http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


БЕРКАТЕ ДОЬЗАЛ Печать Email

Эльмурзаева Роза

Гериханов Къосум винера 1913-чу шарахь, Устрада-эвлахь (х1инца Аргун г1ала) шен да кхелхинчу 17-чу дийнахь. Паспорт т1ехь цуьнан дара 1911-г1ачу шарахь вина, аьлла. Иза нисдаларан бахьана иштта дуьйцура цо: «1933-чу шарахь елира сил дукха езаш йолу нана – Х1уда. Цу хенахь со болх беш вара Устрада-эвлан юьртан Советехь. Сан белхан декхаршна юкъадог1ура армехь г1уллакх дан боьлхучу кегийрхойн кехаташ кечдар. Оцу шарахь арме г1уллакх дан боьлхачарна юкъахь вара сан ши доттаг1, сол ши шо воккха вара и шиъ. Елла нана, арме воьдуш волу ши доттаг1… оцу хьоло дагадаийтира цаьрца арме ваха. Сайна ши шо хан т1етоьхна, Шалински райвоенкомате кехаташ чуделира ас. Кехаташ чекхдевллачул т1аьхьа бен гучу ца делира сан х1илла. Иштта нисделира со эскаре г1уллакх дан вахар. Х1етахь дуьйна вина шо лорура 1911-г1а».

 

Эскарехь г1уллакх дина ц1авеанчу шозлаг1чу – 1937-чу шеран 8-чу мартехь Гериханов Къосумна ялийра оцу юьртара, хазаллина г1араяьлла йолу, Чабдаров Мохьмад-хьаьжи йо1 Неби. Оцу шина доьзало хьовха, ерриге юьрто а къобал дира и захало.

Х1ора доьзалхочунна деза а, хьоме а ду да-нана. Цара безамца дагахь латтабо церан хьехамаш, аьхна аьзнаш, к1еда-мерза хьажар. Шайн дахаран некъашкахь церан хьежамашца бусту шайн кхиамаш. Ойланашкахь дагабуьйлу царех, цхьа къастам бан дезаш хьал нисделча уьш дуьненчохь боцчу хенахь а…

Къосуман а, Небин а дуьххьарлера доьзалхо – Хьавраъ дуьненчу елира 1938-чу шарахь. Ша пенсе йоьдучу 1957-чу шаре кхаччалца цо болх бира Цоцин-эвлан юккъерачу школехь хьехархо йолуш а, завуч йолуш а, пхи бер кхиийна, пхийтта бера-бер а, ялх бера-беран бер а долуш йолу иза Далла дуьхьал яхана дукха хан йоццуш. Дала гечдойла цунна! Гериханов Ибраьх1им дуьнент1е велира 1939-чу шарахь. Юьртабахаман 1илманийн кандидат волуш, цо болх бина юьртабахамехь а, даьхнийлелорехь а; зоотехникана т1ера, Нохч-Г1алг1айн республикан Министрийн Советехь юьртабахаман отделан куьйгалхочунна т1екхаччалца… Таханлерачу дийнахь, пенсехь волуш, хьоьхуш ву Нохчийн Пачхьалкхан Университетан аграрни факультетехь. Диъ бер, ялх бера-бер долуш.

Шен да-нана дагалоьцуш Гериханов Ибраьх1има дуьйцу: «Ч1ог1а бусулба ши стаг дара тхан да-нана. Уггар хьалха, кхеттал махиллина ламаз дан 1амадора цара тхо. Нехан х1уманна т1екховда мегар доций хоуьйтура. Цкъа лулахойн бешара ж1анк даьккхина со гучуваьлча, бераллин хенахь башха хьекъал ма-цахуьлий, подвал чу воьллина деха де даккхийтира соьга дас. Цул т1аьхьа цкъа-а неха х1уманна т1е цакхевдина со, я сан йижарий, вежарий. Къинхьегам коьрта бара тхан боккхачу доьзалехь. Дас олура, хьаналчу къинхьегамций бен беркат кхоллалур дац. Цкъан-цкъа х1умма а ца деш хиъна 1аш дага ца бог1у суна я да а, я нана а. Гуттар пачхьалкхан болх бора, ц1ахь висинчу хенахь кертахь йолчу    дахьар т1ехь дечигах г1уллакх дора. Тхуна х1ора берана цо дина стол-г1ант дара, шен куьйгашца. Яах1ума юучу хенахь цхьана йоккхачу стоьла хьалха ховшура тхо. Меллаша йуура тхан дас х1ума, тхоьга берашка хьежа а хьоьжуш.

