http://www.nana-journal.ru

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН

Пресс-эстафета "ЧР - ДОМ ДРУЖБЫ"


Сайн ненах а, ненан маттах а Печать Email

Бурчаев Хьаьлим

 

 

2010-г1а шеран февраль беттан 23-г1а де. Сайн ненаца цхьацца къамел деш 1а со. Юха, ц1аьххьана дагадеана:

– Шу Сибрех дига арадаьхна де ду-кх х1ара, – олу ас.

Нана леррина ара хьоьжу корах. Жимма арахьа б1аьрг бетташ а 1ай, доккха са а доккхуш, схьайоьрзу, т1аккха корта ластабо:

– Х1ан-х1а, х1ара санна де дацара и. Бакъду, шело ца эккхаш дикка лаьттира цу шарахь. Ткъа тхо арадохучу дийнахь-бусий ч1ог1а шийла яра, т1ехьийзаш дарц а долуш. Ирча, къематде дар-кх.

Со ладог1а кечвелла 1а хийлазза сайна ненера хезначу дийцаре.

– Тхо арадахале ши де хьалха Хьаьшта-Махка сайн дец1а яхара со, шо гергга хан кхаьчна волу к1ант Хьусайн карахь а волуш, – дагалецаме йолу нана. – Х1етахь тхан х1усамехь 1аш оьрсийн эскархой бара: ши салттий, цхьа эпсаррий. Уьш-м массо ярташкахь х1ора х1усаме д1асабекъна хиллера цу 1ай. Цхьаболчара, уьш т1амах сада1а балийна олура, кхечара – шайн-шайна хетарш дуьйцура, амма билггалдерг хууш дацара я, хаа г1ерташ, цхьана а х1уманах шекбевлла а бацара нах. Ткъа дийнна халкъ 1аьнан чиллахь цхьана дийнахь-буса лаххьийна ц1ера доккхур ду бохург-м дагахь а дацара. Со да-нана долчу лула юьрта яха дагахь хилар хиъначу эпсаро ч1ог1а лерина бехира соьга цига ма г1о. Цо и юх-юха мел олу а, цхьа тамашийна сахьаьвзара сан дец1а яха. Цу дийнахь цига ца яханехь, билггал хорам хир болуш бара суна. Даго хьоьхуш хилла хир ду-кх суна сайн уггаре гергарниш цул т1аьхьа кхин гур бац бохург. Т1аккха эпсаро юха а элира соьга, кхана ц1а ца йог1уш ма 1елахь аьлла. Ас-м башха ойла а ца йира иза, х1инццалц ца хиллачу кепара, хийцавелла, ойлане, г1айг1ане хиларан. Вуьшта, вуон адам дацара и эпсар. Шеца волу ши салти а, ша а тхуна новкъа ца хилийта г1ертара гуттара. Тхо кхана 1уьйрре арадаха дезаш долчу буса вехха 1ийра иза шун деца къамел деш, цкъацкъа, шен ойлане а воьдий, ц1енкъахь ловзучу Хьусайне хьаьжжинчохь 1ара, юха лоррий тхох х1орранга а хьожура. Гуш дара и синтемах воьхна хилар.

Ялхой-Махканий, Хьаьшта-Махканий юккъерчу дукъа т1е яьлча, аьрру аг1орхьа чохь тхан деден 1абкин к1отар яра. Сан ваша 1умар а вара цаьрца цигахь 1аш. Цаьрга а яхана, жимма садо1уш а 1ийна, да-нана долчу юьрта яхара со. Тхо ворх1 бер дара церан, со массарел йоккханиг а йолуш. Сан ткъе кхо шо дара х1етахь, сол т1аьхьа йолчу Хьаьлиматан 15 шо хан яра, Небин – 14 шо, вешин 1умаран 12 шо, цул жимчу Адаман – 10 шо, Жабраилан – 7 шо, массарел жимах волчу вешин Хьаьжин х1еттахь 3 шо дуьзнера. Ден Салманан 40 шо дара, ткъа нанас Алпатус ша цул 3 шо жима ю олура. Цу буса т1аьххьалц (хила-м т1аьххьара хиллера и) сакъоьруш а 1ийна, 1уьйрана ц1а ян кечъелира со. Ч1ог1а соьца Ялхой-Махка ян лиъна хьаьвзина йиша Неби а яра со йолчу хьошалг1а йог1уш. Дагахь а хьанна дара суна царах, цхьа 1умар воцург, кхин гур вац бохург, – соцунг1а а хилла, шен б1аьргех йовлакх хьаькхира нанас… – Тхойшиъ чуьра араяьлча, нанас: «Собардейша шиммо а, цхьаьна охьа а ховший, юха а х1ума яа вай», – аьлла юхаерзийра. Со цецъелира цунах, иза цхьа тамашийна сингаттаме хилар а гина. Иза иштта х1унда ю те аьлла ас хаьттича, доккха садаьккхира нанас (оха Абата олура цунах). «Стенна делахь а, цхьа вониг хьоьху-кх суна даго. Шуьшиъ арайолуш суна ц1аьххьана даг чу иккхира, кхин цкъа а вайна вовшийн гур дац аьлла…» – йилхира нана. Тхо цецдевлла хьуьйсуш 1ара цуьнга. Цу хенахь чувеара тхан да. Нана елхаран бахьана оха шена дийцича, берийн дог дохош, схьагуш хилла х1ума а доцуш, белхар х1унда х1оттийна аьлла нана човхийра цо. Т1аккха нанас элира: «Вайн эвла юккъерчу т1ай к1ел тийжаш алмаз хезна вайн эвлара масех стагна бохуш, дийцинарг хьо ма вара. Х1етахь дуьйна логехь хорам лаьтта-кх суна…» – бехкалаяхна бохура нанас. «Дийца-м дуьйцу, алмаз хезна бохуш… Царна хезнарг ч1аг1алкхаш хила а ма тарло… – элира дас. – Дитал ахь х1инца и хабар».

