Для восстановления архива, сгоревшего в результате теракта 04.12.2014г., редакция выкупает номера журнала за последние годы.
http://www.nana-journal.ru

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН

Пресс-эстафета "ЧР - ДОМ ДРУЖБЫ"


Нохчийн Жайна Печать Email

Яшуркаев Султан

 

 

Дийцарехь, ша охьа а та1авайтина, к1урд а аьлла 1ан веза-кх стаг а, къам а, аьлла дагатосур кхузахь цхьанна. Х1ан-х1а, ца веза, и ца боху вай, буха ч1ешлигаш а 1иттина йина г1ишло х1уп ма элли хаьрца боху, эрга т1уьхиг схьа а еккхина цуьнах церг тохарх стом баар ца хуьлу а боху. Ца лаьий охьата1авайтина 1ан, цкъа къоман лааме хьажа – хиндолчун бухан уггар хьалхара т1улг хила беза и лаам, цунна т1ера хьалаботта беза къоман юкъарчу г1ишлонан бух. Хууш хила деза оцу бухана мел «цемент»… «г1ум»… «жаг1а» беза, цуьнан «опаловка» муха хила еза, и ботта мел хан еза хууш хила веза оцу белхан «прораб». Хууш а, гуш а хила веза и бух а, цунна т1ехь ютту г1ишло а гонахьарчу г1ишлошца муха йог1ур ю а… И дерриг а вовшахтоха б1е шо дезахь оцу б1е шарна собар а хила деза цуьнгахь. И бух а боцуш, ц1аьххьа, зама керчанчохь цуьнах нийса а ца кхетий, доцург ду олий а тарлой, х1ума долийча та1аво кхин а охьа, къурд а алийту, ца аьлларг каг а во. Эзар шарал совйолчу заманахь бух а боьттина хьалатаь1на лакхахь цхьанхьа-м вай хьахийна жуьгаттийн къам, йийцарийна юьйцуш ю тахана церан пачхьалкх, цуьнан политика. Мацах шен хилла ц1е ю цуьнан тахана – Израиль…

 

Х1ара къамел кхечу маттахь деш хилча терминологи олург шуьйро-о хила тарлора кхуьнан, вайн маттахь и башха яьржина ца хиларна, муьлхха а кхеташ хилийтархьама и юкъа ца изо г1ерта кхузахь. Х1ара долош а хаьара и чолхенаш хир юй, делахь а, шен къомаца ден къамел оцу къоман маттахь хилаза ца долу. Институташ, университеташ яьхна, и терминаш ца хаьахь а, кхетар ду аьлла хета къам, шега х1ун ала г1ерта. Масех термин а 1амайой, тхо хьунехдинарш-минехдинарш ду бохучаьрга дац х1ара, цара и «терминаш» а юьйций, шайна тарделларг кхочушдан ара а доккхий, юха и галдаьлча, д1аса а лелхий, юьхь1аьржа х1отточу къоме ду, хьуо ле ма дайта, ловза ма дайта, хьан-хьанна т1аьхьа ма х1итта, хи т1е верта тесна ламаз дан хьуо кхайкхича, оцу «джама1ате» а ца хьодуш, хьайн уьстаг1ан кхакхан т1ехь, газана ц1окий т1ехь ламаз а деш, суьлхьа а доккхуш ц1ахь 1е, дукхадахарг, ала. Олуш ду вайн: «Ала йо1е, хаза несе», – цунний дайна, х1ара оцу нахана хезча а дика хир ду. Шен къам хазчу къамелах 1ехалой а хууш, цунна хабарш а дуьйцуш, цуьнан лозучунна т1е туьха а туьйсуш, кийрахь цуьнах дог лазар а, къахетар а доцуш нах совбоьвлла зама ю х1ара. Цаьрга ладийг1ар, церан собранешка ихар, царна т1аьхьа шен бераш х1ийттайтар ю къоман дакъазалла, ша шена эшам бар, шена дола ца дар. «Хьуо т1аьхьах1оьттина верриг хир ву хьох хьайх а», – боху Делан элчанан (1.с.в.) дашо, вукха хьадисехь боху: «Нехан дегнаш шена т1едерзорахьама хаза къамел 1амадахь, къематан дийнахь цуьнан фардз а, 1ибадат а къобул дийр дац». Уьш къобал ца дича хуьлург-м хууш ду…

Хьалхо-о дало дагатоссуш юха дицлуш дог1у х1ара цхьа масал, дагатесначура далор вай х1ара. 1932-чу шарахь Шоьнах имам ваьлла Моцу. Цуьнан маса шо хилла ала хаац, амма г1еххьа хеневаьлла стаг хилла иза. Дукха ца дуьйцу цуьнах лаьцна цуьнан болам теллинчара, цхьадерг, ма-дарра ду аьлла, т1елаца шеконе а хета. Шен юьртал арахь х1ун ду а ца хууш, дог ц1ена а волуш, имам валар дагахь а доцуш, халбате хиъна 1ийна г1елвелла аьха си т1е а вахана хилла боху иза. И Далла дукхавезаш стаг ву, и коьртехь хилча эшам хуьлуьйла яц и имам кхайкхо веза аьлла, цхьана 1едалах петоьхна арабоьллачара т1едиллина цунна и имамалла. Вукхо шех х1ун имам хир ву шуна аьлча, ца хуьлахь шаьш хье юккъе топ тухур ю хьуна, бохуш, кхерамаш тийсина бохуш а дуьйцу, чу-ара вала ца вуьтуш, кхеча ярташкара нах а т1етуьйсуш, вала а, вола а меттиг къийина хилла а боху. Цу нахана дуьхьало ян ницкъ а кхачийна, ца ваьллачу денца, т1елаьцна таро ю оцу пекъаро и декхар. Т1елаьцча-м д1акхехьа ма дезий. Д1акхехьа воьлча, ша шех 1ехавелла таро а ю иза…

