http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


«Кехаташкахь поэма» Печать Email

Бурчаев Хьаьлим

 

 

ДIаяханчу гурахь со вайн Iилманийн Академин вице-президентца Дадашев Райкомца цхьаьна, тхайца «Грозный» телевиденин белхахой а болуш, Нажи-Юьртан кIоштара Чуьрч-Ирзе вахана волуш, суна тIееара евзаш йоцу цхьа зуда. Сан цIе а хаьттина, тIекараяьлла къамел долийра цо соьца. ТIаккха цо шен цIей, фамилий яьккхича, суна а дагаеара иза. I980-гIа шерашкахь хIокху кIоштан «Коммунизман маяк» газет тIехь кест-кеста йоьшура ас цуьнан цхьа шатайпа башха, дукхахьолахь гIайгIане мукъамашкахь язйина стихотворенеш.

 

Дадашев Райкомца тхо цига дIакхачале телефонан зIенехула шаьшшимма къамелдеш, со цуьнца дIавогIуш хилар хиъча, суна гайта аьлла, деана куьйгайоза тIехь долуш доккха, стомма тептар а деана хиллера Маликас. Сан йозанаш бахьанехь вевзаш хиллера со цунна, цу тIе цхьана кIоштара а ма ду тхойшиъ (со Ялхой-Махкара ву).

Оцу дийнахь тхойшиннан башха дукха къамелаш дойла а ца хилира. Амма суна хазахеттера, хIинццалц сайна юьйцуш хазар бен, кхин газа йолу Малика евзина.

 

Суна хууш дара цхьана къоначу йоьIан набахтехь волчу гIараваьллачу поэтца Гадаев Мохьмад-Селахьца вовшашка яздечу кехаташца гергарло тасаделла хилар а, и гергарло цу шиннан а вовшашка безаман синхаамаш кхоллабаларе дирзиний а. Иштта хаьара Малика школехь берашна хьоьхуш юй а.

Ма-дарра аьлча, поэтан Гадаев Мохьмад-Селахьан дахаран тIаьххьарчу пхеа шарахь оцу доьналла долчу къонахчунна юха а кхоллараллин ницкъ белларг, цамгарша кIелвита хьийзочу цунна юха а дахаре безам денбинарг хIара Малика яра. И гуш ду Гадаевн кехаташ тIехь а, оцу шерашкахь язйинчу стихотворенешкахь а, амма цунна уггар доккха тоьшалла ду «Кехаташкахь поэма». Мохьмад-Селахьа ша а даре до мел чIогIа маьIне дара шена Малика йовзар.

 

– Суна-м хаац айса яздинарг хIун ду а, – эхьхеташ, ийзалуш бохура Маликас, – я хIара йозанаш маьIне ду я дац а. Шина-кхаа дийнахь, кхидерш дерриге Iад а дитина, хьекхна къоламаш ду сан хIорш. Хьо хьажахьа кхаьрга, нагахь цхьана а маьIне я пайде дацахь, цхьанна а ца гойтуш, хIаллакдехьа хIорш – дийхира цо…

ТIаьхьа, айса Маликин куьйгайозанаш доьшучу хенахь, со кхийтира иза стенах ийзалуш хилла. ХIара къамел, ткъа ма-дарра нийсса дIааьлча – дог дастар шен цIеначу даг чохь цхьа а хьулам боцчу адаман дагалецамаш бу. ХатI сиха яздинчу йозанаша гойту цо шен даг чуьра охьадиллинарг дуккха а деношкахь, буьйсанашкахь, шерашкахь, хийла-хийла ойла йина, юх-юха литтина, жамIаш дина къамел-дийцар хилар. И иштта ца хилча, оццул баккхий, лаккхара синхаамаш цхьанаметта охьабахкалур а бацара цуьнга. И йозанаш хилла яьлла прозехь поэзи ю, синхаамаш бастаран нуьцкъалла, авторан исбаьхьаллин говзалла маттехь а йолуш.

Амма шен дог дастарехь цхьа а дош дац авторан дастаме, аьхса, синхаамаш бийцарехь тIех айаме далийна дац цхьа а алар. Кху йозанаш тIехь буьйцург хIара дуьне кхоьлличахьана уггар цIена, хаза, тешаме хиллачу безамех цхьа безам бу.

 

Со воккхавера оццул лаккхарчу исбаьхьаллица язйина говзар дуьххьара сайх тешорах а. Цундела, куьйгайоза доьшуш а, цул тIаьхьа юха-юха йьшуш а, сайгара жоьпалла хиларх кхеташ, леррина болх бира ас цу тIехь. Телефонан зIе хилар бахьанехь, Маликех дагавийла аьтто а бара, суо ца кхетачу меттигех цуьнга кхета а войтура ас.

 

ХIара эссе даггарчу-ша санна берг наггахь бен шина адаман хуьлуш боцчу цIенчу безамна хастаман илли ду. Цуьнца цхьаьна Гадаев Мохьмад-Селахьна хила богIучу хIолламех цхьа могIа а бу хIара. Юха, иштта тешаме, догцIена, хьуьнаре безам шен даг чохь кхаба а, оцу шен безаман суй кхечуьнан дагах лато а ницкъ болчу зудчунна хастаман иллий, хIолламмий а бу Маликин хIара йозанаш.

 

Нохчийн литература ешархоша хIара эссе дика тIеоьцур ю бохучух цхьана а кепара шеко яц.

 

Малика, хIокхул тIаьхьа а хьайн кхоллараллин новкъахь баккхий кхиамаш бохийла ахь!

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.