http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


ЛАЬТТА ТlЕХЬ ЛАР Печать Email

Медигов Ӏалмирза

 

Де-буьйса хийцалуш, масачу боларахь хьаьдда йоьду вай деха зама. Цуьнан хьийзарехь хаало хийцамаш, тайп-тайпана бахьанаш хӀуьттуш девза тайп-тайпанчу корматаллин адамаш, кхоллало доттагӀаллин керлачех уьйр-марзонаш. Дахарехь xlopa а адаман шен-шен кепара башхаллаш йолуш нисло кхоллам, сатийсам, хуьлу хьалхха дуьйна билгалйина Ӏалашо а. Иштта хилла ду дуьненчохь адамийн дахар. хир ду кхул тӀаьхьа а.

 

Девзина адам... Цуьнан амалш, гӀиллакхаш тамехь а, муьлххачо масал эца мегар долуш а хилар хааделча, со теша, иштта адам гуттаренна а дагахь даха дуьсуш ду, цунах дозалла а до. Адамаш дезаш хилар дика ду. Ишттачу адамех ю, аьлла, хьахон хьакъ ю кху къамелан турпалхо йолу Сайпулаева Хьалимат а. Дикка хан ю и гӀиллакхе, оьзда йо1 суна евза а. Карарчу хенахь иза болх беш ю Аргун-гӀалин №1 йолчу больницан хирургически отделенехь лакхара медйиша (старшая медсестра) йолуш.

Даима а ойланашка девлла хьу ьйсу ц1ена б1аьргаш, хьаьрса месаш, аьхна, гӀиллакхе къамел - иштта алар кхоччуш нийса хир ду аьлла хета суна оцу башхачу адаман цӀарах. Стенна делахь, цхьа ша тайпа кхоллам болуш ю аьлла хетало суна иза даима а. Цуьнан гарехь, иза балхо кӀадйина, аьлла хеталахь а, амма Хьалиматан «мокхазчу» амална мелла а хийра ду мало еш хилар, накъосташна хьалха бехказлонаш лехар.

Харц ц1е а кхоьллина, 1944-чу шеран 23-февралехь махках даьккхира вайн къам, гонахара цхьамогӀа кегий къаьмнаш а. Казахстанера Кокчетавски областерчу Степняк ц1е йолчу гӀалахь дӀатарбала доьгӀна хиллера СайпулаевгӀеран доьзал, цигахь кхоллабала доьгӀначу доьзалан да Эльби. Иза хӀетахь кхиъна вогӀуш жима стаг вара. Цхьана ханна къаьстина, геналлехь бисира иза дуьненчу ваьлла мохк, оцу мехкан Ӏалам, къоьжа лаьмнаш, сирла шовданаш. Иштта нисбеллера хӀетахьлера кхоллам. Мел даладелла таронаш, аытонаш нисбаларх, царех Ӏехалуш вацара винчу махках а ваьккхина, хийрачу махкахь хан яккха дезнарг. Оцу бохаме нисбеллачу кхолламах дерг хӀетахь дуьненчохь ца хиллачу цуьнан доьзална хуур ду дикка шераш девллачул тӀаьхьа.

