Для восстановления архива, сгоревшего в результате теракта 04.12.2014г., редакция выкупает номера журнала за последние годы.
http://www.nana-journal.ru

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН

Пресс-эстафета "ЧР - ДОМ ДРУЖБЫ"


ДIакховдийнарг дIадиллина, хьулдинарг дайна Печать Email

САРАЛИЕВА Табарик

ДIакховдийнарг дIадиллина, хьулдинарг дайна – нохчийн къоман комаьршалла билгалйоккхучу кицанах масал оьцуш яьхна, доьзал кхиийна Iалхан-ГIалара 91 шо долчу Мусаева Малихьата.

Кху дийне кхаччалц ша гIаролехь лаьттина болх-некъ, дика-во юьстаха диллина, шен кIентан баьрччехь Iан йисина иза. Дера ца йисина совъяла а, я цхьанна а вон дош хазийтина, шех пе тоха меттиг йитина а.

Халачу дахарх – махкахдахарх, Казахстанан эшамех, юхаметта хIотторан боламах, доьзалан ден чIана лаха дезаран накъосталлех доьналлица чекхъяьлла, хIинца гонаха хьийзачу берашна, берийн берашна, несаршна масал хилла Iа иза.

Дуккха а къахьегна, иштта дуккха а шен доьзална, гергарчарна а, марзахошна а, хьаша-дена а сискал хьекхийна, и кховдийна куьйгаш паргIатдевлла, дукха сиха дIаяханчу заман ойла еш Iа Малихьат.

Дуккха а ваьхначунна дуккха а гина, дуккха а гиначуьнгахь дахаран зеделларг гулделла. Шайна хIун ду а ца хууш, къоман дIадаьллачун, цуьнан историн векалш бу иштта хан ерш.

Синтеме хьуьйсу хьекъале бIаьргаш чохь наггахь елар а латош, шен дахаран денош-шераш паргIат луьсту Малихьата. Наггахь иэсан тептаран йоза дийцарал хьалха а долий: «ВаллахIи хала ма даьхна, атто ма ца гина», – олий, тесна а дуьту цо.

Делахь а иза ган-йовза, цуьнан хабаре ладогIа, цо а, цо санна вайн наноша, церан наноша денаноша лайнарг довза а ният долуш, зиярте еанчу суна, ша мел къамелана тIера яцахь а, хьешана болчу томана дуьйцу цо.

Шина нанас бина 15 йиша-ваша долчу Маьлхистера БунхоевгIеран Ражапан, Хьалиматан доьзалехь кхиъна Малихьат. Со цецъяла кхиале: «41 шарахь сискал ца къастош, тхох муьлхарг муьлхачо дина а даккхий хилла наха аьлча бен ца хууш, яьхна тхан ши нана. Иштта собар, доьналла долуш зударий хилла ламан зударий, – дуьйцу Малихьата. – Тхан йоккхах йолу йиша а, ден зуда а чIогIа тIера яра вовшашна. И хIун дара-м хаац, бакъду вовшахъяьлча, кхин «дахар» яцара цу шинна, – юха а жимма кхоьлина пардо хьаьдда долу бIаьргаш серла дохуш елакъежа иза, амма шена дагадеънарг шена а дуьтий, ша бохург чIагIдан санна оьрсийн дош даладо Малихьата. – Со мелла а сихо яра, дагдеънарг багахь долуш. Ламан хиш, шовданаш мел дукха делахь а мала-дайа хи гехь, кIудал чохь схьадан дезара, цу гIуллакхна тIейиллина яра со. Цкъа иштта тхаьш дехачу Маьлхистан лахахь Iуьллучу Сахан олучу метте хи тIе яхначу сан, мухха делахь а, карара яьлла кIудал Iинах яхана, кхо дакъа хилла дIаелира.

Ши куьг ластийна цIа кхаьчначу соьга кIудалх дерг хоьтту ден зудчо а, йишас а. «Бердах яхана», – ас аьлча, хIунда, стенна, муха духе кхиа гIерта уьш. «Хан кхачарна», – реза йоцуш жоп ло ас. ТIаккха а уьш тIаьхьара ца бевллча, иштта а дог даьттIа йолчу ас: «Оццул тергам бан безаш ю-те и кIудал, со Iинах ца йоьдуш цIа ярна, сагIа ян мегаш яц и шен да велла йисарг», – боху.

