http://www.nana-journal.ru

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН

Пресс-эстафета "ЧР - ДОМ ДРУЖБЫ"


Хьо йоцуш висичахьана... Печать Email

Закриев Шудди

 

Журналан дешархойн дехарца...

 

Хьо йоцуш висичахьана…

Ахь цхьалха витичахьана, сан собар кхачийна, нана,

Ахь дуьне дитичахьана, сан бала базбелла, нана.

Со воьдуш цкъа т1аьхьа яла йоцуш ю хьо х1инца, нана,

Ц1а вог1уш дуьхьала яла, ца хили хьо суна, нана.

Ца хили хьо суна, нана, г1елвелчахь «к1адвеллий» ала,

Ца хили хьо суна, нана – ц1а веъчахь «марша ва» ала.

Ца хили хьо суна елха, ца хили хьо суна ела,

Ца хили хьох къа а хетта, цкъа суна дуьненах кхера.

Ткъа х1инца-м т1ейог1у 1уьйре, цхьа а вац сан т1аьхьа вала,

Ткъа х1инца-м т1ейог1у суьйре – хьо а яц дуьхьала яла.

Ма еса, тийна ю 1уьйре, ахь сама ца воккху со,

Ма г1ийла, къиза ю суьйре, ц1а веъча бухахь яц хьо.

 

Сан ненан, Заянти, ялх шо хилла нохчийн халкъ, 1944-чу шеран 23-г1а февралехь, Сибреха дохош. Уьш ворх1 бер хилла: Жарадат, Забант, Замират, Заянт, Махлукъ, Мината, Жамула. Нохч-Келара Инкот к1отарахь 1ийна сан ненахой. Тахана царах цхьа Забант бен йолуш яц. Цунна шен да а дага ца вог1у. Иза Кири юьртахь юьртда болх беш хилла. Ц1ера даьхча Казахстанера Кзыл-Ордински областан Керла-Казалинск поселке кхаьчна сан ненада Жалмирза а, ненанана Азехьат а шайн берашца. Цигахь сан нанас интернатехь т1ехдика дошуш йиъ класс чекхйоккху. Кхин д1а дешар ца хуьлу цуьнан: 1960 шарахь уьш ц1а бирзина Сема1ашка юьрта. Цул т1аьхьа, цхьа шо даьлча вовшахкхетта сан дай наний. Тхо кхо к1антий, цхьа йо11ий кхиира церан. Тхо ч1ог1а ийна дара, вовшех хаьдча мегар дац а моьттура. Амма вайна къиза беанчу т1емаша гайтина хало лан ца елла, кхечу пачхьалкхе д1акхелхина сан ши ваша. Цаьрга лаьттинчу сингаттамо а ненан могашалла хаъал эшийра. 2005-чу шеран март баттахь хеназа д1аяхара иза, г1оли хилла аьлла а моттийтина. Т1ех1оьттича ловр доцуш х1умма а ца хиллера, ткъа нана д1аялар дагахь баллам боцуш нислуш а ца хилла.

Х1ара Шамсудинов Бувайсаран ненах лаьцна байт сайн дагт1ера кхоллаелча санна хета суна. Цхьа а ма вуьссийла ненан марзонах хьоьгуш!

 

Х1етте а воьду со, вог1у – мацаха хьо йолуш санна,

Д1авоьдуш хьо т1аьхьа йолу, ц1а вог1уш дуьхьала йолу,

«Некъ дика...», «...марша ва» олу, ц1а кхаьччахь «к1адвеллий» олу,

Х1инца а хьо т1аьхьа йолу, х1инца а дуьхьала йолу...

…Хьо йоцуш висичахьана, туьйранех теша со нана,

Ахь дуьне дитичахьана, г1енех а хьоьгу со, нана...

 

Сан нана ч1ог1а дика стаг яра, адам дукхадезаш а, комаьрша а, доьналла долуш а. Берахь дуьйна цхьа ламаз-марха дитина а яцара, харцонах, хьарам рицкъах ларъелла а яра. Цундела массарна а хала хийтира и хеназа кхелхина, дуккха а наха цунна дика тоьшалла а дира. Дала гечдойла вайн д1абаханчу наношна!

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.