доцуш.

Хьуна хIун нуьре малх беза,

Хилча хьо иштта ас лоруш?

 

«Кху могIанаша санна дог кIаддина а, дог хьаьстина а дац сан. Ишттачу ойланан хаамийн маттаца яздинчу хьан кехато дог дашийна, кIаддина, бIаьрхишца, уьш дIа а ца дохуш, дийши ас хIара могIанаш. Суна муха хуьлу а «дицделлачу» ирсан мах бовзуьйтуш, со кхачалур вац моьттинчу дахаран лакхарчу тIегIан тIе даьлла, кху дуьненах даьлла самукъа Iаламца декъа хазделла, дерриг дуьне а сайца декхаделла серладели моьттучу хьоле вели-кха со.

Баркалла хьуна, иштта аьхначу дешнашца со хьастарна – дог дохдарна, гергахьа хиларна.

Со воккхаве, оьмарца дуьненахь хьо йовзарна, хьоьца герго хиларна, сан жиманиг..

Хьан Мурид»

Цунах…

 

Иштта чекхделира цо кехатна дуьхьал яздина жоп. Дика хета суна, мелла хено болар даздан доьллачу хенахь, цунна улло нисъелла, шелоно гIорийначуьра жимма цуьнан дог дастадалийтина, анддалийтина, дахаре юха безам бахийтина, балхана-яздарна шовкъ-ка хилийтина, жиммачул мукъана а, цуьнан дог дохдан со кхиаяларна. И ирс цунна со бахьанехь кхачаро тамбо сан дагна хIинца а. Ша ишттачу синхаамашкахь вагарна хьуьнаре хир ву моьттуш ца хиллера и адамех хаьдда ша йоккхучу ханна. Цхьа ларамаза, дагахь а ца хиллачохь, миччахула бIаьста схьакъеда сено санна, ларамаза даг чу йогIаелла, хаттанза цунах цIе яьлла, и дIаяйъа хьийзарх гIуллакх ца хилла, дагца, ойланца жимвина, хийцина дIахIоттийна бехкениг со гергара яра цуьнан деган, цо даима иштта дийцарехь. Цунна иштта хуьлучу томо там бора суна а.

Шен исбаьхьчу мукъамца, дешнашца цхьаьнадогIуш нисдала кхоьлина, Усманов Iимрана хаза, говза олуш долу и дартане лаьмнашка хабар дахьар доьхуш долчу иллин дешнаш Мохьмад-Селахьа суна совгIатна леринера. Лаьмнашкахьа йоьдуш и гича, цунна тIаьхьа хьоьжуш кхолладеллера иза «Хьехархочуьнга» аьлла.

 

 

Хьоьга…

 

*  *  *

Дахаран тIаьххьарчу дийнах дIахаьдча,

Дисина хьашташ хьайн хIиттадан метта,

Весетца йитна хьо, веса1 го аьлла,

Ахь хIунда элира сел жирга дешнаш?

И хьуьнар дац-кха сан, къинтIера вала,

Хьан лаам кхочушбан лара ца ярна.

Къонахий хили вайн, кхочуш хьан бала.

Хьан цIеран хастамна къахьоьгу цара…

 

 

* * *

Хьан меттан аьхналла езна,

Хьан дешан башхалла езна,

Хьан цIарца шолгIа къонвелла,

Со хьуна ваца кечвелла.

 

Виталахь со хьайна ваца.

Виталахь со хьайца ваха.

Эсалчу дашца дог хьаста,

Мел деха, цунах ма къаста.

(Гадаев М.-С.)

 

 

* * *

Хаттанза, дегнашна сирла нур оьхьна,

Кхолламан карчамо хьаьстира вайша.

Мерзачу меттан мутт йозанца муьйлуш,

Дуьххьара дацара вовшашка кхайкхар.

 

Денош дIацоьстучу сахьташка хьоьжуш,

Генара кехаташ лардора денна.

Мерза аз хазанза хан яла йоьлча,

Хадарна кхерара гергарло вешан.

Кхетачу малхаца хьоьстуш хьан васташ,

Бузучу малхе хьо Iалашвар доьхуш,

БIаьстенан бешахь ас яьккхина зама

Хетало даима шеца дIайоьхуш.

 

Говзачу маттаца хьовзийна корта,

Хьайга ладегIийта кечйина хилла.

Хьоьца уьйр хиллачо хенаца къона,

Къаналле ерзарах, уьйраш ца хийци.

 

Хьайл тIаьхьа йисина, яха оьмар суна хилахь, суна кхочушдан тIедехкина дуккха гIуллакхаш – белхаш бара хьан. Вайшиннан кехатийн йозанаш сан хилча, цаьрца болх беш, со генна дIагIур ю моьттучух тешна хилла хир ву-кха хьо. Айхьа санна, къахьоьгуш, поэзин могIанашка ер ю моьттура хьуна, аьлча а, яккха  дагахь вар-кха. Суна гIоьнна улло хIоттар, сан Iалашонаш кхочушъеш, декъалхилийтар дара ахь хаьржинарг. Новкъарло ца хилира суна а иштта сирлачу хьан лаамех. Ахь дуьйцуш, хилийта хьийзош долу поэзин лакхара тегIанаш суна ца девзи. Ца гIирти церан лакхаллина тIекхача а. Са а ца хьийза  ишттачунна. Хьуна моьттуш йолу «поэтесса» хиларна Iалашо ца хили цкъа а. Поэзи езархо ю со. Поэташ беза, уьш язъеш болу. Иштта къахьегарна йоккха корматалла, доккха собар, дика шовкъ еза. Уьш соьца яц. Доцца аьлча, хьуна таръеллера сох со йоцург. Ахь йинера сох со йоцург. Хьан поэзин шовда муьйлуш, айъаделла дог а хьийзи. Хьан оьздачу маттаца долчу къамелех хийцина схьаэца бахам боцуш, хьоьца долчу гергонан амалш, лаамаш хорцуьйтуш хии. КIеззиг хили-кха зама, дика мел дерг, пайде мел дерг хьоьгара девзина яьлла, уьш сайн амале дерзо. Амалан хийцамна, и хийца лааман гIоьнна а ма еза шортта зама. Вайшиннан масех шарахь лелийначу уьйраша дукха хийцам бира соьца: хьоьга ладегIар, сахьийзар, лаамаш – хетарш хьуна хаийта лаар, хьох дагаялар дезар, хьан лаамца дерг довза лаар, вайн гергонах син мерза кхача хилла, цуьнан доладеш хилар, цуьнан мах хууш, пусар дан Iамар. Уьш гулделира соьца, хьалха ца хилла долу.

 

 

* * *

Баркалла хьуна, дог даьстина сирла,

Оьздачу маттаца хьастарна говза,

Iаморна амална эсала хила,

Сайгахьа кхийдачун ойланаш йовза.

 

Баркалла, девзина даланзчу дахарх

Хьехамаш баларна, сема хилийта,

Кхоьруш, галъяларна ларамза шаршарх,

Уллохьа валарна, хьайн куьг кховдийна.

 

Баркалла, девзина доцучу суна,

Довхачу дешнашца шовкъ елла кийра,

Шех йозуш яхийта Iамийначунна,

Седанах даьлла хи даларна мийла.

 

ХIинца оьшура суна хьо дагара дийца. Уьш шортта гулделла хиларна кийра. ДIалиста цалуурш, листа цахуурш, тIаьхьа цакхуьурш - мел дукха гулло, гуллуш хилла уьш оьмаран яхалла. Вала-вола меттиг къийло цаьрца цкъацкъа. Ишттаниг хьуна дукха девзина хир ду-кха дуккхазза а. Ишттачу киртигашкахь хьуна а эшна хир ву хийлазза хьайн декъан декъахо. Лиъна хир ду хьайн хораман шад баста, цхьаьнца дийцина, хала а, хаза а хетарш дIадала, схьадала накъост хила. Сох тарйинера ахь и. Сох и хилийта а хиира хьуна. Хиира, суна иштта хилар лаийта а. Цу доллучунна «бехкениг» хьан оьздалла, кхетаман лакхалла, массо хIума, шен маьIница нийса дуьстича, довза хаар, массо шен гаьннашца, маIашца, ша-ша хиларе терра.

Цу хенахь суна йоккха мехалла яра хьоьгара  мел догIу кехат, церан чулацам. Сан дахаре дирзина, сан дахар хилла дIахIиттира уьш, юьртарниг доцург дуьне ганза, адаман башхаллин амалшкахь мел ца моьттарш, доцуш леринарш хила тарло бохучух дагадан хуур доцучу цу хенахь.

Iамаво дахаро-м ша довза массо а шен халачу, аттачу, хазачу, ирчачу, тешамечу, тешнабехкца долчу а некъийн гечонаш довза. Iамаво уьш ган а, лан а.

 

Хьекъале маттера диканаш девза –

Iамаво цо оьзда ваха.

Осалчун маттаца вочарах хеза –

Iамаво царах дIакъехка.

 

Хьекъале маттера йовхалла кхета –

Ийзаво цо шена герга.

Цуьнгарчу агIонца кхин малх ма кхетта,

Стигларчул сирла и хетта,

IиндагIа цунна ца деза.

