http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Нохчи зудчунна дукха хiума ма ца оьший... Печать Email

/Интервью/

Дусаева Заман Iалхан-Юьртара ю. Шен доьзалан сема Iунал деш, кертахь каде хьаьвзаш, юьртахоша лоруш яхь йолуш стаг ю иза. Тахана Заман вайн редакцин хьаша ю... Къамел динарг – Лула Куни.

– Заман, хьайн дех-ненах алий дийцахь. Х1ун кхетам белла хьуна цара? Х1ун эцна ахь дец1ера дахаран новкъа йолуш?

– Со ц1ера 1алхан-Юьтара ю, тайпана туркхуо а ю. Да-нана къовламе хилла сан, къаьстана кхиор а, дешар а т1ехь. Ворх1 шарера яьлчахьана дуьйна ламаз дайтина, марха кхабитина, вайн г1иллакх а 1амина. Духарца а къовламе хилла сан да-нана: куоч деха пхьош долушший, коьртара йовлакх ца доккхуьтушший дешийтина ишколехь. Ишколера яьлча деша яха кхиале ц1ера ялар нисделла. Ткъа цигахь кхин дахар а хилла сан.

– Ткъа шу муха девзара?

– Сан дедай, цуьна дай дукха хенахь дуьйна доттаг1алла лелош вара. Вовше хьошалг1ахь а хуьлура. Кузаш а, дама а духкуш цхьана мах беш а хилла. Тхо цхьана юьртара дара. Дуьххьара, сан ненавеши кертахь синкъерам болуш девзира тхойшиъ. Цул т1аьхьа ши шо даьлчи цхьаьна а кхийтира. Цуьна да–нана хенара нах бара, тхуна г1о дан аьтто болуш а бацара. Деригге тхаьшшин дан дийзира. Махкара ара г1ишлоша ян балха а оьхуш, ц1а а дира. 1996-чу шарахь, дейтта шо кхочуш волу, к1ант велира сан, иккхинчу цхьана шишан гериг коьрте ц1ий далон пхонах кхетта. Чекхбелира дуьххьарлера т1ом. Т1еман техника а д1аяхара, чуеанчу лорах. Дахар синтеме доьрзуш, нислуш дог1ура. Амма нах доккха са даьккхина а бовлале шолг1а т1ом болабелира. Цунах девда Назранехь 1ийра. Ц1а даьхкина кхо-биъ бутт балале шолг1а к1ант, шина йоь1а да, д1авелара сан.

– И муха велар хьан?

– Кху юьрт юккьехь цхьа зулам дира тхуна 2002 шарахь. Эскархоша х1оттиний, т1емалоша х1оттиний бохуш цхьа «Москвич» машен шозза иккхира. Хьовса т1ебаг1анчохь белларш, лазинарш, ког баьккхинаъ, куьг даьккхинаъ заь1па бинарш а бара. Иштта, цигахь нисвелла, кху шина йоь1а да а д1авелара сан.

– Х1ун шо дара хьо хьайн ц1ийндеца цхьаьнакхетта?

– 1974-чу шарахь. Ши к1ант веллачул т1аьхьа керт-кевнах дог даьлла, эккха меттиг йоцуш хьийзира тхойшиъ. Делахь а, цхьа а вуон лур долуш Вац Ша аьлла Дала, т1аьхьа диканиг тесний бен. Цул т1ахьа, Мохьмад дуьнена велара. Х1инца цуьна дуьхьа бохуш юхаъ даха г1ерта-кх, тхайгара бала ца байлахь а, болх беш.Иштта д1адохкш ду-кх.

– Ц1е муха ю хьан ц1ийнде?

– Хьан веши ц1е ю-кх…

– Ахьмаддий.

– Х1аъ.

– Шун берий ц1ерш муха ю?

– Воккха волчуьна ц1е Аюб яра. Марйями, Мадини ши йо1 йисна цуьна. Шолг1ачуьна ц1е 1адлан яра, иза кхойтта шо долуш д1аваьлла. Цу шинний т1аьхьа Асет ю – иза марехь ю, ялх бера нана а ю. Цунна т1аьхьа Зульфия, т1аккха Мохьмад.

– Заман, бераш кхиина ахь. Ткъа бераш кхиош, эр вай, цхьацца шиен-шиен юьхьлар (принцип) хуьлакхий. Х1инца цхьа болчу наноша олу-кх, ц1ахь йо1ан ницкъ ма бе, кхоам бу цуьна. Кхана-лама маре яхчхьана кхуьур юй, цигахь хьийзар юй бохуш. Хьуна муха хета и къамел? Цунах лаьцна х1ун эра дара ахь?