Степняк-гӀалахь евзира Эльбина шен хинйолу хӀусамнана Гошлапа. Иза къомах балкхаро яра. Дала цхьаьнакхета кхоллам белла хиллера хийрачу махкахь довзар нисделлачу шина адамана- Эльбина а, Гошлапана а. Ший а дара шайн махках къастийна. Вайн махкахь Сталинан а, Бериян а раж лаьттина харцонан зама ю иза. Тайп-тайпанчу шерашкахь дуьненчу елира-Фатима, Аминат, Хьалимат. Оцу доьзалехь жимах ерг ю Хьалимат. Иза елаелла хьаьжира хийрачу мехкан Ӏаламе, дерриг дуьне къагош хьоьжучу малхе, буьйса кхолуш стигалан паналлехь догучу седарчашка, шийла зӀаьнарш лаьтте хьоьрсуш, латийна чиркх санна догучу беттасе, тийна, цецъюьйлуш, лерса ирдина ладийгӀира хийрачу казахийн махкахь ченаш гӀиттош кхерстачу мехийн сингаттамечу гӀовгӀанашка. ХӀаъ, иза кху дуьненчу еънера xlapa дуьне довза, xlapa дуьне диэза а. ХӀетахь бераллин «буйнахь» йоллучу Сайпулаева Хьалиматна ца хаьара я хуийла а дацара геналлехь дисинчу дайн лаьтте сатуьйсуш ехачу ненан Гошлапан экамечу бӀаьргех сих-сиха дуьра б 1 аьрхиш 1 ийдадаларан бахьанех дерг. Уын дайн лаьтте сатуьйсуш Ӏенна 61 аьрхиш дара.

Нохчийн халкъ цӀадерза бакъо йолуш даха хиъначу хенахь, дас Эльбис, нанас Гошлапа кест-кестта дуьйпура шайн кхаа йо 1 ана шайна т 1 ex 1 иттина хиллачу бохамех лоций. Оцу темина долчу къамелашка лорий ладугӀуш хуьлура доьзалера жимах йолу йо1 Хьалимат. ХӀетахь дуьйна ечу ойланашкахь дайн лаьтте цо сатуьйсуш денош дуккхаза кхочура. Цхьацца бахьанаш хӀуьттуш кхеран доьзал цхьана ханна Степняк-гӀалахь баха сецира цӀабахка бакъо яьллачул тӀаьхьа a. Xlopa а шарахь шен юрт а, гергара нах а ган вогӀура доьзалан да Эльби, юкъ-кара шен х 1у самнана Гошлапа а ялайора цо. Веданан районера Хьаьжи-Эвла яра церан дайн кхерч хилла лаьттинарг. Цу юьртахь кхолладелла СайпулаевгӀеран доьзалан орамаш.

Кхиа мел юьйли а Нохчийчоьнан лаьтта т1е кхачаре сатуьйсура Хьалимата, лаьара цу мехкан сурт, исбаьхьа Ӏалам ган а. Тхан хиллачу къамелехь шера хаалора цунна шен дайн хилла кхерч а, юрт а ган лууш хилла хилар. Ден, ненан къамелаша цхьа ша тайпа марзо кхоьллинера цуьнан дагчохь Нохчийчоьнан махке, лаьтте. И лаам, сатийсам лаг1 ца луш бехира цуьнан кхетамехь де-дийне даларца чӀагӀлуш. Сайпулаева Хьалиматан некъаш Веданан районерчу Хьаьжин-Эвла доьлхуш дара - дайн хилла кхерч бара цу юьртахь, цхьана ханна ц1е яйна, вала да вопуш санна лаытинехь а. Кху къамелан юьххьехь билгалдаьккхина ма-хиллара, дайн лаьтте бӀаьрг тоха лууш, дайн хиллачу ков-кертан куц-сибат дехара йиллина коьрте хьийзачу ойланашкахь, шатайпа хазалла йолуш иза хиларх тешна йолуш, хазчу суьртахь туьдура цо хӀетахь шена йийцарехь бен кхин гина йоцчу Нохчийчоьнан васт. Хийрачу махкахь нисделла бералла маьрша а, ирсе а, оынучуьнца кхачо йолуш а дара, амма дайн лаьтте сатийсар дара лаг1 ца луш амалехь дехаш.

И лаам, сатийсам кхочуш хилира пул тӀаьхьа масех шо даьлча. Хетарехь, 12-13 шо бен хир доцуш жима бер дара иза дуьххьара Нохчийчоьнан латта цунна гучу деношкахь. Шера аренаш, чехка хиш, стиглане баххьаш кховдийна лаьтта къоьжа лаьмнаш, исбаьхьчу Ӏаламо тайп-тайпанчу духаршца, басаршца кхелина куьцехь хьаннаш... Шен дас-нанас ша дайн махка ялийна де


иштта дагалоьцу Хьалимата.