Йоккхачу учахь чорха хьалха хIума тоьгуш Iаш яра тхан нана. Сан жоп кIоршаме хеттачу цо, шен буьйнара кIода (чIода) ластийра суна. Со дIаиккхина, суна тIехьа лаьттачу бухайисинчу кIудалх леттачу кIодано ши Iуьрг даьккхина, цIузамах санна хи ара туьйхира. Иштта дIаелира шолгIа кIудал а, – синкъераме дацахь а бераллин лорах яхаро хебарш шардеш елакъажар хьоду Малихьатан юьхьтIе. – Сох къинхетам бан гIертачу ден зудчун дош хадош, юьхьза жоп далар а, сайна кIода ластийначу нанна дегбаам цабар а сан деган лаамна тIера дара. ВаллахIи дацара, нанас мага а могуьйтуш-м. Делахь а, кхеташ ду, мел ненан чуо хилла хьовзахь а дестечун мисхал а къинхетам боцийла, ткъа нана, нана ю-кх, цо вехь-ваккхахь а. Цу хенахь тхан нанас «дадин зудчуьнга» озабезам бина аьлла хеттехь а, замано кхетийра со, коьртаниг ас боьллина сардам хиларх. Цо дукха онда хIума чулоцура, ткъа ас ойла йина а, кIорге кхевдина а аьлла ма дацара иштта.

Маьлхистан коьрта лам беригге а буто бара. Сарралц лехча а цхьа кхийра карор бацара гонаха. Суна дагадогIуш а хуьлура иштта, ткъа жимма хьалха-м хIетте а, цкъа дуьйладелча догIанаш ца совцуш, дIасаваха а, чу-ара вала а, даьхнин тергам бан а таро йоцуш дуьсура. Уьш севццачул тIаьхьа, буззане а чу ца бузуш санна, малх къегий, йокъа хIуттий, доллу хIума дакъадеш хийцам хуьлура Iаламехь. Зайт бохуш, цIе мекх долуш цхьа воккха стаг вара ишттачу гIуллакхна цигарчу наха орцаха воккхуш. Цунна тIе кIайн киса а хьарчадой аравоккхура иза. Деле доIанца догIа доьхура цо. Ца хьелуш догIа догIура. Ткъа йочана совъяла йоьлча а, иштта кечвой, Зайт аравоккхий, Деле доIа деш хилла цо. Масех дийнахь догIанца йилхина стигал йоькхий дIахIуттуш хилла. Тхан баккхийчара дуьйцура, ун даьржинчу шарахь велла Зайт, цул тIаьхьа хийла хан яьлча а, коша чохь мекха тIера чо талхаза карийна, олий.

Ехачу аьхка йол хьокхуш, докъар гулдеш къахьоьгура тхан божарша. Цу заманна, Iуй лоций, деригге а даьхни кхечу лома тIе дуьгура. Мангал хьакха йиш йоцуш меттиг яра, «Бехке меттиг» олуш. Цуьнан цIе иштта хIунда хилла-м хаац суна, амма цунна юьххьехь бIов яра, йисте йина тIулган кIаргIа а йолуш. Цу бIаьвнал дехьарчу метте ваха гIуда дала дезара. УьстагI а боьй, цуьнан лерг кIаргIах дIа а дуллий, воьдура цига воьдург. Цига ваханчунна Iахар а лора. Шена Iахар а ца оьшу аьлла, тхан юьртан жаIу шен коьртара маша юьхьах а хьарчийна тIеваьлла а, цигара ма-валлу охьавеана а дагдогIу суна. Майралла гойтуш я кхин Iалашо йолуш хилла ца хаьа суна.

