Для восстановления архива, сгоревшего в результате теракта 04.12.2014г., редакция выкупает номера журнала за последние годы.
http://www.nana-journal.ru

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН

Пресс-эстафета "ЧР - ДОМ ДРУЖБЫ"


Даймахках къастар Печать Email

Бечуркаев Iарби

 

 

Сан дай баьхна латта,

Сан ирс долу Даймохк,

Хьох къаьстина, дог диллина

Iалур ца хиллера.

М. Дикаев

 

 

ШолгIа тIом болабеллачул тIаьхьа хала, йоккха киртиг тIехIоьттира вайн къомана. ТIеман кхерамах къаьхкина, дуккха а вайнах Малхбузен, Азин пачхьалкхашка дIабахара. Цхьаберш луларчу мехкашкахь, четаршкахья нехан хIусамашкахь хан токхуш бара.

Иштта Ахьмад а кхечира 1999-чу шеран сентябрь баттахь шен доьзалца ГIалгIайчу. БIаьрга сара кхетча санна, чохь Iен хIусам лоьхуш бара мухIажарш.

Ахьмадан а дийзира шен хIусамненаца, Назранехь дуккха а нехан кетIа хIитта. Ши бер, евзаш йолчу, цхьана хьехархо йолчохь дитинера.

МухIажарех сийсаш яра хIора хIусам. ШолгIа тIом бола а балале, и болалур буйла хууш, хIусамаш схьалаьцнера нохчаша, 100-200 доллар а луш.

 

Шина-кхаа дийнахь лехча, цхьа декъаза чоь нисъелира эзар соьмах, автостанцина юххехь, цхьана таьIначу меттехь. Юххехь пограничникийн часть а яра, дIахьаьжча, герзаца чардакх тIехь лаьтташ ха деш волу гIарол а гуш. Цхьацца берш герзаца, тIехула къохцалган сара а хьуш йиначу лекха кертахь, лелаш гора.

Халачу хьолехь цхьа бутт хан яьккхира цигахь. Кхин а хьелург хиллера,  вевзаш волчу хелхархочунна Мухаммедов Iабдуллина тхо цигахь Iаш дуйла ца хиънехьара. Соьлжа-Г1алахь Ахьмада куьйгалла дечу гимназехь дешархошна вайнехан хелхарш Iамош вара Iабдулла. Шена юххехь квартира а лаьцна, Таргим олучу поселке дIадигира цо тхо. Цигахь Iаш берш гIалгIайн коьрта нах бара, гена воццуш Iаш президент Аушев а хиллера.

Доккхачу коттеджан цIа чохь елларг жима цхьа чоь яра. Столови хьалхарчу этажа тIехь яра, цу чохь дийнахь кхузза вовшахкхетара хIусамдай, тхой. Жима ши бер дара церан: йоIIий, кIантий. Да балхахь вацара, ткъа нана хьехархо яра. Лида яра цуьнан цIе. Дог-ойла вон йолуш стаг хиллера иза, амма хIусамда ТIахIир оьзда стаг вара. ЧIогIа реза вацара иза шен зудчунна: чохь дечунна, берашка хьажарна, уьш кхетош-кхиорна цхьа а тидам тIебохуьйтуш яц бохуш. Берашна IадIе бохург хIун ду а ца хаьара. Дукха шайн чоьнаш йолушшехь, тхо долчу догIий, вон лелара и шиъ.

Iабдулла вогIура тхо долчу кестта-кеста. Цунна дика хаьара тхоьгахь долу хьал-де. Цо олура: «Деллахь, Ахьмад, хьалххе хиъна делара суна шу кхуза схьадаьхкинийла, ма со волчу схьадалийна хир дара ас шу». И волчохь Iаш Нохчийчуьра ши доьзал бара: «Вайнах» ансамблехь болх бина артистка Асхабоввий, шен майрачуьнца Iабдуллица, цуьнан йоьIан доьзаллий. Iабдуллин хIусамнана Асет хьехархо яра, АушевгIарах а йолуш. Iабдулла Нохчийчохь хиламаш болабелча схьавеанера кхуза. Кхузахь цо кечъйинера вайнехан хелхарийн тоба. Иза билгалвелира республикин куьйгалхошна. Юьхьанца хало хьегнехь а, тIаьхьо коттедж а елла, цунна юххехь кхин а тIехIоттош гIишло а йина, дика ваха хиънера. Цу чохь шен долахь берийн беш схьайиллира цо, хIусамнана куьйгалхо а хIоттош.