Аьхкенан каникулаш чекхйовла герга кхаьчначу хенахь юха а Степняк-гӀала юхаерза дийзира. Кхоллам цу кепара нисбеллера, амма муьлххачу а хенахь дайн лаьтта т1е юхаян йиш йолуш, маьрша бара некъ. Иза дара доллучул а коьрта.

Де-буьйса хийцалуш тӀехтилира денош, шераш. Дикчу хааршца 1984-чу шарахь чекхъяьккхираСтепняк-гӀалин №1 йолу юккъера школа. Мединституте деша яха лиира, амма дас къобал ца дира институте яхар. ХӀокхо деша ца лиъна-м дацара да реза цахилар. вуьшта институтехь лаххара 5 шарахь деша дезар дара. Доьзалехь и гӀуллакх дийцаре даьккхича, барт хилира медучилище деша яхийтар. Дена-нанна муьтӀахь а. цаьршиннан лаамна тӀера бовла гӀертар бонуш иманехь а бара Эльбин а, Гошлапан а кхаа йоӀах лаьтташ болу жима доьзал.

-       Лор хила стенна лиира хьуна? Я иза жимчохь дуьйна кхоллабелла лаам, хӀетахь бина харжам бара? - хотту ас Хьалимате.

-         ХӀан-xla, ас цхьа а тайпа харжам ца бинера, - хазийра цо.

Дийцарехь, и тайпа харжам хиларна цхьа бахьана дара хӀоьттинарг. Цунах лаьцна а дийцира суна Хьалимата.

Да Эльби машенан водитель вара, ткъа нана Гошлапа

-       гӀалин стадионехь техничка. Юкъ-кара цомгуш хуьлура да Эльби. Цунна т1е лор кхайкха везаш хьал нислора кест-кестта. Лоьран дарбано гӀоли а йой. масех де даьлча шен балха волалора да. Веанчу лоьро лелочуьнга хьожуш, тидамаш беш хуьлура Хьалимат. Ша лоьран болх харжаран бахьона иза лору цо.

Степняк-гӀаларчу медучилищехь т1ех дика д1ае лира тӀеэцаран экзаменаш. Хаарш дика хиларна, ларайора дешарца а. Фельдшерски отделени яра цо хаьржинарг. 1987-чу шеран февраль баттахь чекхделира дешар. Цул тӀаьхьа кхоччуш цхьа бутт хан яьлча Степняк-гӀалин цхьана больнице «Скорая помощь» олучу отделе балха кхайкхира цуьнга. Лоьрера шена дарба хиларе сатосу цомгашчо. Лор, соьга хаьттича, кхечу адамех къаьсташ, амалехь шатайпа къинхетам болуш адам ду. Шен балхаца доьзна долу хаарш хиларал сов, адамалла, гӀиллакх, собар, олу дош мерза а хила деза лоьран амалехь. Ишттачу амалша дайдо аьлла хета суна адаман дегӀаца кхерстина муьлхха а лазар. Дарбане сатесна, гонах хьийзачу лоьран хаддаза тидамаш беш меттахь Ӏуьллург ду Дала кхоьллина адам. Уггар хьалха лоьран мерза дош, дарбанечу цуьнан куьйгийн йовхо ю цунна оыпург, лазархочун дагчу тешам кхачориг. Цамгар эшош, адам дика могашалла йолуш хила лаар, дуьххьалдӀа, лоьро ша лор хилар а, шегахь къинхетам хилар а дӀагайтар ду. И тайпа амалш хиларо гойтуш ю лоьран дикалла а, цуьнан говзалла а.