Т1аккха, цхьанна хьалхара юург кхачийча шена хьалхара схьаоьций тхуна юьллура. Нанас олура, айхьа яахьа хьайна хьалха йиллинарг, хьо болх бан безаш ма-ву, олий. «Х1умма а дац, со вуьзна», – олий хьалаг1оттура иза. Х1инца со воккха хилча хаьа суна цо иза х1унда деш хилла. Тхо кегийдолу зама хала зама яра, юучунна шорто яцара, тхо меца цадисийта г1ерташ лелийна цо иза.

Тхан ден-ненан коьрта лехам бара, къахьегар, дешар, доьзалан хьашташ кхочушдар, хьанал хилар, вовшашна накъосталла дар, ламаз-мархий лардар. Цаьргара масал эцна, оцу лехамашца кхион г1иртина со сайн доьзалш а».

Гериханова Тамара йина 1941-чу шарахь. Шен дерриге а дахарехь къахьегна цо юьртан бахамехь. Къинхьегаман некъан т1аьххьарчу шерашкахь болх беш яра Шеларчу «Южный» совхозан бухгалтер йолуш. Х1инца пенсехь ю кхо бер а, пхиъ бера-бер долуш. Шен дех-ненах лаьцна дагалецамаш бо Тамарас: «Хала а, чолхе а хилла сан ден-ненан дахар. Бакъдерг аьлча, и заманаш а хала яра. Тхо кхо бер карахь долуш ц1ера яьккхина тхан Нана. Да «Сийлахь-Боккха Даймехкан» аьлла ц1е йолчу т1амт1ехь мостаг1ех Даймохк ларбеш вара. Цхьана ирчачу г1енах санна дагадог1у суна, тхо кара-мара а хьерчош нанас шен нах лехна. Цхьа ши шо даьлча т1амт1ера ц1авеанчу тхан дена хала карийна хиллера тхо. Шен доьзалан а, къоман а парг1ато, маршо хьаьшна 1едал лардеш ц1ий 1енийна, чоьвнашца, совг1аташца иза юхавирзинера  т1амт1ера 1946-чу шарахь. Да-нана гуттар а болх беш дара, тхан йоккхах йолу йиша тхан кегийрачу берашка хьожуш ц1ахь юьсура, сой, сол воккхах волу ваший, 9-10 шо долуш дара тхо, тхайн ненаца колхозе асар дан доьлхура. Х1ора шарахь аьлла, т1екхетара тхан доьзал. Тхо ч1ог1а даккхийдера вовшех. Халонца кхиийна доьзал мерза хуьлуш хиллера».

Абу вина 1945-чу шарахь. Технически 1илманийн кандидат, профессор, Соьлжа-г1алин, Пачхьалкхан нефтан институтан кафедран куьйгалхо. Нохчийн Республикан 1илманийн сийлахь дарча: «Муьлххачу а доьзалехь хила дезачарех коьртаниг ду дега-нене ларам, безам хилар. Т1аккха, бераш кхетош-кхиош дезар дац тоха а, аз айдина дов дан а. Тхан доьзалехь дас аьлларг цадан йиш йоцийла хоуьйтура нанас. Ткъа дас, нана мел еза-йоккха ю, мел ларам бан хьакъ ю дуьйцура. Вовшашка а ларам бара церан. Хаза юкъаметтигаш яра, иштта бертахь даха 1емира тхо а. Шайн дахаран масална т1ехь 1амийра цара тхо хьанал а, бертахь а, марзо ларъеш а даха. Х1инца со да а, ненан да а воллушехь, цхьа къастам бан дезаш дахарехь х1ума нисделча, делахь, тахана схьабелхьара цара х1ун хьехар дийра дара-те олий, тахана а царна товдерг хоржу ас. Вовшийн лардеш, накъосталла деш, дас-нанас тхуна юккъехь нийсо лелош, массара а шайга далуш дерг-дерг деш, даха 1амийна тхо. Цундела вовшийн пусар деш, сий-ларам беш, воккхачо бохург жимачо а деш деха дела марзо ю юккъехь. Кест-кеста вовшахкхета, шарахь шозза дена а, нанна а т1ера саг1анаш дохуш-м муххале а. Массо а деза денош – марханаш дастар а, г1урба дар а, зударий балор, маре бахийтар вовшашна накъосталла деш бертахь, мерза д1ахьо оха».

