http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


КХОЭ ДАЗДАРШ Печать Email

Садулаева Хеда

 

Ножин-Юьрт. Оцу кӀоштана юкъайогӀучу бенойн юьрта Гуьржа-Махка доьлхуш ду тхо. Мархин бутт I тӀебале хьалхара шоьтан де ду карахь дерг.

ХӀинццалц ламанхошна цкъа а цхьана а юьрта ца байна шерачу асфальтан шуьйра некъ, хишна техкина иштта тӀайш. Хьеше кхойкхуш, екхаелла хета тхо догГучу некъан йистонца лаьтта комаьрша хӀусамаш. Иштта декхаделла, шайн хьанал дегнаш даста кийча, даккхийдеш дуьхьалдевлира тхуна бухара адамаш а.

Гуьржа-Мехкан юккъерчу ишколан керта гулбелла бара бенойн массо а юьртара, кӀотарара кегийрхой, спортан векалш, лоруш болу къаной. Оцу ярташна а, кӀоштана а хьовха, йоллучу республикана а сийлалла йолуш гТуллакх дара билгалдаккха леринарг. «Кобу-дзюцу» («жиу-житсу» а, «кобу-до») а латаршкахула России чемпионаш
хилла вежарий Адам а, Ӏийса а КутуевгӀар декъалбан баьхкинера дуьненахь а вевза малхбален мехкийн латарийн говзанча-«сэнсэй» Абубакаров Сайпуди коьртехь волу Соьлжа-Палара хьеший.

ХӀинццалц нислучу кепара могӀара вовшахкхетар дацара дуьйцург. Иза хӀокху районехь дуьххьара нохчийн

къомах волчу жимчу стагана Кутуев Адамана «кобу-дзюцун» мастеран цӀе тилларна лерина дара, Ӏаьржа доьхка а, «самурайн» тур а луш. Цул жима Ӏийса а хилла России чемпион а, масех турниран толамхо а. Амма цуьнан шийтта шо бен цахилар бахьана долуш (мел баккхий толамаш белахь а, ялхитта шо кхаччалц луш дац Ӏаьржа доьхка) России Федерации «кобу-дзюцу» латарийн ассоциации куьйгаллин сацамца цунна спортан «4-кю» даржан сертификат елира. Ӏаьржачу доьхканал хьалхара тӀегӀа лору и.

Оцу даздарийн торжественни дакъа доладалале хьалха ишколан кертахь, леррина цунна билгалйинчу меттехь дӀадаьхьира спортсменашна а, меттигерчу бахархошна а юкъахь секхаӀад кхоссарехула долу къийсарш. Цул тӀаьхьа спортан зала чохь - спортсменашна а, районерчу кегийрхошна а юкъахь охьатохарех латарехула хьуьнар къовсар.

 

Нагахь хьешаша, шайн спортехула йолу говзалла лаккхара хиларе терра, кхиболу кегийрхой эшор дукха халонга ца долуш дирзина хиллехь, атта ца нисделира России чемпионан Махаджиев Жабраилан

меттигерчу жимчу стагал


Цударов Висарсолтел толар. Масех кепара латаран говзанча волу «сэнсэй» (хьехархо, тренер) Абубакаров Сайпуди чӀогӀа цецваьллера спорт хӀун ю а ца хуучу Висарсолтин ницкъах а, тӀах-аьлла хиларх а. «России чемпионатехь а, Дуьненаюкъарчу турнирашкахь а хиллачу тасадаларшкахь цхьана а спортсменан ницкъ ца кхаьчна цкъа Жабраилан карадахана куьг-ког схьадаьккха, - бохура Сайпудис. - Шара санна, цуьнан карара вуьйлу-кх и кӀант... Спорте вагӀахь, оха чемпион вийр ву цунах.

Оцу даздаршкахь дакъалоцуш бара Нохчийн Республикан Президентан советникаш Исмаилов Ахьмад, Манцигов Ильяс, Президентан Администрации динца юкъаметтиг лелоран департаментан директор Одаев Хьамзат-Хьаьжа, Ножин-Юьртан кӀоштан администрации куьйгалхочун заместител Гарбаев Ӏабдукерим, республикехь дика вевза спортан тренер Исраилов Хьамзат, Абубакаров Сайпудис кхиийна ««кобу-дзюцун»» мастерш Ӏаьржа доьхка а, хьалхара дан а лелорхой Махаджиев Хьасайн (Ромео цӀарца вевза спортехь), Ахматгериев Сайд-Мохьмад (вайи Президентан Челябинскехь волу векал), Махажиев Рахьман, шен хенахь Сайпудин «ученик» (Баширов Сайд-Эмин группа) хилла яздархо Уциев Абу. Иштта гондӀарчу бенойн ярташкара къаной Демильханов Овта, Хожаев Турко, Мазлаков СаӀид, шайн дешархошца цхьаьна баьхкина ишколийн директорш Байхаджиев Ахьмад, Курбанов Леча.