Сой, Небий дукъа т1е хьала а яьлла къайлаяллалц лаьттира нана юьйцинчу керта т1е а тевжина т1аьхьахьоьжуш. Оха шимма масийттаза куьг ластийра цуьнга чу г1о бохучу маь1нехь, амма лаьттачуьра меттах ца йолуш, йог1аеллачохь 1ара иза. Х1инца а дийнахь масийттаза дуьхьалх1утту суна нана сайна т1аьххьара гуш хилла сурт.

Арадохучу буса хьалххе ара ваьккхира салташа шун да. Ша собране вуьгуш ву боху х1окхара, элира цо. Цул т1аьхьа ламаз а дина, бежнашна йол-хи а делла, юучунна г1айг1абеш со йоллучу хенахь шун деден вешех Аьрзу-Хьаьжех йисинчу 1аш Саиматан мохь хезира суна, сан ц1е а йохуш, араялахьа бохуш. Со араяьлча, дикка серлаяьлла хан яра. «Хьава, – кхойкхура Саимат, – соьга араяла боху-кх салташа… Х1ара х1ун ду те? 1уьйрре к1ант а д1авигна кхара… Сан бежанашка хьажахьа, х1орш ледара ма дитахьа…»

Т1аккха гира суна церан уьйт1ахь лела салтий. Саиматна т1е а чехаш, цхьаъ бохуш хьийзара уьш.

«Валалай, Хьава, д1ахьажахьа д1о бог1учу бодане!» – юха а мохь белира цуьнан, Эртана-Коьртехьа куьг а тосуш.

Суна цкъа а ца гина сурт дара и: цхьа тамашийна хьерчаш, цигахьара схьабог1ура 1аьржа мархийн бода. Цуьнца цхьаьна уг1уш мох а бара. Цхьа даккхийра лайн чимаш кхуьйсуш, мархаш керчош, хьаьвзира стигал. Юха эвлахь маь1-маь11ехь герз дуьйлуш хезира, царна т1аьххье ж1аьлин 1анц1 а долура. Т1аккха юьрта т1ехула хьаьвзира бежанийн 1ехар, ж1аьлийн уг1ар, лахахьара хьалахезира зударийн а, берийн а белхар.

Со 1адийна лаьттара, хуьлуш долчух ца кхеташ. Юха а схьахезира Саиматан мохь: «Хьава, вайн божарий берриге байъа бигна хир бу! Вай, хьайн нана яла хьан сан к1ант!» Ша йолччохь лайла горъяхна иза, ший пхьарс лаьцна, хьала а г1аттош, некъехьа д1атакхийра шина салтичо (Саиматтий, цуьнан ялхитта шо кхаьчна к1ант Лечий мацалла кхелхира вай арадаьхначу шарахь).

Т1аккха со чу хьаьдира. Йиша сама а яьккхина, сихха йовха х1уманаш т1еюха цуьнга а аьлла, шо кхачаза волу Хьусайн вовхха д1а а хьарчийна, со а араяла кечамбан х1оьттира. Дала дага тесира-кх, х1инцца тхуна т1аьхьа а салтий бог1ур бу аьлла. Уьш-м кхин хьецалуш баьхкира. Тхан чохь 1ийна салти а вара цаьрца. Цо ша вовшах туьйхира тхуна новкъа яккха х1ума: ах гали гергга ахьаррий, цхьа-ши кийла хиллал дакъийна жижигий. Цхьа жимо дечиган текх а дара сан, ас и а диллира цу чу. И салти бахьанехь башха чеха а ца дира тхо. К1ант Небига д1а а велла, и гали ги а тесна, арадевлира тхо. Бедан чуьра еттий, эсий ч1ог1а 1оьхура. Со, саца а сецна, цигахьа д1ахьаьжча, цхьана салтичо ведда вахана д1ахийцира уьш. Тхо урам-новкъа охьа дуьйладелира. Х1ора ц1енна т1е ма-кхеччи, тхох схьатухура шайн-шайн кертара ара лоьхку нах. Лахахьо, х1инца вайн ц1енош долччохь, кхо-диъ шо хан хир йолуш цхьа жима йо1 лаьттара, комар-диттан орам цхьана куьйга схьа а лаьцна, ткъа важа куьг тхоьга схьакхийдош дара цуьнан, ша схьаэцахьара бохуш. Тхуна юкъара схьа а ваьлла, цхьаъ т1ехьаьдира йо1ана иза схьаэца дагахь, амма салташа, к1оршама т1ечевхаш, юха верзийра. Майртуьпара Якъуб ц1е йолуш стаг вара Ялхой-Махкахь 1аш, цуьнан зуда, йо1 деца а йитина, дец1а яхана хиллера цхьа де хьалха, ткъа Якъуб, берриге божарий санна, 1уьйрре д1авигна хиллера. Ша чохь дисина бер, ара а даьлла, тхоьга орца доьхуш лаьттара, гоьллец лайна а дахана… И йо1 х1инца а сайна гуш санна хета суна…