Гериханов Абу-Бакар вина 1948-чу шарахь. Дерриге а шен дахарехь болх бина чоьхьарачу г1уллакхийн органашкахь. Пенсе вахана РФ МВД-ан, Петропавловск-Камчатски г1алин 2-чу отделан куьйгалхо волуш. Балхаца цхьана леладора дезаделла суьрташ дахкар. Карарчу хенахь болх беш ву Аргунерачу  Исбаьхьаллин Кхолараллин школехь. Российски Федерацин художникийн Союзан декъашхо а, кхаа беран да, шина беран денда а.

Асет йина 1949-чу шарахь. 1972-чу шарахь лоьраллин училище чекхъяьккхичахьана, лоьраллин декъехь болх беш ю тахханаллац. Кхо бер, ялх беран бер ду. Цо дуьйцу: «Х1окху сан баккхийрачу йижаршний, вежаршний халонаш гина, къахьегна. Тхо муха кхиина суна дагадог1ург: тхан дас-нанас тхуна хьехнарг – тхайл баккхийчаьргара масал эцар, низам, ийман, бусалбаналла долуш хилар. Иштта, цара тхаьшна ма-хьеххара даха г1ерташ ду тхо.

Нахаца а, вовшашца а г1иллакхе хилар, вовшашна а, оьшучунна а накъосталла дар, г1ийлачух къахетар. Тхо шийтта доьзалхо юучуьнца а, юхучуьнца а нахах цахьоьгуйтуш, мерза кхийна цара. Ц1ена бусулба нах бара тхан да-нана. Хьалха коьртара х1умнаш зудаберашка д1айохуьйтучу хенахь а коьртахь йовлакхаш леладойтура тхоьга тхан дас. Х1инца-м, Дела резахуьлда цунна, вайн республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана т1етахка бохуш кхойкху мехкаршка, зударшка, бусулба динехь иза хила ма-деззара. Х1етахь, школьни мероприятешкахь, йовлакхаш д1адахар т1едуьллура. Амма массара леладора. Х1инца 1едалан т1ег1ант1ехь бусалба дин лелор, къоман г1иллакх-оьздангалла совдаккхар т1едуьллу. Цундела х1инца хала дац т1екхуьуш йолу т1аьхье кхетош-кхион. Иза халадолчу заманашкахь а, вайн дайша лардина нохчийн къоман г1иллакхаш, ламасташ. Х1инца сайн доьзалехь кхето-кхиоран болх бан дезачу хенахь хаьа-кх суна бусалбаналла г1иллакхций, оьздангаллийций, духарций, ийманций лардан дезаш хилар…»

Гериханова Хьава – 1952 шарахь йина. 1975-чу шарахь кхиамца лоьраллин училище чекхъяьккхинчул т1аьхьа дуьйна, болх беш ю фармацевтикехь. Аргунерачу аптекехь провизоран балхаца д1аболийра цо шен къинхьегаман некъ. Х1инца болх беш ю шен доларчу аптекехь. Кхиийна ялх бер, цхьайтта бера-бер. Цо а бовзуьйту шен дагалецамаш:

«Тхан доьзалехь дохон йишйоцу низам дара жимачо воккхачуьнга ладог1ар, аьлларг дар. Х1оранна а шен-шен декхарш дара тхуна, берашна т1ехь: йоккхачо х1умнаш юьттура, цул жимачо пхьег1аш юьлура, цул жимачо чуьра г1уллакхаш дора. Тхо – зудаберийн, зударийн г1уллакхаш дара дан дезаш. Ткъа, тхан вежарий – дас дечу г1уллакхашт1ехь накъостий бара. Дечиг доккхура, пхьола дора дена юххе х1уттий. Хьанал-хьарам, вониг-диканиг гуттар хьоьхуш а, къастийна а дара тхан доьзалехь цара мел хьехнарг тхайн дахарехь тхуна карийна. Тахана сайн доьзал а, церан доьзалш а кхиош г1о-накъосталла хуьлу суна сайн дас-нанас дитинчу масалшна т1ехь. Тхан марзо а, тхан безам а, тхан вовший дезар а, шадерриге а цаьргара ду. Сайн йижарий а, вежарий а ч1ог1а дукхабеза суна, ч1ог1а йоккхае со царех. Вовшашна накъосталла а деш, мерза деха тхо. Дала къинхетам бойла тхох а, массарах а!»