 

 

* * *

Бехк барий, ша акха даларх

Сан деган, шега хьо кхойкхуш,

Мел олург хилча яхь йоккхуш,

Мел дезарг хезча хьан багахь?

 

 

* * *

Довзанзчу дахарах дуьйцур ду аьлла,

Кхетазчу Iилманах кхетор ю аьлла

Дуьненан мехалла хьуна карийча,

Хьоьца гIулч яккхарна хилира кийча.

 

Мехкарий сан зовкхах хьоьгур бу аьлча,

Кегийраш хьан ирсах хьоьгур бу аьлча

Хьекъалан хазаллин бараме хьаьжча,

Дика-вон хьоьца лан дохко ца яьлла.

 

Кхоьлинчу бIаьрсина ваьккхина сирла,

ГIорасиз дегIана беана ницкъ а,

Вайгарчу заманна хьан накъост хилла

Уллохьа яларна, дохко ца яьлла.

 

 

Дахарца кхочушдан лууш хиллачу гIуллакхийн, царна тIе ца кхачийта, уьш кхочуш ца хилийта, тIай дохийра цIеххьана хьоьца чIагIъеллачу цамгаро. Мел, мел дукха дара цIерш тоьхнарш, шаьш кхочуш хир ду моьттарш, шайга ахь деха сатийсинарш, дахаран маршонехь дерриг дIанислур ду, кхиалур ву моьттарш.

Сан хьоьга яздинчу а, хьан соьга яздинчу а кехатийн цхьа оьла яра хьан,  кхечу кехатех къастийна, ша юьстах латтош. Схьаэца, ца леха атта хиларна хилла хир ду и иштта. Царах роман язъян дагахь вара хьо, «ТIаьххьара безам» я «Шалго безам» цIе йолуш, цаьршиннах гIийла хетарг муьлха ю хьаьжна валанза вара хьо. Соьга, муьлха цIе  хазахета, суна цунах хетачух хеттарш дира ахь. «ТIаьххьара безам» цIе хилахь, деккъа вайшиннах лирически роман хила езаш яра хьан, адаман вовшашка кхоллалучу безамал совнахаа хIума юкъа ца ийзош.

«Шалго безам» цIе тиллахь, вайшиннан дуьххьара доладеллачу, дайшкара дуьйна схьадогIуш хилла, цу тIера долчу хьо-хьехархо, со-дешархо хиллачу буха тIера долийна, лекхачу лакхалле кхаьчначу вайшиннан юьхьанцарчу доттагIаллина, цуьнан марзонна лерина, юха цул тIехъиккхина, цу доттагIаллехь кхечу кепара хийцаделла, къийладелла, лазадаьлла, ойла янзачу кепара, хила тарло, хилча мегар ду ца моьттучу кепара хьелхачу ойланийн йорто дог, са, корта кхечу безаман аьхналле даьхьира.

 

 

Цунах…

 

Шена ца тоьънарг лехира даго. Цунна дага лаьара цхьанна. Цунна и хан ца хиллера. Лаьара, цхьаннан дуьхьа, шена езачун дуьхьа даца, делха, дела. И а цунна ца хиллера. Къизачу кхолламан йийсарехь ша лайнарш, ша хьегнарш схьагулдина, уьш тIаьххьарчу безамца дIалистина, сапаргIат цаьрга хьаьжна ваьлча, валар а новкъа дацара. Цунна леринчу балхаца шена гIоьнча хилла уллохь со гарца яра цунна шеца гуш йолу белхан а, дахаран а шовкъ.

Болх бан ницкъ, цу ницкъаца шовкъ, цу шовкъана бахьана  дара юьхьанца, ша цIа веанчу хенахь. Шайн гергонах волчу стеган кертахь, шенна къастийна белхан кабинет йинера цунна оьшу, йозанан бара цу чохь. Адамашна юкъахь Iаш ишттачу балхана хан тоьар яц, новкъарло хир ю долийнарг чекхдаккхарна аьлла, кертахь доьзал боцуш Iачу, шен хенарчу, шен гергарчу стеган (шича я деншича) керт яра цо къастийнарг. Оцу кертахь сецира. Болх дIаболо кхиале, цамгаро лецира. Цу кертара хIусаман нана яийтира цо со йолчу…

ТIаьхьа яханчу гуьйренан шийла дерз догIуш, арахь сийсачу дахкарна арахьажа са а ца хьийзаш, чаьмза денош лаьттара. Ишттачу  цхьана дийнахь, арахь кхойкхуш цхьа зуда гина, дуьхьал араелира со. Суна евзаш, цкъа а гина я юьртара яцара и зуда. Цу муьстачу дийнахь и мичара, муха кхаьчна хила еза  хIокху догIучу догIанна юккъехула аьлла, цецъяьлла хьажаялар хилира сан цу ца евзачу хьеше. ТIе кIац йиллина дара духар, даша а дина. Лекхачу дегIахь йолуш, оза зуда яра и. Дуьхьалъяьлла, тIекаре йина, чуяло йоьлча, чуяр бохург хьехадойтуш дацара цо. ТIаккха кхин а цецъелира со. Керта еана, соьга кхойкхуш хилча, соьца гIуллакх долуш еана хилча, чу еана, соьца со Iачохь охьахиъна, садаIа лууш, доIур долуш и ца хилар хиъча кхин а. Юькъачу хьаннийн, акхарошца дуьхь-дуьхьал кхетар хуьлучу кхерамечу даккъийн некъахула, мохо, догIано шелйина, схьаеана иза, со юьстахъяьккхина, къамеле елира соьца. Ша тхан юьртара кхечу юьрта яха яхана хиларна, тхан керт, тхо а цунна девзаш хиллера.

- Хьо «хьенех» юй? – сан цIе яьккхина, элира цо.

- Ю.

- Мохьмад-Селахь вевзий хьуна?

- Вевза.

- Цо, гуттар сиха хьуна тIекхачий, юха шена тIекхача аьлла, хьажийна ю со. Цуьнан дехар кхочуш ца дича йолуш яц. Цо дукха чIогIа дехна соьга и кхочушдар, тIаккха, мало ца еш юха йирзина, шен сатедар а.

- ХIун ду сел сиха кхочушхила дезарг? ХIун ду, сел луьрчу хIокху дийнахь хьо араяккхал, нисделларг?-цецъелира со.

Цхьа хьарчийна, жима ларча тайпа хIума соьга кховдийра цо:

- ХIара Мохьмад-Селахьа, гуттар ларий хьуна  тIе а кхача, хьо йоцчу адаман куьйге схьа ма эцийта аьлла, еана со. Цуьнан дехарца схьа а кхечи. Юхаяха езаш а ю, цуьнан дехар кхочушдеш, цуьнан сатедархьама.

- Сан Iойла дац чуеъна, садоIуш. Сихха и волчу дIакхача езаш ю со, хIара хьан кара дIакхачарх долчунна цунна тоьшалла дан. ХIара хьоьга кхаьчна ца кхаьчна ца хууш йолу хан Iазапехь хир йолуш ю цунна, - аьлла, кхин сацар-хабар доцуш, Даттахера Чуьрч-Ирзе дIакхача сихъелира и.

Суна ца хаьара цо сайга кховдийнарг хIун ларча ю. Схьабосту ас бина шад. Схьаоьцу газета юкъахьарчийна хIума. Схьайосту. Массо конверташна тIехула диллина Мохьмад-Селахьа соьга яздина кехат ду. Цу кехатна бухахь шайн яздаран терахьаш рогIехь нисдеш, хаза дIалистина айса яздинчу кехатех бIаьрг кхета сан. Лов-олий, кийрахула бурко хьодуьйту цу балхо. Иштта сан цуьнгахь хилла сурт а ду цу юкъахь. (Цкъа а бIаьрхьалхара ца долуьйтуш, юьхь ерз-ерзочу агIонца хуьйцуш, леладо ша, бохура цо иза). Доьшу ас и доккха доцу кехат.

 

«Малика!

Сан гIуллакх дика дац. Со мел лаьтта хууш дац. ХIара кехат, берриг сайн дегIан ницкъ гулбеш, са а доIуш, яздан хьал ца тоьаш, халла ручка къуьйлуш, яздеш ду. Вайна кхин могаш цхьаьна гур ала дац. ХIара соьга ахь яздина хьайн кехаташ а, хьоьга ас яздина долу сан кехаташ а цхьаьна Iалашдийр ду ахь. Кхано, тIаьхьа, хьо йозанца болх бан йолалахь, оцу балхана Iаламат мехала, шортта материал ю хьуна хIара вайшимма вовшашка яздина кехаташ. Вайшимма цхьаьна бан дагахь хиллачу сан белхан планаца йогIуш, вайшинца хиллачу марзонах лаьцна, и дIаян ца юьтуш, цхьа книга язйийр ю ахь…

Хьан Мурид».

 

Иштта чекхделира и кехат. Мохьмад-Селахьа тIаьххьара соьга яздина кехат. Къизачу кхиэлан лаамца, лаамаш кхочушхиланза, царах догдиллар довзаре кхаьчначу муьрехь яздина, шен лаам ас дIаболор, кхочушбар дехна кехат.

Дика кхеташ я кхета лууш яцара со оцу кехатах. Ца дезаделира суна и. Сайна хIун хуьлу ца хууш, секундийн замано хьовзийна, сихха кхечу агIор делира сан дахар а, цуьнца доьзна мел хиллачех ойланаш а.