Колхозан даьхни чохь кхобучу керта лаьхкира тхо дерриш. Цигахь бара тхан божарий а. Гуо бина лаьтташ салтий бара. Массо а гу т1ера, даккъаш т1ера нийсса тхуна т1ехьажийна герз а дара. Иштта латтийра, хьийзачу дорца к1ел. Эххар а, чуьра даьхни ара а лаьхкина, божал чу дахийтира. Цу чохь шийла яцара, амма йоллу юрт цу чу тарйира. Охьа хаа меттиг халла нислора. Суна юххе нисъелира вайн эвлара Солтамурадов Леидан зуда Ибанат. Цуьнан карахь жима бер дара. «Ой, хьенех, суна-м ца хаьара хьан доьзалхо хилар!», – ас аьлча, г1ийла ела а къежна: «Х1инцца, салташа со араяккхале, ах сахьт хьалха дуьнена ваьлла ма ву х1ара, – элира цо. Т1аккха т1етуьйхира: – Сийсара буьйса юккъе яхале етт а бехкина, цунна гондхьа а хьийзина, со парг1атъяьллачул т1аьхьа хили-кх х1ара…»

(Ша дуьнена ма-велли, халкъан а, пачхьалкхан а мостаг1 ву аьлла Сталиний, цуьнан хьадалчаший махках ваккха кхиел йина Солтамурадов Мохьмад, ша а, шен миска халкъ а х1ун бехк болуш Сибарех дигна хилла-те бохучун ойлаян кхетам а кхиале, шен даймахка ц1а воьрзур ву цул т1аьхьа, кхойтта шо даьлча. Иза йоза-дешарх дика кхеташ, х1уманан иэс ч1ог1а деш стаг вара. Нохчийн халкъ махках даккхарх лаьцна дийца дуккха дара Мохьмадан. 1944-чу шеран 23-г1а феврал дийнах доьзна мел дерг хаа лууш, лоьхуш хуьлура иза гуттара. СССР йолчу шерашкахь ас хийла ладег1на цуьнга. Амма Мохьмадна доьг1на хиллера вайн халкъан рог1ера бохам юха а ган. Нохчийчохь шолг1а т1ом боьдучу хенахь, 2001-чу шеран юха а февраль беттан 14-чу дийнахь вийра иза шен х1усамехь. Кхин хууш-хезна х1умма а доцуш, х1ара-важа аьлла цхьана а кепара бехке ца веш, вижинчуьра г1аттийна герз а тоьхна, д1абахнера зуламхой. Дала гечдойла Мохьмадна).

И буьйса божал чохь а яьккхина, тхо шолг1ачу дийнахь, хьалаяьхкинчу машенаш т1е а доьттина охьадигира. Аьхкинчу-Барзе кхаьчча, ирча сурт дара схьагуш: кор-не1 диллина дара доллу ц1а, 1уналла доцуш кхерсташ лелара даьхни, некъаца хеба а хебаш 1ара цицигаш, ж1аьлеш. Маь1-маь11ехь гора дакъийна жижигийн, хьаьжк1ийн оьланаш, некъан бохаллехь 1енийна ялта, сал-пал, бедарш, пхьег1аш. Уггаре ирчаниг дара гуш адам цахилар. Изза сурт дара Жуг1уртахь, Майртуьпахь, Курчалой-Эвлахь, Гелдаганахь, Цоци-Эвлахь, Мескар-Эвлахь а дерг. Джалкхе кхаьчча, цигахь лаьттара ц1ерпоштийн беха мог1а. Ялхой-Махкара масех доьзал т1ехь болу тхан машен некъах а тилла, кхаьчна хиллера тхо Джалкхе. Ткъа тхан юьртахой Гуьмсе бигна хиллера. Иштта вовшех къастийра тхо.

Тхан ден Хьасин доьзал – наний, воккхах волу ваша Хьусайнний, цу доьхна деанчу дийнахь кхаьргахь нисъелла тхан ненайиша Небий Г1ирг1азойчу бигнера, ткъа дехой а, ненахой а Кхазахстане кхаьчнера.

Вагонаш чу а даьхна, не1арш а къевлина, д1ахьовсийра тхо. Даьхни лело вагонаш хиллера уьш. Адам, гатте-парг1ато ца хьехош, хьаладохура. Оха тхешан вагон шина декъе йийкъира – зударийн а, божарийн а – юккъе шаршунаш а оьхкина. Чохь шийла яра, к1ира хан ялале юург чекхъелира. Дийнахь цкъа охьадиссадора шалон т1ера, гондхьа лаьтташ салтий а болуш ц1ано ян езара. Наг-наггахь кхехкийна чорпа тайпа х1ума а, к1еззиг бепиг а кховдадора тхуна. Бакъдерг аьлча, баккхийнаш юучунна т1ера а бацара х1етахь. Хуьлуш долчо хьеребина дела хилла хир ду-кх и. Масех де далале доладелира адам кхалхар а. Кегий бераш а, къенаниш а бара уьш. Цхьана зудчун доьзалхо а хилира тхо д1адуьгуш иттех де даьлча. Божарша мохь тоьхна зуькар дора тхо цунна гонах хьийзачу хенахь. И доьзалчух парг1атъяллалц назманаш элира, шайна оха лелошдерг ца хазийта. Тхан вагон чуьра ах б1е гергга адамех шийтта дакъа охьадаьккхира салташа. Уьш д1абохка бакъо ца лора. Шалон сецча, шайн-шайн вагон чуьра охьабуьссучу наха шайн юьртахошка я бевзачаьрга маьхьарий деттара, хьенеххий, минеххий велла бохуш.

– Дукха беллий ткъа новкъахь? – хаьттира ас.

