http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Сан нанас дийцина туьйра Печать Email

Халидов Супьян

 

Сан нанас дуьйцура

 

Сан нанас дуьйцура,

дас аьлла бохуш,

Сибрехахь, со винчу дийнахь,

Сан дог хьан оьцур ду,

т1ехь да а воцуш,

Хилла-кх ша цхьа къа латийна.

 

Хилла и, нохчийн къам

даьккхина махках,

Вайнехан ирс дайна зама.

Хилла и, байчи а

лам дуькъчу дахкарх,

Вайнехан б1аьрг боьлху зама.

 

Со вина кхо шо а далале, да сан

Кхелхина, со вуьтуш байлахь.

Довхачу дашо а велхийна да сан,

Д1авайна Сибрехан лайлахь.

 

Т1улг санна язъелла

кхойтта шо зама,

Вайнаха ц1а дог ца дуьллуш.

Дуьне а къахьделла а еънера зама,

Велар и Даймахкахь 1уьллуш.

 

Г1ур вар-кха цунна т1е

со х1ора дийнахь,

Дог оьцуш, маршалла хатта.

Г1ур вар-кха цунна т1е,

синтем луш ц1ийна,

Сингаттам дагт1ера баккха

 

 

Дагадог1у суна…

Дагадог1у суна,

мацах жима волуш,

Воккха Дада ца гуш со

саготта ваьлча,

Хиттина сайн нене:

Стенга вахна, – бохуш,

Вай и-м гота охуш... –

нанас сайга аьлла.

 

Де дийне а долуш,

бутт батте а баьлча,

Баьхна ас сайн нене:

– Дада ма хьевелла.

– Хьо ма вала дакъаза, –

аьлла соьга нанас, –

Дечиг доккхуш хьуьнхахь,

хир вай и-м г1елвелла»

 

Кхин сайн Воккха Дада лехарх

схьа ца карош,

Мел сахьийзи ч1ог1а,

мел б1аьрг билхи сан:

«Шийлачу дог1ано

яйъина те лараш,

Саб1арзделла 1а те,

ц1аван некъ ца карош?»

 

Шо шаренга лесташ,

кхерста йоьлча зама,

Дада ц1а вало

ша а яхна нана…

Вилхича мохь тоьхха,

нахах эхь ду моьттуш,

Дог сан эккхаш доллу,

маьлхан дуьне доьхна.

 

 

 

Д1атуху телефон

Д1атуху телефон,

Схьатуху телефон…

Дагара дуьйцуш 1а,

Б1аьстено хуьйцуш 1а.

 

Безамах мерза,

Тардина терза,

Г1алатех кхоьруш,

Миноташ лоьруш.

Д1айолу буьйса,

Лайн чимаш кхуьйсаш.

Д1адовлу денош,

Дог1анаш делхош.

 

Цкъа бода хиллачохь

Яьржайо серло.

Цкъа тилла леллачохь,

Некъ буьллу керла.

 

1аьна шело эккхаеш,

Т1ейог1у б1аьсте.

Кийрахь дог деттало,

Нагахь цо хьостий.

 

Х1ун дийра дара ас,

Хьо яцахьара.

Хир дара деса сан

Дуьненахь дахар.

 

Д1атуху телефон,

Схьатуху телефон…

Дагара дуьйцуш 1а,

Б1аьстено хуьйцуш 1а.

 

 

Мила ю хьо, мила?

Иллешкахь хьо

Юьйцу хезна суна,

Туьйранашкахь

Юьйцу хезна суна.

 

Хьо цхьаъ езаш,

Даима со хилла.

Амма хаац,

Мила ю хьо, мила…

 

Цкъа хьо гур ю

Суна г1енан кхелах.

Т1екхочур ву

Хьуна, тилла леларх.

 

Амма хаац,

Маца хир и ала,

Нагахь санна

Орцах хьо ца ялахь.

 

 

Самукъне туьйра

И дара самукъне туьйра,

Бераллехь дийцина нанас.

Йорт етташ ас когаш 1уьйра,

Г1елвелча, са метта далош.

 

Цо хьостуш олура соьга:

– Ю хьуна яло йо1 лоьхуш.

Хьо стенна г1айг1ане оьгу,

Со мел ю дуьненахь ехаш.

 

Собар де, к1ант, сиха ма лохьа,

Кхуьур ву хьо воккха хила.

Хаза йо1 ю чоьхьахь ехаш,

Там болуш хьан нускал хила!

 

Шу цхьаьна дехар ду г1оза,

Ирс долуш, декъала хилла.

Ткъа х1инца вало, к1ант, ловза,

Везаш ву хьо воккха хила.

 

Ма хетта соьга х1умма а,

Сан дагна хала ду лан и.

Вита со жимма сада1а,

Б1аьрхьалха лаьтта и даим.

 

И яра бераллин зама,

Дог 1аббалц со кхерсташ лелаш.

Сов хаза, исбаьхьа, тамехь,

Цхьана метта сецна ца 1елуш.

 

Мох санна д1ауьдуш шераш.

Маж а луш, дитташна т1ера

Г1а дужуш 1уьйранна, сарахь,

Д1абай сан хилла синкъерам.

 

Бацалахь ц1ен зезаг техкаш,

Т1ееъча эсала б1аьсте,

Суна суо цхьаъ бехке хета,

Сайн ненах дезарна къаста.

 

Макхъелла т1ееъча гуьйре,

Стигланаш дог1анах йоьлхуш,

Сайн нанас дийцина туьйра,

Лардо ас дага а лоьцуш.

 

Ша йог1уш, меженаш г1орош,

Т1ееъча ша 1аьнан чилла,

Ларйо ас сайн 1уьйре х1ора,

Ца лууш ненах дог дилла.

 

Эзар а шо хьалха санна,

Малх кхета, малх бузу денна.

Декъаза, со вуьтуш цхьалха,

Сайн ненах ца ваьлча санна.

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.