Буьрсачу мох-дарцо хьере бен хIорд санна, карзахе тохадели дог, багийначу сан кийрахь хилар ца ладелла. И лазийнера, Iовжийнера. Цуьнан синтем байнера. Яйнера синкхетамца еш хилла ойланаш, цаьрца дохкуш хилла йогIучу ханна лерина долу бустамаш а.

Сийначу бIагорехь сецна, бIаьргана гина дешначу йозанан чулацам ла ца белла, хьаьжнначохь йогIаелла Iара со и кехат карахь, цо ягийна. И дохьуш еанчу зудчо, хьаннашна, даккъашна юккъехула генара схьа гIаш бечу новкъахь шен дегIаца ловш еана шело, цу кехатан дешнаш ла ца луш, со лахийна, кийра йижира, кхин дIа а ца яла. Iаламехь мел хилла шело ерриг шена схьаеллехь а, кхин тIех шеллур дацара сан дог.

Дахаран маьIна-марзо дIелира. ДIаелира кханенашка кхийдаш йолу йовхо. Эзар чов шена хиллачул тIех лазийна дог тедан, и лан дацара атта. Кхин дIа цу кехат тIе куьг ца дахьалуш, цуьнга бIаьрг бетташ, дуккха йогIаелла Iийра. ХIумма гуш, хезаш дацара суна оцу хенахь. Хууш дерг цхьаъ дара: сайна Iаламат халахетар цу кехатца кхачар а, хIинца и лан дезаш хилар а. Кхин дIа муха яха еза бохучун цкъачунна хьесап деш дацара. Юха а хаьара суна: Мохьмад-Селахьа и атта а, волуш а яздина хир доцийла. Ишттачуьнца суна цатам балур бацара цунна, массо цатам шеца лан битина а. Хаьара, шех дог диллинчул тIаьхьа цо яздина хилла хир дуй а. Со гал ца хилира иза моттарна, хаарна. Иштта юхаволучех, озалучех вацара и. Вацара текъамаш, балхамаш бечех а. Цуьнан коьрта дерг дахарехь: долуш дерг – ду, доцург – дац.

Иштта шина дашца къаста дезаш дара доцург, дерг. Кхин хеттарш, хеттаршна жоьпаш доцуш, доцца аьллачух тешаш, теша ваьхьаш хила дезаш дара гергарло, доттагIалла. Къийлар доцуш, хецна дIаолуш, схьаолуш хила дезаш дара вовшашлахь хеташ-моьттуш дерг.

Иштта бен хуьлуьйтуш я лоруш дацара цIена гергарло. Дан а ду и нийса.

«МоттаргIонца лелош долу герго, дуйнашца чIагIдан хьийзош долу дешнаш – уьш гIаддайна хIуманаш ду. Ца хилча а мегаш, цаторуш доцурш ду». Цу тайпана хиларе кхачийнера со а цо.

Бохамна къарлуш волчех вацара и. Вацара, цакхеташ долчунна тIехь адам сихделча, сихлуш а, ша кхеташ хила везачу кепара и кхетта валлалц. Ишттаниг шен гIалатна тIекхиъна валлалц йолчу ханна гал ву. Ша гал хилар хиъча, вухавер ву. Ишттаниг кхераме вац. «Шен гIалатна къера ца хуьлуш, гIалат долчохь и ган ца лууш, шенчул сов долу дош къобалдан, толийта ца луург ву халаниг», – чIагIдора цо. ХIаъа. Со-м юкъахъелира Мохьмад-Селахьан тIаьххьарчу кехатан лорах йоьдучуьра.

 

Дуккха дийцарш, хеттарш хуьлура цуьнан соьца, соьгара эша гIо дацахь а, суна тамана бен дацахь а, шена хетачунна, лууш долчунна дагаволуш, шена хетарг суна муха хета хаа а, суна хетарг х1ун ду хаа а лууш. Иштта дийцарш хиллачу сацамна атта вухавалалур вацара и. Дуккханна а дуккханнах ша дала дезачу жоьпийн декхарш дагахь вара, царна кечвелла а. ТIаьххьара хьаьжначу маьлхан серлонах къаьста бIаьрса санна, дара цунна хIинццалц сатийсинчу, бан хьегначу йозанан балхана юьстахвала везаш хиларх тешарца яздина шен и кехат. КIорггера ойлайича, яздан куьйго къолам схьацаэццал ирча сурт ду и ишттачохь дагна. Амма къонахчо дог шегахь кхобу, ша деган дола ца волуш. Суна а дагахь доцуш кхечира цу массо цуьнан Iалашонашна тIе сиз хьокхуш яздина и шийла кехат. Сан долара даьлла дог а, деган лаам хадар ца лалон со а - ший а цхьабосса гIелделлера. Шиннен а цхьатерра дахаран чам боьхнера. ГIайгIане а даьллера цхьатерра. Ший а вовшех кхетара, цундела дIатийнера, х1ора шен-шен гIайгIанца.

 

Стиглара охьа ша кхоьссича лаьтта,

Дожийча ирачу герзашна тIе,

Цестича, мерцича, аьрташха аьтча,

Дог лазор дарий-те хIетахьчул тIех?

 

Цестина дерриг а, цIий Iаьнна шеха,

И паргIат хир дара лазарна шен.

Йоккхачу гIайгIанан йийсарехь хебна,

Дагна ца деа-кха кхин декхна де.

 

Дахкарах чекх хьежар дисина цунна,

Дисина дерзалахь техкабар некъ.

Хиллачу марзонах, йисинчу хьуца

Дуьйцина хIора а шегара де.

 

Цхьа а тайпа шовкъ-чот йоцуш схьаэцна, цхьанхьа чу дIа-м дехкира ас и кехаташ, цо сайга схьадаийтина долу. Цо яздинарш лардеш, цхьана совгIатах хийцалур боцуш, сан бахам, сан хазна, сан самукъа хилла лардарца лаьтташ дара. Сагатделча, тIеяхана, муьлхха а цхьаъ схьаэцна, дешча, кхечу суьрта йолий, кхечу дуьнена кхочий, сакъералой дIахIоттара. ХIора дош а дагах кхеташ, дог дIадоьхуш долчу царна уллохь Iан кIордадойла дацара. Цаьрца йоьзна дIайоьдуш зама яра.

Замано а шен болх бо вайца. Цхьа тахане ю вайна ваьшца гушъерг. Кхин дIа хууш хIумма дац, ваьшна хетачун суьрташ бен.

Тахана кханенна леринарг – кхана доцуш, керара долий, дуьсу вай.

Тахханехь кханенна кечамбан ларийначунна кхане юьсу. И массарна ца нисло. ЙогIий схьакхочу и кхане, шен тIаьххьарчу малхбузенан сингаттамечу маьлхан гонца тIаьххьара хьаьрчий, цуьнан зIаьнарш лахьош. Суна дукха сингаттаме, Iаткъаме болуш бу и малх дIабуза керчина мур.

 

Малхбузен агIонца, шен дашо зIаьнарш

ТIегулъеш, дIабаха сихбелла малх.

Вай иштта гIур ду-кха, тIаьххьара хьаьжна

Дуьнене. Даханза ца довлу цкъа-м...

 

ЧIогIа вон хьал долуш вигна, больницехь ву Мохьмад-Селахь бохучух хиира суна. И ган яха сацийра ас. Кхин а цхьа де дара и цуьнан дахарера суна гуш дерг. Кхин а цхьа хазахетар дара и волчу агIорхьара хуьлуш дерг. Цо а лора йовхо. Бора там, лозучу дагна жимма хьаам. Цамгар юхаер ю бохучух теша лаьара. Лаьара, цуьнан дахар дахлойла. Ша цунах эцна йоцу марзо жимма цунна кхачийта мукъана. Лаьара, шен ЦIен-бердан басахь дисинчу бераллех кхетта, жимма цигахула гуо бохуш, и дIасавала ЦIен-бердехь, цуьнан мукъаме ладоьгIуш, шен селханенан дакъазалла хьаьшна, и дIатоттуш, цунна тахане сирла гойла шен бевзачийн-безачийн гонехь. Генара сатуьйсуш юьрта кхаьчна и сирла сатийсам кхочуш хиланза биса боллу-те бохучух кхераро а Iадайора.

 

Районни больницехь и вуйла хаьара суна. ДIакхечира со. Со дIакхаьчна хан цомгашчеран садаIаран сахьт дара. Хьалхарчу корал дехьа яьлча, чухьажаеллачу кораца хиира суна, Мохьмад-Селахьан палатин коре со кхачар. Корана букъ берзийна йинчу гIовлица хиларна, аре гойла доцучу кепара метта вижина гуш вара и корехула схьа. Корах чу цхьаннан IиндагIан билгало хааелла, корехьа хьалахьажавелира и сан цIе яккхарца сихха, вовшашка хьаьжна далале. Ерриг ойланийн само тхойшиннан хиллачу гергонна тIеерзийна, цаьрца вехаш, царах хада ца луш, доIуш мел долчу сица кхин хIума дагахь доцуш, ша дахаре мохь бетташ, дагна орцах еа-кха хьо, и хезча санна, бохура цуьнан б1аьргаша.