 

Оцу г1аттамана юккъехь шаьш х1ун дан деза хууш стаг ца го. Кулакаш бина-бохийна, Советан 1едалца юкъаметтиг йоьхна нах хилла таро ю уьш, цара меттахбаьхна к1еззиг къехой а. 1932 шеран март баттахь масех б1е стаг гулло Бена чуйог1учу Старшкершкан дукъа. Гулбеллачу нахана хьалха имаман гонахьарчу наха маьхьарий детта: “Д1о дукъ т1ера салтий а бойуш, Сесанара больницаш схьа а яьхна, Нажай-юьртара конторех сийна ц1е тосур ю вай! Схьадаха шайн тарраш!” (Х1ун дан бохку х1орш оцу больницех, мича бахьа бохку царна чохь 1охку цамгарша лаьцна нах?!)

 

Цул масех де хьалха Старшкершкара мехкадаьтта доккху вышка ларъяча отделенин командир вахана Моцу волчу, талмажалла дан шеца оцу вышканан мастеран помощник волу нохчо а вуьгуш. “Шу х1аллакхила хьаьхна ду, шуьга советан 1едал а дохалур дац, хьо цхьана наха тилкхазавеккхина, цара хьоьга нахана зулам даккхийтур ду. Хьайга и 1едал дохалур ду-дац хьажа Грозный г1о. Со, хьо юхаверззалц, хьан накъосташца вуьсур ву, хьо д1аса вига цхьа салти а лур ву ас, Советан 1едалан ницкъ цхьана Грознехь мел бу гур хьуна. Хьажалахь бохалур буй хьайга и ницкъ”, – аьлла цуо Моцига. И хьехар т1е ца лоцуш: “Цкъа д1авохуьйту хьо, кхин хьуо б1аьрга ма гайталахь. Кхин кхунна хьалха валий хьуо а ма воьллахь”, – аьлла жоп делла талмаж хилла ваханче…

 

Цул т1аьхьа шен вышканна гонаха окопаш яьхийтина оцу командиро, цхьа салти пулуметаца цуьнан буьххье а хаийна. Моций «б1о» шоллог1ачу дийнахь, оцу вышканна т1елетта, амма салтечо пулемётаца дукха охьабаьхкина уьш, шовзткъа сов стаг вийна олу цигахь. Т1аьххьа а, цхьана г1аттахочо, охьа а кхетта, ша вийна моьттийтуш меттах ца хьовш а 1ийна, бухара хьалатоьхна вийна и салти. Юха, Сесанан даккъашкахула Нажайн-юьртара «контор» а ягош, 1едалан эскар хьала ца даийта, Г1ачалкхе дахана аьчкан некъ лиэ1а лахенга хьоьвдда г1аттамхой. Цхьана веданхочо хеттина боху Моцийга: «Делахь, Моцу ларор дуй-те вай, толам хир буй-те кхуьнах?» – « И д1огара ламьнаш гой хьуна? Уьш схьататтийта а йиш йолуш ду-кх вай, цхьа до1а дичахьана!» – жоп делла бохура Моцус…

 

Ламьнаш шаьш доллчохь дисина, х1орш нисса эскарна т1енисбелла. Эццахь, вуьйриг-вуьйш, лоцург-лоцуш, Моцуй, цуьнан накъостий д1асабаржийна. – «До1а де, Моцу!» – мохьбетта бохура веданхочо… «Хьуо ведча волий хьажа чехкка!» – дуьхьал бетта бохура Моцас…

И х1ума бахьана долуш Нажай-юьртан а, Веданан а к1ошташкара 9 эзар стаг лаьцна х1етахь ГПУ-н эскадронаша. Кхеташ ду уьш, дукхахберш, бехк а, гунахь а доцуш нах хилар.

5 эзар т1епаза вайна царах, вуьш цхьацца хенаш а яьхна юха бирзина…

Коьртахь галий а дуьллина д1авигна Моцу. Д1акхаьчча, кортара галий д1адеккхича, буса г1алахь летта чиркхаш гича, хеттина боху цуо: «Цхьана х1усамчохь латийна дуй и чиркхаш?» (!)…

Цхьана тобано тилийна и, дика могуш а воцу, стаг. Иза а, шаьш а х1аллакбина цара, дукха адам х1аллакдайтина. Дика ца даьлла цу х1уманах, я доллошехь долийла а яц иштта долийначух. Эзарза ала а, долуш дац тобанера дика…

