http://www.nana-journal.ru

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН

Пресс-эстафета "ЧР - ДОМ ДРУЖБЫ"


Ненан ирс Печать Email

Сейлмуханов Муса

 

Хебарийн некъаша дерина

хьан куьйгаш, нана,

Деза ду суна уьш

– сан ирсан хьоме ши теш.

Генарчу Г1ум-Азехь тхо кхиош

мел хьегна бала,

Хьайн кийрахь къуьйлу ахь,

б1аьрхиша дог делхадеш…

 

Маржа нохчийн Нана! Хьуна ца гуш, хьуна т1е ца х1уттуш х1умма а дисний-те?

Дала хьайна мел дина дика цхьана буйна дерзийна лийлира хьо, ц1ийнах, доьзалах, гергарчарех яьлла, т1амо чахчийначу нохчийн ярташкахула, г1алийн урамашкахула. Х1инца санна, 1944-чу шарахь дорцехула, хьайн рицкъан да йоцуш йохийна махкаха яьккхира хьо. Хийла дена, йиша вешийна т1аьхьа, хеназа уьш 1ожалло д1абуьгуш, г1ийла б1аьрг бетташ б1аьрхиш ледийна ахь.

Маржа нохчийн Нана…

Диканна а, вонна а цхьатерра собар долуш, дог ч1ог1а а, дог к1еда а хьо бен кхин хир юй-те кху Дала Шен серло ца кхоочу доккхачу, декъазчу дуьненахь?

Неврехь ехаш ю исс беран нана Астамирова Напсат. Цуьнан хершнаша деринчу шина куьйге хьаьжча, ца дийцича а кхетар ву, иза цуьнан дахарехь хьаналчу къинхьегамо йитина лар юьйла. Вай дохийна махках дохучу хенахь итт шо кхаьчна яра Забурин йо1 Напсат. Бераллехь шена мел гинарг, лайнарг, харцо, къизалла дагалеца йоьлча, дуьне ца духуш х1унда дисар-те бохуш ойла хилла Напсатийн.

– Делан диканах тешаш, Иза даима дагахь латтош хиларна, нахана хиллачул бен зен-зулам доцуш кху хене девла тхо. Дала динчунна реза а хилла, Цо делларг къобалдеш т1е а эцна. Хьанна моьттура, со кху хене яьлла, сайн берийн, берийберийн дика хьоьстуш лела Дала могаш-маьрша кху дийне кхачор ю? Далла бу хастам! – дерзадо шен къамел Напсата.

– Тхан деначулла а хало алссам кхаьчна аьлла хета суна тхайн нанна, – дуьйцу цуьнан йо1а Замана. Кхин х1умма а ца хилча тхо кхииний цо. Сайн доьзал кхиъчий бен ца хиъна, ненан декхар мелла доккха хиллий.

1958 шарахь ц1а дирзича цкъа Со1ди-К1отарахь, т1аккха Шелковски районехь 1ар-дахар нисделла Напсатг1еран доьзалан. Цул т1аьхьа, 1964-чу шарахь, Невре схьакхелхина. Аттачех яцара и зама: х1оразза а керт-ков юха нисдан дезаш хуьлура.

– Х1ун ду и ирс? И хьанна хаьа..?

Тхан нанас олу: «Ирс – х1оранан шен-шен ду». Иштта хила а там бу иза. Суна тахана сайн ирс – елаелла, екхаелла сайн нана гар ду аьлла теша. Ирсе дан г1ерташ дешийтира тхоьга дас-нанас, шайн ницкъ дуккха а, дийцина ца яллал, дика а дина. Цундела, тхо х1ора дийнахь да а, нана а долчу х1усаме зиярте дог1уш санна дог1у, – дуьйцу Напсатан йо1а Замана.

Тахана махко дозалла дан мегар ду Напсат санна болчу нанойх а, цуьнан доьзалх а. Цкъа а шайн ненан вон ма гойла доьзална. Цкъа а нанна а шен доьзалан вон ма гойла!

 

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.