– И нийса ца хета суна. Тахана ахь куога-ира х1оттичхьа дуьйна шега д1акховдинарг бен беро д1а ца оьцу. Диканиг делахь дика, вониг делахь вуон. Хьаккхал хилча нуй ца хьакхийтича, горгам ца хьакхийтича, пхег1а ца йилийтича, вог1у-воьдучуьна кертахь, арахь 1уьйре дика яр, де дика дар дезаш хилар шиен хеннахь ца хьехча, цхьа хан-зама яьлла, оьшучохь берехь и г1иллакх хира ду бохург бакъ дац. Ала деза, беро хьайн масалца ахь гайтинарг дика схьалоцу. Жимачохь дуьйна кхетош, 1амош, нисдаъ г1ерташ кхиинчу берана кхана дахаран шиен новкъа даьлча, атта хира ду аьлла хетта суна.

– Соьга хьан цхьана юьртхочо элара, цкъа хьо хьахйяр нисделча, хьо ч1ог1а яхь йолуш стаг ю аьлла. Хууш ма дуй, яхь йолчу зудчо шиен ц1аъ д1акхоьхьур ду, доьзал д1акхоьхьур бу. Хийла воцучу стагах къонах вина зудчо аьлла ду-кх. Заман, зудбере г1уллакх дайта деза, цу т1ехь шеко яц цхьаьннаъ, амма мел хене яьлча т1ег1ерто еза и цунна? Тохара, вайн махкахь т1ом лаьттачу хенахь, цхьана суьрто ч1ог1а халахетар дира суна. Хи чохь, и нана йоккха пилаьга такхийна йог1ура ворх1-барх1 шо хира долу цхьа йо1-хелаг. Ткъа поп санна йолу денана цуьнга д1ахьожуш а яцара. «Цу бере х1унда текха йойту ахь и?» – шега алча: «Цунна-м х1уммаъ хира дацара», – бохур цо.

– Беран сов ницкъ бан мегаш дац. Диег1ах1уьттамна дика дац, диег1 даккхарна дика дац.

– Ткъа сов къахьегар нийса дуй?

– Берах къа хета деза, амма сов къа хетар – мало ю.

– Гамзатов Расули цхьа байт ю. Цигахь майрчуьнга хотту, зуда дика хилча хьан дахар муха хуьлу аьлла. Майрачо боху, зуда дика хилча-м дахар ша д1анислуор шен. Т1аккха зудчуьнга хаьттина иззий. Цо боху, дика майрачуьнцана. Майра дика вацахь иштта дикаъ ца хуьлу шен дахар. Ткъа мар дика велахь? – боху цуьнга. Х1уммаъ ца аьлла зудчо. Шоллаг1аъ хаьттича, иллаъ-биллаъ вуон хуьлу, боху зудчо. Т1аккха цунах доьзна боху ас, хьай ц1ийндена реза юй хьо? Цхьа шалхо йоцуш вай дийриг даггара къамел ма дай. Психологаш кхо шо, пхи шо, ворх1 шо, итт шо даьлчи бохуш цхьацца хенаш ю-кх билгалйяьхна, дуьххьара зудчуний, майрчуний юкъа херо юлу аьлла. Т1аккха цкъа а дохко яьлла хиллий хьо шаьш цхьаьна кхетарна?

– Дохко-м цкъа а ца яьлла. Шен дахарехь цкъа маларх кхетта вац, цигаьрка бага эцна вац, балхана т1ера ву, хиллаъ ву. Тахнаъ, шен хене хьаьжна ца 1аш (60 кхочуш ву иза) балхана б1аьрг къажош вац: ц1енош дутту, ц1енна тхов туьллу. «Ас динарг бен дуьсур дац сол т1аьхьа», – олу цо. К1ант жима ву тхан, уллохь ваша а вац. Дехой-м бу цунна оьшучохь хьалха бовлаъ, т1ахьа х1иттаъ, г1оннаъ, орцанаъ кичча. Делахь а, оха динчун т1аьхь вуьссар ву бохуш д1аг1ерта-кх. Юхаъ боху ас, дохко ца яьлла. Даима къахьегна ву, ков-керт дина, доьзална х1ума ца эшийтина, ларам хилла.