Алаза диси лакхахь и Моций г1аттам, Моцийна а я дукхахболчу цуьнах имам винчарна а х1ун ду а ца хууш, арахьара чу еана «план-провокаци» хиллачух тера хетар. Мехкадаьтта доккхучу вышканашкахь болх беш, сом-ком доккхуш болу Старшкершкара нах а хилла оцу х1уманна реза боцуш, дукха 1еламнах, баккхийнах арабевлла а хилла адаме и зулуме дер долуш х1ума ду, цу улле ма г1о олуш. Баха а ца бахана дукхахберш, амма ца бахханашехь эзарнаш д1алецна… Цул т1аьхьа дукха нахана юкъа ваьсаш яьхкана, шайн нах х1аллакбайтина аш бохуш, девнаш хилла… и девнаш-м хьеха а ца дар вай. Цул т1аьхьа,Моцийна уггар уллехь хиллачех, цхьаберш 1едало леккхарчу белхашка х1ийттина бохуш а дуьйцу. Ойла ян х1ума ду вайна иза а…

 

Кхузара, иттехь шеран г1улч тесна, 1942-чу шаре довлу вай… Фашистийн Германи т1е а летта, луьра т1омбеш ю СССР. Г1аьзот а доьхкуш т1ам т1е оьху эзарнаш нохчий, цхьаберш пачхьалкхо кхайкхуьй, хийла а шен лаамца (добровольно) а, ткъе итт эзар хилла ца 1а уьш. Исс б1е сов фашист х1аллаквина х1етахь пулеметчика Нурадилов Ханпашас… легенда хилла вуьйцуш ву иза, иллеш ду цуьнах дохуш, йоьллучу армена шех масал хилла ву, иштта хьуьнар гайтина меттиг яц, итттанаш пачхьалкхаш, къаьмнаш чулоцуш, дуьненчохь уггар боккха хиллачу т1амехь. Йоллучу армехь а г1арабевлла бу 1942-чу шарахь танкист Маташ Мазаев… Снайпер Идрисов… кхо б1е сов фашист охьавиллина цуо… Хаважбаудин Магомедмирзоев – кхо б1е гергга цуо а виллина, Махьмуд Амаевс 277 виллина, тульский оружейный заводехь цуьнан ц1е т1е а язъеш топ йина цунна… Чечено-ингушский кавелирийский полк ю т1омбеш, нохчо Мовлид Висаитов ву цуьнан командир… командир батальона ву Ибрайхан Бейбулатов, цуьнан кхо ваша а ву цу т1амехь… тахана а волуш волу Советски Союзан герой Дачаев Хансолта ву, кхано т1ом д1абоьрзуш, Рейхстаган буьххье байракх йоьг1на Исмаилов ву… масане ву уьш… хийла воьжна царах йийцарийна юьйцучу Брестех мостаг1чунна и д1а ца луш, къар ца луш… Шайн къоман яхь гойтуш, махкана юьхьк1ола еш бу и х1айтъаьлла к1ентий. Оццу юккъехь, советан 1едал духуш ду, Гитлер тоьлла вог1у олий, Шуьйтан к1оштахь дукхахберш обаргбевлла нах вовшах а кхетий, цхьацца шайн хьаштош йолу нах юкъа а озош, цхьа сонталла йолайо. Советан 1едалца юкъаметтиг галъяьлла нах бу уьш. Бехк боцуш т1едеана а хир ду цхьаболчарна шайн обаргалла, хийла бехк а, гунахь а воцург дакъазавеккхина зама ю иза, боккха бала а бу и т1ебеанчунна, амма, къоман лаам кхочуш бо аьлла х1ума дац оцу наха айдинарг, ца диллина къомо царна т1е ишттаниг дар, бац уьш цуо билгалабаьхна, хаьржина, шена хьалхабовла кхайкхина, дац къам царна т1аьхьах1оьттина. Къоман, хила тарлучу т1аьхьенан ойла, фашисташна дуьхьал т1омбеш волчу хийла эзар нохчочун ойла йина ца боьвлла уьш ара. Церан «политика» шайна тарделларг ю, шаьш 1ехаделларг я шаьш кхечара 1ехийнарг. Оцу муьрехь дуьненчохь х1оьттина хьал оза политически терза долуш ца го уьш, генара х1ума гуш дац церан политически б1аьрса, шайн сонталло галбаьхна а хаац я цхьана кхечара ловзош бу а хаац. Гитлер тоьлаш ву, Кавказ немцоша д1алоцуш ю, Осетехь немцоша, шайгахьа болу х1ирий хьалха а бохуш, 1едал х1оттийна, г1ебартойн махкахь иштта хьал ду, шен хенна дан деззарг динарш вайн махкахь а 1едале х1иттор бу аьлла кортош хьаьвзина а хаац, дукха сурташ х1уьтту церан белхан ойла еш. 1алашонаш мухха хиллехь а, дика дац цара динарг. Нохчий парг1ат баха арабоьвлла бу ткъа дуьненна а г1арабоьвлла расисташ болу фашисташ? Ца девзаш хилла и х1ума долийчарна шайн къам, цуьнан амал? Кавказ немцоша яьккхича, царна к1ел бахана 1ийр бара нохчий? Оцу т1амехь шайн эгначо к1ентий ч1ир ца оьцуш 1ийр бара? Цхьа а бух ца хиларе терра, т1аьхье вон йолуш дирзина и х1ума. Ишттанаш буй а хууш, кемант1ера чу герз кхуьйсуш хилла фашисташа. И «бесплатни совг1ат» схьалахьош хилла цхьаболчара, деа, немцошца бала болуш а цахилла уьш, и немцой махка чу баьхкича, царна т1е тухур дарий а хаьа вайна цара и герз, амма оцу доллучун ойла ца яр го кхузахь… цхьана провокацин буйна бахар…

