Для восстановления архива, сгоревшего в результате теракта 04.12.2014г., редакция выкупает номера журнала за последние годы.
http://www.nana-journal.ru

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН

Пресс-эстафета "ЧР - ДОМ ДРУЖБЫ"


Дагалецамаш Печать Email

Семья Умаровых

 

Дагалецамашахь къаьстина йоккха меттиг д1алаьцна къоналлин шераша. Иза кхеташ а ду, х1унда аьлча къоначу хенахь деган хьежам а, лаам а байн хуьлу, муьлхха а хало яз ца луш атта лов. Жималлехь нахаца хиллачу цхьанакхетарша хаза лар юьту, воккха хиллачул т1аьхьа бен церан мах хадо хьекъал ца кхачахь а.

Ойла дагалецамийн паналле яхча йоккхае, дика нах сайн дахаран новкъахь дукха нисбаларна. Масала, д1адаханчу б1е шеран къузткъалг1а шерашкахь радиохь болх беш бара: Шамилев 1андарбек, Магомаев Хас-Мохьмад, Цакаев Шама, Дидаев Са1ид, Шамилева Хьава, Лорсанов Сайпуди, Саракаев Хьамзат, Саидов Ахьмад, Ибриев Сайд-Эми. Оьрсийн а, нохчийн а йозанан кеп дика хууш, 1944-чу шарахь вай махках дахале а журналистикехь болх бина бара царах дукхахберш. Вовшашна г1о-накъосталла дан а, кегийнаш 1амош-ларбан а хаьара царна. Яхь, доьналла долуш, дахаран зеделларг долуш накъостий бара уьш.

Х1етта метта х1отта г1ерта нохчийн йозанан болх бан башха атта а дацара. Дахаран бакъо а яра гуттарчу къовсамехь.

Казахстанехь, Киргизехь – «Сийна Сибрехахь» – 13 шо даьккхина, гергарчех, доттаг1ех хедда дийна бисна, Ц1а бахка ирс хилларш, цу шерашкахь тешаш а бацара политически т1ег1анахь дуккха къийса дезар дуй даймахкахь маьрша, ирсе, парг1ат даха бакъо къуьйсуш.

Ша-тайпа дагалецам битина сан иесиехь, х1етахь Радиокомитетан куьйгалхочуьн меттархуо (заместитель) болх беш хилла, Шамилев 1андарбека а, коьрта редакторан даржехь хиллачу Магомаев Хас-Мохьмада а. 1960-чу шерашкахь, динна дуьхьал йолу передача радиочухула еша дуьхьало йира ас. Х1етахьлера 1едална хьалха доккха политически г1алат дара соьгара даьлларг. Шамилев 1андарбека а , Магомаев Хас-Мохьмада а г1о-накъосталла дар бахьана долуш, сан «бехкан» йог1у «политически» статья, «куьйгалхоша аьлларг цадарна» бохучун т1е ялаяр бахьана долуш, балхара д1а а яьккхина йитира со. Хьалха Делий, т1аккха и накъостий бахьана долуш, боккхачу бохамах хьалхаелира со. Лаккхара хаарш а, дуккха зеделларг а долуш оьзда нах бара уьш. Дела реза хуьлда царна.

Тхоьца х1етахь болх беш хилла Дидаев Са1ид, т1аьхьалонан эпсар воллушехь, беран амалехь, дагахь вон х1ума доцуш, берашна лерина передачаш кечъеш вара. Самукъане а, хьекъале а хуьлура цуьнан уьш.

Саламов Мохьмад-Салахь оьзда, г1иллакхе, яхь йолуш стаг вара. Хьалха радиохь а, цул т1аьхьа телевидинехь а дуккха шерашкахь кхиаме болх бира цо.

Саракаев Хьамзат литературни редакцин куьйгалхо вара. Яздархо, поэт, говза журналист – хаза амал йолуш, массаьрца тарлуш, яхь йолуш, г1иллакхе стаг вара.

Шамилева Хьава – говза журналист, къонахчун амал йолуш яра.Тамаш а бора, дозалла а дора ас цунах, муьлххачу а бакъ къовсарехь юха цайолуш толам боккхура цо.

Цакаев Шама – хаза амал йолуш, массарна дукхавезаш, нохчийн мотт-йоза дика хууш стаг вара.

Къаьсттина хастаме дош олуш хьахо лаьа сан дуьхьарлера накъост, 60-чу шерашкахь диктор хилла волу Лорсанов Сайпуди а, цул т1аьхьа, 70-чу шерашкахь радио балха веана Ганаев Адам а. Ганаев Адамца болх бар алсамо нисделира сан. Диктор болх бан к1ордийча, кегийрхойн редакце ваьлла журналистикехь къахьийгира цо, хаза, чулацаме передачаш еш.( Цуьнан хазачу озе радиоладог1архойн ладог1а таро яра «Грозный» радиохь 2009-чу шаре кхаччалц.)

Цул т1аьхьа балха баьхкира Саидов Ахьмад, Яхъяев 1адлан, Гайтукаев Ахьмад. Дика накъостий бара уьш. Дела реза хуьлда царна, сан иесиехь дика дагалецамаш битарна. Ткъа Ахметханов Сулеманаца со тахана а болх беш ю «Вайнах» телерадиокомпанехь.