19-чу бӀешарахь ваьхначу оьрсийн цӀеяхханавевзаш хиллачу литературин критика В. Г. Белинскийс адамах лаьцна кху кепара аьлла: «... Ӏаламехь уггаре мехала а, къинхетаме а дерг - иза адам ду».

Цомгуш хиллачунна орцах кхойкхура лоьре

Сайпулаева Хьалимате. Юьхьанца долу хӀума ма-хетта доцуш, хало йолуш а нисло. Ийзалуш йоцуш, паргӀат хӀуттура иза деэшначунна т1е, хаьара цомгашчо шега бохург х1ун ду. Дика хаарш долуш xlapa хиларна, цомгуш хиллачунна ша лелон догӀу дарбанаш нийса а, кхачам боллуш а леладора лоьро, юх-юха а толлура цомгашчун хьал. Дукхахьолахь цомгуш хиллачех цхьаберш больнице а кхачийна, цигахь дарбанаш лело дезаш нислора. Дерригенца ларайора Хьалимат. Цул тӀаьхьа цхьа шо хан яьлча, 1988-чу шеран май беттан хьалхарчу деношкахь, отпуск а эцна, Хьаьжи-Эвла шен гергара нах болчу еара иза. Иза шерашкахь сатийсина де дара цуьнан кхолламехь. Кхечу кепара аьлча, иза шен цӀахь, шен махкахь а яра. Цунна дара Хьалиматна гуттаренна а кху шен махкахь йиса лаам кхоллабалар. Оццу шарахь СайпулаевгӀеран берриге доьзал а бирзира ц1а.

Жимчохь дуьйна шайн доьзал диканна Ӏамабора дас Эльбис а, нанас Гошлапа а. Шен кхаа йоӀера ша реза йоцуш ледарло яьлча, къестамаш ца беш кхаа йоӀана хьекъале хьехам бора доьзалан нанас. Ненан хьехам тидамза битар дацара доьзалерчу йоьӀарийн Фатимин, Аминатан, Хьалиматан амалшкахь. Ненан дош Ӏаламат деза лорура царех хӀораммо бераллехь дуьйна. Дахаран хьийзарехь дуккха а халонаш, бохамаш гина, лайна а йолчу нанна уггаре а коьрта хетара шен йоӀаршкахь тоьллачех амалш, гӀиллакхаш кхиор, царна уып марздар. Кхузахь шашах коьрте хьаьвза Д. Писареве аьлла долу xlapa хьекъале дешнаш: «Лом долуш дуьнен чу даьлларг лом хилла дуьсур ду, ткъа адам долуш дуьнен чу даьлларг шех адам ца хуьлуш диса тарло». Оцу дешнийн маь 1 на довзийтарна лерина комментари яр оыпуш дац аьлла хета суна. Доьзалан хьашташ девзаш, церан кхиар мелла а ирсе хилийтаран дуьхьа ехара иза шена атто ца лоьхуш. Цхьа ша тайпа къамелан философы йолуш нана яра Гошлапа.

Даймахка цӀабирзинчул тӀаьхьа дукха хан ялале Аргун-гӀалахь баха хевшира СайпулаевгӀеран доьзал. ХӀетахь еара Хь. Сайпулаева Аргун-гӀалин №1 йолчу больницан хирургически отделене балха. Цу отделении коллективо езаш тӀеийцира шайн белхан керла накъост. Операционни блокехь операционни медйиша йолуш дӀаболийра цо шен болх. Иштта дӀакирчира денош, беттанаш, шераш. Декхаршца ларош, шен болх бевзаш говзанча яра Хь. Сайпулаева, иза юкъахь йоцуш хуьлуш яцара цхьа а операци. Операционни стоьла тӀехь Ӏуьллучу лазархочун дог-ойланах кхеташ хуьлура иза.

