Для восстановления архива, сгоревшего в результате теракта 04.12.2014г., редакция выкупает номера журнала за последние годы.
http://www.nana-journal.ru

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН

Пресс-эстафета "ЧР - ДОМ ДРУЖБЫ"


Къинхетамза хадийна илли Печать Email

ГАЗИЕВА Аза

 

Нохчийн зуда… Сирла са… Собаран гIайре. Къинхетаман гIап. Синъондаллин бIов.

И деригге а шех ала хьакъдолуш яра Магомаева Таиса. Дуккха а шерашкахь нохчийн журналистикехь хьанала къахьегначарех ю иза. Белхан хьалхара гIулчаш «Ленинан некъ» (хIинца «Даймохк») газетехь ехира цо. Культурин хьаьттахь къахьоьгучу адамех хуьлура Таисин очеркаш, зарисовкаш, репортажаш коьртачу декъана. Цунна дика евзара нохчийн къоман культура, хазахетара цуьнан кхиамех яздеш, самукъадолура, цу атта боцчу новкъахь говзаллин лакхене кхаьчна адам халкъана а, махкана а довзуьйтуш. Делахь а, кхин цхьа агIо яра Таисин балха тIехь, хIайкал санна, экама лоруш, дIакхоьхьуш – диканан дакъа кIезиг гучу нохчийн зударех долу дийцарш.

Нохчийн массо а зуда шен йиша хеташ яра Таиса. Цхьана пекъаро, шен къа-бала балхош, редакце кехат даийтича, цунна орцана сихлора къона журналист. Мел чолхе хьал а листа хьуьнар кхочура цуьнан. Орца доьхуш, редакце кехат даийтинчу авторан сингаттамийн оьла лахъян некъ а карабора. Нохчийн маттахь зорбане долучу газетехь зударшна лерина дийнна цхьа агIо дуьххьара схьайиллинарг а Магомаева Таиса яра. «Седа» яра цу агIонан цIе, баттахь цкъа зорбане а йолура иза. Мел дукха кехаташ дохкуьйтура вайн махкарчу зударша цу рубрике. Таисин чIогIа самукъадолура и кехаташ редакце схьакхаьчча. Газетдешархошца дIатесна марзонан зIе яра иза. Ткъа и мел мехала гIуллакх ду, жимма а зорбанца гIуллакх долчунна хуур ду. Ханна цу хенахь къона хиллехь а, Магомаева Таиса дика кхетара цу зIенан мехаллех а, ша юьхьарлаьцначу Iалашонан кIорггерчу маьIнех а.

1957-чу шеран май беттан 17-чу дийнахь Алма-Ата гIалахь дуьнен чу яьлла Таиса. Деригге а нохчийн къам санна, Таисин да, Хьесабек, а хилла лаамаза махках ваьккхина, хийрачу Казахстанехь хан йоккхуш. Цигахь ялийна цо хIусамнана а. Таиса дуьнен чу яьлла дукха хан ялале, шен ворхIе дай баьхначу ГихтIа цIа вирзира Хьесабек. Цундела, аганара йоьссина, дуьххьара лаьтта боккху ког Даймехкан лаьтта тIе баккха ирс хиллачарех ю иза. Цунах цо даима дозалла дора. ГихтIахь яхара жима Таиса дуьххьара деша ишколе а, иза кхиамца чекх а яьккхира. Бераллехь дуьйна къаьсташ яра Таиса хьекъале, хьуьнаре, къинхетаме хиларца. Дика доьшуш хиларал сов, иза Iаламат йоккха жигархо яра. Лакхарчу классашкахь доьшуш йолуш йоIа жигара дакъалоцура школехь дIахьочу деригге а гIуллакхашкахь. Дешархойн синкъераме суьйренаш вовшахтохаран йоккха говзанча яра Таиса. Къаьсттина дукхаезара цунна литературин а, историн а урокаш. Цундела дукха тамашийна ца хета, ишкол чекхъяьккхина яьлча, филологин говзалла караерзо, Таиса Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университете деша яхар.

Цкъа а дицлур доцу студенчески шераш… Цхьа шатайпа ирсе зама ю иза, кхачам боллуш шех марзо эцначунна, заманан йохалла иэсехь, бIаьстенан зазанах тарлой, серлаюьйлуш. Атта ца хиллачу шен дерриге а дахарехула сирлачу дагалецамашкахь латтайо Таисас и ирсе зама. Студенчески шерашкахь вевза цунна шен хин волу хIусамда а. Университет чекхъяккха ца кхуьуш, цIера ялар нисделира. ТIаккха, дукхахьолахь нохчийн доьзалехь хуьлуш ма-хиллара, дешар заочни кепе дерзо дийзира. Бакъду, шена мел хала делахь а, дешар юкъах-м ца дитира Таисас. Гихт1ара юккъерчу школехь болх беш, шен хIетта дуьнен чу яьлла жима йоI лелош, университет чекхъяьккхира.