Гулбеллачара чӀогӀа тамаша барца тӀеийцира Кутуев Адамана Ӏаьржа доьхка даларан ритуал. Кхузахь Ӏаьржа доьхка лелочу ««кобу-дзюпун»» веа говзанчас гонах кӀайн шаршу а лаьцна, кӀайчу киманоца хийцийтира кӀанте шена тӀера духар. Массо а вочу хГуманех, вочу ойланех, осалчу ледарчу гӀиллакхех, харцонах, ямартлонах, дуьненан кхечу зуламех ахервелла, цӀанвалар санна лору и. ХӀинца дуьйна иза кхиазхо а, жимаха а вац. Иза нийса, бакъ, хьекъал, кхетам болу, ямартло, тешнабехк ца бевза къонах ву - «самурай», ша дуьненахь харц, бакъ боккхучу когана шен накъосташна а, «сэнсэйна» а хьалха доккха жоьпалла а долуш. Юьртана, Махкана т1е кхерам беъча, цхьа зулам юхатухуш бен баттара даккха йиш яц цуьнан «с амур айн» тур а (спортан  къийсадаларш доцчохь).

Адаман дедас - меттигерчу ишколан директора Кутуев Ӏаьзас а, дас - вайн пачхьалкхан университетан физически факультетан декана Кутуев Руслана а даггара баркалла элира шайн дикане баьхкинчу хьешашна. Опу дийнахь дӀадаьхьначу къийсадаларийн жюрис толамхо леринчу хьешашлахь уггаре жимчу спортсменна, России чемпионна Махаджиев Мансурана совгӀатана шо кхаьчна Ӏахар а белира.

Шен къамелехь яздархочо Уциев Абус билгалдаьккхира:

- Шеко йоцуш, кхин цхьаъ къонах-нохчо вели тахана кхузахь шен халкъана «сэнсэйс» Абубакаров Сайпудис - иштта ду японийн маттахь «самурай» бохучу дешан маьӀна а. Тхуна ша вевзачу хӀокху ткъе пхиъ шо сов заман чохь диканиг, оьзданиг, делан динехь а, вайн гӀиллакх-оьздангаллехь а дезаниг, сийлахьниг ду цо ша Ӏамочу берашна луш дерг. Тахана санна дагадогӀу Сайпудис тхайга шен занятешкахь цӀена нохчийн мотт бен цабийцийтар, массо хӀуманна тӀехь а вовшашца гӀиллакх леладайтар. «Вовшийн лара, вовшийн сий де, - олура, - аша вовшийн лараре терра хир бу нахехь шуна каро шайга лерам а». Цундела тахана а оьзда, йовха, мерза ю тхан «сэнсэйца» йолу уьйраш, ур-аттала цигаьрка оза воьллачо шегахь цунна цигаьрка а ца гойтуш. Малар, харцахьа лелар цуьнан «ученикашна» хийра гӀиллакх ду. Цундела тамашийна ца хета уып массо а дикачу белхашкахь къахьоыуш гар: яртийн а, районийн администрацийн куьйгалхой, хьехархой, спортан мастерш, лоьраш, административни органийн белхахой. Зулам дина а, лаьцна а, осалалла шегара яьлла а стаг вац царалахь.

Яздархочун дешнашна тӀетовш, шен цӀарах Абубакаров Сайпудина даггара баркалла ала лаьа хӀокху могӀанийн авторна а. Махкана а, халкъана а деза, сийлахь, пайден гӀуллакх ду цо вайн бераш шаып хаьржинчу спортана санна, дена-нанна, халкъана, махкана муьтӀахь, тешаме кхиор.

Хьешашна, шайн даздаршка баьхкинчу меттигерчу бахархошна тӀебогӀучу мархин беттан хьурматана а, вежаршна чемпионашна тӀера сагӀина а комаьрша шун хӀоттийра хӀусамдайша. Нохчийн къоман «кухня» йовза луучунна ц1е йоккхуш мел долу вайн даарш дара цигахь: сискалан бистара жижиг-галнашна тӀекхаччалц. Кхоьллинчо къобалдойла церан сагӀа, ткъа Адамий, Ӏийсассий КутуевгӀара опу дийнахь санна, даима боккха, беза юьхькӀам бохьийла шайн доьзална а, юьртана а, кӀоштана а, йоллучу Нохчийчоьнна а.

Гуьржа-Махкахь хилла даздарш дерзош, шайн исбаьхьаллин корматалла гайтира Ножин Юьртан районни администрации куьйгалхочо Хататаев Ахьмада леррина вежаршна шайн иллин совгӀаташ дохьуш бахкийтинчу самодеятельни артисташа.

Авторан суьрташ тӀехь: Гуьржа-Махкахь хиллачу даздарийн жюри; «сэнсэйс» Абубакаров Сайпудис Кутуев Адамана «самуранй» тур дӀалуш; вежарий Адам, Ӏийса КутуевгӀар

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.