Ткъе итт сов бер дара берийн беша оьхуш. Дика дIахIоттина бара цигахь болх.

Цу хенахь Ахьмад волчу еара Назранера юккъерачу №1 йолчу ишколан куьйгалхо Аушева Лида. Цунна цхьамма дийцина хиллера, Ахьмад зеделларг долуш хьехархо а, тIаьххьарчу итт шарахь Соьлжа-Г1алахь цхьана гимназин куьйгалхо хиларх лаьцна.

Лида лохочу дегIахь, Iаьржа бIаьрг-цкъоцкъам а долуш безамехь зуда яра.

Цо дийцира ша Ахьмад волчу яран Iалашо: завуч оьшуш хиллера цунна. Дешаран шо доладелла кхозлагIа бутт бара. Лида цу ишколе кхаччалц куьйгалхо ца 1ийнера, Соьлжа-Г1алара педучилищехь хьехархочун болх бар бен. Куьйгалхочун болх шена ледара хаар хьул ца дира цо. Ахьмад реза хилира: «Хан дIаялар а хир, деш а, дуьтуш а доцуш чохь Iачул», - аьлла.

ШолгIачу дийнахь итт сахьт долуш директоран кабинета чохь вара Ахьмад. Цо схьайийхира керлачу шарна хIоттийна хила езаш йолу ишколан белхан план. Лидас цхьа зорба тоьхна кехат схьаделира.

– ХIара ю хьан план? – аьлла, цецваьллера Ахьмад.

– Ас хIора баттана хIоттайо план, – жоп делира директора.

– Шарна хIоттийначу плана юккъера ма ишший схьаэца мегар ю  баттана а, шина баттана ерг. Ткъа хIара ахь беш болу болх, оьрсаша ма-аллара, сихаллийн болх бу. Иза доккха гIалат ду. Комиссино балхара дIа ца йоккхуш а дика йитина хьо. Со цхьа кIира даьлча юха вогIур ву, ишколан шаран план хIоттае. И ца хилча болх бан йиш яц», – элира Ахьмада.

Лида реза хилира.

КIира дIадаьллачул тIаьхьа а цхьа хийцам бацара. Кхин гIуллакх а ца хилла, хьалхалерачу шерашкахь хIиттийна планаш а, иштта цхьацца оьшуш йолу информаци а схьа а эцна, кхаа дийнахь цIахь план хIоттийра Ахьмада. Ша балхахь завучан даржехь чIагI а вайтина, кхеташонехь хIоттийна план коллективна йовза а йовзийтина, болх дIаболийра Ахьмада.  Хьехархойн хьирпал йовзархьама, шина кIиранах массо а хьехархочун дарсехь хуьлуш чеквелира иза. Шовзаткъе итт хьехархочух балхахь вита хьакъ волуш ткъе иттех бен вацара. Вуьш, берашна, ишколна юххе бита мегар долуш бацара.

Шайн директорна чIогIа реза бацара хьехархой – нийсо ца ларйора Лидас: дика болх бечунна, цхьа бехк а боццушехь, коча йоьдура. Царна юккъехь машар беш верг, дукха хьолахь, Ахьмад хуьлура. Ахьмад коьрта завуч вара. Кхечу завучийн бала бацара дешаран процессаца. 10-15 минот тIаьхьабуьсура, шайн дарс йолаелча а къамел деш лаьттара. Масийтазза дIахьедар динера цаьрга Ахьмада. ТIаьххьара а административни собрани а кхайкхина, и гIуллакх дийцаре дира. Цу кхеташонехь шайн даржах мукъабехира уьш. Ахьмада завучан дарже балха ялийра Соьлжа-Г1алахь хьехархойн училищехь болх бина йолу, вевзаш волчу яздархочуьнан йоI, Саракаева Асет. Асет доккха похIма долуш хьехархо хиллера. Цо лартIе ялийра ишколан документаци. Методикца йогIу хьехархойн кхеташо а, Iилманан-практически конференцеш а дIахьора. Хьехархоша, вовшашца йохье а буьйлуш, болх болийра, амма шайн директорна чIогIа реза бацара. И дIаяккхаре  сатуьйсура цара. Цу школехь болх беш яра лакхарчу классашкахь оьрсийн моттий, литературий хьоьхуш Российски Федерацин хьакъйолу хьехархо Мартазанова Фатима.