– Дера белла, къаьсттина Казахстане буьгучарах. Оха берх1итта дийнахь-буса некъ бира Г1ирг1азе. Тхох а дукха белира. Казахстане цхьаболчара баттахь а, цул сов а некъ бина. Цара дуьйцура, шайна юкъахь баларш кхин а дукха хуьлура бохуш. Шун деда арадохучу дийнахь ч1ог1а дуьхьал ваьлла хиллера, ша ма вига, чохь 1адвита, когаш т1ехь ца латталуш цамгар ю шен бохуш. Амма салташа, цунна т1е герз а хьажийна, аравала я оха вуьйр ву хьо аьлча, шун денанассий, девашассий халла охьавалийнера иза эвла йисте. Цигахь божал чохь юрг1анах а хьарчийна 1уьллуш вара иза а, и санна меттахь бисина кхин а къенаниш а, цомгашниш а. Царах дукхахберш новкъахь белла а хиллера, – дийцира нанас.

Тхан деда Бурча новкъахь кхелхича, денанас и веллий ца хоуьйтуш, декъий охьадаха салтий хьалабевлча, иза дийна волу сурт х1иттош, цуьнца къамелдеш ша ю муттуьйтуш я юург яош санна хьийзаш, шаьш дуьгучу д1акхаччалц къайлехь латтийнера. Шайна дуьхьал балийначу кхазахийн салаз т1ехь д1авигна хилла цо иза. Церан кешнашна т1екхаьчча, дехар а дина, цаьрга цигахь д1а а воллийтина.

– Делан къинхетамна, тхо нисделла меттиг шийла яцара. (Г1ирг1азийчуьра Фрунзенски областан Калинински районера Сары-Булак юьрта кхаьчна хилла уьш), – кхид1а а дуьйцу нанас. – Даа бепиг, кхидерг а-м дацара, цхьана къинхетамечу наха делларг бен. Амма цхьа нисбелла нитташ хуьлура цигахь. Цу нитташа мацаллах хьалхадехира тхо. Бакъду, церг-кхел хьалаялазчу берийн даар-м дацара и. Оха аренаш т1ера бухадисина к1ен кенаш а, буьртигаш а лелехьадора, уьш а ахдахкаделла хуьлура. Шун дас т1улга т1ехь т1е т1улг бетташ отура уьш, ткъа ас царах чорпа я цхьа-ши мижарг бепиг дора, баттахь шозза-кхузза бен таро ца хуьлура и дан. Стоьмаш а карабора цкъацкъа, юкъакара буракаш а карайог1ура кхехко а, ятта а. Делахь а, мацаллина леш дацара кхуза схьадалийна тхо. Тхо махкалладаро а, сингаттамо а дойура. Тхоьца цхьаьна нисвеллера Ялхой-Махкахь ишколан хьехархо волу Минкаил. Шоьнара а вара иза. Шен доьзалх а, гергарчех а хилларг х1ун ду цахааро гуш лаьтташехь азвеш, худавелла д1аволуш воллура. Меллаша г1улч а йоккхуш, урам-новкъа д1асалелара ницкъ кхачабаллалц. Т1аккха, ша волччохь охьа а хуий, шина куьйга корта а лоций, д1асатехкаш 1ара. Шун дас, иза вог1уш саца а вина, хьенех, хьо иштта ма лелахьара, хьайн дег1ан дола а деш, Делан кхиэлана къера хилий, сатоьхна х1ума дехьа аьлча, кхин дош а ца олуш, г1ийла вела а къежна, д1авахара. Цул т1аьхьа цхьа к1ира хан яьлча эвла йистехь велла 1уьллуш карийнера Минкаил.

Тхо д1адигна пхи бутт хан яьлча дуьнен т1е велира вайн Хьумайд, со х1етахь цомгаш яра. Мохкалла дина хиллера ас. Х1етахь соьца сан йиша Неби ца хиллехь, билггал лийр вара иза. Цо, г1ирг1азойн зударшка вакха а войтуш, ч1ог1а доладира цунна со г1атталц.

Шина-кхаа шарахь бккъал а вуон хьийгира оха, кхоччуш даа-мала, т1едухург доцуш. Ткъа цул т1аьхьа жим-жимма чу са деара нахана, цхьаццанхьа белхаш а беш, д1атарбелира биснарш…, – къамел а сацадой, шен ойлане йоьду нана.

– Х1етахь сатоха уггаре халаниг х1ун дара аьлла хета хьуна? – юха а хотту ас.

Нанас корта хьалаойу, б1аьргийн хьажар арахьа а дуг1ий, дикка 1а, т1аккха олу:

– Ас ц1ахь схьаэцна дечиган текхахь наг-наггахь ахьар я бод хьакхабора ас. Х1ора денна дама-ахьар тхуна хуьлуш а ма дацара. Мижаргаш я бепиг доттура т1аккха. Доттуш долчу церан хьожа ма-еллинехь, царна т1ера б1аьрг д1а ца боккхуш, вог1авелла 1ара ши к1ант – Хьусайни, Хьумайди. Амма тхо пхеа адамна ч1ог1а к1езиг рицкъ хуьлура цунах. Берашна алсам дакъа д1а а лой, шозза-кхузза кхаллал баккхийчарна кхочура. Шаьшшинна елларг йиъна ваьлча, ши к1ант, сан текха т1е а воьдий, цу чу мотт хьекха х1уттура, ткъа цу чохь юьсуш х1умма а ма яцара. Цул ч1ог1а лан хала х1ума дацара. Дала т1е ма доуьйтийла цхьана а адамна мацалла хьегар. Шен меца доьзалхо вузо ницкъ цакхачар хиллера халачел а халаниг. Цхьаберш адамаллах бухуш меттиг а нислора цкъацкъа, амма ишттаниш дукха ца хуьлура Делан къинхетамца.