1953-1954-чу шерашкахь, юккъе шо бен цадулуш дуьнент1е елира Деши а, Дети а. Пенсе яххалц Эвтарахь юьртабахамехь болх бира Дешис. диъ бер, кхоъ бера-бер а ду. Ткъа, Детис кхиамца чекхъяккхира Нохч-Г1алг1айн Пачхьалкхан университет. Аргунерчу юкъерачу школехь хьийхира биологи а, анатоми а, хими а. кхоъ доьзалхо а, шиъ доьзалийн доьзалхо а ву.

Рукъият йина 1956-чу шарахь. Лакхарчу квалификацин зударийн лор йолуш болх беш ю Невран районан больницехь. Чекхъяьккхина, Махачкала г1алахь, лоьраллин институт. Ши к1ант ву кхиош.

Соьлжа-г1алахь а, Аргун г1алахь а, Нохчийн республикан кхин йолчу хьаьрмашкахь а бехаш бу Гериханов Къосуман а, Небин а доьзалш. Царна массарна а бух латтош, ден-ненан марзо ларъеш вехаш ву Гериханов Мохьмад, да-нана даьхначу кертахь. 1960-чу шарахь вина волчу цо т1ехдика дешарца чекхъяьккхина Аргунера 30-г1а профтехучилище. Болх бина Аргунерачу «Пищемаш» заводехь. Кхиийна пхи бер долуш ду, цхьаъ бера-бер.

Атта дац бух ларбан, церан санна болчу боккхачу доьзала-м муххале а. Муха лараво хьо хьайна т1ехь долчу жоьпаллечу декхарца, аьлла, динчу хаттарна жоп луш цо боху: «Тхайниг санна болчу бертахьчу доьзалехь бух ларбан хала дац. Доьзалан кхерч боху ахьа, юрт ларъян а! Массо а х1умант1ехь йижарша а, вежарша а накъосталла до. Дена, нанна т1ера саг1а даккхар, марханаш дастар, г1урба дар, кхидолу а деза денош вовшахкхетий цхьана д1ахьо оха, воккхах волчу тхан вашас Ибраьх1има куьйгалла а деш. Вовшашна юккъера марзонаш а, ларамаш а ч1ог1а хаза бу тхан. Дас-нанас ийман а, ислам а долуш кхиийна дела хаза а, беркате а ю тхан доьзалийн юкъаметтигаш».

Оцу боккхачу доьзалехь уггаре а жиманиг ву 1усман. Иза вина 1961-чу шарахь. Болх беш ву Нохчийн республикан экологехулий, 1аламан сурсаташкахулий йолчу Пачхьалкхан Комитетан коьрта говзанча волуш. Цуьнан дагалецамаш боца а, хаза а бу. Доьзалехь жиманиг хиларе-терра уггаре а хьомениг хилла иза. Цундела кхиар, дешар а, дахарехь нисвалар а хала цахилла. Цо боху: «Доьзалехь жиманиг хиларна а, масал эца дуккха а йижарий, вежарий хиларна а суна хала дацара кхиан. Ненан хьоме вара со. Хьоме-м тхо дерриге а дара, делахь а жима хиларна а, уьш баккхий хиллачул т1аьхьа дуьнент1е валарна а, суна дукха х1ума могуьйтора. Ловзар а, хьарцахьа лелар а алсам дара сан. Делахь а дукха кач цавора… Дийца-м дукха дара дех-ненах лаьцна… делахь а цхьа масал далор ду ас сайн дахарера… Школа чекхъяьккхина Советски Арме г1уллакх дан вахара со. Сан вежарий берриге а бара Советски Армехь г1уллакх дина. Ц1авеача колхозе учетчикан балха ваханера со, кхин д1а а деша вахале йолчу юкъана. Дас чукхайкхина хьехар дира суна: варийлахь, наха бина болх д1аязбечу хенахь г1алатло ма ялийталахь хьайгара, аьлла. Цхьа кепек а, иза-м дукха яцара аьлла, ахьа д1а ца язъеш йитахь мегар дац хьуна. Нехан хьакъ такха хала хир ду хьуна Далла хьалха. Хьуна к1езиг хетарх болх бечунна беза бу хьуна шен хьацаран х1ора т1адам. Иштта, массо а къилахь долчу х1уманах лардора тхо дас-нанас. Массо а х1умант1ехь хьехар дора. Ламаз-марха деза леладора. Дахарехь, леларехь, вовшашца йолчу юкъаметтигашкахь масал гойтура». Ийман, ислам долуш, хьанал-хьарам а къастош и боккха доьзал хьалакхиийначу Гериханов Къосуманний, Небинний  дикаллиний, бусалбаналлиний далон лаьа кхин а цхьа доккха тоьшалла…

