http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


БЕРКАТЕ ДОЬЗАЛ Печать Email

Эльмурзаева Роза

 

 

ХӀокху Дуьненахь дерриге а вовшех дозаш кхоьллина АллахӀ Дала... Стигал-Латтий, Дуьне-Эхарт, адам-1алам цадийцича а, адам адамах а дозу...

 

 

ДуьнентӀе ша мел яьккхина садолу хӀума, ткъа уьш-м ягарйина цаваллал дукха ма-яй: акхарой, дийнаташ. сагалматаш - зингата биста кхаччалца шен-шен хьекъал, шен-шен дахар, шен-шен хьашт долуш кхоьллина Дала.

Ша мел кхоьллинчу садолчу хӀуманашна юкъахь уггаре а хьекъале, кхетаме, тамашийна хаза амалш, гӀиллакхаш, декхарш долуш кхоьллина Дала адамаш!

Адамийн декхарех, хьаштех, дахар-леларх, дебарх - ДуьнентӀ е дала шена яккха еллачу хенахь, Эхарта дерзали хаа дезарг а, лело дезаг а билгалдаьккхина Дала ша даздина доссийначу КъурӀанна тӀехь а, жайнашкахь а.

Дела резаверг лардеш, вовшийн дола деш, нийса даха вайна хаахьар Дуьненахь а, Эхартахь а ирс долуш хир дара вай. Амма, оцу ирсе кхача атта дац, коьртан а, деган а, когийн-куьйгин а къинхьегам оьшу цунна.

 

«Адамийн гӀиллакх - ялсаманийчуьра ара а даьлла, ялсаманий чу юха доьрзур долуш а ду» олуш хезна хир ду шуна. Дукха ду вайн бусалба динца догӀуш, динан буха тӀехь кхолладелла а хаза гӀиллакхаш.

Масала, аьр вай ийман, ийман-исламан цхьа дакъа ду, оьздангалла, цӀеналла, къинхетамалла - уьш оцу хазачу дешан тӀегӀанаш ду. Шеко йоцуш бусалба динан бухтӀера схьадогӀуш ду уьш.

Ткъа, нохчий къомо деза лоруш долу тешаме хилар, сий, яхь, доттагӀалла, ларам - и дерриге а билгалдахарш нохчийн къомо лардеш схьадохьу - теша, нохчийн къам Дуьненан къаьмнашна юкъахь а дика къам хиларх.

 

Эзарнаш шерашкахь, хьалхено тӀаьхьене луш схьадеана вайн къоман хаза гӀиллакхаш, мел халачу хенахь а, мел даккхийрачу зерех чекхдовла дезарх...

Махках даьхна, кхечу къаьмнашна юкъа кхийсина даржо гӀертарх, мацалла хӀоттийна осалалла яржо гӀертарх, тӀемийн халаллехь вовшашца оьвхьазадаха гӀертарх бусалбаналла ларделла вайн къоме - дегнаш бусалба хиларна. Делах тешарна, халачу зерех оьзда чекхваьлларг Далла а везна дела.

Тахана кхолламо мел халачу зере кхоссарх - кхана нахана юккъехь корта айбина лелан йиш хилар лардо нохчаша - и ю иза - нохчалла!

1962-чу шарахь цӀенчу безамца доьзал кхоьллира Батукаев Салмана а, Магомадова Жаннас а. Кхиамца, оьзда ларийра юьхьанцарчу халонашца. Болабелира доьзал. Гергарчийн са цагатдеш, шиммо а болх беш кхоьллира доьзалан токхо.

Къоман ламасташца, гӀиллакхе, могашалла ларъеш хьалакхиийра 4 кӀант. Массаьрга а дешийтира. Гергарчу наха хьовха, лула-куларчара а дозалла деш беркате хилла дӀахӀоытира и хаза доьзал. Дений-наний хетарехь, доьзалехь йоӀ цахиларрий-бен кхин эшам бацара. Амма, иза а дӀанисделира кӀентий зударий балон буьйлабелча... ХӀинца Салманан а, Жаннин доьзалехь ду 4 кӀант, 4 йоӀа.

Кхечу тайпана хьежам бац церан шайн несаршка. Тахане оцу боккхачу, бертахьчу доьзалан самукъане ю - берийн бераш...

Дог доккхадедо церан иймано, барто.