Таиса даима яра каде, массанхьа ларош, ша цадинарг дайна хеташ. Цундела массарна дукхаезара иза. Цуьнца самукъадолура. ЦIахь, балхахь, арахь, хаддаза цуьнца йолу, доза доцу синкомаьршалла яра Таиса массеран а деган еза хьаша йийриг. Иза кийча яра гIо-накъосталла оьшучунна, мало йоцуш, орцах яла. Чекхдаьллачу ХХ-чу бIешеран дезткъалгIачу шерашкахь йогIу Магомаева Таиса нохчийн журналистике. Амма хьем боцуш, шен хатI, куц-кеп долуш, шатайпаллица къесташ, билгалаюьйлу къоначу журналисткин йозанан хьаьркаш. Стеннах лаьцна ша яздахь а, шен комаьршачу синан дакъа дуьллура Таисас царна юкъа. Цундела газетдешархоша безаш тIеоьцура цо язбина хIора а могIа. И шераш цхьа шатайпа кхиаман заза даьржина мур бу «Даймохк» газетан исторехь. Шеко йоццуш ала мегар ду, и заза исбаьхьа, сел тамехь хьекъаран бахьанийн орамашкахь, дуккха а журналистийн хьанал къинхьегам бу, кIезиг дац цу беркатна юкъахь Таисин дакъа а.

Вайна массарна хууш ма-хиллара, инзаре ирча еара Нохчийчоьнна ХХ-чу бIешеран чаккхе. Карча кIамдар деанчу федеральни Iедало терго йоцуш дитира герз. Цуьнца цхьаьна малдира йоккхачу пачхьалкхан йистошкахь урхалла. Iаламат галделира низам. Урам-новкъара низам галдаьлла ца Iаш, йоьхнера пачхьалкхан къепе. Белхалошна луш алапа дацара. Цхьацца-шишша къовлуш, дIакъевлира газеташ а, журналаш а. Дера, шайн сил дукха и болх безарш, къар ца луш, тийса-м лора Зорбанан цIийнах, Делан диканах дог дилла ца лууш.

Бакъду, ял йоцуш белхаш бан хала ду-кх муьлххачу хенахь а. Ша цхьаъ волчо-м цхьа декъаза ка-мIараш тоьхна, шена напхина цхьа амал бийр бара. Ткъа Таисин карахь цу муьрехь кхо бер дара. ХIусамда а журналист болх беш вара, алапах тешна хене вийлар бен, кхин корматалла йолуш вацара. Ткъа и алапа а, хьалха ас билгал ма-даккхара, кхин схьаделла дог дика деш бацара Iедалехь берш.

Цундела шен берашна рицкъ лаха араяла дийзира Таисин. Иза Эмираташка дIайоьду, балхара дIа а йолий. Цигахь цхьа жима туька схьайоьллу цо, шен долахь. ТIекIел йина гIаланаш вовшахтоха аьтто ца хиллехь а, шен доьзал хене баккха таро хилира. Бераллехь дуьйна йохк-эцаран гIуллакх мелла а девзаш яра иза. Цуьнан да, Хьесабек, вара йохк-эцаран декъехь дуккха а шерашкахь болх бина. Дена гIо-накъосталла оьшучохь, даима а цунна юххехь лаьттина яра Таиса. Юьхьанца ша цхьаъ яра Таиса туька дIатекхош. Амма вайн махкахь луьра тIом олалла дан боьлча, шен хIусамда а, кхо бер а дIадуьгу цо Iаьрбийн махка.

