Для восстановления архива, сгоревшего в результате теракта 04.12.2014г., редакция выкупает номера журнала за последние годы.
http://www.nana-journal.ru

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН

Пресс-эстафета "ЧР - ДОМ ДРУЖБЫ"


Нахана дIаделла дог Печать Email

Сулейманова Камета, Соьлжа-ГIалин №9 йолчу клинически больницан белхахо

 

«Хиндолу хьоза биэнахь дека», – баьхна вайн дайша. Дукха хьолахь жимачу хенахь къастабо стага шен дахаран некъ а, корматалла а. И халкъан тидам нийса хилар гойту, нохчийн йоьIан Бааева Зинин кхолламан бакъдолчо а.

– Цуьнга и лоьралла хьаьнгара кхаьчна а дера ца хаьа суна, – дуьйцу йоьIан нанас Хьавраа. – И жима йолуш доллу Зинин ловзарш тайнигашна дарба лелорах лаьттара. Цхьаъ даима корта лозуш ю олура, важа, сан санна, букъ лозуш хуьлура. КъозлагIниг кIентан сурт дара. Иза, харцахьа хиларе терра, «кIохцалш юкъа воьдий», «дитт тIера чувужий» гуттара «меженаш лозуш» хуьлура. Царех хIоранна «дог эца» довха дош а, лело «дарба» а карадора йоIана. Амма цкъа а, шен тайнигаш мел чIогIа «вуон леларх», царна дов-м ца дора цо. Хьоьстуш, «йоьлхург» тееш, дашца хьехам бора.

Дех-ненах, йиша-вешех цхьанна цамгар я муьлхха сиркхо хьакхаелча, малош долу молха а, хIоттош йолу «къепе» а Зинин гIоьнца хила езара тхан доьзалехь, – кхин дIа а дуьйцу Хьавраа. – Дас иза цкъа а къахка ца йойтура. Цундела, хIумма ца лезча а, шена луъучу хенахь цо тхуна, цомгуш ца хилийта, «маха а тухура», коьрта тIе дашийна киса а дуьллура, стоьмийн муттанех, шекарх, кампетех ша кечдина «молха» а мийладора. Иза, жимчохь дуьйна, чIогIа къинхетам болуш хилла яра. Адамех лаза дог а, хета къа а доцчуьнгахь товш ма дац лоьралла.

Бакъ ю Хьавраъ. Вала воллучуьнга а ца бевлла бен ца хьожу лор а ма го вайна наггахь. Делах кхоьруш, Делах тешаш лор ву аьлла араволучуьна вала де ма ду иза

Шеца хиллачу цхьана къамелехь гоьваьллачу хирурга Ханбиев Iумара элира: «Хьайгара накъосталле сатесна веанчу дархочуьнга айхьа цкъа хьан-хIа алахь, хаа ду хьуна хьайгара лоьралла чекхдаьллий. Цигахь кхачало хьан къинхетам, хьан цомгашчух дог лазар, хьан адамалла а… Дала цул тIаьхьа хьан куьг бахьна а дина нахана дарба лур ду ала а ца хаьа суна…»

Йоккха адамалла а, къинхетам а болчарех ю Бааева Зина. Схьахетарехь шен са а, дог а дIалур дара цо цамгаро лаьцна холчу хIоьттинчун хьанна а. Тхан декъе чов хилла дархо валийча, цо лорйижаршка хIоттош дерг ган дезара шуна. Цунна орцах йолий, доллучу х1уманна кхачо ян г1ерташ хьийза.

Соьлжа-ГIалин №9 йолчу клинически больницан хьалхарчу хирургин декъан йоккхах йолу лорйиша ю Бааева Зина. Курчалойн кIоштан Цоцин-Эвлара ю ша ц1ера. Цигахь чекхяьккхина юккъера ишкол а. Бакъду, ша дукха сатийсинчу говзаллина дешар юкъахдита дийзира, кхоллам а лелла, нехан цIен тIе яхар нисделча. Цул тIаьхьа шина тIеман бала а, гIайгIа а, хало а, гIело а гира Зинина а, цуьнан берашна а. И бахьана долуш буьйхира кхеран доьзал а.

Балхахь, арахь йоцуш йисинчу йоIе деша гIо элира дас. Берашка хьажар нанна кхечира. Дуьхьало яр эрна хиларх кхетча, яхара Зина Соьлжа-ГIалара лоьрийн колледже. 2005-чу шарахь иза кхиамца чекх а яьккхира.

Къинхьегаман юьхь Республикин «Сихонан г1о» больницехь йолаелира Зинин. Цигахь шарахь болх бича, Соьлжа-ГIалин №9 йолчу больницин шолгIачу хирургин декъе кхайкхира цуьнга. Шен бох кхоччуш караберзийна, цу тIехь зеделларг гулдина ца Iаш, нахаца яза, уьш деза, ша царна езийта хуу йоI йовза елира йоллучу а больницин коллективехь. Олуш ма хиллара, кестта цунах белхан накъостийн «хьомсар» а хилира. Цундела нисделира 2011-чу шарахь больницин куьйгалло Бааева Зина кхузара №1 йолчу хирургин декъие лакхара лорйиша яхийтар.

Тахана йоьIан Iуналлехь ю дархойн 11 палата (юкъарчу барамехь 45 маьнга). ОьгIазе, дера ма хуьлу цомгашниг. ТIаккха дийца оьшу аьлла ца хета, 45 дархочуьнга, х1ора а шен-шен амал цолуш ма вуй, х1оранге ладогIа а, х1оранна ала хаза дош каро а, цкъацкъа сатоха а мел собар деза.

– Дархо вац хала а, экаме а хуьлург, – олу Зинас, – дархочуьнца йолу цамгар ю. Молханан цхьа бIелиг шен хенахь дIа ца кхачийча а, дарба лелор а тIаьхьа хиларна кхерам бу. Цундела вайн бакъо яц цу тIехь кIеззиг а ледорло ялийта.

Чу са диллина леладо Зинас да-нана а, бераш а. Малх санна кхуьуш йиъ йоI ю цуьнан, жимах йолу Бусана берийн беша лелаш а йолуш.

ХIорш шаьш пхиъ ду ден-ненан доьзалехь: ши йиший, кхоъ ваший. ХIоранна а дахарехь шен некъ карийна, хьанал сискал йоккхуш воллу. Жимах волу ваша, Iусман, Кишиев Кунта-Хьаьжин цIарах йолчу Нохчийн Республикин Исламски университетехь доьшуш ву.

Хаъал хилчахьана пачхьалкхан балхахь воллу Зинин да Юкъара-Iаьза а (Юкъарчу Азехь тиллина цунна и ц1е). Ткъа Зинин нанна, Хьавраана, шенна дисина цкъачунна шайн цIийнан дукъ. Иштта, ишколе лела берийн бераш терго еш лелор а.

– Беттан юккъехь цкъа мукъне а ден хIусамехь цхьаьнакхета тхан бертахь доьзал, – боху Бааева Зинас. – Дуккха а хуьлу вовше дийца, вовше хатта, вовше декъа. Боккъалла аьлча, суна тхаьш даккхий хилла аьлла а ца хета, шераша къеждинехь а.

Йиша-вешина санна, даггара дукхаеза Бааева Зина белхан накъосташна а. Куьйгалхойн боккха лерам а бу цуьнга. Амма Зинина доллучул а деза ду шен декъехь дарба дечу дархоша олу баркалла.

И ду-кх и, тахана а, кхана а карон дерг. Я олуш ма-хиллара, стага шена тIаьхьа дуьненахь дуьтург а, эхартахь ял хинъерг а.

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.