Литературни произведени Iамийна бевлча, цу произведени юккъера спектакль, сценка хIоттайора цо. Берийн хаарш кIоргера дара. Цо Iамадора уьш ойла ян, жамI дан, шайна хеттарг ма-дарра, ийза а ца луш, схьаала. КIиранах цхьа а де ца долура Ахьмад цуьнан уроке ца воьдуш. ТIулг кхоссал берашна, ишколна юххе бита мегар доцурш а бара «хьехархойн» сийлахь цIе лелош. Ахьмад шайн уроке ван воьлча, цара ца кхуллуш хIума ца дуьтура: корта лозуш ю, цIахь сингаттам баьллера, урокана кечам бан йиш ца хиллера. Масане дара уьш. Наггахь белха а боьлхура. Ахьмада олура цаьрга: «Со, шуна ма-гарра, шу санна адам ду, борз яц. Хьехар дан, гIонна вогIуш вай со-м», – олий. Иштта уьш хьостий, хьогий, воьдура иза церан дарсе. Дарсан дика а, ледара а агIо билгалйоккхура, хьехаран эвсаралла лакхайоккху некъ бовзуьйтура.

Иштта чекхдала герга даханера дешаран шо. Къаьсташ, дикачу агIор хийцаделлера ишколехь дешархой кхетош-кхиоран хьал. Цхьана дийнахь дешаран министерствера инспекторийн йоккха тоба еара ишколехь долу хьал талла. Хьехархойн дарсашка оьхуш, ишколан документацига хьоьжуш масех де даьккхира. Цхьана хьехархочо хаьттина хиллера комиссин председателе: «И тхан директор дIа ца йоккху аш?» – аьлла. «ДIаяккха цхьа а бахьана ца го тхуна. ГIоьнчий дика бу цуьнан. Баркалла ала дезаш меттиг ю кхузахь», – аьлла, жоп делла хиллера.

Иштта дIаделира дешаран шо. Шина шарахь чохь Iен ялх хIусам хийцира Ахьмадан доьзало. Уьш хийцаран бахьана цигахь Iийначарна дика хаьа. Дуккха а гуманитарни организацеш яра ГIалгIайчохь мухIажаршна гIоьнна кхоьллина: датски, австрин немецойн, америкин, чехин Iаьрбийн,  кхин ерш а. Цара схьайиллинера берашна деша четаран ишколаш, иштта чохь Iан хьелаш а кхоьллинера. Назранехь, шозза тIекIел динчу даккхийчу кибарчигийн цIенош чохь, яра америкин гуманитарни организаци. МухIажаршна гIо деш масийтта отдел яра цу чохь: г1ишло яран, дешаран, хица кхачо яран, культурни.

Плиево юьртахь четаран ишкол яра цара схьайиллина. Цу ишколе директор хьажийра Ахьмад. Юххехь чохь Iан меттиг а карийра Ахьмадан доьзална. ХIусамнанна, Тайнина а математикин сахьташ хилира. Ялх хьехархо, хехо, цхьа бIе шовзткъа дешархо – иштта контингент яра цу ишколан.

Дешаран гIирс а, бедар-х1ума а, юург а маьхза яра дешархошна. ХIора баттана хIоттош дешаран, кхетош-кхиоран план яра. Урокаш чекхъевлча, берашна кхоьллина дуккха а кружокаш яра.