– Нохчи зудчуьна дукха х1ума ма ца оьший, кхечу лулара къаьмнашца дуьстича. Дукха х1ума хьайна деза ахьаъ ца баьхна. Нохчи зудчуьна ч1ийг1а (формула) доьзалан ирс ма ю-кхий. Ткъа и чийг1а-м цхьана г1орториех йоьзна хила ма еза. Хьуна хьайн ц1ийндегара дукха х1ума ца эшна. Молуш ца хилла, узуш ца хилла, доьзална х1ума ца эшийтина, ларам хилла, ахь ма баххара. Ткъа ларам и безам ма бу, ша дерг и ма ду. Цхьа зударий журнале а хьожий, цу т1ехь кхайкхочу модни х1умнаша дог оьций, х1ара эца, и еза, важа ца хилахь ша мегар яц бохуш шен ц1ийнда ца хьийзаво нохчи х1усамнанас. Мелхо а, ца ларочохь цунна улле накъост хуьлий д1ах1утту. Т1емаш бовлале а хало лайна вай. Т1еман зама ас йийца а ца юьйцу. Уьш бирзинчул т1аьхьа а хала дара. К1езга бацара божарий болх боцуш, доьзална кхачо ян аьтто боцуш бисна. Эххара и дукъ зударша схьаийцира. Дукха хьолахь базар лелош, кафешкахь, тоьган деш рицкъ латтош берш зударий бара. Тахана а ду дуккха х1ума царна т1ехь лаьтташ.

И бахьана долуш боккха карчам хилла вайн дахарехь: доьзал кхобуш ц1ийнде декхар кхочуш дан йолаелла х1усамнана. Амма кхузахь цхьа сурт гучу долу вайна: сом доккхуш а, доьзал кхобуш а ша хилча доьзал ден дош а, доьзал дега болу ларам а шен хила беза моьттуш хуьлу цхьа йолу зуда. Нийса дуй-те и?

– Нийса дац. Х1унда даций? Тахана а вайн 1адатехь ц1ийндас бакъо ца лахь араъ яьлла рицкъ даккха йиш яц х1усамнена. Ц1ийндас шен ницкъ кхочуш зуда рицкъ даккха ара йолийтар яц аьлла хета суна, ша я могуш воцуш, я балха х1отта меттиг йоцуш висна вацахь. Т1аккха и рицкъ, Дала цхьа бахьана долуш схьахьаделла хилча: «Х1а, х1инца со ю шу кхобуш ерг», – бохуш, мар юьхь1аьржа х1оттош волчу зудчо, уггар хьалха шен сий дойу аьлла хета суна.

– Цхьайолчу нанас шен ц1ийндений, берашний юкъахь цхьа доза латтадо. Хийла берера к1езга-мезга даьлларг дега д1а ца кхочуьйту цо. Х1унда? Да цхьа йоккха топ санна латта везаш ву, кегийчу бахьнашца хьен ван везаш воцуш а ву-кх. Цхьа доккха даьлла х1умий бен ден т1екхачита дезаш дац. Т1аккха и доза лардеш хилча, соьга хаьттича, – иза ларам хилла ца 1аш, сийлар а ду (пиетет). Дала декъал войла, тхо тхайн деха кхоьраъ кхоьрара, иза лараъ лорара, хазанеха санна везаъ везара. Бера кхера деза аьлча нийса а дера ца хила мега, амма озалуш хила деза. Цхьа йолу х1усамнана хуьулу шен майрачунна, шена цуьнгара ца товш долу х1ума, бакъ-харц ца лоьруш, 1ора дохуш. Хьоъ ю стунана, кеста, Дала мукълахь, марнана а хир ю. Хьайн нийсархошна – стунаношна, марнаношна – х1ун хьехар дийра дара ахь? Х1инцца доьзал кхоьллинчу къоначаьрга а х1ун эр дара ахь?

– Тахана цхьаъ я шиъ нус йоцуш ков-керт к1езга ду вайн. Несана а, к1антана а хаьа деза, мацца а шаьш буоь довла дезий, шайн х1усам ира х1отто езий, чохь т1ехь кхачо ян езий. Цхьаболачарна и шайна хаьа, вукхарна цхьана аг1ор хаийта дезаш хуьлу, шаьшша вовшах тоьхнаргий, гулдинаргий бен шайн хира доцийла. Х1оранца а, шен доьзалхой уьш белахь а, цуьна амале хьаьжжина, лелош г1иллакх а хила деза. Шен доьзал шайна баьллера аьлла парг1ат ца 1аш, дас-нанас ницкъ кхочу аг1ор г1о дан деза. 1унал доцуш, терго йоцуш, церан долчуьна, доцучуьна бала ца кхочуш тесна бита мегар дац. Х1инца кху кертахь хьийзачу к1антана чоьнаш йовлийта г1ерташ ду тхо. Цуьна берх1итта шо кхаччалца ца 1аш, ялхийтта шо кхаьчча сайна нус ялон дагахь а ю. Дала мукълахь (йоьлу).