Халачу йовхарийн новкъарлонан ницкъаца шен бала хилла кийра дижинчух, иштта дIадахьа дезаш нисделлачух дийца лаьара цунна. Цамгаран чIагIалло ша хьийзош велахь а, бIаьрг серлабаьлла, сакъераделла гора. Дог даим ду ишттачунна кийча. Цо шена лоьхург иштта ду. Цуьнан дог а девзаш, мелла а са айбадалийта хьийзара со а. Къамел диллинчу корехула деш дара сан. Атта цунна тIевуьтуш воцу дела, со а дукха карзах ца йийлира дехаршца. Цуьнан доладеш верг вара цуьнга садаIийта араваьлла. Тхойшиннан цхьана ирсана лерина хилла хир дара Дала и сахьт. Совнахниг уллохь воцуш атто ма ду иштта девзачу адамашна шайн дегнаш вовшашка кхийдаш, вовшех кхеташ, оьшуш хилар хаийта.

Цу хенахь, цхьа ца хууш ца нислахь, некъан машене даха дог дацара, а. Йочане хан яра со яханарг а. ЦIа яха езара гIаш. Садале цIа кхача езара. Сайн жималлица атта дацара суна иза. МаьркIаже лестича, экха ара долуш цхьа дукъ ду оцу некъахь. Цу киртигах озалуш хуьлу дукхахьолахь. Хийла некъахочунна оцу меттехь хааделла и. Сайн цIа ян езаран гIайгIа ца бича ца йолура. Цуьнан цамгарца хала валлар а, цу цамгаран чIагIалла шеца яйъа хьийза сакъерадалар а цхьаьна ийнера.

Дахарера и дIавига гIерташ, тIехьерча цамгар а, дахарца лаьттачу шен марзонах ца хада гIерташ, мел доIу са а, хьажо бIаьрг а, мел ен ойла цу дахаре ерзийна, багара мел йолу Iаь а цунна ерзийна, ша бан безаш, бан лууш хиллачу белхашна ца кхиавалар, сирла сатийсамаш кхочушхуьлу моьттуш, ша цIа варах воккхавийна валале, юха а декъазниг шен балхана вухавала дийзира. Цамгар даима тоьлаш ю адамал, нагахь кхин цуьнан оьмар яцахь. Цуьнца Iодика ян ца хIуттуш, тIаьххьара хир ду аьллачунна лерина хIума ала ца хIуттуш, сайн ойланийн  дуьнене хьажаелла лааттара со а. И а шен  ойланашца, со – иштта сайчаьрца, тхаьш-тхаьшшиннан дуьнене тIаьххьара хьоьжуш хилла цхьаьна вовшашна гуш. амма шен-шен ойланехь вовшашна гуш дерг тхаьш а долуш, вовшахкъастарх  дог диллалуш доцу, дуккха дийца луурш дагца долуш. Цуьнан ойланехь – со, сан ойланехь – и…

Юкъахйовла езаш яра и ойланаш а. ЦIа яха сехьа елира со корера. Эццахь тIаьхьахьаьжначу, тIаьххьара гуш хиллачу аматца, «Малика» – аьлла, т1аьхьа мох тухуш хезначу Iаьнарца вовшахкъастар хили тхойшиннан. И де ду сан синкхетамах хердаланза, ширдаланза дагца схьадохьуш. Дог лозу цо дагахь дIа мел даьхьначех. Дог лозу цунна лууш, амма кхочуш мел ца хиллачех. Мел чIогIа Iехавеллера и кху дахарх. Мел тешна вара, шиммо а цхьаьна белхаш беш, шиннен цхьаьна ирс кхочур ду моьттуш волчу дахарх. Цуьнан юкъахъевлла ойланаш, кхочуш ца хилла лаамаш, цуьнан къонделла дог, дог диллинчохь юха марзделла, хьалхачул а дезаделлачу дахарх юха а хада везаш нисдалар - уьш дерриш  кхачаме хир дац маттаца дийцарх кхетамна. Шен сица, шен кхетамца гина доцу сурт атта ду дицдан а, дIататта а. Цуьнан лазам, цуьнан лаам сан сих чекхбаьлла, сайна и дика хууш хилла дела, цунах бен цунна соьга дийца луурш дукха ца хилла дела.

 

ТIаьххьара хьажочу бIаьргца

Хьан амат лоьхур ду гонах.

ТIаьххьара олучу дашца

Хьан цIе а юьсур ю озехь,

 

– хоуьйтура цо шен дагца дерг. Со теша и иштта хилла хиларх. «Нахала валанза, меллаша тийна, хьан цIарца дахаран Iодика йийр ю ас, ваха ца доьгIнехь. Цунах тешаш хилалахь: хьол хьоме, хьол дезаш дуьтуш хIума дац хьуна сан. Хьоьгара, хьо йолчухьара кхеттачу йовхонца вохвелла, дезаделлера суна айса шех дог диллина дахар. Ваха лиънера жимма цуьнга кхевддинчохь. Лиънера хьан ирс ган. Хьан гIоьнча хилла, кхоллараллехь хьо хьалаяккха, оьцуьйтуш хьайн кхиамех марзо хьоьга». Иштта дара цунна даима дагахь дерг, лууш дерг. Вайн лаамел нуьцкъала ю дахаран кхиэл. Азаллехь иштта кхоьллинарг хийцалур дацара, мел лаарх и хийца. Тхойшиннан кехаташ яздар дукха алсам хила доьлча, набахтин цензурехь болчара сацийнера тхойшиннан дIа-схьа лелаш йолу почта. Цецъяьлла Iара со кехаташ хьедаларх. Уьш деша, царах марзо оьцуш Iан Iемина, сагатдора  хIора дийнахь уьш кхачаре марзъеллачу сан.

Эххар, хилларг дуьйцуш, ца яздеш яьллачу хенан юкъах кхетош яздина дара и. Набахтин куьйгалле дIахьедар дина хиллера цуьнан кехаташца соьца долу герго цатайначу цхьамма: «Иштта-иштта, «опасный преступник» хIинца а шен кхераме болх дIаболийна воллу, шен кехаташца жима йоI Iехош, лееш, цунах «любовный роман» еш воллу аьлла. Иштта дихкина хиллера цуьнан соьга яздина кехаташ. Цунна юха а некъ карабо цу бохамца къовса. Кхетайо цо со.

«ГIалахь Iаш доттагI ву сан. Суна и ган аьтто хуьлу баттахь цкъа. Ас цуьнга дийцина вайшинна йинчу новкъарлонах. Хьайн кехаташ цуьнан зудчун цIарах церан  адресца дохкуьйтур ду ахь. Ткъа сан доттагIчо уьш соьга схьадохьур ду. Ас а, цуьнан зудчун цIарах иштта цаьрга яздина, юха  хьоьга дIахьажор ду, хьан адресца. Не было счастья, да несчастье помогло» бохург хили суна», – чекхделира кехат. (Хьешан цIе йицъелла суна, лар ца ярна).

Иштта, тхан почто болх беш лаьттачохь, юха а цу балхана тIаьхьа ваьлла, бийца мотт карийна, цу мотт тоьхначо буьйцу кхерам шеца боций хаийтича, цунах тешна, мелла и вовзарна а, юха бакъо елира цуьнан яздарна. Цхьана нохчочух вогуш,  шекволуш, и болх бинарг и хеташ вара иза. Цуьнгахула чекхдолуш хиллера чубоьхкинчеран дерриге кехаташ. Суна девзаш доцчу адамера кехат деара соьга Мохьмад-Селахь Iачу набахтера. Цу тIехь цо бохург дара: «Хьоьга кехаташ яздеш, ахь дуьхьал яздеш волу стаг, хьан ден хенара хир волу стаг ву. Хьо Iеха ма яйта цуьнга. Ма язде цуьнга кехаташ. Хьоьца вогIуш вац и, хьан хенара вац».

*  *  *

Хиллий хьан буьйсана арахь

Седарчийн дагаре хьежар,

Сирланиг къастийна царлахь,

Тидамца шегахьа дехар?

 

Хьаьстина и хьенан цIарца?

Йист хилла муьлхачу маттахь? –

Гергарло хир дара цуьнца,

Хьан цIарах цунна цIе туьллуш.

 

Шайн кхолламах, кхоллараллах, кхоллараллин къайленех ша дерриг даьстина ца дийцарна, сайн деган къайленехь буьту ас цхьадолчу кехатийн чулацам.

Кехате дилла ца мегаш дешнаш шайца долуш дац уьш. Дац цхьана а тайпа осалаллех, ас Iаддита лерина хиларх. И цуьнан шен синлазам бара соьга балхийна.

Суна бен и хаа лиъна вацара.

Сел цIена, сел тешна сайга кховдийначу цуьнан деган лазаман бараман дустар – и шатайпа сурт дара.

Иштта сурт дилла хьан-хьанна хуур я луур дарий ца хаьа.

Сан жоьпе ладегIар доцуш, ас шега ладегIаро кхачойора цунна, ишттачу деган хьал суна довзийтарехь. Муха дугIур дацара иштта хьаналчу дагца дебачу ойланийн лазамийн матте ла а.

