http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Со дагавогIур ву хьуна . . . Печать Email

Гадаев М.-С.

 

*   *   *

Кханешка туьйсу са дайна,

Кхалхаре кхача кечвелла

Лаьттачохь, йовзале сайна,

Хезча хьо, со ден ма велла.

Декъазниг декъала хилла,

Хьегаман дозанах хаьдча,

Хьоьца хан яларна жимма,

Далла со хастаме ваьлла.

 

Мелла а баркалла хьуна,

Хьайца са Iехадалийта,

Тамехь мел хазийначунна

Суна хьох совгIат ма хилла.

 

Сох бан хьан къинхетам бацахь,

Лаамаш къобалхилийта,

Маттаца човхо ма хьажлахь,

Йоьшур ю ойланаш иштта.

 

Со дагавогIур ву хьуна,

Декъала хила ца догIахь.

Хийлаза йоьлхур ю суна,

ГIайгIанийн чIагарла йодахь.

 

Дерг довза декъахо воцуш,

Чолхечу некъаша лацахь,

Цхьаналло яьккхина холча,

Кхетар ю декъазчун дахарх.

 

Хьийзар ю гIад-амал дайна,

Гонах верг тешаме вацахь,

Дазделла некъара маххьаш,

Диц ца луш хилла дар-дацарш.

 

Ахь йинчу чевнашка кхиъна,

Цаьрца мел лайнарш а гина,

Iаткъаме синтемах тилла,

Къуьйлур бу синкIоргехь бала.

 

Хийрачу пхьоьхана хьоьжуш,

Декъазчу декъана йоьлхуш,

Шайца со хийшинарш лоьруш,

Йийр ю хьайн хьесапех оьла.

 

Со воцчу дуьненахь тийна

Дахаран аьргалла йиъна,

Кхолламан бIагорехь сийна

Тарлуш ду некъаш хьан хьийза.

 

ГIаръяла нахах эхьхеташ,

Къайлахчуб

бIаьрхишна лечкъаш,

ШолгIа ца вогIучу хенахь

Тарлуш ду хьуна со эша.

 

Безамца лерамаш боцчу

Кхечунна хетарца атта,

Ларамза кхерчан чам бохахь,

Ахь ловш дерш

новкъа ду башха.

 

Вайн дахар нох ду, Малика, -

Раз-пурх цо оханаш дору.

Вайн йоза ишттачех хилла -

Кхолламна гор а ма хIотта.

 

Сан барзе хIотта хьо ягIахь,

Дазлой и, елха ма хийша.

Вайца ца хилла ирс дазлахь,

Балхамца дIаса ма йийла,

Хазадахь вайшиннах хаттарш,

Цакхетарш болчохь ма дийца…

 

 

*   *   *

Кхоьруш ца кхетарна нийса,

Шена хьо яларна хийра,

Жималле дирзина шолгIа

Алулахь дог кхарзалора.

 

Мел хилларш

ширделла дерриш.

Дикане сирла сатесна,

Сайн шерийн терахь дицделла,

Хьоьгахьа кхийдара денна.

 

Ца ларо воьллера дагца

Бохамехь воьхна ца лелларг.

Аьттехьа дацара сайца

Ишттаниг хир аьлла хетта.

 

Садовчохь евзинчу сайна

Хилла хьох ла ца лун бала,

Гатлур ву бохучух валлал,

Вала а, хьоьха ца вала.

 

Моьттина дацара суна, -

Мерза цIе кхерстина сайца,

ТIехваьлча дахаран шуна,

«Къонлур ву» бохучух вага.

 

Иза-м ду, ткъесан нур эцна,

Хьо яккха, къовса кечделла

Аьрташха марцалуш денна,

ГIад-амал шен кхачаделла.

 

Балхамна сихвели шена,

Хьегарна хьо йолчу хьийза?

Дийцаршна галвели-теша,

Марзо ца яларна къийла?

 

Генара текхочу новкъахь,

Марзонан уьйраш йицъелла,

Лазамех доьлла Iан дог сан

Хьоьцанна хийцаделлера.

 

Воккхавеш кхевдина хьоьга

Нуьрах схьадаьллачу ткъесехь,

Хьере сурт далийра соьга,

Хьийзавеш денна цу декъехь.

 

Мел чIогIа ватталуш латтарх,

Хьоьга шек цунах ца дойтуш,

Саццаза, миноташ, сахьташ

Ца дуьтуш, доIанаш дора.

 

ДоIанца Деле хьо ехар

Дара сан тIаьххьара диснарг,

Делахь а хьоьца бехк леццал

Безам бу бехкала вигнарг.

 

Йицъелла тIаьххьара зама,

Хьо-бIаьста хиларна сирла,

Йоьллачохь барамза къала

Къилахь дац ишттачух дийца.

 

ГIора-сих ваьллачу хенахь,

Ламанан аьрзух тарвелла,

Хьайчаьрца

Куьйгаш сайн тесна,

Со хьалагIаттавеллера.

 

Цундела лиънера суна,

ШозлагIа хьоьца къонвелла,

Ваха, сайн мел буьтуш хьуна,

Сайга хьан къа-бала эцна.

 

Лиънера хьо лакхаяккха –

ХIуьрлаIийн тобанна юкъа.

Гайтина дахаран хазна,

Iаманзарг Iамийта хьуна.

 

Малхбале, малхбузе кхоьхьуш,

IиндагIа санна, хьо сайца,

Хьан синна аьхналла лоьхуш,

Керлачу шовкъаца ваца.

 

Соьгарчу хьолах ца кхиъна,

Цуьнгара эшам ца хилла,

Соьца хьо хиларах шийла,

Хеталуш яцара хийра.

 

Дахаран йовхо хьох кхетта,

Моьттина тарло сайх кхета,

БIаьрса, ницкъ деана керла,

Хьоьха сов Iехавеллера.

 

Хьийза са даккхахьа малха

Цхьана дог айбарца хьайца.

Воьжначохь витанза Iадда,

Ялахьа орцанна хьалха.

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.