Тайп-тайпана конкурсаш дIахьора ишколехь. Цига кхойкхура берийн дай-наной. Толамхошна совгIат лора. Ишколан оьшуш долу массо а хIума латтадора инспекторша Тамилассий, Элинассий. Организаторо ахчанца кхачо еш Нохчийн Культурни центр яра Назранехь. Цуьнан куьйгалхо вара вевзаш волу халкъан яздархо Ахмадов Муса. Цигахь дIахьора 1илман-практически конференцеш, интеллектуальни ловзарш, бевзаш болчу вайнехан артисташций, Iилманчашций, хьехархошций цхьаьнакхетарш. Юнусов Хьамзат – похIма долу журналист, гочдархо, программист; Лазиз Вагаев – ингалс меттан хьехархо, гочдархо; Хачукаев Iела – меттан говзанча, конферансье; Хьава Ахмадова – эшаршлакхархо, режиссер; Эдилов Салавди – нохчийн меттан говзанча, хьехархошна лерина язйинчу масех жайнин автор – иштта белхалой бара оьздангаллин кхерчахь къахьоьгуш. Шайн-шайн декъехь дика говзанчаш бара уьш. Культурни кхерчахь кеч а еш, Назрановски типографехь зорбатухура дешархошна оьшуш йолу Iаматаш, исбаьхьаллин литература, гайтаман гIирсаш. Хала хан хиллехь а, кестта-кеста мухIажарш болчохь хуьлура Нохчийчохь бевзаш болу Iилманчаш, яздархой: Минкаилов Эльбрус, Эсхаджиев Якъуб, Вагапов Iарби, Абдулаев Леча, Халадов Муса, Джамбеков ШаIрани иштта кхиберш а.

Дийцина ца валлал дукха пайдехь болх бира оьздангаллин кхерчо цу масех шарахь.

МухIажарш Нохчийчу цIа эха буьйлабелира. Цхьаберш бисира, вуьш, вайна хууш долчу бахьанна, кхечу пачхьалкхашка дIаэха буьйлабелира. Эвхьаза яьллера ГIалгIайчуьа мухIажарш Iаш йолу меттигаш: кест-кестта “зачисткаш” йора, дIабуьгура бехк боцу кегийрхой. Изза хьал дара Нохчийчохь а. И бахьана долуш, шайн бераш лардархьама, дукха нохчий дIаихира СНГ-н а, малхбузера пачхьалкхашка а. Цкъа Ахьмад цIера ваьллачу хенахь, «зачисткаш» еш хиллера Плиево юьртахь. Дукха кегийрхой дIабигина аьлла, даьржира юьртахь.

Ахьмадан ткъа шо кхаьчна кIант Мовсар дIавига гIоьртина хиллера шайн коьртехь эпсар волу оьрсийн салтийн цхьа тоба. КIентан нанас Тайнас, гора а хIоьттина, дехнера эпсаре, дIа ма вигхьара ахь шен цхьаъ бен воцу кIант, цхьанна а вочу гIуллакхехь хилла вацара шен иза, ткъе пхиъ шарахь хьехархочун болх а беш, нийса кхиийнера ша иза бохуш.

Шайн Iемина къамел дора эпсаро: кехаташ талла а теллина, схьавоуьйтур ву бохуш. Шен карахь йолу сом-ком дIаеллера Тайнас. КIант дIа ца вуьгуш витира. Цул тIаьхьа, дукха кхераяларна, шен кIанттий, йоIIий эцна кхечу пачхьалкхе дIаяхара Тайна.

Ахьмад вахара доьзал новкъа баккха. Цхьа ах сахьт диснера цIерпошт дIайолаяла. Доьзал вагон чу дIатарбеллера. Дукха хан ялале Ахьмадан йоI Майса, вагона чуьра ара а яьлла, шен дена тIееара: «Дада, Мовсар воьлхуш ву, тевехьа иза», – элира йоIа. Сихачу боларца вагона чу вахара Ахьмад. «Велха ма велха, хьо-м хIинца сан метта вай, хьо-м къонаха вай. Хьайн ненан, йишин дола дан декхар долуш ма ву хьо. Гена некъ бу аш арабаьккхинарг, ледара хила мегар дац. Къонахий-м боьлхуш ца хуьлий», – чекхадаьккхира Ахьмада шен къамел.