 

 

*   *   *

КIез-мезиг яцарах хиъча

Хьан кийра хьаьвзина тов,

Хьуна и яйъар ца лиъча,

Вагарна ца дира дов.

 

Пурба а хир дара муха

Хетачух хадаван хьо?

Iийжамца хан яьккхинчунна

Ишттаниг шалха дазло.

 

 

*  *  *

Селханлера еха хенаш

Чоьте оьцуш яцара.

ГIайгIа ярна къизчу декъан,

Хуьлуш синтем бацара.

 

Дерг я доцург шаьш ца хиъна

Нах вайх дийца буьйлира.

Ткъа дегнаша, долчух кхиъна,

Кирхьанаш дIауьйзира.

 

Седарчашна юкъахь кхерсташ,

Лаьттан Iалам хьистира.

Лаьттахула ловзуш лелаш,

Синош Iаьрша дийлира.

 

Ла мел дийгIи, ваьшна вовшийн

Оьшуш хиларх кхийтира.

Амал доцуш денна гойла,

Некъаш морзахдийлира.

 

ЦIенчу дагца цIена безам

Ткъесан суьртахь кхерстира.

ХIетахь дуьйна, - эшац къийса, -

Цунах дIа ца хедира.

(Гадаев М.-С.)

 

 

Хьоьга…

 

Сил дезаш кхоьллинчу дахарера цуьнан дика ца кхочуш, хьайна ца хуьлуш цуьнгара марзо эцар, ахь къиза яьккхинчу хенан ойла йича, жимма а хьан дагца къеддачу йовхонна новкъарло яр нийса хир дацара, хьо мила ву, хьо мел оьшу хууш, дерриг къам а хьан лераме хьаьжна хилар хууш хилча. Оцу йоццачу ханна хьан сица мерза ойланаш, мерза сатийсамаш латтош, меллалц и хиллехь а, дахаран йовхонца, цуьнга дог дахарца, дахаре хьо самукъане хьажийтинчу ханна хастам бо ас. Сайн цхьана дашца бен ца хиллехь а, гIорийначуьра хьан дог даьстина, цуьнан шовкъ айбина, дахарехь, кхоллараллехь шовкъаца гIулч яккхийта цхьа де бен соьгара ца кхаьчнехь а, хьуна цунах совгIат хиллера. Сан вонах – хьан вон, сан диканах – хьан дика хиллера. Цу доллучо а дегнаш вовшашна гергара дира. Вовшийн лерам, вовшашкара марзонаш иэшар кхоьллира. Иштта хуьлуш ду-кх дуьненахь адамашлахь гергонаш, язораш. Иштта хадар а хуьлу-кха церан вовшех, къаста дагахь ца хиларх а. Атта дац ишттаниг. Данне атта дац.

 

Ас хIора буьйсанна, ахь баьхна дела,

Седарчийн тобане маршалла лора,

Вайшинга хьежна уьш гергара хеташ,

Шиннен а меттана хастамаш бора.

 

Хьо дIасалеллачу ирзешка юьйлуш,

Iуьйренца бецан тхи схьалехьадора,

ЦIеначу марзонна тIера и муьйлуш,

Ваьшна ган йисина хан ягарйора.

 

Шайга сатийсина ЦIен-бердан даккъаш

Хьоьга ла диллина Iаш хеталора.

Ирсечу дахарна лерина ларам,

Эрна хир ца моьттуш, со Iехалора.

 

Хьан маттах долучу дашца йохъелла,

Гергонан амална йолучохь сирла,

Дарцаца кхочучу гуш доцчу ткъесо,

Мерцина, хIаллакди лаамца хилларш.

 

 

*  *  *

Ас хIора догIанан тIадамийн

цIарах хьо вуьйцур ву бIаьста.

Вуьйцур ву буьйсанна, дийнахь,

хесторна кхачаме доцуш.

Догучу седарчел сирла

лаьттинчу лаамех лаьцна

Дийцарна бахьанаш  деца,

кийрара Iаь сан мел йолу.

 

Мох, дарцан, лайн цIарах

вуьйцур ву шийлачу Iаьнца,

ГIорийна лаьттаца юьжуш,

ка хьоькхуш вижинчу барзе.

Собаре кхачалуш боцу

сингаттам хиларна IаьIна,

Хьо дуьхьалтийсарца денна

дуьйцур ду, хиларна шортта.

 

Зезагийн хьожанаш хоьржуш

ламанан тогIешца хуьлчу,

Хьо ловзуш иддачу ирзехь

йолучу бацала хуьйшуш,

Шайга хьо кхийдинчу пепнийн

гаьннашка кховдийна куьйгаш,

Деле ас доьхур ду гечдар

лаамза дисна хьан парзаш.

 

Дуьйцур ду, хийцалуш йолчу

Iаламан деа суьртан хенахь,

Балина кхоьллича санна,

син кIоргехь Iийшина хилларш.

Хьастанза дисна дош байттамал хиларца Iеткъа.

Магахь, хьан чурт ду со,

гIаролехь хьоь хьежа дисна.

 

 

*   *   *

БIаьстенца сан коре дека ма хийша,

Аз хаза олхазар, са карзахдохуш –

Хийла хьан декаре сатесна Iийна

ДоттагIа дIавахна, шолгIа гур воцуш.

 

Дазло цахилар и тахана дийна,

Дезачу хьоьга ладегIарах хьегна.

Iаламна, адамна хастаме хилла,

Бевзина дикачун, вочуьнан чемаш.

 

Саццаза декарехь хетало дехар:

«Виц ма ве хьайга сатийсина доттагI.

Нийса дац кхечунна латтадахь елар.

Ишттаниг хьоьца ловр дацара цо а».

 

Iаламна ка хьоькхуш, маьлхан нур кхерста,

Кестта цо кхолур ду бIаьстенан суьрташ.

Жималла ягIац-кха шозлагIа керта –

Го туьйсу горгачу кху лаьттан гу тIехь.

 

Адаман кхолламехь йолу цхьа бIаьсте

Iаламан, амалан хазалла шегахь.

Цуьнгарчу беркатан кхачонах хаьдча,

Дазлучу маххьаша детта вай бертал.

 

 

Цунах…

 

Кест-кестта хеза вайна Гадаев Мохьмад-Селахьан дешнаш т1ехь кхоллабеллачу мукъамца долу цхьа шатайпа кхолламца къаьсташ долу иллеш. Уьш хIора а адаман сих кхеташ, кIорггера дахаран маьIна дуьйцуш ду. ХIораннан а шен-шен кхоллам-сурт къеггина хаалуш ду вайна. Дуьххьара юкъадаьлча «Даймахке сатийсар» цхьа шатайпа цуьнан синлазам бевзира вайна. Кхин тIех говза цхьаммо алар хилла а, хир доцу а илли ду и.

ХIун ду со, чIоб санна, сахиллац латтош, набарха йохийна, хьовзийнарг корта:

Иллешца кхерсташ ю арахь хьан байташ,

Даймехкан кхолламан геналла гойтуш

Кхолламан къизаллин баккхалац барам –

Ша дерриг вайн халкъан синошца доллу.

 

 

*  *  *

Долийна даккхийра гIуллакхаш вайша,

Дозане кхачале, кхачийна девли.

Синошца литтина ваьшкара хазна,

Хестийна довлале, вайгара хеди.

 

 

*  *  *

Мел хилларш дицдала Iамалахьара,

Ца хьоьжуш селханалерачу новкъа.

Ойланийн йоргIалла сацалахьара,

Ца хьоьдуш шозза ца кхочучу гуоне.

 

Йоьдучу замане хьежа хьайх Iама,

Хьайчаьрца хьаьрчина ойланаш кхаба,

Нийсонан лехамехь къийсаме яла

Хьайгара иэшалла йити ахь суна.

 

Халкъана паргIато, гIуллакхна беркат,

Iаламан хазалла, хIаваах терра,

Суна хьо иэшара эшаре яла,

Къаналлехь гIо санна шен доьзалера.

 

Стигланан сийналла хьоьстуш хьан цIарца,

Бузучу малхаца лоьхуш хьан васташ,

Дералла эккхийна, собаре кхача

Ахь хьехна доьналла карадац сайца.

 

Сатасар, сахилар дара хьо дийнан,

Кхетачу маьлхан нур тIаьхьара царна.

Исбаьхьчу ниIматийн майданаш башха

Ахкарехь йоккхаер  лаьара хьайца.

 

Ша дерриг дисина, лазамна санна,

Хиллера, бохуш, цкъа дагардан наха.

Кханешна леринарш тIепаза дайна –

Иштта ло цхьаццанна дахаран дакъа.

 

 

Дартане

 

Марша я Даттахе, г1алара дарта,

ДоттагIчун лаамийн костаца довха!

БIаьрсица хьоьга ла диллина Iара,

Масачу тIемашца йогIучохь йовза.

 

ГIелонна вицвелла иза ца Iийна,

Евзачун амалаш евзина ваьлла.

Цунна ша кхуллучу байтаца тийна,

Безаман чIагIаллин бараме хьаьжна.

 

Дитий хьайн юьртаца тийсина гонаш,

Соьгарчу марзонан маршалла хьайца,

ХIай дарта, еанчу гIала дIагIохьа,

ЛадоьгIна волчуьнан гIийла дог хьаста.