Дукха дара ораматаш, акха стоьмаш, дарбане бецаш. Мерза цоцмаш (туьтеш санна горга а йолуш, сийна а, цIе а хуьлура уьш), хIелнаш (кемсаш санна сийна хуьлура), цIазамаш, мангал-комарш кхуьура бацалахь, кегийрачу кондаршца кхуьура кхазарш, бетташ. Мел мерза хуьлура уьш! ХIинца а уьш дагайогIий, цергах хи долий Iа со. Готан хенахь нахарна тIаьхьара нецхаш гулдора, хьаьмцаш санна кегийра а долуш, мерза ораматаш дара уьш. ЖIонкех тера хуьлура IаьIеш. Хьонкан хенахь кхуьура шоьпа а (хьонка санна кIон яраш), уьш а, татеш а, нитташ а хьакха а бой буура. Маьлхисте – сов къовламе мохк белахь а, Iаламан комаьршонах буьзина мохк бара. Доллучу хIуманан тIех шорто цахиларо долчуьнан хама бан Iамадора цигара адам. Бурул можа, гIоргIа, юккъехь буьртикаш долуш, алхашлахь хуьлура лежиг чу дуттий хьелий даьтта.

Махках дохучу Iуьйрана цхьа даьттан лежиг а, ахьаран тIоьрмиг а схьаэца лараеллера тхан денана. Чимкентан лайла тхаьш охьакхиссича, тхан денанас цу даьттаца хьакхийна тхаьш диинчу буьйдачу межаргийн хьожа хIинца а дика дагайогIу суна.

ВаллахIи, кхин зовкх хьоьгуш ма ца бохкура ломахь болу нах, хIетте а, вайнах бохочу Iуьйрана, бежнех терра, охьалаьхкина цкъа Сахане, цигахь яра сельсовет а, ишкол а, тIаккха БIаьста олучу метте гулдира. Цигара лаьхккина Ялхарой далийра. Некъ ца балург, лазарна я воккхалла кIелвиснарг тоьпаш тухий дIавоккхура. Тхуна гина ду-кх, сан ненайишин марнана, йоккха стаг, шен кIентан кIант гехь воллуш халла йогIура. Яьллачу тоьпо иза а, цуьнан гехь долу бер а лецира. И ший а доьжначу новккъахь Iилла дитина, тхо охьалаьхкира. Цу дийнахь вийра тхан хьехархо хилла Эска а. Маьлхистера а, цунна лахарчу мехкашкара а адам Ялхара гулдира, цигара машенаш тIехь цIерпоштанекъа тIе далийна, дуьхь-дуьхьул мехаш хьоькхучу даьхни лелийначу вагонаш тIе доьттира. Дера тоьур дара цIерпошт йолаелча адамера девлла маьхьарий, церан Деле кхайкхар.

Схьахетарехь, и минот тIекхаччалц, хуьлучух ца кхеташ хиллехь, тIаккха кхийтира тхо, ДегIастах къаьсташ хилар.

17-18 дийнахь новкъа дахара. Дукха эрчаллаш гира новкъахь а. Каш доцуш, лай кIел белларш кхуьссуш дIаэхар тоьур дара, мацаллий, хьогаллий ца йийцича а. Гуттар хала дара мехкаршна, кегийчу зударшна. Баккхийчарна а ма дацара атта. Ламазан аьтто боьхнера церан а. Юккъера эхь, ийман дIадаьккха бина кечам бара вагон чохь.

18-чу дийнахь Чимкентски областан Фогелевски совхозехь охьадехира тхо. Цига дуьхьал баьхкинчу казахаша стерчийн салазаш тIехь цхьаццанхьа дIасадигира. Масех отделени а, дуьйш-дерзош дуккха а латта, даьхни а долуш йоккха совхоз яра иза. Тхо Амангельды кхечира. Шайн махкахь бахар бен кхин дика хьал дацара бухарчу къомехь а. Юучуьнца аьтто хьоьгуш а бацара. Iаьнан юккъехь тхо тIедиссийча, цара а хIун гIо дийр дара. Цу тIе, тхол хьалха дIакхаьчна «адам дуу адамаш догIу» аьлла ирча цIе а ма яра. Юьхьанца йоккхачу шеконца яра церан тхоьца йолу юкъаметтиг. Тхо декъаза адамаш дуьйла хиъча-м, шайн дан долу гIо-накъосталла а дора цара, амма цу тIе кхачале хийла а дIавахара.

БIастена юьххьехь лаьттаца болх бан дуьйладелира. Божарий кIезиг бара церан, цундела 10-12 шо кхачна божабераш трактор тIе а, хIутосурга тIе ховша дора. Йоцу хенаш ю олий а ишттачу балха дIаоьцуйтура, и бахьана долуш лечура кIелхьара бевлларш а кIезиг бацара.

