http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Шен махкахь, шен маттахь... Печать Email

ОВХАДОВА Яхита, Нохчийн Республикин культурин хьакъйолу белхало

 

ТХО – ДУЬХХЬАРА

 

Т1амо цхьа х1ума а ца ларйо-кх, дависарг – адам а, латта а, г1ишло а – мел къуона а, хаза а, керла а хиларх. «Яьшки» чохь гина-хезна а доцуш, вайн б1аьргана хьалхха хилла, вайна-ваьшна гина-кх иза.

Советин заманахь дуьйна массо а меттера нах сада1а, могашалла тоян бог1уш, г1араяьлла хилла йолу «Серноводск-Кавказский» санаторий а ца йисинера «т1ара кхетаза». Т1ом чекхбаьллачул т1аьхьа инзарваллал дукха х1ума юха метта а х1оттийна, керла ян а йина Нохчийчохь. Куьг кхаьчна санаторина т1е а.

Кху шеран 14-чу апрелехь пхоьазза т1ек1елйина керла корпус схьайиллича, дуьххьара тхо дара цу чу кхаьчнарш. Кхузаманахьлерчу лехамца йог1уш, садо1учу нехан аьтто хин болу аг1о лоруш йина ю корпус. Буьйшу меттиг, процедураш ен кабинеташ, столови – шаерриг цхьана тхов к1елахь нисйина. Чохь а, уьйт1ахь а ч1ог1а хаза, ц1ена, аьхна. Санаторин директор Абдулаев Шамхан шен ницкъ ма-ббу воллу садо1учийн хьашт лардан г1ерташ. Дарбалелон г1уллакх а, дерриге дан ца ларийнехь а, дика д1ах1оттийна кхузахь. Цу аг1ор билгалбевлира коьртачу лоьран заместитель Лена, ванниш т1ера Бахаева Амнат, массажист Улбанов Зураб, дарбан-хатта лелочуьра, ток ягочуьра, столови чуьра зудабераш (халахеташ делахь а, ц1ераш массеран дагахь ца йисна). Г1иллакхе, к1еда-мерза, оьзда бистхуьлура уьш нахе.

 

 

САРАХЬ СУЬЙРЕНЦА

 

Дукхахберш къуоналло букъ берзийна нах бара кхуза могашаллина «йома йилла» баьхкина. Уллохь «ха» долуш-доцуш, цхьана я шина 1асанца, инсультан ачонна ког текхош я меженаша аьлларг ца деш. Дийнахь процедураш еш «идда» девллачул т1аьхьа, сарахь, кхечу дарбане а сатосий, артзал чу кхача сихлора массо а. Джамбекова Айза йолчу. Нохчийн Республикин хьакъйолу белхало, ц1ера Хьалха-Мартант1ера, ткъа марехь Т1ехьа-Мартант1ехь ю Айза. Шен тамечу куц-кепах, тайначу йистхиларх терра хаза йиша локхура цо.

Гуттара а самукъадаьллера нехан Айзас шена г1оьнна кхин а ши йишлакхархо кхайкхича – Музаева Пет1маттий, Давлетукаева Гуьмсеттий. Кар-кара а оьцуш, цу кхаа зудчо хаза самукъадоккхура нехан, массеран лаам кхочушбан г1ерташ. Кест-кеста боккхура хелхаран бал, хьовсучийн яххьаш серлайохуш. Дийнахь настарш ялхош лелларг а, 1ен а ца лой, юкъаэккхара хелхаран болана. Иза а – ша-тайпа дарба, т1емаша, зенаша, эшамаша г1елдинчу адмана.

Пет1матций, Гуьмсетций цхьаьна даьккхина иттех де массарна дагахь дисина хир ду аьлла хета суна. Дела реза хуьлда-кх царна, нехан догъэцарна, куралла, догзалла йоцуш.

Тхаьш къастаран хан гергаяхча, 1ен а ца елла, т1еяхара со Пет1матний, Гуьмсетний. Цу шимма иштта дийцира шайн къинхьегаман некъах лаьцна.