– Т1аккха, Заман, х1ун эра дара ахь: х1усам ю, к1ант, нус балхахь ду, цу шимма доккхучу соьмана юкъа г1ертар дог1ий-те?

– Цу шинна хьехар дар дог1у, хьашт долчунний бен ца духкуш шайн сом т1ек1ел дилла аьлла. Цера ахчана к1ела хийшича эвхьазло юкъайола а, нахал довла а гена дац. Шай долчуьна дола а деш баха безаш берш уьш ма бу. Юха а боху ас, дан дезаш дерг хьехар ду, шаьш доккхург 1алаш дие олуш, хьалха дан дезарг, т1аьхьа дан дезарг хьоьхуш. Вуьшта, г1уллакх доцуш, ца дог1учахь, эрна харж яр къа ду а ма боху.

Къона доьзал вовшах кхетта баха хевшича шайн сом ца хилча ца долу, хила а деза. Иза, к1ант ара валале, йо1 ц1ера ялале, шинна хууш хилча бакъхьа хир дара, дай-наноша масалца, шайн дахарца гайтина.Хьехна хила деза, лардичий бен х1уммаъ ца хуьлий. Сом цу сохьта д1а ма долий. Пис хила бохург доцийла а, т1аламе, кхоаме хила бохург дуй а хоуьйтуш хьехар дан деза аьлла хетий хьуна марнанас шен несе?

– Ч1ог1а дан деза. Сан марда шен доьзалцачул несаршца дика хилла вара. Шеца охьа хаийна х1умаъ йоуьйтура, «д1айижа» олуш а хуьлура. Пондар ч1ог1а хаза хетара цунна. Со цхьаъ деш яллахь а сацайой: «Схьаэцал пондар», – олий йишаъ локхуьйтура. «Ва стаг, шен г1уллакх дайтахь цуьнга», – марнанас боххушехь. Цунах ч1ог1а самукъа долуш вара и. Цо хьехар дора-кх сунаъ, сан ц1ийнденаъ, шен вукху доьзалнаъ: «Ахча даккха хала дац, и ларда хала ду. Раг1 ю массо х1уман. Хьалха дан дезарг хьалха деш хилчий бен стаг ваха хуур вац», – олий. Цо хьехнарг оха схьаъ ма лаьцна.

– Мичахь болх бина ахь?

– Ас г1ишло хьохуш а, кадархадеш а болх бина.

– Пачхьалкх балхахь хиллий хьо цкъа а?

– Х1ан-х1а, цкъа а ца хилла. Айса даьккхина сом: «Х1ара кхаьчча суна», – аьлла ас даима, ц1ийндас хаьттина доццушехь. Цунах ас ян езахь тушпа (варенье) йина, нерс-памидор хича а йоьллина, берана оьшург дина. Масне хуьлу уьш, аьшкал т1е кхаччалц. «Ахь цунах х1ун дина?» – цкъа а цо соьгаъ ца хаьттина, «Х1ара ас даьккхина дар-кх», – бохуш со езаъ ца йийна. «Зудчо цхьажимма г1о дича, ц1ийндас доккхург т1ек1ал диллало», – олура сан марнанас. Иштта и дан г1иртина со даима.

– Шар1аца вай дехаш делхьара цхьа башха, лакхарчу т1ег1анахь хир дара вайн дахар. Хастам болчо зудчунна хийла бакъо елла. Амма вай нах цхьа ша тайпа ма буй. Я 1адатца доьзна доцуш, я шар1аца доьзна доцуш, шен лаамах доьзна дукха х1ума ду. Хийла х1усам ю, шайн керта еанчу несана г1иелуо еш. Делах ца кхоьрарш а ма бай дуккхаъ. Хьуна муха хета и? Вайн ду-кх цхьа кица: «К1анта зуда ялийча ненан сеттана букъ йо1 маре яхча нисбелла». Тамашийна кица дукхий и. Дукха ойла йина ас: «Х1унда ду-те и иштта? Делахь шен йо1 санна х1унда ца хета те, шена чу еана нус, х1унда хьоьжу цуьнга эмгаре санна?» – аьлла. Алахь, хьуна х1ун аьлла хета цунах?