3-4 шарахь бала хьегнехь а, мелла а когаметта хIотта доладелира къам. ДIаболабелира белхеш а, синкъерамаш а. БунхаевгIар бехачу юьрта шайн гергарнаш болчу вогIура Моцкъарара Мусин Нажмудди. Цу хенахь доккхачу гIуллакхехь ларалуш вара иза. Совхозан ярташка цхьацца товар дIасакхоьхьуш говр-ворда яра цуьнгахь. Цуьнан ненан шичехь БунхаевгIеран цхьа йоI а яра. Иштта, цхьа рицкъ хилла, 1949-чу шарахь цуьнга яхара Малихьат.

– Тхан дай а, баккхийнаш а вовшашна бевзаш бара. Гергарнаш, йиш-ваша, цхьа тамашийна хьаьрччина гулахь, вовшашна тIера болуш, цхьана бохкуш бара МусаевгIар, – дуьйцу Малихьата, – Долчу хенахь тхо санна, дуккха а хилла уьш а, амма цхьаберш тIамтIехь а, вуьш Казахстанехь а кхелхина тоба жимъеллехь а, кегийнарш шортта хьалакхиъна, Дала дебабарш.

Шен гергарнаш шена уллохь безаш вара берийн да. Жимма Iедал кIаддела, дIасаваха йиш йолчу хенахь, шен де шичин кхо йоI ша волчу схьаялийна, уьш шайн-шайн цIентIе дIатарбира цо. Цул тIаьхьа вахана, тIехь да воцуш бисина шен девешин доьзал а схьабалийра. Ленгерера а, кхечанхьара шен гергарнаш схьагулбира. Жимма лаьттах чуохкий, тIехула чIегIалгаш а тухий, цхьа цIийнан бахьана йора. Иштта 9 цIа дара тхан цхьана моггIара.

Цунах лаьцна хьалхехьуо дийцинера суна Хьалха-МартантIера вахархочо Мусаев Абуезеда:

– ХIинца а ТIерлойн ломахь лаьттачу Моцкъаройн бIовна чохь вехаш хиллачу ТIерлойн Мусин 10 кIант а, 5 йоI а боккха доьзал кхиъна. Цуьнан кIант Асу, тхан да, 1937-чу шарахь лаьцна вайна. Шина зудчо биначу Мусин доьзалехь кIентех воккханиг Исбаьхьа, зуда ялийна бов волуш, Арстаха олучу меттехь ваха хиъна. Цхьаъ санна, нахана вевзаш, везаш, оьзда, дика кIант хилла Мусин Исбаьхьа. Нахана юккъехь дош лелаш къонаха а хилла. Вайнах бохоле кхелхина. Арстахахь дIавоьллина, тахана а цуьнан каш девзаш ду. Цуьнан доьзалехь 4 кIант а, 4 йоI кхиъна. Уьш а, шайн да санна доьналла долуш, яхьах буьззина, зударий а тIехь маслаIате, кхиэлана ховшо мегар долуш бара. Ши ваша – Iабдул-Хьамиддий, Хожа-Ахьмаддий Казахстанехь кхелхира. 1957-чу шарахь, цIа доьрзуш, дайх йисинчу петаршка, ТIерлойн лома хьаладахар дихкира тхуна Iедало. Воккхах волу Iабдурахьманний, жимах волу Нажмуддий Казахстанера цIа боьрзуш Iалхан-ГIалахь севцира. Цхьацца берш Серноводскехь, тхо Хьалха-МартантIехь. Иштта дIасабекъабелира МусаевгIар. Амма тахана а вовшийн тIекхочуш, дика-вон доькъуш, цхьа буй санна ду тхо, Нажмудди доьзалехь шен дех а, дедех а терра кIант, Дала вахаварг, Iалавди кхиарна…

Дуьххьара вина ши кIант бераллехь кхелхина, царал тIаьхьа хилла ши йоI, цхьа кIант, кхо бер дара кхеран доьзалехь, 1959-чу шарахь МусаевгIар – Нажмудди, Малихьат цIа доьрзуш.