 

И сонталла йинарш х1аллакбина. Маса хилла уьш? Боцурш т1ебетташ х1иттийначу отчеташ т1ехь а бац уьш цхьана ламанан жимчу юьртан бахархойлла а, ткъа т1амт1е бахана эзарнаш бу вайн. Ишттачу хиламийн мах нийса хадош хила беза, ойла ян еза тахана оцу наха бинарг боккхаболх хетачара а…

Ишта а вайна т1е х1ун кхуллур ца хууш бохкучарна и шайн сонталла доллучу къомана т1ейилла бахьана далар бен к1ад а дац цара дина, кхузткъа шо даьлча а бан битана т1ехбеттамаш боцурш…

 

Кхузахь цхьанна дагатосур, вайн цхьа а бехк бац, вай ду гуттар хьийзош, и «самобичеванеш» дукха йо х1окху йозанехь аьлла. Кхузахь «вайн бехк», вай НКВДана хьалха бехке ду, бехказадовла деза бохург дац, «искупить вину» а дац, амма цхьа «самобичевани» ю кхузахь – НКВДана хьалха мухха делахь а, ваьшна хьалха бехке ду вай – вешан х1ума лело ца хаарна т1ехь. Юха а, цхьа исторически хилам беача, цунна лун жоп вайн цхьаъ ца хилар бу и бехк, цхьанхьа, яр санна, цхьа тоба йолий, вукхазахьа важа йолий, цара вайн ц1арах къамелаш дар, х1уманаш лелор, вайн векалаш ду шаьш боху сурт х1иттор, иштта ца нисдалийта, халххе охьабиллина вайн г1ирс ца хилар – юха а – вайн ваьшна дола ца дар. Ца дича – ткъех стага цхьа тас харцадо – цу чуьра модаш, диларш эзарнашна т1ейоьгу. И хаа хууш, чуьйхьа – ваьшца, арахьа – нахаца беш болх ца хуьлу вайн. Ишттачохь хила дезарг ойлайина, яздина охьадиллина дац, и ца хиларо эшам бо, вай ваьшна беш эшам бу иза, ма-дарра аьлча, тешнабехк бу, белахь – вешан бехк бу иза, вайн ледарло, вайн политика, тактика, стратеги олурш ца хилар, вайна лела ца хаар, бехк бу вайна юкъерчу цхьаболчара вайх, и таса г1ертачарна, м1аралата, мискъала зарратал а, бахьана далийтар, ваьшна лелочу мекарлонашна саццаза дуьхьал болх беш «интеллектуаьлни система» ца хилар. Вай, оцу системан метта, масех стага, 1ай-вай олий, г1овг1а а йоккхий, Москва шиъ-кхоъ «петици» а язйой дуьжуьйту, х1ума чекхдаккха карах ца долу, суьдехь къовса дог ца дог1у. Советан 1едал а долуш, роман язйинера Николай Горбачев бохучу цхьана… цуьнах яздархо ала мотт а карчац. Цу т1ехь дуьйцура, нохчий бара-тов Ачхой-Мартанехь Гитлерна совг1атана кечйина говр луш. Ачхой-Мартан мичахь ю, немцой мичахь бу! Вай суьде а ца велира и «товарищ», эцца «буря в стакане» олу г1овг1а а йина дижийтира. Айса цуьнах лаьцна вукха Горбачевга, Михаил Сергеевиче, бакъ дац цуо дуьйцург аьлла, телеграмма яхьийтича, айса цхьа доккха х1ума, боккха т1ом бина хеташ чувизира х1ара дуьйцу со а. Ца дижийтинехь, цуьнга жоп дехнехь, хьагойтал айхьа дуьйцучун бух аьллехь, суьде веллехь, кхечара юх-юха а и «инсинуацеш» олу х1уманаш кхоллур дацара.

Ишттачохь маьхьарий а ца хьоькхуш, лата чу а ца г1ерташ, цивилизованно олучу кепехь леладо наха шайн х1ума, лелоре терра результат а хуьлу церан. Юха а ала, ваьшна чохь а, арахьа а къоман х1ума (интересаш) лардеш беш болх бац вайн. Арахьа и болх беш ца хилча, кхуллу къоманна т1е х1уъу а, яз а до, зорба а туху и чекх а долу, чохь беш ца хилча, чохь эвхьазлонаш, сонталлаш яьржа. Цхьа а х1уттур вац сема йолчу юкъараллехь дагадеъанарг долон а, лелон а. Вайна юкъахь х1унда х1утту цхьа тоба вовшах а кхетий халкъан ц1арах къамелаш дан? «Восстанеш» ийян? Ткъа йийча муха боьрзу церан боламаш, маца муьлха национальни проект чекхъеккхина оцу наха, маца муьлхарчу дикане кхачийна вай? Цхьа г1ишло юй махкахь оцу наха йоьттина? Къомо ша шега дала деза и хаттарш, делча жоп а карор ду: вай сема ца хилча, ваьшна дола деш ца хилча, ма де аьлларг дечуьнга юкъаралло доьхуш жоп ца хилча боьхьа и нах къомаца эвхьазабовла. Ала дашна, имам Шемала вайх лаьцна аьлла боху: «Вониг чу кхосса ор а дац нохчийн, диканиг лекхаваккха лам а бац». Вайна цуо ваьшна цхьа диканиг аьлла хетахь а, шайна дола деш бац бохург ду иза а. «Общественный контроль» олург хила еза юкъараллехь. Къамел иштта деш хийланна а дезар дац, х1ара харцахьадаккха, харц тида а г1оьртар бу. Делахь, х1унда до х1ара и хуъушехь? Самукъадолуш ца до, сайна а ца дезаш, хийла меттахь вас хуьлуш до, со а ву, х1ара ца дезон дерг воллу нохчо, мухха делахь а, вайна оьшуш хета х1ара, вайн жимма б1аьргбеллалур бацара-те, самадоьвр дацар-те, ларлур дацара-те, вайн т1аьхьенна цхьа дарс хир дацара-те кхуьнах бохуш до, х1ара тидаме оьцу дерш хиларе са а туьйсу.