Шен кхолламах дерг дийцар, довзийтар ца лиира сан къамелахочунна. Шен цхьаъ бен йоцу йо1 Седа хьекъале а, гӀиллакхе а хила Ӏамийра цо жимчохь дуьйна. Ио 1ана Седина лерина дара цуьнан кхид 1а долу дахар. Дуккхаза халонаш нислора йо1 кхиорехь, амма нанас Гошлапа, йижарша Фатимас, Амината тесна ца юыура Хьалимат а, Седа а.

- Хийлаза холчухӀуьттура со ма-хетта таронаш, аьттонаш боцуш хан сих-сиха нислуш хиларна, - иштта дагалоыгу Хьалимата дикка шераш хьалха хилларш.

90-г1а шераш... Синтеме доцуш, доьхна-даьржина хилла дӀахӀоьттира Нохчийчоьнан бахархойн 1ер-дахар. Муьлш бу а ца хуучу цхьана наха халонга даьккхира доллу хӀума а. Цул тӀаьхьа гачудуьйлура зуламаш, питанаш, талораш. Тамашена хеталуш, бартах доьхна, xlopa а шен-шен амалехь дӀагӀерташ, xlapa ду ала хийцаме хилла гучудолуш хӀума а доцуш, сингаттаме хьал кхолладелира Нохчийчохь.

И дерриге Ӏеткъара, йоьхна ойланаш йойтура хӀоранга а. Кхул хьалха цкъа а ца хиллачу кепара халонга делира балхахь долу хьал, цомгашчарна дарбанаш лелор. Оыпучу молханашца, гӀирсашца кхачояцаро барамал т1ех халонга даьккхира лоьрийн балхахь долу хьал. И хьал масех шаре делира ерриге республикехь.

1994-г1а шеран декабрь... ПайгӀанечу мархаша лецира Нохчийчоьнан стигал, доьхна, хьере хилла хьаьвзира адамаш. Сингаттаме хиларал сов, кхераме хьал дара Нохчийчохь кхолладелларг, Дела воцург кхин орцах вала накъост воцуш. Кхоччуш тӀеман хьал кхолладелира Нохчийчохь. Сингаттамечу мехаша лоькхура Аргун-гӀалин урамаш. Стиглахь буьрса гӀовгӀа яржош хехкалучу кеманаша йохийнера урамашкара, бахархойн хӀусамашкара тийналла. Цул тӀаьхьа дукха денош довлале, хӀуттучу тӀеман юьхь дӀайолаелира Соьлжа-Палахь. Цхьана ханна Хьаьжи-Эвлахь да-нана долчохь дӀатаръелира Хьалимат а, йо 1 Седа а. Ма-хетта маьрша дацара дахар, кхерамечу хьолехь дара ярташкара, арахьара некъаш. Тезетех, белхарех, тийжамех яьккхина, мелчу цӀийлахь яра Нана-Нохчийчоь.

1995-чу шеран бӀаьста Аргун-гӀала маьрша ю, боху къамел хезча, юха а шайн болх дӀаболийра больницан берриге а лоьраша. ТӀеман хьал хӀоьттинчу деношкахь больницашкахь лоьраш ца тоьаш хьал кхолладеллера республикан цхьайолчу больницашкахь. ХӀетахь Куршлойн-Эвлахь вовшахтоьхна хиллачу госпитале балха яр хьахийра Хьалимате. Дас Эльбис, цхьа а тайпа дуьхьалояр а доцуш, элира: «Неман хьал ду вайн махкахь... Хьо яха еза цига балха кхойкхуш хилча».

Иштта нисъелира иза Куршлойн-Эвларчу госпитале. Машаре нах балабора цу госпитале тайп-тайпана чевнаш а хуьлий. Царна сихонца rlo дан дезаш нислора. Де а, буьйса а синтеме доцуш, xlopa а лор кийча хила везаш вара. Чевнаш хилла балийначу нехан чевнаш йоьхкуш хуьлуш яра медйиша Хь. Сайпулаева. Оцу шерашкахь xlopa а дийнахь бӀаьрахьалха лаытинчу ирчачу суьрто дог Ӏийжош холчухӀиттайора иза. Чевнаш хиллачарна юкъахь дуккхаза нислора кегий бераш, зударий, къаной. Хала дара оцу дерригенна собаре а хилла 1ен.

