http://www.nana-journal.ru

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН

Пресс-эстафета "ЧР - ДОМ ДРУЖБЫ"


Даймехкан маршонна гIаролехь лаьттинарг Печать Email

Газиева Аза

 

1041-г1а шеран 26-чу июлехь зорбане даьллачу «Ленинан некъ» газетан хьалхара аг1о, цу муьрехь Гвардин капитан хиллачу Мазаев Маташах дуьйцуш ю. Алсам хастаме дешнаш ду турпалхочух лаьцна. Маташан а, цуьнан ден Хамзатханан а суьрташ ду, кегирхой йохье баха санна т1етоьхна. Фашисташ ямартлонца СССР-на т1елетта хан ю иза.

Мазаев Маташ хила а хилла бакъволу турпалхо. Дера лом санна летта иза т1еман арахь мостаг1чух. Цунах лаьцна вайна дукха дийцина. Маташан майраллех даьхна иллеш а к1езга дац. Халкъан а, мехкан а дозалла ду и яхь йолу к1ант. Шен дахар, б1аьрганег1ар ца тухуш, даймехкан сий лардеш д1аделла цуо.

Делахь а, цхьа дагахьбаллам бу, къоман турпалхойх, х1инца а деригге а вайна ца хаар. Маташан йиша, Есимат ма хилла цу т1амехь дакъалоцуш. Цунах дерг 1аламат к1езга хаьа, къуоначу чкъурана муххале а. И к1айдаргаш д1айоху хан т1екхаьчна аьлла хета суна. Маташан а, Есиматан а ден ц1е Хамзатхан хилла. Церан нана Алероева Бала хилла. Вайнехан кхерчашкахь хуьлуш ма хиллара, боккха доьзал хилла Мазаевг1еран. Цкъа цхьана хенахь кулакаш бу бохуш та1зар латтийна хилла цаьргахь советан 1едало. И 1азап-м советан 1едало вайнах боцучаьрга а такхийтина. Хийла г1алг1азакхи махкаха ваьккхина, нилха яьхна церан станицаш. Ткъа яссаеллачу станицашка, «раскулачить» бин олий вайнах баха ховшош хилла.

Иштта, Итум-Кхаьллан к1оштара Басхарахь баьхначу дишнех ву, шортта шен долахь жа а, бажа а долуш вехаш хилла, Лакха Невре кхаьчна Мазаев Хамзатханан да а. Деригге а Делера дуй хууш волчу цуо, шен к1енташна зударий балийна, орам д1атесна Теркайистехь. Цигахь 1920-г1а шеран 23-чу мартехь дуьненчу яьлла Мазаева Есимат а. Амма дукха хан ялале берашка дешийта лууш, шен доьзал балош Серноводске охьавеъна Мазаев Хамзатхан. Серноводскехь чекхйоккху Есимата юккъерачу ишколан ворх1 класс. Т1аккха хьехархойн училище деша а йоьду. Делахь а, цунах тоам ца бо кхиина йог1учу Есимата. Жимчохь дуьйна лор хила лууш яра йо1. Амма лоьраш кечбен училлище Соьлжа-Г1алахь бен яцара, ткъа Есиматан дена, йо1 шена гена ялийта ца лаьара. Вайнехан г1иллакхна т1ег1ертара Хамзатхан, зудбер б1аьргана гучохь хилар бег1ийла хеташ. Шен вешига Маташе орца даьккхира т1аккха Есимата, дас цуо аьллачуьнга ладуг1ий а хууш. Эххар а да т1евирзира йоь1ан лаамна. Иштта шен 1алашоне кхаьчна, Соьлжа-Г1алара лоьрийн училище чекхъяьккхина фельдшер хилира Есиматах. Цунна дукха безара шен болх. Кхин д1а а деша дагахь яра Есимат, шен говзалла, дарбанан къайле к1орггера йовза лууш. Амма, дагахь доцуш болабелира луьра т1ом. Маре яхана, карахь жима йо1 йолуш.

