http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Нана Печать Email

Ковраев Шапаъ


«Ненах къаьстича беран даг т1ера зезаг дужу», – олуш хезна суна жималлехь. Бер ирсе ду ненаца. Цунна къеггина тоьшалла до нохчийн яздархочуьн С-Б. Арсановн «Нана» дийцаро а.

Балхара ц1а йог1учу нанна г1али юккъехь карадо мацалло чуьра арадаьхна, тиладелла, кхерста шен бераш. «Цу сохьтехь тхо дерриш а ирсе дара», – боху к1анта. Йоккхачу говзаллица гойту автора ненан а, берийн а вовше болу безам. Мацалла а, муьлхха хало а лан кийча бу доьзал, шаьш цхьаьна хилчахьана.

Ненаца ду бер ирсе. Лаа дай х1ета, дуьххьара мотт 1емачу беро ненан ц1е яккхар. Тийсалуш олу цо: «На-На». Цхьа цатам хилча а нене орца доьху. Еза цунна иза шен сил дукха. Цунах даьлча шен дахарехь т1аьххьара минот ю моттало. Вайна массарна а хууш ду мел марзо, йовхо ю ша винчу, кхиийначу нене.

Х1инца со бер дац, амма сайн нене Тайбате (иза х1инца яц, Аллах1 Дала декъал йойла иза) лийр боцу безам, марзо ехаш ю соьца даима.

Шовзткъа шо хьалха, чолхе операци а йина, дуьне ган йиш йоцуш, дууш-молуш х1ума доцуш, вистхилар доцуш, дуьнене айса т1аьххьара б1аьрг тоьхна баьлла моьттуш со 1уьллучу хенахь, ненан аьхна куьг сайна т1едеача, деригге а дицлой, лазар сайх даьлла, суо товелча санна хеталора. Еш наб йоцуш, хуьлуш синтем боцуш, байлахь дисина бер санна, г1ийла сан б1аьра хьоьжуш уллера д1а ца йолуш, 1ийра иза цхьана шарахь гергга. Иштта бала а, сингаттам а лан дийзира ненан со бахьанехь.

Аллах1 Дела, Хьайн боккхачу къинхетамца, комаьршаллица со бахьанехь цо лайна бала, хало, цунна хилла ницкъ, Хьайн дуьхьа ларий, декъала хиллачу тобанах елахь сан нана, Тайбат.

Со х1инца воккха хилла, берийн бераш а ду сан, амма суо бахьанехь нанна хилла ницкъ а, суна йовхо луш лаьттина цуьнан аьхна куьйг ца дицло.

Цхьана буьйсана нене сада1ийта дагахь, соьца больницехь буьйса йоккхуш 1ийна хиллера сан ненайиша, Джабраилова Зайнап (Дала декъалйойла иза).

Со сама ваьлча, сайна уллехь даима санна, ненан куьг доцийла хиънера суна.

Т1аккха ас, доккха са а даьккхина, аьллера: «Х1ара сан ненан куьг ма дац. Хьо мила ю?» Ненайишас, елхаран къурдаш а деш, ша хилар хаийтинера.

Ах аг1о чуьра са д1адаьлла, мотт сецна, 1уьллучу хенахь а со дог токкха вара нана дийна йолуш, иза хиларх воккхавеш. Суна цкъа а йицлур яц сайн ненан, Тайбатан, комаьршалла, цуьнан къинхетам, деган йовхо, марзо. Даима дуьхьал лаьтта цуьнан юьхь-сибат, цуьнан аз. Г1енах яйча а, самаха и долуш санна, сайл ирсе стаг ца хеташ лела со.

Цкъа мукъне а ненаца марзо эца йиш хилча, мел ирс долуш хетар вара суна суо. Иза хила йишйоций хууш, дагна ч1ог1а ницкъ хуьлу. Жимчохь эшна ца 1аш, воккха мел хуьлу а, ма ч1ог1а оьшу нана. Хьо мел веха а бовш бац нене болу безам.

Нене кхочуш х1ума дац кху доккхачу маьлхан дуьненчохь. Ненан сий деш, хам-пусар деш ваха декхарийлахь ву xlopa доьзалхо ша йоккхачу хенахь.

Ненан дог къинхетаме ду шен бераца. Цунна эшначохь са д1адала а, ц1ергахь яга а кийча ю нана. Йийцина ца валллал йоккха ю цуьнан деган йовхо.

Нанас бер хала кхиорах лаьцна дика аьлла Мохьмад Мамакаевс шен «Нана» стихотворенехь:

Пхьор доцуш хьо тийжаш,

Корталин бовха т1ам

Сан дег1ах хьерчабеш,

Ахь хала кхиий со.

Везачу Аллах1 Дала вай лардойла вай нанна вас ярах. Шен боккха къинхьетам бойла Цо вайх бусулба динехь нисдеш, иманехь ч1аг1деш, вовше къинхетаме, г1иллакхе деш, кураллех, сонталлех, харцонах лардеш. Вовшех дешаш, вовшашца ларам болуш дахар лойла вайна Аллах1 Дала.

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.