Шун дехой мичахь бу хиира цул т1аьхьа. Мелла а сиха царна т1екхача лиъна, уьш болчу Кхазахстанера Акмолински областе а вахана, ц1а веара шун да. Цуьнан наний, ши ваший, ши йиший дийна каринера, ткъа да новкъахь кхалхар цигахь хиира цунна. Х1етахь вайн доьзал боккха бара. Хьумайдал т1аьхьа дуьнен т1е елира Хьавраъ, цул т1аьхьа – Хьайдар, Зураъ, к1ант Халид а, ткъа иза дукха ца вехира, шо а кхачале велира. Тхо Акмолинске д1адаха новкъа довлале дуьнен чу велира Хьаьким а. 1953-чу шарахь дара и. Иштта, исс шо даьлча цхьаьнакхийтира тхо…»

– Сталин велла шо ма ду и-м, – дагадаийтира ас нанна.

–… Х1аъ, дера ду, – ц1аьххьана елакъежира нана. – И де цхьа тамашийна деара. 1уьйрана стиглахь, сих-сиха 1аьржа-к1айн бос оьцуш, юха, яхлой, т1аккха вовшах хьерчаш мархаш хьаьвзира. Киргизаша эли бохура, муьлхха а цхьана паччахьна кхерам хилча х1утту иштта сурт аьлла. Ишколе дахана ц1а даьхкинчу бераша кет1ара дуьйна маьхьарий беттара, Сталин велла бохуш. Со дуьххьара кхераелира, цара бохург д1а а хезна, цхьамма тхайна мотт тохарна. Амма цу минотана нохчаша, вовшашка кхойкхуш, и кхаъ д1акхайкхош хезира урамехь. Т1аккха юьрта юккъехь б1ог1ам т1ехь болчу радион кедахула а д1акхайкхо долийра. Оьрсех а, киргизех а болу цхьаберш боьлхура, кхиберш вовшашка шабарш деш лаьттара. Ткъа нохчий-м бацара шайн самукъадалар лачкъо г1ерташ. Хьехархоша, Сталин валар а хаийтина, белха а боьлхуш, дешархой а белха беза бохуш, хьийзийра шаьш бохуш дуьйцура Хьусайни, Хьумайди. Ткъа со лулахошна д1асадекъа ч1епалгаш датта юьйлира. Со санна хазахетта хьийзаш болчу кхечара а шайн-шайн х1усамехь бес-бесара кхача кечбеш хиллера. Цхьа доккха, инзаре х1ума дара Сталин эххар а велла бохург. Х1иццалц схьа а Дег1астана юха дахарх цкъа а дог диллаза хиллачу тхан и сатийсам кхин ч1аг1белира…

Махках даьхначул т1аьхьа пхи-ялх шо хан яллалц тхешан гергарчех хилларг х1ун ду ца хууш, 1ийра тхо, – кхид1а а дуьйцу нанас. – Цигахь тхо долуш шолг1а б1аьсте т1ееъча, г1енах сайн дейиша Лула гира суна, маьхьарца соьга кхойкхуш: «Ва Хьава, уьш берриш белла хьуна – сан да-нана. Хьайниш а бац хьуна..!» – бохуш, тхан уьйт1а йог1уш. Цу хаамо 1адийна, набарха мохь а болуш самаяьлла со, айса лелочух ца кхеташ, чохь мел верг кхерийна хьийзинера. Цул т1аьхьа масех шо даьлча хабар кхечира соьга, сан да-наний, йижарий, вежарий мацаллина а, мохкаллина а белла аьлла. Суна и г1ан гинчу б1аьста хьалхи-т1аьхьий кхелхинера уьш. Дийна виснарг ваша 1умар хиллера, иза сан дедаси, денанаси шайца д1авигна хиларна виснера. И шиъ а кхелхича деваша Шайх-Мохьмадци, дейиша Хурмици 1ийнера 1умар... – нана, юха а шен ойлане йоьдий д1атоь.

Со а, вист ца хуьлуш, нана тергалъеш 1а. Суна дукха шера хаьа тхайн доьзало, нохчийн къомо санна, мел бала хьегна, баккхийчара дуьйцуш айса хийла ладег1арна дела. Нохчашна шайн даймахка ц1а берза бакъо елла боху хабар даьржича, 1едалера пурба а доццухь, 1956-г1а шарахь гуьйрана Нохчийчу дуьххьара ц1а баьхкинчех бара тхан ден Хьасин боккха доьзал – пхи к1ант а, кхо йо1 а. Цхьа к1ант Г1ирг1азахь кхелхинера.

«Х1оккхул, никх санна, боккха доьзал а эцна, хьо стенна сихвелла? Собарде, цкъа наха х1ун до хьажа», – массара шега боххушехь: «Х1ан-х1а, со ца 1ало кхузахь, суна со а, сайн доьзал а дайн лаьтта т1ехь баха лаьа, х1уъу хилла латтахь а», – аьллера тхан дас.