Соьлжа-Г1алахь 1аш яра Есимат 1941 шарахь 22-чу июнехь и буьрса т1ом болалуш. Дуьненна хууш ду т1ом болалуш итт эзар вайнехан жима стаг ц1иечу эскаршкахь г1уллакх деш хиллий. И т1ом болабеллачу хьалхара деношкахь шайн лаамехь кхин кхойтта эзар стаг т1ам т1е вахара. Царна юкъахь вара Мазаева Есиматан х1усамда а. Т1еман арахь мостаг1ех леташ вара Есиматан воккхаха волу ваша Маташ а. Т1аккха шена хетарехь юьстаха яьлла 1ойла дацара Есиматан. Цунах т1еман фельдшер хуьлу. Кхин болу лоьраш санна лазийначу салташна г1о-накъосталла дан арайолу иза.

Грозный-Малгобек маршрутца, т1аьхьо Кропоткинская ц1е йолчу станци кхаччалц, хаддаза, санитарни поезд т1ехь, д1асалела лоьраш, чевнаш хилла б1аьхой госпиталашка идош. Аьттехьа дац и некъаш маьрша дара бохург. Де-буьйса ца лоьруш немцуоша луьста деш авиатохарш дара. Амма Мазаева Есимат озаелла юха йолачарех яцара. 1943-чу шарахь Кропоткинехь ч1ог1а чевнаш хуьлу йо1ана, цхьана ханна госпиталехь 1иллар т1е а дужу. Мазаева Есиматан лаккхара кормталла, доьналла долуш, б1аьхочун декхарна хьанала хиларна 1едало тидаме эцна, дина алссам совг1аташ дара кхуьнан. Есимат лазочу хенахь исс орденан а, масех мидалан а кавалер яра вайн махкахо.

Капитан медицинской службы чинехь яра Мазаева Есимат. Чевнаш дика йирзина йовлале, госпиталера йодий юха а шен балхана т1ейоьрзу и турпала йо1. Амма х1инца беха ца бойту Мазаева Есимате и болх. Ирча г1ан санна, къинхетмза йог1ий схьакхочу 1944-чу шеран февраль беттан 23-г1а шийла 1уьйре. Махкаха доккху деригге а нохчийн къам. Шен жима йо1 мара юллий, къена нана а оьций цу къаьхьачу новкъа йолу Есимат а.

Маташ т1еман арахь воьжна, иштта воьжна Есиматан х1усамда а. Цара Даймехкан сий ларош д1аделла шайн къуона дахар. Даймехкан дуьхьа къахьоьгуш яьхнера Есимата шен орденаш, мидалш. Амма х1инца уьш тергалъеш стаг а вацара. Шайн ц1ий 1енош нохчаша яьхначу мидалин мехалла цкъачунна т1епаза яйнера. Цунах дика кхетара 24 шо кхачаза йолу Мазаева Есимат. Бакъдерг дийцча, цу муьрехь йо1 уьш дагайог1учохь яцара. Даймахкана турпалхо кхиина шен нана а, луьрачу т1еман арахь да воьжна жима йо1 а хене яккха напха лаха дезара хийрачу махкахь. Пекъарш, Мазаева Есимат а, цуьнан къена нана а уггаре шийлачу метте кхаьчнера, уллехь цхьа а гергара стаг воцуш. Акмоленск г1алана юххехь яра Есиматара баха, цкъачунна д1атарбина юрт. Делахь а, хастам хиларан Аллах1-Делан комаьршачу къинхетаман орца кхечира кхарна а.

Цигара цхьа казах Маташаца т1ом бина, иза дика вевзаш хиллера. Шайн юьрта кхаьчнарш, т1еман накъостан наний, йиший юй хиъчиа юьхьанца дуучуьнца,молучуьнца 1аламат доккха накъосталла дира казахо. Т1аьхьо, вайнахана дехьа-сехьа бовла бакъо яьлча, шайн гергарнаш болчу Алма-Ата д1абаха зударшна аьтту а бира.