Хала ду оцу дерригенах лаьцна дийца. Хала ду... Иза иштта хилар шера хаалора Хьалимата мел олучу дашехь, ойлане девлла хьуьйсучу цуьнан цӀенчу бӀаьргийн хьежарехь а. Чевнаш хиллачех хӀораммо а дарбане сатосура, ша-ша ма валийтахьара бохуш, дуьра б 1 аьрхиш ледош, халчу къурдапща дехарш а дора. Цара дог Ӏийжадора, къайлах-къулах лиэдадора 61 аьрхиш, шен дагна хилла цатемаш хьуламе бохий, церан дегнаш чохь тешам кхуллура цо, хилла чевнаш дика йоьрзург хиларх лоций.

Юха а дагалецамаш... ДӀадаьллачо лар юыу чов йирзинчул тӀаьхьа хӀоьттина муо санна. Адамийн дегнашкахь, иэсехь гуттаренна а даха дуьсуш ду хилларш, лайнарш. Цара йитац коьрте хьийза ойланаш ма-хетта маьрша. Кхузахь шашах коьрте хьаьвза Д.Лихачеве аьлла долу xlapa хьекъале маьӀна долу дешнаш: «Иэс жигар ду. Цо дитац адам бен ца хеташ хила а, х 1умма ца деш 1 ен а. Ду цуьнгахь хьекъал а, ткъа иштта адамийн дог а ду. Зама хӀаллакьечу ницкъана дуьхьал лаьтта иэс. Иштта доккха маь 1 на ду иэсан».

ТӀеман хьал хиларна махкахь, хала дара белхан хан дӀаяхьар а. Ӏуьйранна 7 сахьт даьлчадӀаболийна болх буьйсанна 11 сахьт даллалц, юкъ-кара 12 сахьт даллалц бан безаш хьал хӀуттура. Оцу хеначохь лаххара 50, цул сов а чов йоьхкура Хь. Сайпулаевас. КӀадделлачу дегӀана наб хьегӀара, бӀаьранегӀарш даш санна дазделла хуьлура, амма тӀехӀоытинчу хьоло лоьхура xlopa а лоьрера къонахчун амалш, собар, доьналла. Оцу амалех ца юхуш, шен деган кӀоргенехь садууш болу цатам хьулбой, къинхетамечу амалшца цхьаьна шегахь къонахаллин амалш хилар а гойтура цо накъосташна. Куршлойн-Эвлахь яьккхинчу хенахь Дакаева Асетан хӀусамехь Ӏийра иза. Тахана а баркаллин дешнашца дагалоыгу Хьалимата и доьзал.

ТӀеман шен кепара сурт, къизаллин сибаташ хуьлуш ду. И тайпа де а нисделла Хьалиматан кхолламехь. Хетарехь, вайн махкахь хьалхара т1ом болу хан яра цо тхан хиллачу къамелехь суна йийцинарг. И де шатайпа къизалла, кхерам вовшех ийна дара. Хьаьжи-Элара схьабевлла Аргун гӀала кхача дагахь йогӀура Хьалимат. цуьнан йижарий Фатима, Аминат, цаьршиннан хӀусамдай Леча, Дикваха, йо1 Седа а. ХӀорш Сиржа-Эвла кхаьчначу хенахь, го наххӀоьттина хилла тийналла йохош хӀаваэхь, цӀеххьана гучудевллачу кеманаша бен-башха а доцуш бомбанаш етта йолийра юьртан йистошца. Малх кхолош, тамашена бода хӀоьттира гонах, къарделира лерса, гонахара Ӏалам кхоччуш кхечу суьрте дирзира; кхоам ца хеташ дагийра латта, этира гергахьа лаьтташ хилла гӀишлош. Гергахьа теӀачу Ӏожаллин «багара» яккхархьама, къевллина шен йо1 Седа маракъевлира Хьалимата. ХӀетахь диъ-пхи шо бен хир доцу жима Седа ца кхетара гонах хӀоьттинчу ирчачу суьртах.