 

 

МУЗАЕВА ПЕТ1МАТ

 

“Со ц1ера Курчалара ю, цигахь йина а, кхиъна а ю. Сан, культурехь къахьегар доцург, кхин а ши диплом ду. Бухгалтер-экономист шина шарахь болх бина ас, амма суна иза безаш бацара. Х1унда аьлча ишколехь дуьйна со хелхаяла, йиш лакха лууш хилла, иза сайн ц1ийца долу дела. Тхан нана а яра йиш локхуш. Сибреха дуьгучу хенахь цуьнан уьссалг1а шо хилла. Цу халчу хенахь чамди т1е, г1анта т1е вота а тухуш, багахь тхан нанас йиш а локхуш, синкъерам беш хилла.

Суна сайна-м дага а ца дог1у, сан кхо шо ду бохура. Тхан да могуш воцуш, цхьа ч1ог1а аьтту байна, керара сом д1адаьлла, шен да-нана долчу йоьдуш хилла тхан нана со а оьций. Сан ехачу месех нанас, узбекийн йо1арша санна, итт-пхийтта ч1аба еш хилла. Денанас 1уьргаш даьхна х1етахьлера цхьа кепекаш т1е а оьхкина, пхьош доцург йина хилла суна. Иза а юхий, арайоккхуш хилла со денанас, б1аьрг ца хилийта.

Иштта со автобус т1е хьалаяьлча:

– Йо1, хьо хьенан ю? Хьуна хелхаяла хаьий, йиш лакха хаьий? – олуш, хьостуш хилла баккхийчу наха.

– Хаьа, – олуш хилла ас.

– Лакхахьа, ялахьа т1аккха, – аьлча,

– Ахча лахь локхур ю, – олуш хилла.

– Лакхал т1аккха, лур ду ахча, – аьлча, локхуш хилла.

Цу хенахь дуьйна къинхьегамах мах безаш хилла-кх со (йоьлу).

Тхан ненан ц1е Серижа ю, амма ненананас, ненадас Туту олура цунах. Цо ша ч1ог1а цецъяьллера олий дуьйцу, дуьххьара ас йиш лекхча:

«Схьало, Туту, стоьлт1ера куьзга,

Со куьзганчу хьажа йоллу.

Тоьур яра сан хазалла,

Жимма лекха елахьара».

Х1етахь дуьйна тасаелла сан йишлакхарца марзо.

Гуьмсехь консервни заводе бухгалтер балха х1оьттинера со. Цхьана дийнахь ц1а а еана, дега элира ас:

– Суна цигахь болх бан ца лаьа. Божарша цигаьркаш уьйзу. Соьга и ца лало.

– Т1аккха мича яха лаьа хьуна?

– Артист яха лаьа…

Шолг1ачу 1уьйранна дас соьга олу:

– Пет1мат, мичхьа ю хьо? Схьайоьл, вайша доьдуш ду.

– Стенга?

– Шемал волчу.

Курчалойн культурин Ц1ийнехь директор вара (х1инца а волуш ву) Шемал. Забарийна санна, Шемална т1е а юьгий, дас хотту:

– Х1ара сан йо1 артист яха лууш ю. Шемал, хьо волчу культурин Ц1ийнехь хилча кхунах артист хир юьй?

– Дера хир ю-кх, – вела а лой, олу Шемала.

Со балха д1аоьцу кхин цхьа х1ума доцуш.

Иштта Курчалара дуьйна схьаболабелла сан культурехь къахьегаран некъ. Юха тхан пищекомбинате Шелара ансамбль йог1у. Абашев Хьаси1ела куьйгалхо вара церан (Дала декъалвойла иза). Цара соьга, хьо иштта пох1ма долуш хилча, шайх схьакхета езара, шайца дуккха а зудабераш ду, шаьш концерташ оьций д1аса а доьлху, хьо кхузахь хьуо 1аш ю, олу. Дукха хазахетарца реза а хуьлий, ц1ахь берш халла т1е а берзабой, Шела балха йог1у со. Цигахь цхьана шарахь сов болх бо.