– Тхо санна, ц1а кхача сихбелларш кхин а хиллера, – дуьйцу нанас. – Цу бехачу новкъахь х1ора станцехь тхан шалон (эшалон) т1е хьалаболура цхьаъ-шиъ нохчийн доьзал. Гуьмсера станце схьакхаьчна ц1ерпошт нохчех йоьттина яра. Цигахь шаьш охьа ма-диссинехь ловзар х1оттийра нохчаша. Тахана санна дагадог1у сунна, Хьиди-К1отарара Нагала, юх-юха юкъа а вуьйлуш, хаддаза дина хелхарш. Тхоьга а хьуьйсуш, шайн маттахь яппарш йора цигахь цхьаболчу оьрсаший, суьйлаший. Гуш дара, тхо ц1адирзина церан самукъадолуш ца хилар. Циггахь милцоша лаьцна д1а а вигна, кхо шо даьлча ц1а веанера цхьа нохчийн к1ант. Цхьана боьхачо мохь тоьхнна нохчашна маьттаздерг аьлча, собар кхачийначу цо тоьхнера цунна. Т1аккха ц1ог1анаш, маьхьарий детта буьйлира уьш. Тхо х1инццехь, тхаьш схьадалийначу шалонна т1е а доттий, юханехьа хьовсаде бохура цара.

 

– Вай ц1а дерза новкъа довлучу хенахь барх1 доьзалхо вара шу. Шун дассий, асий йиъ чоь йолуш ц1а а динера х1етале. И дохка г1ертарх г1уллакх ца хилира. Кхузара д1адаха дог-ойла сецна тхо хилар гуш, оьрсаший, казахаший ца оьцура нохчашкара х1усам, маьхза уьш шайна юьсур юйла хууш. Т1аккха, цунна дог1а а тоьхна, новкъа девлира вай. Тхан дог1маш Кхазахстанехь делахь а, синош тхол хьалха вайн юьртахь яра, ойла а, дог а ц1ахь лаьттара. Цу хьолехь бара боллу нохчи а.

Тхо г1аш а, таро йолчо машен я ворда лоцуш, тхеша-тхешан ярташка кхача сихделира. Ма даккхийдера тхан дегнаш, х1инц-х1инцца кхойтта шарахь оха сатийсина юрт юха а гур ю бохуш. Ялхой-Махка д1акхаьчча-м тхо масех доьзал белхарца бахара юьрта чу. Божарша а ца лечкъадора шайн б1аьрхи. Тхайн юрт тишъелла, басаяьлла гора, цхьа а ц1а дацара гонаха керт йина, 1оьхуш варраш хезара, шайн маттахь цхьаъ бохуш, тхан ц1енош чуьра ара а буьйлуш, тхоьга хьуьйсура тхо арадаьхча кхуза схьабалийна охьаховшийна суьйли. Цара шайн куьйга дина цхьа а ц1а дацара кхузахь, мелхо а тхан беданаш, кхалораш вовшахъяьхнера дечигна, б1арийн дитташ а охьадиттинера кхерча тилла.

Массарел хьалха ц1а кхаьчна тхо тхешан ков-керта ца дуьтура тхан чохь 1ашболчара. Гома хьуьйсура, тхо шайн керта даьхкича санна. Бакъду, уьш а хиллера 1едало, ярташ а йохош, нуьцкъала кхуза схьабалийна.

1а дара т1едог1уш, цундела оха тоьланаш яха йолийра басешкахь. Х1ора денна т1ех1уттура тхуна юьртан 1едал, эрна къа ма хьега, мелла а сиха д1аг1о шаьш хиллачу, 1едалера пурба доцуш аьхкина ду шу бохуш. Божарий чехабора цхьаъ даккха г1ерташ. Хийлазза доккха дов далланза дисира суьйлашца. Амма вайн божарий, кхузара д1а ца довлуш, шайн декъий дохьуьйтур ду шаьш аьлла ч1аг1о йина бара. Уьш ткъе иттех бен ван а вацара оццул дукха болчу царна дуьхьал. Делан саг1а юкъадоьлла, кхин дов-чов йоцуш 1аьна к1ел дахара тхо. Тоьланаш чохь шийла хуьлура, гуттар а пешан к1ур лаьттара чохь, латта тосуш бинчу тхевнах чу дог1анан а, дешначу луон а ладар 1ийдалора. Хаддаза ц1е латто езара чохь, т1аккха латта дохделча, пенех схьа араг1ертара нана-п1елггал стаммий н1аьний, чхьаьвригаш, кхин а садолу х1уманаш (сагалматаш). Тамашийна х1ума а дара: кхин цхьа а цомгуш ца хуьлуш б1аьстенга девлира вай. Цу 1ай бакъо елла хиллера советан 1едало нохчашна шайн махка д1абаха. Т1аккха ц1а таттабелира нах, х1ора дийнахь а, буса цхьаъ-шиъ доьзал юьрта кхочура. Х1инца кхузара 1едал а т1ех чуьрадаьлла ца хьийзара. Цу т1е а кхузза деара Ялхой-Махка г1алийт1ара 1едал, шайца нохчийн хьаькамаш а болуш. Гайрбеков олий ц1е а йоккхуш, массарел дукха хьехош цхьаъ вара х1етахь. Вайн божаршка, х1уъу хилла латтахь а, варийлаш, юха ма довлалаш, шун г1уллакх Москох а хьехо даьккхина ду шуна аьлла хиллера цо. Иштта вайн хьокъехь цхьа пирказ а хиллера Москох арадаьлла, Нохчий шайн ярташка бита аьлла. Ялхой-Махкара а, гондхьарчу ярташкара а наха шун да вахийтира г1алит1е и пирказ билггал ду-дац хьажа. Б1аьста дара и, Гайрбековг1ар вайн юьрта а бахкале. И пирказ т1ехь долу газет а дохьуш юха кхечира иза…

Нанас дуьйцург Нохч-Г1алг1айн Республика юхаметтах1отторах долу 1957-чу шеран 9-чу январехь арадаьлла СССР-н правительстван Указ ду.

Суьйлий ц1аьххьана кхузара д1аэха буьйлира. Уьш берриш буса д1абоьлхура, сал-пал шайн варрашна т1е а юттий бохуш дуьйцу нанас. Иштта тхан ков-керт а цхьана 1уьйрана цара парг1ат даьккхина карийра. Т1аккха тхан доьзал чу баг1ара.