Масех шарахь цигахь Iа уьш, Нохчийчуьра тIеман кIур лахбаллалц. ТIаккха Даймахка цIа боьрзу, тIеман кхерам дIабаьлла моьттуш. Бакъду, и дIабаьлла-м ца хиллера. Шайна даа худар дан цахуурш, лулахошна хьовла дан боьлху аьлла, суьйлин махка лилхина, тIом бохьуш цIа бирзира. Юха а ларманашна чудерзийра декъаза нохчийн къам. Цуьнца цхьаьна бара Магомаева Таисин доьзал а. Юха а шело, гIело, мацалла, харцо олалла дан йолаелира Нохчийчохь. Цу Iазапехь, дийна вуьсуш, хене валарх тоьаш дацара. Адамаллин хотIах ца воха хьуьнар оьшура. Таисигахь-м мел оьшу долуш дара и хьуьнар, доьзалан бIаьра хьежа хала дара. Мел нуьцкъала стаг а гIел ма ло, даима массарна гIортор хилла латта. Шен дагара ца хоуьйтуш, хаддаза къийлаялар тIеделира Таисина а. ШолгIа тIом болабелчхьана яра иза сиркхонаш лехьош. Амма цхьанна ца хоуьйтура. Луьра тIом бахьанехь дебначу сингаттамаша дегIера гIора дIаийзош хетара. ТIеман гIайгIанаш дIайирзича, ша а метта йогIур ю-кх бохуш, дегайовхо а кхобура. Цул сов, дийца а хьаьнга дуьйцур ду?! Буьрсачу тIамо цIийнах-цIарах йохийна, дуьненах чам байна Iаш къена нана ю. Дагара дийцина, цуьнгара бала сов муха боккхур бу!? ТIеман алуно жималла мерцина, чахчийна, Iовжийна долчу берийн дог а муха дохор ду!? Таисас цкъа а, цхьанна а ма ца бина шех бала! ХIинца а, доьналлица чекхъер ю иза кху зиэрах, Дала мукълахь. Иштта хетара Таисина. Амма, мел хала хеташ делахь а, иза кхечу агIор нисделира.

2001-чу шеран бIаьстенан юьххьехь, цIаьххьана, хье юккъе тоьхна варзап санна, нуьцкъала а, ирча а яра лоьраша хIоттийна диагноз – онкологи.

Кхиверг вухур вара, метта вужур вара, дуьнене орца доьхур дара. Ткъа Таиса иштта ма яцара. Иза, цхьа мокхазах яьккхина гериг санна, нуьцкъала адам дара. Цуо цкъа а, цхьанна а, цул хьалха ца гайтинера шен бIаьргах болу хин тIадам. ХIинца а ца лиира, ша цхьанна а, Iовжийна ойланаш кегош, йоьхна гойла. Син кIоргенехь хьулбира цо и бохам. Шен доьзал эцна, Европе дIаяхара Таиса. Бельги яра цо шена Iен-яха а, лоьралле сатесна а, билгалъяьккхина пачхьалкх. Iаламат беркате нисбелира и харжам. Лоьраш каде хьаьвзира. Церан исбаьхьа говзалла, Таисин нуьцкъала амал цхьаьна а кхетта, къардира лазар. Кхоччуш цуьнан дIаьвше зирх дархочун дегIах дIакъасто ницкъ ца тоьънехь а, мелла юхатуьйхира лазаран шовкъе болар. Къаръяла дагахь яцара Таиса. Махках яьллера аьлла, Таисас дIа ца тосу цкъа мацах безаш юьхьарлаьцна журналистан некъ. «Дош» журналан собкор хуьлу цунах. Бакъду, даима санна, ираллица къаьсташ йолчу шен статьяшна буха псевдоним юьллу Таисас – Тина Брюссель. Ларамаза дац псевдоним иштта хилар а. Керла дахар доло шена гIо-накъосталла динчу шахьаран безамна оьцу цо и фамили – Брюссель. Цу тIехь цхьана кепара Таисина бехк буьллийла дац. Гинарг а, хезнарг а, хийца баккхам боцуш, кехата тIе дилларца, гулдина могIанаш дацара цуьнан статьяш. ХIора хьаьрк шен цIийца лозучух язйина яра. Ткъа бакъйолу журналистка ша хиларе терра, Таисин са дууш берг – иза ХХ-чуй – ХХI-чуй бIешерийн дозанехь нохчийн къома тIе базбелла бала бара. Дуьне ма-дду тIамо къинхетамза дIасакхоьссина, даржийна, хьаьшна нохчийн къам а дара.

Бакъду, статьяш язйина Iаш яцара Таиса. ВогIу-воьдучунна дуьхьала яла а ларайора иза. Тхов-кIело йоцуш виснарг дIатарван гечо карадора цунна. Дог эшнарг хьаста довха дош карадора. Массарна нанас дена йина йиша хилла чекхъяла хьуьнар тоьира Таисина, ша Европехь яьккхинчу ханна. МухIажаршна цо до Iуналла гIарадалаза ца дисира, еригге а Европехь ларамца йоккхура нохчийн журналисткин цIе. Магомаева Таиса евзира Европарламентехь а. Евзина ца Iаш, тIахьуо Европарламентан депутат волчу Стайс Барта шен гIоьнча йо вайн махкахочух, кхуьнан синкомаьршалла, дог цIеналла, доза доцу жигаралла тидаме а оьций. Тамашийна стаг яра Таиса! Де эшначу вайн махкахошна алссам орцах ша мел йолу, шен дегIаца долу къиза лазар дайлуш санна хетара цунна.