Цхьана юкъана, т1ом балале, ч1ог1а евзаш яра Аргунера «Шовдан аз» ансамбль. Цу хенахь шиъ бен «халкъан» олуш ансамбль ян а яцара – Ножай-Юьртарий, Аргунерий. Цигахь тхан куьйгалхо Миназаева Зара Аптиевна яра. Суна даггара баркалла ала луур дара цунна. Тахана ас хьажо б1аьрг, ойу куьг, шаршо ког – культурехь сан кхиар цунах доьзна ду.

Ткъа муха кхечира со «Шовдан аз» юкъа?

Шела ша еанчу хенахь: «Пет1мат, сан коллективехь дукха дика артисташ бу – Юнусова Малика, Щербина Света, Абдулкеримов Илес, Алимханов Гилани, Мусхабов Исмаь1ал, кхиберш. Хьо ша йолчу схьаеъча, ша шу зудаберийн тоба йийр яра», – элира цо. Ас элира: «Зараъ, со ч1ог1а хала еъна кхуза а. Ц1ахь йоуьйтур ю-яц ца хаьа суна». Зараа, со а эцна сан ц1а а еъна, нускал санна йийхира со: «Ша кху шун йо1ах жоп ма ло. Шен чохь зудабер дац. Шена Пет1мат дукха а езара, х1ара дика йо1 а яра. Ша дош ло шуна, х1ара шена юххера д1аериг цахиларх, яха-ян езачу ша шен машенахь д1асаюьгийтар хиларх. Шена белхало езара».

Иштта цо аьлча, сан дешичас жоп делира (тхан да цу хенахь воцуш вара): « Жима йоллушехь шех цу тайпа ойла кхоллаялийта хиъна йолчу йо1ана нахана юкъахь лела хуур ду. И йо1 сеца ма е», – аьлла…

Цу ансамбль юкъахь ас дуккха а болх бира.

Эдилсултанов Шит1ица (Дала декъалвойла иза) телевиденехь болх бар а нисделира…

Т1ом баьлла, Аргунера квартира йохийра, 1ен меттиг яцара, луш алапа дацара. Барх1 бутт болчу бераца со юьрта хьалаяхара. К1ентан пхи шой ах шой кхаьчначу хенахь мацахлера Шемал ц1а веара суна:

– Схьаэца езаш-м яцара хьо, тхо а дитина д1аяхана йолу. Шена хьо балха схьаян лаьара, хьоьца Курчалахь болх бинарш дуккха а шеца балхахь бу, – аьлла. «Шовдан аз» юкъахь сайца балхахь хилла Жабраилов Вахьид, Умарова Тоита, кхиберш буйла хиъча, со реза хилира.

Х1инца а Курчалара культурин Ц1ийнехь исбаьхьаллин куьйгалхо болх беш ю со, амма хиъна 1аш-м яц. Тхан районехь хуьлуш йолу цхьа а мероприяти ас дакъа ца лоцуш ца хуьлу. Ткъа 1аш-м Гуьмсехь ю. Мохк бегийначул т1аьхьа Курчалара ц1енош доха а дина, 1-чу группан инвалид, б1аьрсадайна наний, к1анттий эцна цига д1аяхара со. Г1ишлонна т1ера х1ора баттахь итт б1е туьма а луш, хене йолуш ю. Цигахь бехаш болчу ненахоша далуччул г1о-м до суна...”