Цул т1аьхьа кхин а ялх доьзалхо хилла тхан ненан. Х1инца тхо вейтта вара – ворх1 к1анттий, ворх1 йо11ий. Оха массара а деша лууш вара тхан да, йоза-дешар ца хууш верг а, кхетамна т1аьхьа дисина халкъ а декъаза хилар шена хиъна дела, 16 шо кхаьчча лаьцна ша хиллачу Мурманскера ссылкехь а, махках даьхна 1азап хьоьгу шераш а шена гина хиларна. Цуьнан доьзалера тхо 12 лаккхара дешар дешна ду, вукху шиммо – техникум яьккхина. Тхуна массарна а дика хаьа, мел ч1ог1а къахьегна дас-нанас тхоьга дешийта г1ерташ.

Кхин а, кхин а дуьйцу нанас шаьш хьегначу баланех лаьцна, юкъакара йоьлху, юха шен дагалецаме йоьду. Т1аккха, ц1аьххьана, дагахь а доцуш, олу:

– Мел бала-хало хьегнехь а, дуьне мел ду даржийна вовшех хьегийнехь а, нохчийн мотт а, г1иллакх а диц-м ца дира оха.

Сан дагах чекхдовлу и дешнаш. Со цара бехкал вохуьйту къаналло а, иешамаша а меттахь йитинчу сайн нанна хьалха. Суна цунах ч1ог1а къахета, къахета Сибрехан жоьжахатех чекх а бевлла ц1а бирзинчу нохчех. Цара-м мацаллий, хьогаллий, мохкаллий лайна ма ца 1а! Цара-м вайн мотт, г1иллакх, ламаст а лардина, уьш ц1а а деаъна. Ненан мотт вайга бийцийта а, нохчаллех ца дохийта, г1иллакх-оьздангаллехь вай дахийта а! Иза-м церан уггаре доккха хьуьнар ду, дуьненахь шел лакхара а, сийлахь а хьуьнар хила йиш а йоцуш! Ванах, х1инццалц схьа цуьнан ойла х1унда ца йина те ас? Цунна т1е тидам х1унда ца бахийтина те ас, ахь, аш, кхечара-массара а!?

– Х1окху тилвизар чохь, – шен маьнгина дуьххьал лаьтташ йолчу телевизорехьа куьг тосу нанас, – цхьа нах охьаховшу-кх хабарш йийца, я эшар лакха. Наг-наггахь цхьацца-шишша нохчийн дош къаьста церан къамелехь. Д1алокху йиш а ца хуьлу, нохчийн ю аьлла кхайкхош елахь а, дешнех кхеташ . Еккъа ц1ена г1овг1а бен, кхин х1умма а дац. Цу т1е, дастаме зударша санна, т1аьрзенаш д1аса а лестош, эшарш маца лекхна нохчийн зударша, х1е-х1ейттанехь мохь а бетташ? – хотту соьга.

Делан къинхетамца, б1аьрса а, лерса а дика ду тхан ненан, меттахь йисина и гуттар хьоьжуш хуьлу нохчийн маттахь йолчу передачашка.

– Дагадог1ий хьуна, айхьа чохь цхьацца дезарш дечу хенахь, нохчийн маттахь цхьа х1ума хьайна еша соьга олуш? – хотту ас.

– Х1аъ… дера дог1у. Къаьсттина дика йоьшура ахь «Шуьгара ду маршалла, хьомсара накъостий…» аьлла д1айолош ерг (Мамакаевн Мохьмадан «Даймехкан косташ» стих ю цо юьйцург), – жоп ло нанас.

– Шуна, шу школехь долуш, йоьшурий стихаш?

– Х1ан-х1а, тхуна уьш мичара йоьшур яра, тхан хьехархочуьнгахь а ца хуьлура цхьа а киншка. Тиша газеташ дохьура тхан ишколе, царна т1ехь яздеш, йоза 1амадора. Титрадаш-м тхан цкъа а хилла моьттуш а яц со. Хала зама яр-кха и. Кхаа шарахь дийшира, массарна а нохчий маттахь еша а, яздан а 1емира. Г1азкхийн маттахь а хаьара, тхо цунах кхеташ дацахь а.

Нохчийн маттахь эшарш лакха 1амадора, туьйранаш а дуьйцура хьехархочо, тхоьга а дуьйцуьйтура, дика дуьйцучунна «пхиъ» а дуьллуш, – дуьйцу нанас.

– Бер дижош, ага тахкош эшар локхурий х1етахь? Цхьа-шиъ дагайог1ур яцара хьуна?

– Кхин эшарш ю аьлла х1ума дага-м ца дог1у суна, иштта, ага а техкош, цхьацца узам бора. Уьш берриге а «олилой, болилой» я «д1адижа сан жима к1орни» олий доладора массо а наноша, – елало нана. – Назма олура я зуькар дора. Тхан нанас иштта локхура бер дижош:

 

Олилой-болилой, д1авижахьа, диканиг,

Олилой-болилой, дукхаваха, хазаниг…

Веза Дела, воккха Дела, хьайн къинхетам тхох белахь,

Лаилах1а иллаллах1а, лаилах1а иллаллах1…

 

Тхо дукхахьолахь 1аьнан хенахь цхьацца гергарчийн х1усамехь гуллора. Ма самукъадолур-кх вовше х1етал-металш дохуш, туьйра, инзаре тамашийна х1ума дуьйцуш. Тхуна, зудаберашна, баккхийчу зударша хьоьхура чохь-арахь, ловзаргахь-синкъерамехь лело деза г1иллакх. Шаьш гайта а гойтуш, 1амадора хелхадовла. Цундела тхуна хьалххе дуьйна хууш хуьлура, мичахь муха хила деза.