– Уггаре оьшшучу хенахь йоьду йо1 цхьана керта нус хуьлий. Хьайниг д1а а йоьду, хьуна схьа а йог1у. Хьуна хиъчи и хьан дика накъост ву аьлла хета суна. Цхьаболчарна кхечу аг1ор х1унда хетта-м ца хаьа суна. Ахь йича накъост ю-кх хьуна хьан керта еана нус. Хьа йо1а-м д1а ма йоьдий нахана. Т1аккха и еънарг ахь хьайн йо1 санна лело еза, цунна хьайн йо1ан могуьтуш дерг магита деза. «Делахь, х1ара ас сай йо1ера даьллехьара х1ун эр дар ас?» – аьлла, ойла хила еза марнена, ша реза йоцург несера даьлча.

– Хало лайна, г1ело лайна, харцо лайна марнана несца вуон хир яц.

– Хир яц. Ахь маршо ца елча нус ша х1ун дан дезаъ ца хууш йуьсу. Чохь-арахь г1уллакх дечохь ахь диннарг ду, юу х1ума ечохь ахь йиннарг ю олуш, несан куьг ца сецош дитахь и д1аг1ертар ю. Цунна вас хила меттиг хира бац, дец1ахь дийца х1умаъ хир дац.

– Нус керта йогг1ушехь: «Хьажал, х1араъ, х1араъ ду хьуна тхан чохь, х1ара мегар дац ду хьуна, х1ара дика хир ду хьуна, х1ара кхузахь хила деза хьуна, кхунах ларлолахь, аьлла, хьехар дича (цунна шен меттиг гайта еза бохург ма даций иза), бакъхьа хира дацара т1аккха?

– Дийца оьшуш дац. Тахана хьан ши йо1 ю, сан йиъ ю. Ледарло яларан кхоьруш, вай уьш мел хала кхиош бу Далла дика хаьа. Ледарло ю-кхий и, хьажа ца езачий хьажар а. Т1аккха, иштта хала кхиина доьзалхо, неха ц1ент1ехь нанна декъал ган лаьа, марера йоьхна йог1ийла ца лаьа.

Кхана сан к1анта керта нус ялича, со кхид1а цу шинний дуьхьа яха езаш яц ткъа, сайга даллучул царна г1о а деш? К1ела йисахь со лелон а церан ма еза.Хеношега х1ун кхочуор ма ца хаьа. И ган дезара массо а марнанна. Дала лардойла вай, де дайна меттахь йисахь шега хьажа дог даита деза тахана. «Да виса, елла д1аяьлла елара хьо, – бохучул, – Ва мама, х1ун дичи толур яр хьо?» – олуш хилар г1оле хета суна-м.

– Вайн Пайхмари (Делера салам-маршалл хуьлийла цунна) цхьа хьадис дало лаьа суна.

Цхьана зудчо хабар даитина Делера салам-маршалл хиларе: «Ц1ийна лакха чохь ю ша. Ц1инда новкъ ваьлла, шена лаха йоссар а дихкина. Бухахь могаш воцуш да ву. Ц1ийндас охьа ма йоссаъ аьлла шега, могаш воцучу дас хьажа-х1отта йолаъ аьлла шега», – аьлла. Пайхмара (Делера салам-маршалл хуьлийла цунна): «Хьайн ц1индас аьлларг де», – аьлла. Т1аккха да д1аваьлла цуьна да. И д1аваьлчи юхаъ хабар даитина цо: «Да д1аваьлла шен, охьа йосса йиш яц те шен? Х1ун де ша?» – аьлла. «Хьо хьай ц1ийндена муьт1ахь хиларна, Дала хьан дена ял лур ю хьуна», – аьлла, жоп даийтина Пайхмара (Делера салам-маршалл хуьлийла цунна) цуьнга.

Ас и х1унда боху аьлча, хийла доьзал бевзина суна нус ц1а ца йоуьйтуш. Я йог1уьйтуш хилча цхьа хан туху, х1оккхал 1е, оццул 1ен мегар дац олий. И шайн керта еана нус цхьана де-нена йо1 юй хаа ма дезий хьанна а. Шен да-нана дийна мел дуй бен ма ца г1ерта йо1 дец1а.