 

Вайшинна юккъера болатан герго -

Дахарна кхоьллина хазна ю, ала.

Вайн синойн лехамехь и хазна эшо

Заманан яхалла тоьур яц, ала.

 

Сан байтийн могIанаш цунна ду, ала,

Еларах, елхарах дуьйцина хилла.

Хьо варе туьйсу са къобалде ала,

Хастам бан вайшиннан доттагIаллина.

 

Соьгара аьхналла кхачаяй цунна,

Хьегамийн дозанах ваккхахьа жимма.

Ма-дарра дIаала хуур дац хьуна,

Яцахь хьан маттаца мерза Iаь йийла.

 

Iа… Арахь Iаламат шийла ю. Буьйсанна чудирзина дерриг адам. Чохь гIовгIанаш ю кегийчу берийн. Уьш, ловзуш сакъералуш, шайн бераллин дуьненахь бохку. Царах сакъерало сан а. Цхьа доьзал, йиша-ваша. Жимма тийналла хIоьттина, ладогIаделча, хеза арахь цхьаъ, мохь бетташ, кхойкхуш. Билгалдолу и тхаьшка кхойкхуш хилар. Цо боху, Мохьмад-Селахь дIаваьлла хилар хаийта веанера ша аьлла. Цхьа инзаре хьал хIоьттира оцу минотехь даге. Кхечу кепара хилла дIахIоьттира дерриг дуьне. Цкъа а дуьненахь хилла а я хир а доцчу суьртаца хийцаделла хийтира дуьне, дахар. Суна кхин цул хьалха, сайн дукха ца яьллачу хенахь хилла сингаттаме – садуу оцу тайпа хIума девзина дацара. ТIекIелбелира кийра а, цуьнца доьзна мел дерг. Дерриг а дуьненна хилла лерира ас и сингаттам. Цу сингаттамо кийрара баьккхинчу маьхьарца орцанехь дилхира сан дог. И лазийнера… Iаламат инзаре дагийнера. Сан елхаран бахьана шена стенна ду а ца хууш, со йоьлхуш хилча, и цхьана бахьанина  дуй хууш  цунах ца кхеташ, сан елхарна йоьлхура сол дуккха а жима йиша. Соьга терра ша елха еза моьттуш, суна санна шена дог дан дезаш санна, йоьлхура и. Ас-м цуьнан тIаьххьа бен хьесап ца дира. Берашна юкъаеана хьаьвзинчу нанас, човхийна, сацийначух тера дара иза, кхано тIаьхьа цо ша дийцарехь соьга.

Синхьаам хиллалц дилхича, адам сацало. Аз а кхачало.

Даьсса хилла дIахIоьттира сан дашо дуьне. Сан вайнарг, велларг хьехархо вара. Дахаран чолхалла, дахаран массо тайпа хьийзаме, бес-бесарчу суьртийн некъех чекхваьлла, цу дахаран массо вонах ларъяла со Iамийта лууш, гонаха хуьлий а ца хууш хуьлучу шалхачу меттан гураша лацарна кхоьруш, шена езаре терра, суна а езалур ю моьттуш, Iилманан кIоргенаш ас Iамо лууш, оьзда вехаш чекхвалархьама, адамо шеца кхаба а, лардан а дезарг довзуьйтуш, сан ирсана леринарг дерриг суна кхолла, лаха хьожур волуш, нагахь шен агIонгахьара хила жимма а орца делахь, и дерриг кхочушдан шеца лаам болуш хилларг вара и суна. Кийра кхаьчначу сингаттаман барам, цо бина Iаткъам бийца цунах ала  дешнаш дац цхьана а маттахь. И ша-шеца бен зелуш, хаалуш дац. Дерриг дуьне а сайца холчадаьлла, сох кхеташ хьоьжу моттара суна. Иштта яхара тезета а. Дуккха дара тхо дан-м. Юьртахь хьеший, гергара нах дукха бара цуьнан. Цуьнан хенарчу зударшца нисделира сан цига яхар а. Дуккха юкъ ю тхан шина юьртана юкъахь. ГIаш беш болчу цу некъахь нислуш мел долчу дитташна со евзаш, со мича йоьду хууш, сан дог гуш хеталора суна. Сайл холчохь ца хетара гулделлачу адамашлара цхьа а адам. Иштта хир а дара и. Суна санна иэшалла, цуьнца цхьаьна сингаттам кхечарна хиллера ала хаац. Хилахь а, сол тIех ца бевлла. ДIадирзинера тIаьххьарчу дийнан новкъаваккхар тхо цу юьрта кхачале. Хийла хьийзи кешнийн керта уллохула, цуьнан го лоьцуш, со цунна го бен аьлла ца хеташ, хабаре юьйлуш. Чуьртаца къамеле йийли, цуьнан барзан теш хилла, цуьнан цIарца коьртехь лаьттачу. Хийла къамеле йийли, со-суо яхана, цу барзаца, чуртаца къамелаш деш.

 

Баьрзнаш лаьтта лекха, лоха,

Гулделла кху лаьтта тIехь,

Сингаттамца, воьдуш, вогIуш,

Адамийн баьрзнаш дазло тIех

Юкъакара, ка-куьг хьаькхна

Доладинарг карадо.

Кхиниш дIогахь, бецаш евлла,

Халла бен ца къастало.

 

Тидам оьцу хIора барзан,

Церан къайле ца хууш.

Хишца гонах хьуьйсучарна,

Дуьхьалтуьйсу хьенан сурт?

 

Безам арахь дIалачкъийна

Лаьттарш долчу йогIало.

Хиллий-те уьш юьстах Iийна,

Лаьттах баре шайна тхов?

 

Доладийраш тамехь хета,

ДIа-схьа волург хьажалой.

Барзан кIоргехь вижнарг лерар

Хаалойца, хастамбой.

 

Шийла, кегий адамийн баьрзнаш,

Шуьга хьожуш, лехна Iа.

Сан барз хир бу шулахь аьхнарг –

Муха хир те цуьнан гар?

 

 

*  *  *

Цу буса дилхира, хетарехь, ламанан баххьаш,

Хьаннаша дегийра меллаша кадамна гаьннаш.

Седарчий девллера баттаца ца къага къайла,

Суо-со цхьаъ йисира, хьан цIарца

йист хиларх хаьдда.

 

Ма ирча дара и - хьо вацар хаийтар суна!

Ма хала лайра и – барамаш бац цунах дийца.

Шовкъаша йохорна чот йоцуш мел хиллачунна,

Зама айкх яьллера – аматаш деллера хийца

 

Схьакхета дIабоьду малхаца бацара бала,

Сирлачу деношца хьаьрчина буьйсанаш Iара.

Цхьаннеца бекъанза текхабен вонан мохь айса,

КIордийна, гIелделла хьийзара са Iаьрша дала.

 

Уллорчу нахаца уьйрашца тIекаре яйна,

Амалца, хабарца йоьжначех хетаеллера.

Шийлачу чуртаца яьхна хьан цIе ешчахьана,

Лехначу дегIаца, Iадийна, йоьхна со Iийра.

 

Мел лиънарш-моьттинарш

кхоамза хадийна шеца,

Сацийна аьхначу Iаьнарца хезийна оза.

Iаьнан чилла-шелонца еана Iожалла керта,

Хьо эцна яха-кха… Дахар ду доца. Цхьа доца…

Мел долу гIуллакхаш дахалац новкъа.

 

 

Баркалла хьуна

 

Диканехь, бохамехь соьца куьг лоьцуш,

Хьайгара гIо эшна йисарна кхоьруш,

ГIиллакхца, гIуллакхца яхъ яла хьоьжуш,

Улле хьо валарна, баркалла хьуна.

 

Доцучух кхоьллина, багорна кийра,

Хенарчу нийсаршна хетарна хийра,

Хьайгара дош суна даларна шийла

Кхоьруш, со ларъярна, баркалла хьуна.

 

Олучух, хетачух нийсонца кхеташ,

Генара, гергара адамаш девзаш.

Челакхчу соьгара сакхташ ца лехьош.

Хьайха со тешорна, баркалла хьуна.

 

Замано вайшинна кечдарах хIуъа,

ХIинццалц сан тергамца хиллачу хьуна,

Баркалла, ирсан чам бовзуьйтуш суна,

Со хьоьгуш, хьох дика мел хиллачунна.

 

 

Хьан гуьйренаш

 

Баххьашца къарзъяла йолалуш

Ламанан хьаннаш,

Билгало йовзийтина

ЙогIучу гуьйренан хенахь,

Хьан шийла гуьйренаш, гIайгIанца

ХIуьтту бIаьрхьалха,

ДоьгIначу стоьмийн мутт

Мийла хьо кхиа ца велла.

 

ЦIена хIу-хьекъал хьайнхьекъийта

Маршо ца йолуш,

МаргIалш ца далийта,

Орамаш хедочохь хийла,

Сирлачу лаамийн

Оьланаш лахъялар доцуш,

Iазапан хьаьрмехь шо

Даьккхина ахьа масийтта.

 

ХIетте а, къар ца луш,

ЖовхIараш дита хьо ларий.

Безамца хьоьстуш уьш,

Лераме хьоьжу нах цаьрга.