Дахаре кхаьчначу муьлххачу а хьолан, хиламийн шен-шен кепара мах хадош, церан хьесап деш ойлане хуьлу адамаш. Къоман барт боьхча мел нийса маьӀна а т1е ца лоцуш, тидамза дуьсу. Цу тӀера долало зуламна тӀе «т1ай» тиллар. 90-чу шерашкахь вайн республикехь доладелла, т1ех чолхе хилла политически хьал тӀеман хьоле доьрзург хиларх кхеташ яра Хьалимат. Цу хьокъехь, олуш ма-хиллара, эзарнашкахь ойланаш лекхалора йоьӀан коьрте, кху Нана-Нохчийчохь бехачу нехан цхьабарт хилар а, низам долуш а хьал хӀоттаре сатуьйсуш. Амма оцу шерашкахь и санна дерг хила доьгӀна доцуш тӀехтилира дуккха а денош, буьйсанаш.

Доллу хӀума а хийцалуш, мацца цкъа маслаӀате доьрзий дӀахӀуттуш хуьлуш ду. Муьлххачу а къоман кхолламехь хилла и тайпа хиламаш а, хийцамаш а. Шозлаг 1 а а вайн махкахь т 1 еман хьал кхолладелча, шеко хилар а доцуш, дог тешна яра Хьалимат, маслаӀатна йихкина юкъ а йолуш, къомана хьалха цхьа къонах вериг хиларх. Цу хьесапехь гӀалат ца хиллера иза.

Стиглара хецаделла цӀеран стелахаынтиг санна, цӀеххьана гучувелира Хоси-Эвлара къонах, России Турпалхо, Нохчийчоьнан хьалхара Президент а хилла волу Кадыров Ахьмад-Хьаьжа (Дала гечдойла цунна). Дош алар майрра долуш, бакъо, нийсо къастор долуш, нохчийн къам, ерриге Нохчийчоь тӀеман цӀергара яккха Ӏалашо йолуш къомана хьалхавелира иза. Иза оцу Ӏалашоне кхечира, мехкан а, къоман а дуьхьа шен дахар д1а а делира цо. Цунах болу сирла дагалецамаш беха цуьнан дагчохь.

Дахар хийцалуш, машаречу новкъахь ду. Маьршачу дахаран пусар а деш, адамийн могашалла Ӏалашъечу лоьрийн могӀарехь къахьоьгуш ю Сайпулаева Хьалимат. Ма-моьтту аттачех бац лоьран болх. Цомгашчарлахь дуккхаза нисло тӀех оьгӀазе, челакха амалш ерш. И тайпа амалш хиларан бахьанех кхеташ йолчу лоьрана Хь. Сайпулаевана даима карабо цаьргабийцагӀиллакхе мотт, хаьа собаре хила а. Цуьнан амалехь яц дешан кӀоршамалла, дегабааме хилар.

