http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Абубакарова ПетIамат Лоруш Печать Email

Залина Болотбиева

Сан марнана чlогlа доьналла долуш стаг яра. Иза суна евзира 2012-чу шарахь. Дуьххьара цуьнан кlанта тилпочухула йистхилитира тхойшиъ. Иштта, вовше гина а йоцуш, тхойшиъ къамелехь евзира. Цул тlаьхьа, цхьа шо даьлча, ша еара иза соьга бlаьргтоха. Иза хаза, чlогlа ийна, дог цlена стаг яра. Ши шо даьлча со цуьнаy кlанте яхара.

Суна иза а, цунна со а lаламат дукхаезара.

Со церан керта еана дукха хан ялале иза цамгаро лецира. Схьахетарехь, тlеман шерашкахь цо лайна хало хир яра иза кlелйитнарг. Тхан юьртахь, Жимачу Атагlахь, дика цlе йоккхуш, лоруш стаг яра сан марнана. Нехан бала шениг санна тlеоьцура цо. Тlамца гlуллакх деъна а, я цхьани тайпа зуламах хьакхабалаза кегий нах эскархоша луьйцучу хенахь, зударий а гулбой царна орцаха йолура иза. Шен ма хуьллу дуьхьало йора цо, юьртана тlе бала богlучу хенахь. Къонаха санна дlахlуттура иза хьанна а, гlо эшначу минотехь.

Тlеман хенахь гlаролехь латта аьлла Везачу вайн Дала ницкъ белла хилла цунна. И хала, къиза, гlайгlане, бала бахьаш еъна тlеман зама чекхъяьлча, цамгаран гуро лецира сан марнана. Гlора, ницкъ эшначу цунна орцах бевлира юьртахой. Амма Делан кхелаца къийса хlумма а дац. Кхоъ кlантий, цхьа йоllий байлахь дуьтуш дlаехьира иза lожалло. Байлахь йитира цо динна юрт, ша лоруш, езаш мел хилла адам а. Тахана а йиццало, иза мел евзаш хиллачарна цхьанна а. Шен берех, берийн берех, несарех самукъа долу хан йолуш яра иза тхох къаьсташ. Божарий билхира цуьнан тезетахь, юьйцура цуьнан адамалла, оьздангалла, гlиллакх, хаза амал.

Дадин Айбики хилла майралла а, доьналла а дагдаийтира сан марнанас массарна.

Везачу вайн Дала и санна йолу марнана ма эшайойла цхьанна а несана.

Дала гечдойла цунна!

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.