 

Мотт-йоза суначул совделларш дуккха а бу вайн, ца хууш 1ац хийла а и х1уманаш, уьш а хьахийна, цхьаболчу нехан бага ца баха 1а. Иштта ца хилча, асчул чулацамен а, к1орге а, говза а дийр дара х1ара къамел цара. Х1инца суна хеттарг а хеташ, массийтта деш хила а тарло. Цхьана аг1ор диллича, сайгара деш а ца хета х1ара – хийла-хийлангара сайна схьа а хезна юха деш ду, ма-дарра аьлча. Ван-м со а вац оцу багавахарх ца озалуш, баркаллига догдахийла ца хиларх а кхета, амма, юх-юха эзарнаш «градийн» бага оьхачул вайн вешан бага цхьаъ… шиъ…. кхоъ вахар са йолуш хета. Беза мохь бу синна цхьана стеган не1алт т1еэца а, шех нехан безам баккхар а ду иза. Ишттачу къамело хийланниг а дохьу и дечунна, уггар хьалха г1овг1ане волу х1ара массарначул а сов шена оьшург. Бакъ дайна олу тахана кху дуьненчохь, делахь, вайна юккъехь а дайна иза, амма вай вешан бакъ лаха деза, нохчий ду бохуш кху дуьненчохь ваьшна кхид1а а хила лаьахь, лехча – карор ду вайна иза, ваьш охьадожийна, ваьш хьаьшна вешан когаш к1ел карор ду. Дела лоьхучунна – Дела карор ву, зулам лоьхучунна – зулам карор ду, боху цхьана туркойн кицано, зеделларг ду оцу кицанца. Далла т1ебиллина хила беза вешан болх, амма ваьш, т1етаь11ина и болх беш хила деза. «Эмкал хьалха д1а а ехкий, т1аккха билла болх Далла т1е», – аьлла вайн элчано (1.с.в.). И ваьш Далла т1е биллина болх кхочуш беш хьоьгуш къа хила деза бохург ду иза, эмкал хецна д1а а яхийтина, Дела кара ели хьо бохург, ша цуьнга хьажа малоъяр ду. Аллах1-Дела, дуьне а, 1алам а, х1ор инаса а кхоьллинарг ву. Хьуо а, хьайн дехни а, дика мел дерг а, шеца долу г1иллакх а айхьа ларде боху цуо. Хьо и лардеш хуьлахь, ша г1о дийр ду хьуна, ша ларвийр ву хьо, гуттар а хьоьца хир ву ша а боху. Вуьшта аьлча, шен дехни делахь, царна доладеш хила веза церан да, уьш дукха делахь 1у лаца а веза царна…

 

Атта-м ваьш хесто дара, амма, вай ваьш хеста мел до - жимлуш дог1у вай. Ойла йойту ишттачо. Нахаца йолчу йохьана, ала дог1учохь а, сайн къоман цхьана стагана а бохаме хиндерг аьр дац олий айса суо сацош а хилла со сайн йозанашкахь, цхьадолчунна дагахьбаллам а бу иза тахана, цхьана халчу киртигехь ду-кх иза аьлла, даго и кхоийна 1ийнехь а. Ваьшка ала дезарг шортта ду вайн. Шен къомах дог лозучо, цунна оьшу аьлла хетарг ала деза, юьхьаза хетахь а, шена цуьнах баркалла хир дацахь а, шена а и цадезахь а, тахана вас яр тоьлу цунна кхана зулам хилийтуьчул.

Джамбул Абай олуш воккха поэт а, философ а, 1елим а хилла казахийн. Цуо шен къоме дина къамелаш дешна ас, инзар а вийлла уьш дошуш: ма тамаш бу-кх иштта юьхьаза, шаьш човхош шайца къамел дина стаг оцу казахашна тахана оццул дукхавезар бохуш. «Со а ма ву казах, – боху цуо. – Беза суна казахаш я ца беза? Ца безахьара уьш, къамел а дийр дацара цаьрца, дуьйцур дацара сайн дагара, вер вацара царах дага, г1ур вацара царна юкъа, бала хир бацара церан г1уллакхашца, хоьттур дацара «х1ун деш ду шу, х1ун ду хуьлуш дерг?», паргг1ат 1ийр вара сайна я юкъара а д1авер вара царна. Уьш шаьш хийцалур бу я айса кхетаме балор бу, нис бийр бу аьлла 1ехавалар а дац соьца, ца хаало сайца оцу синхаамийх цхьа а...»