ЦIерпошт дIайолаелча, дикка лаьттира Ахьмад шен накъостаца Мусаца. ЧIогIа холчухIоьттинера иза, доьзал дIа а хьажийна ша вуьсуш. Ростов-ГIала дIакхаччалц воьлхуш вахана хиллера Мовсар.

Масех де даьлча, Париже кхаьчна хиллера хIорш. Цигахь отелехь Iийна беа баттахь. Карара ахча а дIадаьлла хилла. ХIора дийнахь, берех къайла а йолий, йоьлхура нана. Норвеги баха Iалашо йолуш болу хIорш Францехь севца хилла, шелонах кхера а белла. Тайнин могашалла дика йоцу дела.

КIанта чIогIа сагатдора шен дена. ХIора дийнахь аьлча санна, телефон тухура. Цкъа юха цIа бахка сацам бира.

Хала мур токхура доьзало. Цхьана тишачу отелан жима чоь яра кхузахь кхарна елла. Цкъа папки чуьра оьшуш долу цхьа кехат лоьхуш, куьйга нохчийн маттахь хаза язъйинчу стихотворени тIе ниселла Тайна. И ешначул тIаьхьа, бIаьргех хи даьлла кхунна,кIанта и язъйинийла а хиъна. КIоргера чулацам болуш, хIора могIа дагах хьакхалуш, язъйина ю и стихотворени.

Мовсара нене хIумма а аьлла ца хилла цунах лаьцна. Новкъа схьавогIуш а, шен боцчу махка ша схьакхаьчначул тIаьхьа а ша йина ойла, ша сагатдар байтин мог1арехь кехата тIе даьккхина кIанта. Цкъа Тайнас телефон чухула шен майрачуьнца къамел деш ешна иза.

 

Дог доьлхуш вели со

Халачу новкъа,

Таьххьара бIаьрг тухуш

Лаьмнашка сайн.

БIаьрхи а Iенош,

Даймахке хьоьжуш, –

Хала ду хьох вала,

Сан Нохчийчоь.

Со вина сан гIала,

Левзина урамаш –

Мел ирча ду тахна

ХIоьттина сурт.

МостагI ву хьо хьоьшуш,

Нохчий а бойуш,

Дог Iийжа, хьоь хьаьжча,

Сан Нохчийчоь.

Мел гена воьду со

Тхов-кIело лаха,

Дог Iийжаш битина

Сайн беза мохк.

Хила хьо машаре,

Хила хьо беркате,

Дог доьхна вогIу со

Сайн боцчу махка.

Сайн дагна беза нах

ДIатаса дийзи-кха,

ДIатаса йийзи-кха

Сайн Нохчийчоь.

БIаьрг боьлхуш вогIу со,

Дог доьлхуш вогIу со,

Везаш тIеэцахьа,

Сан боцу мохк.

Гергарчу нахах

Со мостагIчо ваьккхи.

Ца вити ваха со

Сайн Нохчийчохь.

Сайн да а витина,

Бобер а хилла

Веа со хьуна тIе,

Сан боцу мохк!

Машаре сатуьйсуш,

Деле а доьхуш,

ДIабаккхар Нохчийчохь

Иккхина тIом.

Даймахкана сагатдеш,

БIаьрхи а Iенош,

Дог Iийжаш вехар ву,

Сан боцу мохк!

Хала ду хьох къаста,

Хала ду хьох вала.

Ас езаш юьту хьо,

Сан Нохчийчоь!

 

Биъ бутт баьллачул тIаьхьа кхечира Ахьмад шен доьзална тIе. Дуккха а хало лайра. Масийтта меттиг хийца дийзира. Эххар а Парижана шовзткъа километр бен йоцчу гIалахь дIанисбелира. ЙоIа профессиональни лицей яьккхира, цул тIаьхьа водителан курсаш. Туьканахь болх бира. КIанта кхаа шарахь дийшира мотт Iамош, цхьацца говзалла караерзош йолу курсаш чекхъехира. Туьканахь болх а беш, Парижан университете меттанаш Iамочу факультете деша вахара. ТIаьхьабисира хала мур. Чохь Iен хIусам а елира, дикачех машен а ийцира. Цхьа а хIума оьшуш доцуш, баха хевшира. Амма Даймахкана, гергарчарна сагатдора массара.