1980-чу шерашкахь Нохч-Г1алг1айн телерадиокомитетан коллектив т1еюьйзира къоначу а журналисташа: Ахмадовг1ар 1умара а, Тамарас а, Исраилова Яхас а, Дыхаев Вахас а, Музаева Алпатус а, Айсханов Салмана а, Кусаев 1адиза а, Тарамов Х1арона а, кхечара а.

Баркаллин, дозаллин ойланца дагахь лаьтта суна Музаева Алпату. Нохчийн меттан говзанча ю ала йишйолуш, хаза а, оьзда а буьйцура цо ненан мотт. Ладог1а тамехь, схьаэца хьекъал долуш йора передачаш.

Юьхьанца кегийрхойн декъехь, юха литературни декъехь, т1аьхьо нохчийн радион редакцин коьрта редактор йолуш болх бира цо. Беркате а, оьзда а зуда яра иза. Ч1ог1а йист хуьлуш хезар дацара. Собаре, иман долуш яра. Дала гечдойла цунна. Вайн махкахь бохаме, чолхе даьхкинчу шерашкахь д1аелира, гуш а, долчо холчах1оттийна. Шен мохк а, къам а дезаш яхь йолчунна лан хала бара и бохам а, харцо а. Шайн ворх1е дегара дуьйна бусалба динан г1аролхой санна лаьттана бара уьш. Дависа, таханлера маршо, парг1ато, хаза хийцамаш,таро галлалц яьхнаха елара иза аьлла хета.

1990-чу шерашка кхаччалц тайп-тайпана къаьмнех вовшахкхетта яра тхан коллектив. Кхоъ редакци яра: оьрсийн, нохчийн, г1алг1айн. Кхаа къоман векалш боцурш, коллективехь болх беш бара гуьржий, эрмалой, жуьгатийн, иштта кхечу къомах берш а. Масала, оьрсийн редакцехь болх беш волу диктор Катаков Григорий Лазаревич грек вара, Стрельникова Полина Дмитриевна жуьгатий яра. «Сийлахь-Боккха Даймехкан т1ом» аьлла ц1е йоккхучу т1еман ветеранаш бара уьш. Шайн болх безаш а, доггах беш а, т1екхуьучу кегийчарна масал а, г1оьнчий болуш дика накъостий бара.

Иштта, дагахь латта бисина вайн бусалба вежарий: Аушев Мустафа, Ведзижев Идрис, Курскиев Юсуп, Цолоев Руслан, Евлоев 1умар-Хьаьжа, Плиев Мохьмад-Рашид, Яндиева Лида, Ганукаева Раиса, Абадиева Хьава, Гантемирова Раиса, Мальсагова Тамара, дуккха а кхин берш. Вовше накъосталла а деш, бертахь къахьийгира оха дуккха а шерашкахь. Баркалла царна, сан иесиехь дика дагалецамаш битарна.

Тахана «Вайнах» телерадиокомпани куьйгаллехь ву говза журналист Ельсаев 1аламахьад. «Радио а, телевидени а пачхьалкхан идеологически герз ду», – элира, дукха хан йоццуш журналисташца хиллачу цхьанакхетарехь республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Цо билгалдаькхира, тхан коллективо дика болх бар.

Кху шеран 17-чу апрелехь 85 шо кхечира Нохчийчохь дуьхьара радио болх бан йолаелла. «Вайнах» радион декъан хьаькам ву Джаватханов Рамзан. Кхузахь догах къахьоьгуш бу дуккха а говза.

Тахана шуьйрачу хаамийн г1ирсийн балхана т1е боккха тидам бохуьйту Нохчийн Республикан куьйгалло. Шуьйрачу хаамийн г1ирсийн коллективийн хьашташ кхочушдо муьлххачу а т1ег1ант1ехь. Цундела, «Вайнах» телерадиокомпанин коллективо доггах дакъалоцу вайн республикехь хуьлуш болчу массоа хиламашкахь… Г1о-накъосталла до мехкан 1едалан куьйгалхошна бахархойн дахар тодарехь, нисдарехь. 1аламат боккха а, кхиаме а болх бо т1екхуьуш йолу къона т1аьхье нохчийн къоман г1иллакхца кхиорехь. «Вайнах» радиохь ечу передачийн еккъа цхьана рубрикийн ц1ераш яьхча а гуш ю тхан белхан мехалалла: «Дайн кхерч», «Ненан мотт», «Доьзал», «Эс», «Синан б1аьвнаш», «Зударийн кхолламаш», «Историн сенаш», «Исламан з1аьнарш», «Искусствон дуьненахь», «1едал а, бакъо а», «Вайн кхане», «Литературни цхьаьнакхетарш», кхин дуккха а.

Ас, сайн дагалецамашкахь хьахийначара а, дуккха а хьахоза бисинчара а шайн къинхьегаман дакъа диллина Нохчийн радион 85 шеран дахарна юкъа. Дела реза хуьлда царна, массарна а. Къаьсттина доккха баркалла сан йокхалла хазъйинчу, беркате йинчу «Вайнах» телерадиокомпанин куьйгалхошна Ельсаев 1аламахьадана а, Джаватханов Рамзанна а.

 

Нохчийн радион ветеран Эльмурзаева Роза

 

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.
Поддержка сайта