Шен къомах доглозу шен боху цуо. Иштта къамел вай ваьшна юкъахь деш ца хилча, арахьара чу до иза вайга, дина меттигаш а ю, къиза дина а, х1уммаъ вайх дог а ца лозуш, х1оранна 1аткъам беш, саццаза деш ду иза. Сайн дог массерачул а сов лозу къомана ала г1ертац со, сан санна и лозуш эзарнаш бу, доллу къам а ду ша шена доглозуш. Хьанна а деза шен къам, дуьненчохь мел долчийл тоьлаш а, хаза а хета, цуьнан диканах воккха а воь, вон цуьнах 1оттаделча кийрахь шад а х1утту, цуьнан турпалхой а беза, амма, къомана диканиг ца даьлла нах, уьш мел майра, х1айтъаьлла, доьналла долуш хиллехь а, царах иллеш даьхнехь а, романаш язйинехь а, цара эзар рема ялийнехь а, эзар вийна-веккхинехь а турпалхой а, дозалла а, юьхьк1ола а хетац. Сайн къоман хазаллийна т1ехь, мел жима елахь а, цхьа хьоькх а езаяц, и хьулъян г1ертар а дезадац. Хьаьккхина д1аяккха еза аьлла хета, орам тасале, мекха хилла дег1е, кийра, даге яржале…

 

Ши ойла хуьлу адамана чохь: коьртаниггий, деганиггий. Хийлазза нисло коьрто ен ойла даго т1е ца лоцуш. И ойла шийла ю – дерг ду, доцург – дац, к1айниг – к1айн, 1аьржаниг – 1аьржа. Деган ойла гуттар а бос керчаш хуьлу, цуьнца озабезамаш, лаамаш, шен йовхо ю, хила луург хилладаьлла хетар, доцург ду аьлла синхаам кхоллабалар, цуьнах самукъадалар, 1ехавалар, цхьана ховхачу дахкаро техкавар ду…

Вай, вешан алссамчу терехьехь, деган ойланца дехачух тера ду. Х1уманан ойла коьртацачул дагца совъеш т1е лоцу вай хилларг, томехь дерг – шовкъаца, доцург – халахетарца. Х1ара зеделларг ду, юха ишттаниг ца хилийта хаа ду олий биллац и хилам иэсе, кийрахь дегабааман шад бой къовлу. Исторически хиламан ойла дагца ечо, цуьнан шен самукъадолучух илли доккху, ца долург ойланера юьстахтотту. Оццу х1уманан ойла коьртаца ечо, кхана оьшун долу маь1на доккху цуьнах. Ша-шена сингаттам бу кортий, доггий бертахь доцу адам… къам а…

 

Дукхазза олуш а, яздеш а лела вайна юкъахь: «Х1ара бохамаш х1ор 50 шо мел долу 1иттало-кх вайх» бохург. Амма, и бохамаш вай ойла коьртаца ца еш дагца яро-м ца кхоьхьу-те, вай и бохам бан а беана т1ех1отталц 1ар дуй-те аьлча, дезадац, иштта аьллачунна тилла ц1е а карайо. Дахаро х1ун боху? Коьрте ладог1а боху даге. Фольклор, вай цхьанхьа ма-аллара, х1ор къоман а ю, амма, цуьнах таханлерчу дахаран «конституци» йина дехаш (мелла а делахь а), к1езиг къаьмнаш ду, долчийн дахар башха эх1 аьлла а гац. Аьлла вай, мифилогеш хаза хуьлу, шортта синхаамаш а дагна хьаам а бу цаьрца, гуттар а ду адаман синхаамехь деханарг долчул мерза а, хаза а, амма, цхьа а ваха лур вац шина исторехь, шина заманахь. Юха а, хилларг, дайшкара йисина хазна яйа, йиц е бохург дац иза, и ларъян еза, амма оцу хазница бозабелла хьаса дагахь шен тоххарехь хаьддашехь оцу х1уманаш т1ехь спекуляцеш олурш лелочийх ларлуш хила деза ала г1ерта вай, юхахьоьжуш, церан туьйранашка ладог1а а волий, таханлерчу шерачу асфальта т1ехь охьа а кхетий, хьайн юьхь 1арж ма е, ирча ма яккха бохург ала а. Вешан къоман хазнех - г1иллакхех лаьцна-м, кхечахь аьр вай, уьш ваьшна оьшуш хиларх а, уьш дайча ваьш дайна дуй хаа дезарх а…

 

Вайн исторехь хьахош стаг ву Муса Кундухов, бусулбачу х1ирийх хилла иза, паччахьан инарла а волуш. Таханлерчу маттахь аьлча, 1865-чу шарахь нохчашна Турце кхалха проект х1оттийнарг ву иза. И проект ша х1унда х1оттийра дуьйцу цуо шен цхьана йозанехь. Цхьаъий аххий миллион хилла нохчий б1ей ткъех эзар т1е а кхачийна имам Шемалан т1ом д1абирзича, паччахьан 1едало дукха латта д1а а даьккхина, холчу х1оттийначара юха а цхьа болам а г1аттийна уьш бисинарш а х1аллакхиларна кхоьруш дира ша и боху цуо. Цхьана хенахь, и цуо динарг ца дезийна, цунна резавоцуш х1ума яздина а ву со. Т1аьхьо-о, оцу заманан а, хиламийн а ойланаш еш а, цуо ша язйдинарг дешча а кхийтира со цуьнах, айса цунна аьллачунна дохко а велира. Инарлан дарж а, шен шортта латта а, бахам а тесна ша а нохчашца Туркойн махка д1а кхелхина иза…