Да-нана долчу яг1ар сецош, церан г1уллакхе хьажар доьхкучу марзхоша, къематдийнахь шайн декъал хуьлу цхьа некъ боьхкуш санна ца нисло т1аккха?

– Делахь хета-кх дукха ч1ог1а-м. Олуш хезна суна бер долуш дуьйна: «Зуда ялсамане йоьдийла дац шен ц1ийнда реза вина яцахь». Иштта цуьнца нис д1а а хезна суна: «Дас, нанас де аьлчун доьзалхочо к1ординаъ, дог ца деънаъ «Оффайкх» эла-кх, жоьжаг1ате некъ ма буьллу цо шена, аьлла.

– Т1аккха кхин цхьа х1ума ду, Заман. Хийла нисло кху заманахь несан г1ело еш меттиг. Нагахь санна бухахь берш адмалл йолуш, шар1 лоруш нислахь несан дахар кхечу тайпа хуьлу. Иштта даций, декъаз луол бетташ лела и. Хьалха, совет-1едал заманахь зударийн кхеташо ц1е йолуш зударийн хьаште хьажа, харцонах уьш ларба аьлла кхоьллина цхьа бахьана дара. Тахана и бахаьана дац. Тахана, Делан боккха къинхетам ма бай – и маьждиг доцуш жима я йоккха юрт яц вайн. Маьждиг имамах дага а девла, х1ора юьртахь, цхьаъ хуьлийла и, я масех хуьлийла, доцург дуьйцуш, харцо хьалха яьккхина марненаца къамел дан, эшахь и сацаян 1уналлин кхеташо йича муха хир дара те? Цунах г1уллакх хир дарий-те?

– Цунах г1уллакх хир ду-дац ала-м ца хаьа суна, амма и 1уналла дан цхьа зударийн тоба елхьара марера бухурш лахлур бара, уьш хьийзон меттигаш к1езга хир яра аьлла-м хета суна. Харцо лелош, несана г1ело лелайо марнана ша юьртахь а, махкахь а нахала яла йоллий хиъча метта йог1ур ю, ца яг1ахь а соцур ю. «Хазачу дашо 1уьргара лаьхьа баьккхина» олуш кица ду вай. «Делахь, наханаъ хууш бехке хилар Дала тохар ма ду», – олий, цхьа верг метта вог1уш ма хуьлу.

– Хийла марнана а ма хуьлу куог баькх-баьккхичохь нус юьйцуш лелаш, иштта несри а ма нисло марнанна луьйш…

– Ара йоллушехь-м карабо и саннарш. Бакъдерг дийцича, и суна ч1ог1а тамашийна хеташ х1ума а ду-кх. Сан марнана ч1ог1а дика стаг яра. Керта веанчу стаге хьох диканиг бен эра дацара цо. Ахь динарг мухха динехь а хаста дора, хама бора.

«Х1инца иштта дина, юха деш кхиъ дика дийра ду ахь», – олур цо. «Делахь, оццул хама беш хилча-м г1уллакх да-м х1ун дара», – аьлла, хьуна эхь хоьтуьйтуш, йохье йоккхура. Хьекъалца, хьехарца дара цуьна мел дерг. Тхо меца хиларна кхоьруш хуьлура даимаъ.

– Заман, кхачанах х1ун еш самукъа долу хьан?

– Сан буод хьакхош ч1ог1а самукъа долу: хингал, ч1епалг, локъам, чуда – бен яц.

Х1инца цкъацкъа йоь1а бераша тилпуо туху: «Нана, ч1епалгаш делахь шаьш д1акхачале», – олий.

– Денана ю-кх хьо?

– Ю дера. К1ента ши йо1 ю. Марехь йолчу шина йоь1а к1ентий бу.

– Вайн къамел дерзош «Нана» журнал дешархошка х1ун эра дара ахь? Зудчуьна коьрта дерг х1ун ду шен дахарехь?

– Зудчуьна цхьана кертахь доьзал болуш, хала-аттаъ, мухха яллахь а хилар г1олехь ду. Хаа деза х1ора нанна, цо кхиабаре хьаьжжина доьзал куога-ира а х1уттур буй. Цу т1ехь цунна кхочуш долу дакъа а жима дац. Уггаре коьртаниг зудчуьнгахь Делах кхоьруш, яхь хилар ду. Яхь яцахь цхьа а х1ума далур дац.

– Заман, Дела реза хуьлийла хьуна. Дала т1аьхье беркате йойла.

– Дела реза массарнаъ хуьлийла. Т1аьхье беркате массераъ йойла.

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.