Шен доьзал а болабалале Къосума шен т1ома к1ел лецира шен вешин Хьамидан к1ант Хьамзат. Да, нана а доцуш иза висича цуьнан диъ шо бен дацара. Тахана цуьна а ду диъ бер а, ворх1 беран бер, шиъ берийн берабер а.

1949-чу шарахь мацаллиний, халонний шайн доьзалшна а дан х1ума доцуш нах лелачу хенахь, Къосумий, Небиссий шайн доьзале валийра, да-нана доцуш висина ши шо долу Небин вешин Чабдаров Ахьмадан к1ант Хьамид. Аргунера №1 йолу юккъера школа Хьамида чекхъяьккхира дашочу медалаца. 1972-чу шарахь кхиамца чекхъяьккхина Соьлжа-г1аларчу нефтан институтан г1ишлошъяран факультет. Тахана болх беш ву вайн республикан г1ишлошъяран индустрехь. Кхоъ бер, шиъ беран бер долуш.

Гериханов Къосуман а, Небин а дахаран жам1 хаза а, беркате а ду: шийтта шайх схьаваьлла доьзалхо, шиъ – байлахь висина к1ант а, вейтта, Делан къинхетамца, доггах а, аьхналлийца а, безамца а кхиийна доьзалхо! Церан бераш а, берийн бераш а лерича – цхьа б1е вуьрх1итта стаг ву оцу беркатечу доьзалехь! Цара массара а боккхачу ларамца, безамца, баркаллийца дагалоьцу тахана, шайна дахар делла, унахц1ена, хьекъале, кхетаме, иймане шаьш кхиийна долу и ши бусалба стаг. Дала декъалдойла и шиъ! Дала ялсаманин беза хьеший бойла царех!

 

Кегийрачу доьзалшкахь хьалакхуьуш бераш коллективехь даха а, тарбала а, собаре а, къинхетаме а хила 1амо дезаш хуьлу. Боккхачу доьзалехь и ерриге а амалш 1ема берашна шайна юккъехь. Ишта хьалакхиина доьзалш баха а, лела а, тарбала а хууш, юкъараллин беркате декъашхой хуьлий д1ах1уьтту. Иштта ю Герихановг1ера Къосуман а, Небин а йоккха а, кхиаме а, беркате а т1аьхье. Дала аьтто бойла церан дахарехь а, леларехь а, мехкан а, къоман а зовкх садаккхарехь!

 

Дика кхетош-кхиийна доьзал дахаран беркат ду, къомана юьхьк1олла ю. Хьанал-хьарам къастош, ийман-ислам долуш кхиийначу доьзалех вовшахкхеттачу къоман дахар ирсе а, беркате а хуьлу. Цундела бохуьйту вайн мехкан куьйгалхоша т1екхуьуш йолчу т1аьхьенашна т1е боккха тидам. Довзуьйту нохчийн къоман оьзда г1иллакхаш а, ламасташ а. Цхьа х1ума ца кхоадо кегийрхошна уьш довзийтаран а, марздалийтаран а 1алашонца. Шеко йоцуш, бусалба динан бух т1ера схьадог1учу вайн къоман г1иллакхаша г1одо нохчийн къомана оьзда а, хьанал а, бусалбаналла долуш а даха. Дала ша реза волчу некъаш т1ехь сецайойла вайн ойланаш а, лаамаш а!

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.