 

Цуо дина цхьа х1ума дагадеана хьахавели кхузахь и Кундухов. Х1ирийн округе (шен къоман махкахь) хьаьким х1оттийна иза. Шен болх д1аболлошехь, яздина охьадиллина цуо доллу х1ирашна дахарех новкъарло ен, 1адат-г1иллакх ду бохуш лелон сов х1уманаш, ткъей пхиъ дара моьтту суна уьш. Цхьадерш вайна юккъехь а ду уьш, деа оьшуш а доцуш. Боккъал г1иллакхаш а дац уьш, цхьаммо дола а дой, вукхара цул т1аьхьа ца биса олий лелош ду. Масала, барамал сов тамбалар-баккхар, т1ехъяьккхина хаьржнаш еш ловзарш дар, цхьаммо эцнера бохуш, ца хилча а мега х1уманаш йийяш, эрна ахчанаш дайар… кхин масане ду ишттанаш вайна юкъа даьржина а, «нехан санна», «наха санна» бохуш коча доьхкина. Цхьана аг1ор яхь бохучуьнца дог1уш а хета уьш, ян сонталлаш ю, маццахехь вайн Мехкан кхело дихкина а хилла и х1уманаш. Хьо мила ву, х1унда веана ву, шего хеттича, ша шун г1иллакхаш тодан веана ву, аьлла жопделла, боху (1. с. в.) вайн элчано…

 

(Тхан юьртарчу казахашна юкъахь баьхначу Сайд-Ахмадаг1ара самар эцнера, шайн марз а белла, цунна чохь ца деккхинарг чай ца хеташ болчу. Цара а эцна аьлла, эвлахь мел волчо йийцира и самараш. Сайд-Ахьмаддий, цуьнан х1усамнана Пих1ай (Дала гечдойла цу шинна) дуьхь-духьал а хоий, казахийн мотт а буьйцуш, шайн самаре 1а а еттийтуш, чай моьлуш хуьлура, вукхеран самараш, куьцана баьрчче х1иттийна лаьттара, т1е ченаш а ехкина. Цхьана ткъех шарахь иштта латта а йина д1акхиссира уьш, Сайд-Ахьмадаг1ераниг церан к1ентан к1енташкахь а шен болх беш ю…)

Шен къомана дог лозуш а, цунна новкъа х1ун ду, цунна х1ун оьшу хууш стаг хилар го и Кундухов. Беркат даьлла цуьнах шен къомана. Т1аьхьо-о Нохчийн округан хьаьким а х1оттийна и Кундухов, вон а цахилла иза вайн къомаца. Д1а ма валахьара бохуш дехарш а дина цуьнга нохчаша, х1ор а доьзалера цхьацца аманат лур вара шаьш шайна т1ехь и витург а баьхна…

Тахана «дайн г1иллакхаш», «вайн дай къонахой хилла» боху къамелаш дукха до, и г1иллакхаш шайн «болх беш» дукха ца гахь а. Дай-м – къонах верг – къонах а, воцург – воцуш а, сонтаниг – сонта а хилла…

Цхьана а хенахь сов хилла бац адамна юкъахь хьекъал дерш, амма къоьлла цахилла сонтачийн, тахана а хийцаделла х1ума дац оцу хьолан, ца хиларе хьаьжжина, йоллучу адамаллан а проблемаш де-дийнехь т1ееттало, шортта болчу сонтачара к1еззиг болчаьрга ла ца дог1аран т1аьхье хир ю иза. Хьекъал долчийн, х1уманан ойла еш хиларе терра, «къонах» боху кхетам узун терза шайниг хилла, сонтачийн терзан т1ехь, шайл а сонта верг къонах а, турпалхо а хилла, майра а, б1о ца къажош х1уъу а дийр долуш хилчахьана. И сонталлий, къонахаллий олу шиъ цхьана ца дарна, «турпалхой» де-дийнехь совбуьйлу вайн, къам де-дийнехь жимлуш дог1у…

Цхьана аг1ор-м самукъена а хуьлу и х1уманан ойла ца еш веха хан, амма цунна т1ейог1уча хено дохковоккху и ца ярна, хат1доццучохь а нисло ишттарниг, къаьхьонца а нисло, хьуна хьайна а ца лаьа и т1елаца, амма вала меттиг йитац цуо, 1орадохий охьадохку хьуна моьттинарш, тарделларш, хьо 1ехавелларш. Дахаран шогалле т1е хьайн юьхь-марш етта йолийча, к1ац хуьлий бужу мацах хьан дагчохь хьийзийна бовха дашон х1ур. Дика а, хаза а х1ума ю жималла, къоналла. Амма, т1еластийна шелта санна, кхераме ю шен декхар, жоьпалла, шен къоман сий лардар шена т1ехь дуй ца хуун, х1оранна шена стенна елла ца хуун къоналла. Яйна ю, гуттаренна ю ша моьттаделла къоналла, кхана шен де эшон долчу къаналлийна бух кечбан ша еллий, д1абаханчу дайшна юьхьк1ола я юьхь1аьржо ша юй ца хуург. Дагах дуьйлучу гилгашца йолу иза хиндолче новкъа, ша-шаха хьош санна хета оцу некъо, амма, гена вигац гилгаша, дахаро дуьххьара голатуххучохь, х1инца х1ун дан деза аьлла хаттар х1уттушехь, дов уьш, т1аккха кхета хьуо цара левина вуьгуш хиларх, айхьа царах самукъадуьйлуш тергал ца бинчу коьрте хатта деза и «х1инца х1ун дан деза?». Гилгаша новкъа а ваьккхина, коьрто халла ц1акхачийначуннна зеделлерг ду вай олуш долу: «Воьдуш йинарг ойла яц, вог1уш йинарг бен». Гилгаш кест-кеста дуьйлуш а, юха «к1амдардеш» дукха хан йовш а дог1уш хета вай, кхераме а хета иштта некъ бар, дуьнечуьра а вай дарна кхераме…

