http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Ненан Сийлалла Печать Email

Умарова Лиза

Нана. Сийлахь ду и дош. Ерриге а аьхналла, исбаьхьалла цуьнца ю. Дашо ду ненан куьйгаш, ц1ена ду цуьнан багара мел долу дош…

Шелахь ехаш ю вуно оьзда зуда. Иза ю Магомадова Жанати. Шийтта бер кхиийна цо ийманехь а, низаме а, г1иллакхе а. Къонахчун дог кийрахь долчу цо ца хьегийтина шен бераш цхьана а х1уманах. Атта дац боккхачу доьзална напг1а латто а, балхахь ца хилча муххале а. Кхечу берех шениш ца хьегийта г1ерташ, т1е духа а, кога духа а деш, кхачанца уьш дузош, цхьана хенахь нехан х1усамашкахь мехах кир-басар деш, масийтта шарахь къа а хьийгира. Делахь а, доьзална терго ч1ог1а ян езаш хиларна, х1инца пенсе а яхна, ц1ийнан дукъ д1а а кхоьхьу. Ц1ийнда Увайс а цхьацца нахана аьчкан а, дечиган а пхьола деш, сом даккха г1ерташ хьаьддий-веддий лела. Доьзалан да ша хиларе терра ц1ахь а мукъа ца хуьлу. Кертахь дан дезарг а алссам хуьлу. Церан боккхачу доьзална кхо чоь бен йоцу х1усам а к1езиг ю, делахь а Жанатис шен къа-бала цхьаьнге а ца белхабо. Цу Далла хастам бо цо тхов-к1ело шайн хиларна. Бешахь наьрс, помдор а, хьаьч1иг а, г1абакх а, хох а д1абоь, узуш цхьа етт а бу. Цу рицкъанах 1аьненга а бовлу уьш, цунах боккха тоам а хуьлу.

Йоккхаха йолу пхи йо1: Зулихан, Лариса, Луиза, Сацита, Эльмира шайн х1усамашка д1анисбелла, ткъа Диана, Седа, Имани, Лаяна, Джабраил, Рамзан, Шеларчу №6 йолчу юккъерчу ишколехь доьшуш бу.

«Вайн республикан куьйгалхо Кадыров Рамзан санна къонаха хилийта тиллина ю и ц1е, ялх шо а кхачаза волчу жимчунна», – боху Жанатис. Рамзан тхан уггаре а хьоме ву»,– т1етуху юха а. Лулахоша а сий-ларамца йоккху Шеларчу Магомедовг1еран доьзалан ц1е. Дов даьлла а, я маьттаза бага лееш а ца хааделла шайна цкъа а, боху цара. Барт болчу доьзалехь ийман а, ислам а хуьлу. Нийса некъ харжа а, сискал яккха а атта хин долчу аг1ор, даиман а хьехарш до нанас Жанатис а, дас Увайса а шайн берашна, 1амадо къахьега а.

Атта дац уьш ишколе бахийта а. Х1оранна а оьшу дешаран бедар а, киншкаш а. Цу т1ехь а цхьацца сом-ком вовшаха тухий, хала а, атта а д1ахьовсабо.

Х1ора берана карадо ц1ент1ехь дан деза г1уллакхаш. Уггаре а жимаха волу Рамзан а ч1ог1а къинхьегам безаш ву…

Магомадова Жанати – къонаха зуда ю. Шийтта бер кхиийна йолчу цунна йог1у аьлла хета суна «Ненан сийлалла» аьлла ц1е а. Иштта дукха бераш долу доьзалш вайн республикехь к1езиг бу. Дала т1аьхье-беркате йолуш, шайн кхерчан йовхоно дегнаш дохдеш, ирсе могаш дахар лойла шуна, лераме Жанати!

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.