«Кхузткъа шо сов хан йолчу сан меттиг яц хIара, со сайн цIахь хила веза, сайн гергарчаьрца, сайн халкъаца», – бохуш, дуккха кханенаш йохкура Ахьмада.

ТIаккха а дIанисдалаза долу бераш – яло езачо ялийна а, яха езарг цIера яьлла а цахилар дагадогIий, дагалаьцнарг кхочушхилаза дуьсура.

Хала ду дозанал арахьа Iаш болчу нохчашна к1антана зуда яло а, йо1 д1анисъян а: нах вовше бевзаш цахиларний, нохчалла яйна хиларний. Нохчийн кегийчу нахана мотт бицлуш бу, чохь а, арахь французин мотт буьйцуш хиларна. Цхьа долчу дений-нанний и ца бийцича а бен ца хета.

Цкъа Ахьмада шена дика вевзаш волчу Хьасан цIе йолчу къонахчуьнга телефон туьйхира. Университетехь доьшуш ши кIант вара цуьнан. Ткъа ша, г1ишлояран фирма долахь йолуш вара. Трубка схьаийцира Хьасанан цхьана кIанта. «Хьасан чохь вуй?» – аьлла шега хаьттича: «Хьасан чохь дац, иза балха дахана ду», – аьллера. Дог а даьттIа, аз стамдеш вистхилира Ахьмад: «ЖIаьла-м дац иза, чохь ца хила? Хьайн ненан мотт биц ма бе. Нана а ма ю хьан  физикин 1илман кандидат а йолуш, цкъа цхьана хенахь Нохч-ГIалгIайн пахьалкхан университетехь болх а бина, цIена нохчийн мотт а хууш».

Кхин цхьа масал а далор вай.

Ахьмаддий, цуьнан доттагI, кхузткъе итт шо кхаьчна Хьусейнний, кхайкхинера Султан цIе йолчу цхьана Хьалкелара схьаваьллачу къонахчо. Боккхачу доьзалан да ву Султан: кхо кIанттий, пхи йоIIий ду цуьнан. ХIусамнанас Хедас хьалха диллина жижиг-галнех а кхеташ Iаш хилла хIара кхоъ, цIера ловзар тIедаьккхинчу кассете а хьоьжуш. Кхарна аьрру агIор хевшина Iаш кхо йоIIий, ши кIантий хилла. ЦIенкъа тесначу куза тIехь Iаш хилла уьш, чучча когаш а баьхна, цхьацца къамел деш. Кассете хьожуш болчу кхарна ца хеза церан къамел. Ахьмада хаьттина берийн дега Султане: «Муьлхачу маттахь ду цара ден къамел?» Султана жоп делла: «Юххе тIе а гIой ладогIахь, тIаккха хуур ду хьуна», – аьлла.  ДIа ладоьгIча, буьйцуш берг, чIегIардигаша санна, французийн мотт хилла. «ЦIахь мукъане а нохчийн мотт хIунда ца буьйцуьйту ахь кхаьрга?» – аьлла кхо Султане. «Царна хаъхьара-м буьйцуьйтур бара. Тхо цIера арадевлла пхийтта шо ду. Доккхах долчу шинна бен нохчийн мотт ца хаьа. Ас Iарбийн дешар а Iамадайтина. Дика Къуръан деша а хаьа кхарна», – бохуш, кIелхьаравала гIоьртира хIусамда.  Ахьмад вистхилира: «Султан, кхана-лама, кхузара вайн рицкъ дIа а даьлла, вай цIа доьрзур ду. Хьан бераш нохчий мотт а ца хууш хир ду. ТIемаш доцу олхазар санна ву шен ненан мотт цахуург. ДегIа тIера меже йоцуш волчуьнца вуста а мегар ду. Хан дIа ца йохуьйтуш, ахь а, берийн нанас чохь нохчийн мотт бийца а беза, тептарш а долийна, алфавит тIера дуьйладелла, шаьшшинна ма-хаъара. Сарахь, французийн ишколера цIа баьхкича, царна Iамо а беза, нагахь санна царах манкурташ бан шуьшиъ гIерташ дацахь».