– Iалхан-ГIала схьадахкар, Iер-дахарна аьтто болуш меттиг хиларна дара, – дагалоьцу Малихьата, – Цул сов, кху берийн ши дейиша яра кхузахь ехаш. Юьртахь котамийн фабрика а, элеватор а, ДОК а яра. Болх бан аьтто болуш меттиг хилча, балхах кхоьруш дацара тхо. Эрна арарчу эвлайистехь йолчу, хIинца тхаьш дехачу кху кертан уьйтIахь, ялх дукъо вовшашна дуьхь-дуьхьал хIоттийна, царна тIе Iаьржа кехат тоьхна кхалор а йина, цу кIел, хIинццал тIетосуш хилла, цхьаъ бен доцучу юргIи тIе сайн кхо бер – ТIаус, Рукъи, Iалавди охьа а хаийна, кхоалгIа а яха йолаелира со.

Казахстанехь санна, дохнаца вара берийн да. Кертахь а даима кхобуш 5-6 бежана а, бетташ 2-3 етт а, пух йоккху гезарий, уьстагIий, котам, гIаз, бад хуьлура. Хьала кхиъ-кхиъначу беро шена доггIург дIаоьцура. ХIора аьхка 2 бIе котаман кIорни леладора. Къайлах-къулах лома хьала ца доьлхуш а ца Iара. Оьшнара ширачу цIа чохь дохнаца хьалавоьдий кхеран деваша, дейиша, девешин бераш Iара. Iалавдин бералла цигахь дIаяхана, и безам, марзо ю Iалавдис тахана а лелош ерг а, и цига хьалагIертар. Цкъа даьхни а догуш, боккха бохам а хилира. Ломара цIа тIе йол тоьхна дара. Мархин юучунна хьалагIевттина хIорш, Iуьйкъе йина дIабийшина, тхов тIерачу алах цIе яьлла, Делан къинхетамца шайна зе ца хуьлуш кIелхьара бевллера, амма даьхни даьгнера. Цунах чам баьлла Ваши цIахь сецнера, могаш а вацара иза, ткъа кху берийн да цигахь йоккху хан товш вара.

Цкъа хабар даийтира цо, йол хьалаэца гIо дан йола аьлла. Цу хенахь Ваши больницехь а, дукха ледара а волуш, ладоьгIийла яра цуьнан. Берашна тIераяьлла яха а ца лууш, ца яхча а йиш йоцуш хьаьвзира со. Кху тхан урамехь вовшийн гергарло долуш 11-12 цIа дара, ледара ма хилалаш цаьрга а аьлла, хьалаяхара со. Итон-Кхаьлла кхаччалц машенца, цигара цхьамма говр елла цуьнца, хьалайоьдучу суна, ца девза жIаьлеш дуьхьал девлира.

Говрара охьайоьссина, нагахь и къахкахь, тхойшиннах-м Iал-дIаьIахк а юьсур ма яцара, цхьана куьйга говран урх лаьцна, вукхуьнца жIаьлеш дIалоьхкуш тасаели со. ГIуллакх ца хили, цара кайиттина 11 чов йина хиллера сан настаршна, голешна тIехь. Дехьа басах мангалахь воллучу, тхоьца цхьаьна ломахь Iаш волчу Зиян хиллера уьш. Цуьнан орца кхиъна, цо мохь тоьхча, сох ка йиттина дIадахара жIаьлеш.

Говран юьхь дIа ца хоьцуш, цIийх юьзначу настаршца жоьла йолчу дIакхаьчна, сох хIун накъост хир ю бохуш, гIайгIане яра. Цу бусса, цхьа панар эцна вахана, шен дас лелош яра аьлла цхьа буц еара кхеран дас. И ата а аьтта чевнашна тIехьаьрсира. Iуьйрана къомар лацаделла яра сан чевнаш, царна тIехула сан йовлакх а дихкина, йол гулъян яхара со. Пхеа дийнахь бIе такхор йол гулйира оха. Атта ца даьхна. Къахьегна. Хьашт ма-дду йорт йиттина.