Уьш беркате бехаш бу йоккхачу цхьана кертахь.

Дала тӀаьхье беркате йойла церан!

Доьзалхой шайн-шайна а, дена-нанна а, махкана а, къомана а хьанал а, пайден а кхион оьшу церан дахаран xӀopa минотехь: тергам, къинхьегам, само, муьтӀахь хилар...

Оцу декхаран коьрта дакъа кхочу - нанна, хӀунда аьлча, бер дуьнентӀе даьллачу миноташкахь дуьйна цунна оьшу ненан деган йовхо, бӀаьргийн Ӏуналла, коьртан а, куьйгийн а къинхьегам...

Ненан ойла а, безам а, хьекъал-кхетам а шадерриг а тӀехьажийна хуьлу беран хьаштана. Доьзалхо кхиаре терра тӀедеттало ненан декхараш - иза кхетош-кхиорца, шен къоман гӀиллакхаш, ламасташ цунна довзийтарца, нахаца йолу юкъаметтиг ларъяйтарца... аттал, доьзалехь хила езачу юкъаметтигашна а 1амо дезаш ду бер.

Билггал бакъ долуш, доьзал ийманехь кхиорна тӀехь цунна накъосталла дина ша а цӀенчу, бусалба доьзалехь кхиъна хиларо. Цуьнан да-нана: Магомадов Ширвани а, Айзан а дара ийман, ислам долчу доьзалшкахь кхиина беркате ши стаг. (Дала гечдойла царна.)

Лакхарчу дешаран заведени, Нохчийн пачхьалкхан университетан филологически факультет чекхъяккхаро а хаарш ӀаӀийра. 30 шарахь болхбира Жаннас юьхьанцарчу классийн, цултӀаьхьа лакхарчу классийн а дешархонша оьрсийн мотт, литература а хьоьхуш. ХӀинца пенсехь ю. Хаарший, дахаран зеделлачой гӀо дира шен бераш а гӀиллакхе, оьзда кхион.

Хууш ду, доьзал ийманехь, беркате кхион оыну ненан къинхетам, къинхьегам, хьуьнар.

Нанас ларъйо берийн могашалла, унахцӀано, кхуллу синхьаамаш, Дуьнене хьежам.

Оцу декхаршца дика лараелла Батукаева Жанна.

Жаннин дахарехь дукха ду цуьнан комаьршаллин, кӀеда-мерза гӀиллакхе хиларан масалш.

Далон лаьа тӀаьхьарчу хенара цхьаъ: Нохчийчохь тӀемаш лаьттачу шерашкахь царна тӀевоьссина, цара лелийра 56 стаг, зудий, бер. Бохамо меттах баьхна гергара нах, доттагӀий, цхьана хенахь хилла лулахой шайн декъа тӀера уггаре а дика меттиг, уггаре а дика кхача латторца, вайн ворхӀе дайшкара схьадогӀуш долу хьаша лелоран, ларваран, лараран декхар сийлаллийца кхочушдира Салманий, Жаннасий, церан доьзалой.

Дела резахуьлда царна.

Юьртахь дика ц1е йоккхуш, наха лоруш доьзал бу цераниг.

 

Ша, х1усам-нана, нана, деннана йолуш бечу «боккхачу балхо» юьстах ца яьккхина Жанна юкъараллин дахарна. Иза ларайо марзошца, дехошца ненахошца, лулахошца гӀиллакх лелон. Цундела иза дукхаеза массарна а.

Мукъачу хенахь, иза кӀезиг ягӀахь а, цо язъйо дахаран тайп-тайпанарчу хиламех байташ. Цуьнан архивехь ю Даймахках, безамах, оьздангаллех, доьналлех, зударех лаьцна байташ. Царех цхьаерш зорба тоьхна араевлла.

 

Къамел дерзош ала лаьа: хьоме Жанна, Салман, ирсе, беркате хуьлда шун дахар тӀейогӀучу хенахь а. Шайн берех а, берийнберех а Дала даккхийдедойла шу.

Даймехкан синтемах, доьзалан беркатах, доьзалхойн аьттонех, церан муьтӀахь хиларх Дала Ӏабадойла шу. Берийнберийн ийманах, могашаллех, самукъанечу аьзнех юьзна хуьлда шун хӀусам.

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.