– Х1инца а ма хьоьху уьш-м, – юкъа оьккху со, – телевизор чохь а, ишколехь а.

– Хьеха-м дера хьоьху, – доккха са доккху нанас. – Делахь а, хьалхалерниг дац-кх. Цу телевизор чохь вайн бераш галдоху х1уманаш дукха ду схьагойтуш – ц1армат духар, оьздабоцуш лелар, адамаша вовшийн дайъар. Уьш дацахьара…

Со, школа чекхъяьккхича, нохчийн мотт 1амор кхид1а а университетехь д1адахьа дагахь хилар хиъча, массо а цецволура, сан вежарий берриш математикаш болу дела. Ткъа дена хазахийтира ас иштта харжамбар, иза ша а вара нохчийн литература дукхаезаш. Ас санна, тхан доьзалера «математикийн ламаст дохийра» сол кегийчу йижарша Маликасси, Малкани. И шиъ а ю школехь нохчийн мотт хьоьхуш. Т1аккха тхан йижарийн а, вежарийн а бераш дахара вайн университетера къоман отделене деша. Х1инца а цигахь доьшуш бу цхьаберш. Дика хьехархой бу аьлла ц1е а йоккху церан болх бечохь. Тхаьш цхьаьнакхетча, нохчийн меттан а, литературин а хьал вовшашка ца хьахош цкъа а ца 1а тхо. Вайн дешан говзанчийн дикачу говзарех даккхий а диэ. Боккъал а халахетарца хьехадо вовшашка нохчийн х1инца а кхачам боллуш х1иттийна луг1аташ цахилар, нохчийн мотт хьехарехь тахана долу кхачамбацарш а.

– Вайн 1еламнаха буьйцург-м бу-кхи ц1ена нохчийн мотт. Ас-м кегийрхоша и бицбар новкъа долуш бохура, – т1етуху нанас.

Ас жоп ца ло, сан цуьнга ала х1умма а дац. И хаттар со кхеттал хилчахьана, дийцаре деш, ойбуш, къийсаме доккхуш схьадохьуш ду, нохчийн меттан бала кхаьчна лелачарий, шайн ц1архазамна дуьйцучарий, еккъа шайн цхьацца 1алашонашка кхача лаам болчарий.

Со сайн ойланехь б1еннаш шерашка юханехьа воьду, адмана евзачу историн геналле. Ас сайн б1аьргашна хьалха суьрташ х1иттадо цу шираллера таханене кхаччалц. Суна го кхерсташ деха тукхамаш, цара вайн Кавказан аренаш, лаьмнаш талош, цигахь дехачу халкъаша, шайн маршонехьа а, парг1атонехьа а бешболу т1емаш. 1аьржачу х1ордан йистошка охьа а буьссуш, вайн лаьмнашка, хьаннашка хьалаг1иртина ширачу Риман кура легионаш. Кхуза лаьмнийн когашкахь лаьттина ши ма1а йолу куй лелочу Зулкъарнайн (Александр Македонский) буьрса фалангаш. Скифийн, сарматийн, киммерийцийн, гуннийн чехкачу дойша а йитина кхузахь шайн къизаллин лараш. Царал т1аьхьа а хийла баьхкина кхуза исторехь ц1ерш йисна а, шайн ц1е-лар х1инца яйна а болу кхайкхаза «хьеший». Дерриг дуьне лестош схьавог1уш хиллачу Чингисханан г1еранаша а, т1аккха веанчу Астаг1 Тимара а 1ожаллин некъ биллина вайн махкахула. Кхин а мел хилла уьш – сутара, къиза, ц1ийх ца 1еба мехкашд1алецархой. Кавказехьа шайн сутара, хьогаме б1аьрг беттара туркоша, ингалсхоша, г1ажароша, французаша, кхечара а. Амма кхузахь дехачу халкъийн майраллах, доьналлах буьзна маршонан к1ентий бара. Царна юкъахь уггар хьалхарчех хилла вайн дедай, генара дай а. Цара ширачу заманашкахь а, Кавказан т1амехь а, цул т1аьхьа а хиллачу т1емашкахь, иэшамашкахь лардеш схьадеана вайн ламаст, г1иллакх, уггаре коьрта болу ненан мотт а. Х1инц-х1инцца девлла вай вешан исторехь уггаре къизачех хиллачу шина т1амах а. Тахана юхаметтах1оттаран, юхадендаларан новкъа девлла, йохийна ярташший, г1аланашший денъеш, схьадог1учу вайн цхьана а кепара йиш яц ваьш цхьа къам дина вовшахтоьхна ненан мотт бицбан. Х1унда аьлча эзарнаш шерашкара схьакхаьчна нохчийн мотт вай д1атасахь, и д1абалийтахь, вайн д1абаханчу дайшна дуьхьалдаха эхарт хир дац вайна, юьхь-1аьржа хир ду вай царна хьалха.

Со сайн нене д1ахьожу, корах ара б1аьрг бетташ 1а и. Дезткъе шийтта шо ду цуьнан. Ша къаналло чохь йитинехь а, йоккха г1айг1а а, сингаттам а бу-кх цуьнгахь шен берех боьзна, нохчийн дерриге а халкъах болу лазам а.

 

 

Комментарии  

 
0 #1 kheda 11.03.2016 21:42
бурчаев хьалим коледж
Цитировать
 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.