http://www.nana-journal.ru

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН

Пресс-эстафета "ЧР - ДОМ ДРУЖБЫ"


Ехаш ю Курчалойн-эвлахь... Печать Email

Медигов 1алмирза

 

Дуьненахь вехачу муьлххачу стеган кхолламехь бийца тайп-тайпана хиламаш буьсу гуттара. Делахь а, ша теш волуш хуьлучийн ма-хетта хьесап дан а, мах хадон а ца ларадо вай, заманан болар дукха сиха хиларан бахьанехь. Дахаран г1иллакх иштта хилла ду даима а.

Дала х1оранна цхьацца корматалла а, цуьнца цхьаьна и д1акхехьа а, кхоччуш караерзо хьуьнар а, доьналла а делла. Кху къамелан турпалхочуьна, Кадылханова Зулиханан, кхолламах лаьцна дуьйцуш хилча, шен корматаллех йоккхаеш, боккхачу лаамца шен белхан декхар кхочушдеш ю иза аьлча нийса хир ду. Карарчу хенахь иза болх беш ю Курчалойн районан культурин декъан хьаькаман замститал. Цо дийцарехь, цунна шена дагахь а доцуш, ларамаза нисделира цуьна кху балха яр.

1996-чу шеран юьххьехь, Нохчийчохь хьалхара т1ом болабеллачу хенахь, районийн культурин кхерчашкара болх д1аболор хьахаделира керлачу 1едалан аг1онгара, махкара хьал машаран новкъа даккхар культурин т1ера долор коьрта а лаьрра. Цу хенахь Курчалойн эвлара культуран Ц1ийнан куьйгалхо вара Ибрагимов Шемал, дуккха а шерашкахь цу декъехь болх бина. Ала деза культурин декъехь балхана ох1ла болу нах, дукхах берш т1амах бевдда кхечу регионашка а, дозанал арахьара мехкашка а д1абахана бара. Говзанчаш цахиларо хьал халонга даьккхинера.

Чолхе, цхьа а де синтеме доцуш халчу заманахь цу балха ван ца х1уттура мил-миллаъ. Цхьана аг1ор царна бехк буьллийла а дацара, 1аламат ч1ог1а хала дехьа-сехьа вахан вар. Делахь а, Ш. Ибрагимовс болх болор кханенга ца титтар. Хьетахь балха яр хьахийра цо Кадылханова Зулихане. Зулиханна дика хаьара, цу декъехь болхбар доккха жоьпалла долуш хилар.

1983-чу шарахь ша йинчу Гуьмсан районера Илсхан-Юьртара юккъера ишкол дешна ма елли, Соьлжа-Г1алара №13 йолу корматаллин-технически училище деша а йоьдий, иза кхиамца чекх йоккху Зулихана. Дуьххьара Ибрагимов Шемала Зулиханах тешийнарг секретаран болх бара.

1996 шарахь меттах1оттира Курчалойн район. Цкъачунна маьрша дахаран сибташ г1ийла делахь а, амма аг1ор хийцамаш хир бу бохучух. Иштта д1акирчира денош, буьйсанаш. Хьалхара т1ом сецира цхьана ханна, амма балхахь оьшу хьелаш ледаро долуш дисира. Жимма 1ийча методистан балха х1оттийра Зулихан. 4 шо гергга хан яьккхира цо меттехь.

Кадылханова Зулиханан амалехь, дукха хьолахь, шеггара аьлла ч1аг1дина х1ума ца хуьлу. Цунна даима а деза кхечарех дагаялар, шена хетарг хаттар. И санна долу х1ума даима мехала лору цо. Х1етахь, 2001 шарахь, деша яхара Гуьмсе г1алин «Школа искусства» училище, иза ц1ечу дипломаца чекх а яьккхира. Цу шерашкахь, х1ора дийнахь ала мегар долуш, райнан культурин кхерчара хьал хила дезачу низаме далош, оьшу таро кхуллуш д1айоьдура хан. Цу т1е х1инца кхуза балха х1итта луурш а бацара к1езга.

Вай республика кхоччуш машаран новкъа х1оьттича, кхин а цхьа хийцам хилира З. Кадылханован дахарехь. Хийцам хилла ца 1аш, цхьа шатайпа кхиам лара а мегар ду иза. 2008-чу шарахь иза деша йоьду Нохчийн пачхьалкхан университетан филологин факультетан актерски отделене. Иза даггара хилла сатийсам бара цуьнан, дукха хенахь дуйна цо кхаьбна. Цигахь девза долу хаарш цуьнан балхахь оьшур долуш мехала дара. 2013-чу шарахь чекхъяккхира цо иза.