 

 

ДАВЛЕТУКАЕВА ГУЬМСЕТ

 

“Йишлакхарца гергарло сан дукха жимчохь дуьйна ду. Д1акхаьчначохь йиш локхура ас – ц1ахь, ишколехь, кертахь. Да-нана Сибрехара ц1адирзичхьана а Эвтарахь 1ийна дара. Цу хенахь массара даьхни леладора. Со йохуьйтура бежнаш оза. Царна эшарш лоькхура ас. Ткъа уьш, шайн нох дохуш, ладоьг1уш лаьттара. Со божли чохь хьеелча, нанас т1аьхьа ваша воуьйтура: «Ва йо1, хьо х1ун деш 1а? Даима эшарш лоькхуш ю-кх хьо. И бежнаш мукъне дитахь», – олий…

Филармоне балха, Дала декъалвойла иза, Дидигов Билухьаьжас йигира. Цигахь солистка яра со. Цул т1аьхьа Дудаев Зелимхас вовшахтоьхначу «Деган аз» группин юкъахь Кагерманова Раисаций, Юнусова Маликаций, кхечаьрций болх бира.

Т1ом белира. Боллу артисташ Москва д1абахара. Сан нана цу хенахь к1елйиснера. Со цхьаъ бен йо1 яцара сан ден-ненан. Карара жима к1ант эцна, уьш болчу Эвтара д1аяхара со. Ч1ог1а хало а лайра.

Нанас олура соьга: «Ша дисна олхазар санна, массарах хаьдда-кх хьо со бахьнехь. Со я лийр ю хьуна, я толур ю хьуна. Ас дехар до хьоьга, хьайн накъосташна т1аьхьа д1аг1олахь».

Нана д1аелира. Юха а г1ала схьаеъна, сайн болх бечу хенахь да цомгуш хилира.Иза а лелийра. К1ентан да органашкахь болх беш вара. Иза а вийра.

Дийца самукъане х1умма а дац. Ч1ог1а хало лайна ас... Цкъа а со аттачу ер ю ца моьттура. Ткъа х1инца со вайн Пачхьалкхан симфонически оркестрехь болх беш ю.”

 

 

*   *   *

Гуьмсет “Къинхьегаман ветеран” ю, ткъа Пет1мата культурин хьармехь болх бен кхушара 30 шо кхочу. Оццул къахьегна хилча, сийлаллин дарж а шинний хирг хиларх шеко йоцуш, и хьахо йицъелла хир ю-кх аьлла хьахийра ас цу хьокъехь.

Гуьмсета элира:

– Кхин-м х1умма а дацара, хьо сцени т1е волуш товш ца хета-кх… Хьол дуккху т1аьхьа баьхкинчийн и дарж хилча…

Пет1мата т1етуьйхира:

– Гуттара а ма ца лелий балха... Къаьсттина культурехь, жимма хан яла йоьлча, х1инца-м тоьур дара, х1инца-м ц1ахь 1ен мегар дара ма олий вайн наха. Кхано, доьзална хьалха ала дош хир дар-кх…. «Нохчийн культуран хьакъйолу белхало» ю аьлла сий дина дарж деллехьара. Кехаташ кечдеш ду-м бохура…

Хетарехь, кхин х1умма ца дийцичи а, тхоьца санаторехь мел хиллачо а доьхур дара цу шинна и сийлаллин дарж, догдикаллица, къинхетамца, боккхачу лаамца, ларамца цу шимма шайн дог хьастарна.

Ас телефон тоьхча, ша юха а дехар а дина, Серноводске йигина ю элира Пет1мата. Со-м цец ца елира: шен мерзачу маттаца, зевнечу эшарца адамийн к1орггера деган мерз хьаста хууш ю иза.

«Вайн вовшийн девзина хан дагйог1ий хьуна…», – бохуш, цхьа йиш яр-кх цигахь массарна хазъелла. Серноводскехь яьккхина хан, тасаелла уьйр-марзо ехха дагахь лаьттар ю цигахь хиллачарна. Садо1уш хиллачарах дагахь йисина забаре, ийна Шелковскера Хьалимат, Серноводскера Вайдат, г1иллакхе, оьзда Хьалха-Мартант1ера Ханукаева Раиса, Девкар-Эвлара Сапарбаева Айзан, иштта кхиберш а. Дала шайн дарбанна т1е нисвойла цигахь мел хилларг а, хинверг а.

Доккха х1ума ду шен махкахь, шен маттахь и тайпа меттиг хилар.

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.