Йовхонах хадарх ша,

Маттаца шело ца язош,

Къонаха дахарах

Даима оьзда чекхваьлла.

 

Ахь лайнарш Iаьткъина,

Сан бIаьрса кхелина хишлахь.

Оза а хелина, къурдашца

Къийлина Iийна.

Кхочуш ца хиллачу

Ойланех ун хилла синна,

Син кIоргехь текхочу

Чевнашна даI даьлла цIийца.

 

ЦIен-можа духарца гIа хуьйцуш,

Тоелча гуьйре,

Наьрташха таръелча

Стигланца кIайн-сийна мархаш,

Царна байт кхолларца,

Мерзачех ойланаш луьстуш,

Яьссачу Iаьршара

Схьахьоьжуш хетало сайга.

 

 

*  *  *

Лерина седанал сирла,

Вовшашна совгIатна аьлла,

Сийлахьчу гергонна дитнарш

Дацара кхалхарна лаьрра.

 

Хиллера хьох деган эла,

Со а хьан ярий-ца иштта.

Цхьаъ-лекха, важа - лоха доцуш,

Цхьабосса дагарах кхиъна.

 

Хенашна генара вайша,

Вовшашка кхевдира муха?

Синош ду цхьана дийнахь Дала

Кхоьллина, - хезнера суна.

 

И ду-те? ХIун ду-те бахьна,

Шина дагах цхьа дог а хилла,

Сел аьхна, мерза шатайпа,

Вовшашка кхевдина, кхайкхар?

 

Ойланца кханенаш йоруш

Сирлачу лаамна тIера

Iашшехь вай, къайллах схьайогIий,

Iожалло хададо некъаш.

 

Дахаран массо тайпанара гаьннашца доьзна зеделларг долчу цунна новкъа дара, шена санна, лазамашца доьзнарш довзар суна а хилар нислахь бохург… Цунна хаьара, адамаш шайн амалшца, боларшца церан бес-бесарчу суьрташца нислучех шаьш кхевдинче дерриге кхачалуш доций.

Цунна новкъа дара сайн таханенца кхане ган ца хуучу суна хьовзамениг нисдала тарло аьлла хетадалар а. Ишттачух со ларъялийта, теза, чам боцу дакъа  суна ца кхачийта, ишттачух суна ларъяла хаийта, дукха хьехамаш бора цо. Дахарехь хилла а, хуьлуш а, хила тарлучу а массо хьолана со сема хилийтарна иръян хьийзара и. Амма цуьнан хьекъал схьалаццал хьекъал хир дацара шен жималлин паналлехь дерриг дуьне дустучуьнан.

 

Диц ца ло сайга ахь баьхнарш,

Шайха со кхетанза хилла.

ХIинца уьш, синпхенаш лаьцна,

ЦIийца дIаийначохь дисна.

 

Сан Эла! Сан некъан седа!

Хьан цIарна тIера со еха.

Вайшиннан гергонан меха

Лаьттахь кхин хазна ца хета.

 

Дагардина девр дац вай, цуьнан дийнначу дахарх, аьлча а, цуьнан кхолламах лаьцна мел дерг. Мел дукха дийцича а, ца дуьйцуш диснарш юха цаьрца дуьстина хьаьжча, маьIна цхьаъ хир ду.

Шен дахарера схьаэцалуш долу массо дика а, шен ницкъ кхочуш мел долу массо гIо-накъосталла, адаман сица кхоллалуш, цунах дIахадалуш йоцчу уггар чIогIачу марзонан дуьхьа, дерриг шен дахар, мел и делахь а, хьуна лерина, хьох хадар – дуьненах хадарца дустучу адаме син кIоршаме шийла дош муха алалур ду, ша мел долу дош, дог цуьнан цIанонца, нийсонца, марзонца хиларх тешна хьо хиллачохь? Мел-меллаша болий, дIаболу мел стомма ша а, шена маьлхан йовхо кхачаре хьаьжжина…

 

Ларамза соьгара даьлларш

Оццул хьайн синна ма къала.

Ларий и бертаза аьлларг,

Са цIена къинтIера вала.

 

Дахаран темаша шайца,

Лаьа, хьан цхьаналла кхала.

Самукъа латтахь хьан соьца,

Елалуш, самалхадаккха.

 

Кхолламо хьастанза шеца,

Цуьнгара чордалла йиъна,

Къонах, хьо кхайкхина мерза,

Сан хилла шогалла йита.

 

Жимачун амал ю челакх,

Зерех чекх ца ваьлла дела.

Андо1 ю некъ бинчу белшах –

Цундела оцунах теша.

 

Ахь байташ кхуллур ю суна

Оьздачу маттаца говза.

Ас эшарш лоькхур ю хьуна,

Хилла хьан бIаьстенан хьоза.

 

Эшарийн мукъамца хьоьстуш,

Вуьгур ву махкаца кхарста.

ЦIен-Бердан даккъашка хьоьжуш,

Гур хьуна бералла хьайца.

 

Хьан дагна тамениг кхолла,

Хир ю сох оцуьнан ялхо.

Вониг ахь герга ма оза –

Хир ду вайн дикачух далхо.

 

Мел сиха керча цкъацкъа дахаран чкъург. Некъа юккъехь юху ворда а. Цуьнан мохь а безаш хуьлу дIабахьа. Шена нисбеллачу некъе терра дIавоьду-кх массо а. Дукхахьолахь. Иштта сов йоккху Iаламо шен шело а наггахь. Иза а лан еза.

 

 

Хьоьга…

 

*   *   *

Дахарехь декъала яхар

Вайшиннан гергонца гора.

Цул тIаьхьа дакъаза ялар

Азаллин тептарша лоьру.

 

Цхьаналла йитинарг соьца,

Хьоьгара Iожалла ю-кха.

Лаьтташехь шегахьа хьоьжуш,

Догий, дов седанан нур а.

 

Тахана, дуккха хан яьллачул тIаьхьа, вайн гергоне юха ладоьгIча, цуьнан цIаналлин, лекхаллин мах хIинца хIетахьчул дика хаьа суна.

Масане дагахьбалламаш а гулло. Шен барамца хьакъ ма-дарра оьшучу хьуна довха дош ала ца ларийначунна къинтIера вала. Массо агIор хьайх онда бIоболийтина, хьо санна гергарниг суна хир вацарх со тешийна, сан дахаран уггар коьрта дакъа а, уггар чIогIа товжар яра хьо. Иза а ма ду цхьа ирс. Хьайн ца хилла ирс, аьтто суна кхоллар яра хьан Iалашо. Иштта гергара, хьанал, цIена адамаш дукха хуьлуш дац. Ишттачу хьоле адам доккху ницкъ бовза, цуьнан сий дан а хьан-хьанна хууш дац.

Хаахь а, дукханна хуур дац. Ишттачу вайн уьйрашна, уьш кхин дIа ца яхийта, декъаза кхоьллинарг декъала ца хилийта, дагахь а, тера а доцуш еана, дIавигира хьо Iожалло. Ма хала дара и лан! Лайра аьлча а, Iа-кха вай, Iанза ца довлий… ГIайгIанан кIомсаршкара дог схьа ца даккхалуш, байлахь йисир-кха, бIаьрхишца сайн дегIан хьал, шовкъ йоцуш. Хьоьга далхо, хьоьга дийца Iеминарш тешо, хьох тарван накъост ца гора. Хьо санна синкIоргера дуьйцучух кхеташверг ца хилча, сайн хораман шад цабастар коьрта лерира.

 

Цкъа хьоьга кхийдина,

Цкъа хьуна дийлина,

Шега хьо кхийдина,

Шена хьо вийлина,

Хьо лера Iемина,

Сатийсар девзина,

Къастаро мерцина,

Дог гIуораделира

Хьоьцанна сан.

 

 

ЦIен-Бердехь

 

Кху хьаннийн гIайгIанаш тийжаш,

Цанашлахь зазаш а тийсалуш когех,

Меллашчу боларца еана тийна,

ДоIанна кховдийна шагделла куьйгаш.

Доьху ас АллахIе: реза ца хилларш

Хьоьгара дийлинехь гечдаре царна.

Вахаран мерза чам эцанза висна

Хиларан хьесап дай, къинтIера валар.

 

ЦIен-Бердан басошца берзина когаш

Тхинашлахь идочохь, ловзучохь гIулгех,

Хаийла дацара Дела ша воцчун,

Цу хенахь ца хилларг схьакхочур юйла.

Хьийкъина лустделла кхузара пепнаш,

Гуолаьцна йийшина кесаршка бецаш,

ХIора цу суьртаца гергахьа еъча,

ЦIен-Бердехь цхьаьна вай кхирстина хетта.

 

Акхачу кхуораца дIо жима хьоза

Сайга хьо хьехаван деана хета.

Вайшимма язданза дисина йоза

ЦIен-Бердан тогIешна девзина хета.

 

 

*  *  *

Дехьара, сехьара гунашка хьоьжуш,

Цаьрца хьан йисина бералла яйна,

Къайллах хьо цхьанхьара хьежало сайга

Моьттуш бен, юха ца йоьрзу.

 

Цамгаран хьу кхетта диккачул шена

Маттаца сецало гIорасиз дегI.

Дийца мел лиъначийн кочараш эцна,

Чекхдала герга ду рогIера де.