Университетехь евзира режиссура а, театран истори а. Х1ора дийнахь т1едузучу хаарша культуран декъехь бан безачу белхан мехалаллаш йовзуьйтура. Цо дакъалоцура х1итточу спекталашкахь, шех тешийна муьлхха а роль лаккхарчу говзаллица ловзайора. Х1етахь цуьнан хиллачу хьехархоша дика мах хадабора цуьнан. Сцени т1ехь лелар, х1ора дош ц1ена, шера алар, лелош дерг даггара хилар дара хьехархоша тидаме оьцург. Пох1ма а, цуьнца дозаделла дика хаарш а хиларан тоьшалла дара иза. Цо баркаллийца дагалоьцу шен хилла хьехархой: Джамаев 1имран, Дакаев Султан, Дидигова Тамара, Магомадова Милана, Берсанукаева Хеда и д1.кх.а.

Яханчу хене юха хьаьжча тахана цхьа а тайпа кхерам боцуш маьрша ду вайн 1ер-дахар. Сингаттаме а, хала а хиллачу заманахь а диканах дог-ам дера ца дуьллура. Х1ора хенахь а хаддаза бан безаш, тесна бита йишйоцуш, доккха жоьпалла долуш бу культбелхахойн болх. «Культура йоцу къам – къам дац», – аьлла Нохчийчоьнан хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьажас (Дала г1азот къобалдойла цуьнан) . Кхоччуш вайн махкара т1еман хьал дерзаза хан ю цо иза олуш.

Х1етахь х1ора баттахь шозз-кхуза районера ярташкахь д1ахьош тайп-тайпана мероприятеш яра. Кхетош-кхиорна т1ехьажийна яра церан коьрта тематика. И тема даима а ю мехала.

2007-чу шарахь районера культуран отделан куьйгалле х1оттийра керла, къона куьйгалхо Тумхаджиев Мех1ди. Дахар аттонга даьлла хиларе терра цо маьлла а жигарабаьккхира культуран кхерчашкара болх.

Дахар кхиориг машар бу. Тахана культбелхахой керлачу кепара къахьоьгуш бу аьлча, хетарехь, иза а г1алат хир дац. Ша республикан куьйгалхочун дарже х1оьттина дуккха хан ялале, Кадыров Рамзанан долорца, вайн къоман г1иллакх, ламаст, 1адат карладаккхар, уьш т1екхуьучу чкъурана довзийтар, царна уьш марздар коьрта а лоруш юкъаяьккхира «Синмехаллш» ц1е йолу проект. Вуно мехала проект ю иза. Иза езаш т1е а эцна вайн республикера бахархоша. Цунна лерина 1аламат дика кечам бо х1ора а районехь хьалхара меттиг яккхарна лерина 1алашо а йолуш. Цу проектана кечам беш дика дакъалоцу районан культурин ц1ийнан директора Басханов Киргиза, методисташа Закаева Мархас, Мустабирова Матас, Тимаханова Мадинас, артисташа Косумов Соипа, Гадаев Сайдис, Юсупов Сайд-Мохьмада, Ирзаханов Мохьмада, цхьамог1а кхечара а. «Синмехаллаш» проектехь гайта езачу программина репетици ечу деношкахь, х1ора а номинацина леринчу текстийн тидамаш беш хуьлуш ю Кадылханова Зулихан а, кульуран отделан хьаькам волу Тумхаджиев Мех1ди а. «Дайн г1иллакхийн пусар деш, уьш довза а хьовсуш, цаьрга марзо йолуш хилчий бен хир дац вайх ц1енна нохчий», – элира Зулихана.

Вайнехан г1иллакхех хотталуш, цуьнан маь1на толлуш, даима цуьнан кхетамца ехаш а ю Кадылханова Зулихан. Вайнехан г1иллакхе, 1адате, ламасате даггара уьйр-марзо йолуш хиларна иза ларайо шен болх дика д1абахьа а, дуккха а мехала дерг «Синмехаллаш» проектана юкъадало а.

Дика дош элира Кадылханова Зулихана берийн искусствон школан балхах лаьцна а. И тайпа мероприяти вовшахтухуш, Кадылханова Зулихана цига кхайкхинчу нахана юкъахь хуьлу маьждиган имам, 1еламнах, ярташкахь лоруш болу къаной, РОВД-н белхалой.

Курчалойн районехь ю кхоллараллин интеллигенци а. Царех ву республикехь а ц1еяххана вевзаш волу яздархо Юсупов 1усман, поэташ Пашаев Нурди, Ахмадов Ваха, Хамирзаев Зайрбек, Минкаилов Хьаяби, Демеев Исмаь1ал, Такалашов Султан. Царах дагаялар а дукха нисло, шен болх безаш а, иза доггах лоруш а ша говзанча хиларна.

Чаккхенга лестинера белхан рог1ера кхин а цхьа де. К1айчу духаро а, 1аьнан куьцашца а кхелина 1уьллура маьршачу дахаран аре, наггахь юьхь ягош юьхьах летара 1аьнан шийла мох. 1аьнан къоьжачу дахкаро къайладаьккхина 1уьллура Курчалойн-Эвлана гонахара исбаьхьа 1алам. Шийла елахь а 1аьнан суьйре хаза яра. Кадылханова Зулихан шен белхан меттахь шен декхарш кхочушдеш йоллура, кхана бан безачу белхан тахханехь кечам беш. Дика ду-кх иштта хьуьнаре нах вайна юкъахь болуш.

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.