Бакъдерг дийцича, шегахь долчу лазаран ойла ян иза ларош яцара. Вайна массарна хууш ма-хиллара, дуьйцуш санна, хаза цхьанхьа ма ца хуьлу. Кхин тоделла гIуллакх ма дацара, тIамах бевдда, Европе кхаьчначу вайнахехь, Таиса дIакхаччалц. Бельгехь вайнехан диаспора вовшахтоьхна, дуьххьара цуьнан куьйгалле хIоьттинарг Магомаева Таиса ма ю. КIорггера хаарш долуш журналистка хиларе терра, цунна дика девзара, адамийн бакъонаш ларъяран низам. Цуьнгахь доьналла дара хьаьнцца къовса яла. Цкъа, цхьа шийтта нохчичун хьаьшна бакъонаш бахьанехь Бельгин МВД суьде елира Таисас. Цул сов, бIаьрла толам баьккхира цу луьрачу къовсамехь. ХIинца хаьий шуна, ларамаза дIаяхана цIе иза ца хиллий!?

Ткъа Тина Брюссель псевдонимца Таисас язъеш хиллачу байташкахь мел онда безам хаало ша схьаяьллачу Даймахке.

Йигахь со, йигахь со малх хьалагIоттуче,

ЧIегIардиг декаче, петIамат лепаче,

Йигахь со, йигахь со акхтаргаш техкаче,

Сийна бай кIедаче, шовданаш мерзаче.

Йигахь со, йигахь со догIанаш мелаче-

Ломан дукъ лекхаче…

Йигахь со, йигахь со Нана-мохк олуче,

Лаьтто ког хьоьстуче, дог паргIат долуче…

Мел халахеташ делахь а, Таиса дийна йолуш зорбане яьлла цхьа а книга яц цуьнан, Iаламат кIорггера, чулацаме поэзи елахь а. ТIаьхьуо, Таисига болчу лерамна, цу хьуьнаре зудчун сина совгIатна, доттагIаша вовшахтесна, Таисин байтин цхьа гулар зорбане яьккхина, «Дерриге а хIара дара-кх сан ала» цIе йолуш. Оьрсийн маттахь а, нохчийн маттахь а цо язйина байташ ю цу гуларна юкъаяхнарш. Билгалдаккха луур дара, цу книги юккъера цхьайолу байташ вайн махкахь гIарабевлла бевзачу артисташа мукъаме ерзийна хилар.

Масала, Дадашева Тамарин а, Айдаева Маринин а репертуарехь ю Таисин дешнаш тIехь яьхна эшарш. ЛадогIархоша Iаламат езаш тIеэцна ю и эшарш. Къаьсттина ладогIархойн сих кхеташ ю Дадашева Тамарас дIалокху «Гур дуй-те?» боху йиш.

И дашо маьлхан нур хьан юьхь тIе Iенош,

Iуьйренан ойлане олхазарш хийшош,

БIаьстенан мохо со ховха хьоьстуш,

Гур дуй-те ялале и хаза денош.

Заманан тийналле сан некъ дIакхачале,

Сан сирла ойланаш юккъехула хадале,

Гур дуй-те, гур дуй-те, гур дуй-те

И хаза денош…

Ма-дарра дийцича, Магомаева Таиса ша дара цхьа зевне илли, ша евза-езачеран дог-ойла хьаста, ир-кара хIотто ницкъ кхочуш. Даима а маьлхан зIаьнарех лепаш хуьлура Таиса йолу а, цо къамел до а меттиг. Халкъан дуьхьа яхар синкъерам хетачарех яра Таиса. Цхьа мисхал а кхоа ца деш, цо дIаделира шен дахар халкъана а, махкана а.

2008-чу шеран 1-чу августехь баьржира, Магомаева Таиса дIаяьлла аьлла, шийла кхаъ. Ирча де дара иза, Таиса евзачеран дог дохош деъна. Нохчийн къоман тешаме йоI хилла чекхъяьлла яра Таиса шен оьздачу дахарехь. Мел халачу киртигна юьхьдуьхьал хIоттарх, бIаьргнегIар ца тухуш. Цундела дисина Таисин сирла васт вайн иэсехь даха, хIоранга дикане кхойккхуш, вовшашна юкъара уьйр-марзо чIагIъяр доьхуш, аьхначу кханенах дегайовхо кхуллуш. Дала гечдойла цунна!

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.
Поддержка сайта