Алма-Атахь сихха балха яхара Есимат. Кхуьнан б1аьххьаллийн некъах дерг девзича, Алма-Атан 12-чу участке фельдшер балха х1оттайо 1едало вайн махкахо. 1948-чу шарахь шолг1а маре йоьду Мазаева Есимат, Шелара Асхабов Мохьмаде. Иза а вара цу заманан турпалхо. Блокадни Ленинрадехь т1ом бина. Цуьнан ваша Асхабов Ахьмад Брестски г1опехь т1ом беш хилла. Асхабов Ахьмадах дерг ма-дарра Ошаев Халида язйина «Слово о полку Чечено-Ингушском» киншки т1ехь ду. Ткъа Есимата дуккха шерашкахь фельдшеран болх бо вай билгала яьккхиначу Алма-Атан 12-чу участкехь. И больница заь1апхойн ц1а лоруш дара. Т1амехь лазийна заь1апхой бара цигара дукхаха болу дархой. Т1еман хьал дика девзаш йолчу Мазаева Есимата ц1енчу даггара бора цу дархошца болх. Цундела иза массарна дукхаезара.

Т1аьхьо, Алма-Атахь Гидроэлектростанци юьллуш, дика лор хиларна билгалайоккхий, цига хьажайо Мазаева Есимат. Вайнахана ц1а берза бакъо яллалца цигахь къахьогу цу хьуьнаре зудчо.

1957-г1а шеран 7-чу ноябрехь даймахка ц1а боьрзу Есимат доьзал. Вайнехан г1иллакхца дог1уш ма хиллара, юьхьанца х1усамда схьаваьллачу Шела д1аг1урту х1орш. Амма Шелара керт-кевне дог ца дохуьйту. Асхабовг1еран х1усамехь 1аш суьйли бара, ц1а вирзинарг т1емало вара аьлла, кхуьнан дех дисина ц1енош дассо дагахь а боцуш. Девне бийларх шаьш тоьлур боцийла кхеташ болу Есиматар, т1аккха 1ен-баха Серноводске д1абоьлху.

Цу муьрехь 37 шо дара Мазаева Есиматан. Хьалха яханчохь йина йо1 д1аяьллера. Асхабов Мохьмадана йина йо1 яра Есиматан ишколехь доьшуш. Ша санна каде а, «т1ах» аьлла кхиира Есимата и шен цхьаъ бен йоцу йо1. Йоь1ан ц1е Тамара ю. Шен нана яьхначу Серноводскехь ехаш ю иза х1инца, цигара №1 йолчу школехь хьехархочун болх беш а ю. Шен нана санна хьуьнаре стаг а, къам, мохк дукхадезаш ю. Тамарийна тахна дагахь лаьтта ненан хьехамаш. Мазаева Есимат ма яра собарца, г1иллакхаца, доьналлийца чекхъяьлла. «Хьегнарг-лайнарг д1адолу, – олура цуо, – халкъалахь юьсуш ерг стеган ц1е ю». Бакъду, Мазаева Есимата, мел луьра хало, харцо, шело, мацалла дуьхьалаяларх къар ца луш, зуламечу мехашка ша гор ца х1оттайойтуш ларйина шен сийлахь ц1е. 1957 шеран ноябрехь, Серноводскера больнице балха д1ах1оьттина, 1992 шеран декабрь бутт т1еккхаччалца хьанала къахьегна цуо, шена дукхабезачу юьртахойн могшаллийна г1ароллехь лаьтташ. Болх дукха дика барна 1едало алссам дина совг1аташ ду Есиматан. Делахь а, халкъана, махкана уггаре доккха совг1ат – Мазаева Есиматан сийлахь ц1е ю.

2008 шеран 23-чу июнехь бакъ-дуьнена йирзина, вай массара шех дозалла дан хьакъйолу турпалхо. Дала геч дойла цунна! Дика хир дара аьлла хета, Мазаева Есиматан доьналлийн некъ бовзуьйтуш дагалецамийн суьйре д1аяьхча а. Тахна т1екхуьучу чкъурана доккха масал хир дара, Мазаева Есиматан турпала дахар.

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.