Дагалецамаша гIелйина Малихьат жимма соцунгIа хилира. Цу юкъанна Малихьатан йоккхах йолчу йоIе ,ТIаусе, хотту ас, муха кхиадора шу нанас олий:

– Тхо кхиош Iен-м йиш ца хиллера кхуьнан, дан-м дина тхо кхуо, – йоьлу иза, – амма гIуллакхна ца кхоийна. Лулахойн, гергарчийн, йиш-вешин шайн вовшийн гIуллакх делаш, бохуш хьехар дора нанас. Шу вовшийн хилахь, нах а шун хир бу, амма шу вовшийн ца хилахь, нахана шу хIумма а хетар яц, олура. Ша реза йоцучунна, цхьацца масалш даладора, цхьана хьенеха иштта динера, чIогIа ца товш дара иза олий. Тхо кхетара, тхайгара гIалат даьллийла. Иза нисдан а, кхин ца далийта а хьожура.

Юха а ас цхьацца хеттарна йолало Малихьат:

– Жимма онда даьллачу беро шена догIург схьаоьцура. Тахана со ца кхета, къоначу наноша шайн бераш дечух лардарх. ГIуллакхах бер кхахкорал вон болх бац нанас шен берана бийриг. Ас дIагIертийна уьш доллучу хIуманна а. Кхана шайна баха ма беза церан. Нана ехар ма яц царна хьалхара. Ас мел дукха къахьегнехь а тахана шаьш динарг бен ма дац кхеран. Мел жима делахь а, шен ницкъ кхочург дан деза беро.

Динарг карор ду. Ца динарг оьшур ду. Кху тхайн урамера нехан гIуллакх сайн долуш санна хетта суна, даьхнех дерг-м хIетте а. Атто эса дича а и лийчадой, чудаладой, аттана оьшург дой бен чу ца йоьрзура со. Сайга гIуллакх дайтича тоьура. Иштта амал яра кхеран ден а. Нехан гIуллакхна, диканна-вонна лаьттина иза а. Хийлла а, баккхийчу Iеламнахе дIа ца дерзаделла девнах машар бина веъна. Дала мукълахь, нахана дика болх хилча дика хетта, вон болх хилча халахетта.

Доьзалехь йиш-вешина, гергарчарна юккъехь марзо латториг нана ю. Цхьаьнгахь а цхьа де ца лаьтта. Тахана кху сайн берех эхь хетар дара суна, нахаца хьагI-гамо, вон дог-ойла хила ас хIорш Iамийнехь. Цхьаццадерг дийца дезаш а ца хуьлу, шайн ден-ненан амалех, леларх масал оьцу бераша.

Дукха жима вара Iалавди, эцца луларчу станце оьхуш, вагонаш тIера кира дассош къахьегна, шена вилспед эцча. Ехачу аьхка цу вилспетахь йол гулйеш, масех бежана Iаьнах даьккхира цо. Шен тIамарх доьлларг дара цуьнан иза. Ткъа мехкарша жим-жимма оьцуш цIийнаноналла дIаийцира. Цу масаллица дIагIиртина царал тIаьхьа кхиъна Балавди, Себила, Баудди.

Массара а дешна, дахарехь шайн некъ карийна. Кино чохь санна, цхьа сихха дIаели хIара зама, амма кхана гун дерг девзаш дац. Кху кегийчийн дог ца дохийта, (ткъа уьш Малихьатан шен 6 бер, 26 берийн бер, 39 церан бераш ду!) Деле доьхуш Iа со. И дисина суна. Мел гиначийн, лелийчийн ойла йича, мелан терзан дикан агIо еза хиларе сатуьйсу…

 

 

Кху дийне кхаччалц ша гIаролехь лаьттина болх-некъ, дика-во юьстаха диллина, шен кIентан баьрччехь Iан йисина Малихьат. Дера ца йисина совъяла а, я цхьанна а вон дош хазийтина, шех пе тоха меттиг йитина а.

Халачу дахарх – махкахдахарх, Казахстанан эшамех, юхаметта хIотторан боламах, доьзалан ден чIана лаха дезаран накъосталлех доьналлица чекхъяьлла, хIинца гонаха хьийзачу берашна, берийн берашна, несаршна масал хилла Iа.

Кху деношкахь, шайн а, Малихьатан а Даймахкахь, лаьмнашкахь, шайн нанна тIера доккха сагIа даьккхира МусаевгIар. 76 адамера «Дала декъал йойла хьо, баба!» хезира цунна.

Цул деза дешнаш дац Малихьатна хаза.

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.
Поддержка сайта