Лор, соьга хаьттича, могашаллин мах, чам бевзина ца 1аш, маьршачу дахаран мах, чам бевзаш адам ду. Цхьана кхетам боцчу нехан бехкенна гучудуьйлучу гӀалаташа, бен доцуш хилар, дӀадаьлларг сиха дицдар бахьнехь, вайн лерсинехь юкъ-кара хеза сингаттаме а, доьхна а къамелаш. Мел халахеташ делахь а, таханлерчу кегийрхошкара дуьйлу гӀалаташ, ледарлонаш. Xlopa а дийнахь ала мегар долуш, некъашкахь хуьлучу аварешкахь хӀаллакьхуьлуш ду адамаш. И тайпа бохамаш нислой, лазийна а, тайп-тайпана чевнаш хуьлий а кегийрхой кхачабо Аргун-гӀалин №1 йолчу больницан хирургически отделене. Царех цхьаберш заьӀап буьсу, леш меттигаш нисло. Гуш т1ом а боцуш, шаьш-шайн хӀаллакбеш бу кегийрхоша. Царех xlopa а дахаре юхаверзорехьа болчу къовсамехь дакъалопуш хилла ю цу отделении медйиша Сайпулаева Хьалимат а. Кегийрхоша и тайпа ледарлонаш йийлийтарх лаьцна дуккха а дийцира цо тхан хиллачу цхьаьнакхетарехь. Цуьнан къамеле ладоьгӀуш 1аш суна ларамаза дагадаьхкира Ширачу Риман философа Сенека аьлла долу xlapa дешнаш: «Вайн дахар доца дац, амма вай ваын дацдо-кх и». Шайн белхан массо a arlo дика евзаш, иштта ала хьакъ долуш лоьрийн персонал ю цу больницан хирургически отделенехь ерг. Церан цӀерш дозаллица йоху Сайпулаева Хьалимата. Уьш бу тайп-тайпана корматалла йолу лоьраш: Идрисов Абу, Лачинов Мохьмад, Бисултанов Мохьмад, Алиев Майрбек, Исакова Жанна, Асгаева Лариса, Абубакарова Барет, Абубакарова Лариса, Берсанукаева Сацита дуккха кхиберш а.

Ша болх бечу отделенехь иштта дика накъостий шен хиларх дозалла до Хьалимата. ЦӀерш яьхначу накъостех цунна къаьсттана хьомсар хетачех ю Абубакарова Барет. Иза Хьалиматан хилла хьехамча ю. Дуьххьара цу коллективе балха еанчу хенахь Баретах дагаялар дуккхаза хилла. Цунна хир ду-кх Барете ша тайпа безам, марзо алсам йолуш Хьалимат тахана а хилар.

Наггахь бен тийналла ца хаалуш, палаташ чохь го лоьраш, медйижарий. Церан хаддаза дӀасалеларехь гуш ду церан мукъа хан кӀезиг хилар. Шен белхан декхарш дуьззина кхочушдечу лоьрех ю кху къамелехь йовзийтина йолу Аргун-гӀалин №1 йолчу больницан хирургически отделении медйиша Сайпулаева Хьалимат. Иза лору лазархоша, накъосташа.

Дахарехь дуккха а цатемаш нисбеллехь а, амма гӀиллакхех а, доьналлех а юьзна ю иза. Тайп-тайпанчу хенашкахь кхелхира да-нана (Дала гечдойла цаьршинна). Вовшийн дола дар, марзо хилар а йижарийн амалшкахь. Шен цхьаъ бен йоцу йо1 Седа нийсачу новкъахӀоттийна Хьалимата. Карарчу шарахь Соьлжа-Палин медучилище чекх а яьккхина, Аргун-гӀалин №1 йолчу больницехь реанимации отделенехь медйиша ю Седа. Ненан лорах яхна йо1 Седа а.

Ха хоьрпуш, сацар доцуш йоьду вай деха зама. Ӏаламо кхелина, хазчу духаре йирзина го хьаннаш, царна дикка нацкъаро хеталуш йолу аренаш.

Маьрша ду дахар кхин цкъа а тӀеман гӀовгӀа хезар йопуш, тӀеман ирча сурт гур доцуш. Дала мукъалахь.

Хьалиматан Ӏодика а йина, со ц1а ван аравелар...

Дика ду-кх иштта хьуьнаре зударий-лоьраш вайн махкахь болуш.

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.