 

Жимачу кораца халла дIахьежар

Вайн яртийн агIонга доьгIна диси.

Синтеме кхачанза, гучохь хьо езар

Марздала воларна, зIаьIап хили.

 

Хир-ца хир доцучу дикане кхийдар

Цамгарал халаниг хилла карий.

Хаттанза, хеназа евзина хилларг

Хьоьгахьа кхийдаро дог а лахий.

 

Цхьаналлах воьллачохь йийсаре ваьхьна,

Суна хьох воккханиг паччахь хили.

Тамениг эшац-кха, хьоьха дIахаьдда

Хир долуш хилча а эзарзза и.

 

Хоршанан амалех воьллачу хенахь,

Седанах йоларца кийрачу сан,

Ваьккхина мерзачу хьайца шовкъехьа,

Жималле кховдийна дайдина са.

 

Цамгаран хьу хилла тоъалца сайна,

Метта цо вожаро гIорасиз во.

ЙогIучу мархаша лаьмнашкахьара

Хьан амат иэхьаро гIоли а йо.

 

 

Цунах….

 

Набахти чохь больницехь лаьттира и цомгаш хилла. Цу чохь висаро кхин сингаттам бинера цунна. Шена луучух ала къолам хьекхар ца могуьйту шена бохуш,  яздора цо. ХIетте а, цхьана дежурни медйишера кехат, ручка яьккхина, беш бу шен хIара болх бохуш, яздора цо. Мелла а сингаттам алсам баьккхинарг, цамгаро эшо долийначу шен дегIаца, кху дуьненах хадар хила доллу-те боху ойланаш хьерчаш хилла  хила тарло цуьнан, ша дахаре вуха воьрзуш ву моьттуш, Iехавеллачу юкъана.

 

Са эца санна, чухьоьжу

Кораца беттасан ах.

Соьгара цунна хIун оьшу?

Iодика йо-теша я.

 

Нагахь и кхачахь хьан коре,

Сох хилларг дуьйцур ду цо.

Юкъкара суна са хьаьвзий,

Цунна чохь голахь-на1 со.

(Гадаев М.-С.)

 

Шена гонах доцчу адаман къеллица долчунна еш хиллий-те оццул дуккха терго цо Iаламан массо хиламийн, цаьрца йоькъуш, цаьрца луьстуш ерриге шен ойланаш, мичча кепара уьш хуьлуш хиллехь а. Iаламах доттагI вина, Iаламца мел доьзначуьнца шен уьйраш тийсина, цаьрга дуьйцуш яздарна атта хуьлуш хилла хила тарло. Цхьа а декъахо воцуш ца мегачу деган  т1етовжар Iаламах цо йина хиларна тоьшалла хета суна Iарш, мархаш, стигла, малхбале-бузе, сатасар – садаржар дерриг цуьнан тидамехь дуьсуш хилла хилар, царах дош алар кес-кестта хуьлуш  хилар, шен цхьалла цаьрца эккхо хьийзаш. Доцца аьлча, декъазчу дахарна кхоьллина оьздачу амалах адаман са хилла-кха цуьнца дерг. Цунна Iаламат ца езара адамца куралла. Куралла шен сица, ша-шеца къовсавелла, шегара осалниг, гIалатниг ца далийта къовлавелла хиларна, нахаца ша лоьхуш дерг шеца царна ца карадайта хила езаш хетара цунна.

«Деш долу къамел даггара, цIена, юккъехь гал-морзахаллаш йоцуш хила деза ЦIеначу хабарца тешам бац. Тешам боцург герго дац. Герго доцчохь марзо яц», – чIагIдора цо. Суна хьехарш дора цо: «Дахаран массо маьIIе кхача сахьийзаш, дIадахьалур долу – доцу дукъ ца девзаш, цу дан хьийзачу гIуллакхех цхьаннан а новкъадаьлла, нисделла хIума доцуш, кханий-кханий цхьа аьтто хир моьттуш, муха хир ца хуучу кханешка ладогIалой, Iехалой, хан ца йойъуш, оьзда, цхьа некъ къастабай, цуьнца чекхъяла хьажалахь. Цхьа а йоцург хилла чекхдер ду хьан дахар, цунна цхьа Iалашо йоцуш дIаэхахь. Хьо ехачу заманан коьрта гIирсаш хилийта кертахь (телевизор, фотоаппарат…). Хьан дахаре долчу хьежарна, хьо цунна герга йигарна дика хир ду ахь доху суьрташ. Iаламехь хьайн сина хазахетар девзар ду хьуна цу суьрташкахула, телевизоро царна тIаьхьа кхиаре доккху адам нийсачу, шена оьшучу новкъа. Хьо хиларна, кхиарна дика накъост уллохь ца хилахь, хила тарлучу кепара хиланза а юьсур ю хьо. Массо хIума ойланца дуьстина-дерина хила деза. Iаламат новкъа ду суна, хьо билггал йовзар, йовза хаар доцучуьнца нисъелла, хьан юкъ декъазчийн декъах хиларх кхерар. Варийлахь, цхьаннахьа а сихалла ма лелаелахь хьайца – сихалло новкъа ца доккху ойлайина дан догIучун некъан гIуллакх. Ма моьттара доцуш, кхечу агIор хьаьвзий, нийсса шена дуьхьал кхета ишттаниг. И суна зеделларг ду. Бийца мотт, ала дош долчу адамехь товш яц сихалла. ПаргIатваьлла, юха шега ладоьгIча, шолгIа гIалат хилла хилар хаало шен сихаллехь, тIаьхьа ша-шега ладоьгIча».

 

Суна хьан хьехамаш беза,

Дахарна уьш оьшу дела.

Вайшиннан гергарло деза,

ЦIеначех и долу дела,

Вайшинца къайлеш ца еха,

Тешамехь чIагIделла дела.

 

 

*  *  *

Селханлера хилларш шира

Дуьхьалтуьйсуш дацахьара

Ас хIун дора царах хIинца –

Шайца доцчу маслаIатна.

 

 

*  *  *

Уьншарахьлера вайн

Тептарийн агIонаш хоьрцуш,

Хьеели, узаршца

Самаюьйлуш йийшина чевнаш.

Цара амал кхачийна,

Собаре Iачарах хьоьгуш,

Иэшалла хили хьох,

Балхам бан дашца сатедан.

 

 

*   *   *

Хьоьга дош аьлла сайна ма-хетта,

ТIекаре ян а эхь хетарцана,

Со йоггIушехьа юьстаха мелла,

Хьох накъост хилла карий-кха санна.

ХIун хилла хетий, волчул къонвелла,

Бер санна, хаза хьестар со ахьа.

 

Хьан дешан марзо шатайпа хилла –

Шовкъана кхача цо латтабора

Цхьа Дела воцург воцуш хьол сийлахь,

Амална эсал цо Iамайора.

Ийзалуш дийца, маттаца тийна,

Безаман хазна соьхь латтайора.

 

 

Малхбузе

 

Горгйинчу зIаьнарийн тIамаршца

Ка хьоькхуш ламанийн баххьашна,

ДIабуза керчинчу малхаца

Сахьаьвза, схьадала санна, сан.

 

Iеткъа и стигланан йоьза бос,

Цхьацца де оьмарх дIаоьцу цо.

Кханешна ца дисча тача сан,

Селханеш ю эрна яхана.

 

Малхбузен зIаьнарша, Iовдий дог,

Аз доцчу маьхьарца цIовзайо.

Тахана бIаьргаша лоцу малх

ТIехтуьлуш го кхана барзах сох.

 

ДIабуза керчачу малхаца

Хьерчачохь кхачало зама вайн.

Маржа яI! Мел дукха вай дахарх,

Хаданза довлац-кха дахарах.

 

 

*   *   *

Малха кIел кхелича лам, Дуьйра-Корта,

Безаме хетало. гергарниг хьуна.

Дуккхаза мел хьийжи, хеташ и хьоме,

Даго со виллина цуьнгахьа уьйзу.

 

ГIовгIанех йоьллачу аренца тийна,

Лаьмнашка боьгIна бIаьрг кхечанхьа хьежац.

Тамаше хили-кха, хьоьгахьа кхийда

ГIорасиз даьллачохь сан деган Iийжар

 

Генара хьо хьоьжу лам, Дуьйра-Корта,

Денна со шегахьа йогIалой лаьтта.

Эрна дац цуьнгахьа тийжарах ойла,

Хьан цIеран хастамна цуьнга дош аьлла.

Йовхонца вовшашка кхийдина дегнаш,

ГIиллакхна дийцина кIордоза дешнаш,

Дийцинчун теш хилла йозанаш-шекъа

Ду вайца мерза уьйр латториг онда.

(Гадаев М.-С.)

 

 

 

1 Ишхеца – Нажи-юьртан кIоштара Ишхой-лам.

2 Гох (диалект) - гонах.

1 Шаго (диалект ) - шога хилар.

1Язо (диалект ) - беза мохь, йозалла, кира.

 

1Язораш (диалект) - гергонаш, юкъаметтигаш.

1 Веса - кхелхинчун весеташ кхочушдеш жоьпалле вверг

 

1 Андо (диалект) – тешам, ч1аг1о, дегайовхо.

1 Голахь-на: (диалект.) гой хьажалахь.

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.