Парижехь а, иштта цунна гонахьарчу бархI зонехь Iаш болчу нохчийн берашна Iамош бац нохчийн мотт. ГIиллакх, ислам-динах лаьцна а. Я царна и цахаарх цуьрриг а саготта дукхах болу дай-наной а бац. Нохчийн мотт 1аморан болх дика дIахIоттийна Бельгехь, Норвегехь, Германехь.

Кху могIанийн автора а, иштта кхин пхеа хьехархочо а шина шарахь маьхза болх бира нохчийн берашна шоьта дийнаххьий, кIирандийнаххьий нохчийн, оьрсийн мотт а, иштта нохчийн этика, хелхарш, иллеш Iамош а. Хьехархошна луш ахча цахилар бахьана долуш дIакъевлира и ишкол. Хир ву баьхна спонсор а гучу ца велира.

Хаза мохк бу Францин пачхьалкх. Цара йиц ца йо шайн истори. Францехь схьайиллина стигал кIелахь музей ю. Туристийн пачхьалкх ю иза. Цара дола до шайн лаьттан. Ткъа мухIажарийн ойла цIехьа ю, царна хаьа, и хаза мохк шайн боцийла. Мел хаза и мохк белахь а, самукъа ца долу церан цу хазаллех. Шайн берийн са дадийна баьхкина уьш кхуза. Ирсе дац церан дахар, дай баьхна латта ду царна гуттар а дагахь лаьттарг. Даймахках хаьдда ваьхначунна бен хуур бац цуьнга болу бакъ безам.

«ХIун диначунна даьхна шу махках?» – хаттар дина хилла вевзаш волчу нохчийн яздархочуьнга Сулейманов Ахьмаде цуьнан доттагI-казахо. Ахьмада жоп делла: «Стигал чIогIа сийна, малх чIогIа къегаш, йовхо луш хилар, латта хьена, шовданаш шийла а, цIена а хилар, лаьмнаш лекха а, исбаьхьа а хиларна, мехкарий хаза а, кегий нах тIех майра а, тIахъаьлла а хилар – и бахьана дара тхо махкахдахар».

Вайн халкъана тIехь рогIера Iазап латто, къам хIаллакдан цхьа бахьана дацара.  Делан кхеле лур вай нахана тIехь и къизалла гайтинарш. Вайнехан санна хаза гIиллакх дац цхьанна а къоман. Жимчо воккханиг ларар, воккханиг тIевеъча, жимахниг хьалагIаттар, Iуьйре, де, суьйре дикаяр, некъбитар.  Воккханиг, бехкениг волчохь дас-нанас шен бер схьацаэцар, кIентан, йоьIан захало дуьйцу меттиг шовдан коьртехь (нахана гучохь) хилар; цуьнан маьIана ду: кIентан дог-ойла, и цIена хьаьъна, сирла шовда санна хилар гойтуш. Уггаре коьртаниг ду – доьзалхочо шен ден-ненан тергояр. Церан деэшначохь уьш дIацатасар. Иштта, дийцина ца валлал, цхьанна а къоман доцу хаза гIиллакхаш ду вайн.

Беркате меттиг ю Нохчийчоь.

ЦIаьххьана барт буьйхира Нохчийчохь, тIом белира. Йохийра Соьлжа-ГIала, ягийра ярташ, дуккха а кIентий байира. Дуккха а тIепаза байнарш бу. ХIора хIусаме вон кхечира. Кху тIехь дисарна Далла хастам бу! Нохчийчуьра дукха адам дIадахара.  Божарий баха-бахка йиш йоцуш хан еара. КIел ца дисира вайн къам. Зударий арабевлира. Яа хIума, оьшург зударша чудохьура.

Дала мукъ лахь, мацалла ца гира. ХIинца, жима бер санна, кога доьдуш ду вайн къам. Баьццарчу бай тIехь кхуьу петIамат-зезаг санна, кхуьуш ю вайн Нохчийчоь. Дала барт цхьаъ хуьлийла вайна юккъехь. Кхин цкъа а тIом ма болийла вайна. Даймахках хаьдда, цунах хьоьгуш ма дуьсийла вай. Имий-беркат лаьттийла Нохчийчохь!

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.
Поддержка сайта