 

Зама керчачохь, цуо ног тухучохь сихдаларой, бартэг1арой, вешан г1иллакхерадовларой, дукхазза нацкъара кхехьна вай. Ца дуьту историс адам, лаахь а, ца лаахь а, шен ойла ца йича, вай а дуьтур дац, шеца сонтаваьлларг юьхь1аьржа х1оттоза ца 1а иза. Амма, историна а, нахана а хьалха юьхь1аьржах1оттан юьхь хила еза. «Йоцчунна т1ера ворх1анга ца яккхаъелла хеча», олуш ду вайн, и юхь йолчун – ю, йоцчун – яц. И йоцург юьхь1аьржах1отталур вац мел дийцарх а, амма, юьхь йолчунна х1ума дагадаийтуш хила деза, цундела хьехадо вай и х1уманаш, кхана т1екхуьун йолчу вешан т1ахьенна хаза а хьехадо, хьайн декхар, хьайн жоьпалла хууш хилалахь, дукха яхарг, бохуш дехарш а до вай оцу т1аьхьене. Юх-юха карладаккха диц ца далийта, олуш хилла, боху, дуьненна а вевзачу Чингисхана а.

Ваьш нацкъара кхехьаран масалш дукха ду вайн. Йийца лаьцначу замане юхахьаьжча, вог1уш цхьа чамда-балетка а яхьаш веана «губернатор», бисттелц товарный эшалон а юттий, Грознера д1авоьду. Вайна г1енах а ца гина хьал х1утту – нохчи ву республикан коьртехь! Кхочуш хилла: «нехан санна, вешаниг велар-кх вайн Первый а», – бохуш сатийсинарг. Коьртехь – нохчи, министраш – нохчий, директорш – нохчий! Цу т1е, Москвахь, силахьчу пачхьалкхан президент д1аваьлча, шоллаг1ниг – нохчи! (Хьалхарниг ву ала а мегар ду иза – президент, дукхахйолчу ханна, даржехь воьжана хилча). Министр нефтяной промышленности – нохчи! Председатель комитета законодательства и правопорядка Верховного Совета – нохчи! Ворошиловн хиллачу кабинетехь хиъна… нохчи! Брежневн квартира – нохчичунна! Цхьана кхечанхьа а – нохчи, вукхузахьа а – нохчи. Советан 1едало кхузткъе масех шарахь цхьана нохчочунна ца делла инарлан дарж а – нохчичунна! Б1аьрг ма хила олург хилла д1ах1оьттина г1уллакх. Цхьаберш баккхийбеш саг1анаш дохуш, мовладаш ешийтуш, вуьш, х1ара Делера ду-те я жиний болх бу-те бохуш, хаттаршка оьгуш, кхин вуьш оцу шайн махкахойн нисбеллачу аьттонехь хаьгна, б1аьрга ц1ий хьийзаш бу…

Селхана-стомара, Делан къинхетамца, Сибарера ц1а бирзинчарна, ишттачу хьоло, и Сибаре а, ц1абирзича хилларг а дицдолуьйту. И диц ца деллехь, шаьш дуьйцучу дайн г1иллакхехь леллехь, къомана г1айг1ане хиллехь, оцу даржашка нисбеллачара, вовшах а кхетта, х1ара х1оьттинарг боккха тамаш, боккха аьтто бу, х1инца д1абаханчу «пурстопашца» яхь хила еза вайн – вайга къоман г1уллакх д1а ца кхехьалахь кхаьрдар бу уьш вайх, – ала дезара. Аьллехь, вешан юьхь, къоман юьхь ларъян, ваьшна юкъахь бартлатто беза бохучу т1ехь совцабеллехь, вайн истори кхечу аг1ор яха тарлора. Цаьрга и ца ала делира, ца совцабелира шайга шаьш, ца х1оьттира цхьаъ вукхунна г1ортор хилла – шайн а, вайн а дакъазалла, 1едал къийса буьйлира, селхана х1оттийнарг тахана д1аваккха, шайн-шайн тобанаш вовшахъетта буьйлира. Шортта бу, муьлххачу а тобанах кхета, дарбелла, оьг1азбахана, сийна ц1е ялахьара кхуьнах, «нам терять нечего» бохурш, царах вовшахъетта и тобанаш. Селхана тхан элий цахилла, вождаш цахилла баьхнарш, тайпанийн съездаш д1акхоьхьуш, шаьш баьччанаш-вождаш хоьржуьйтуш бохку. Къам – тукхамашка, тукхамаш – тайпанашка, тайпанаш – некъешка доькъуш ду, юьрт луларчу юьртаца доза къуьйсуш ю, латтанаш къуьйсуш ду, бусулбанаш вирдашка къеста, вирдашца балабоцурш шайн партеш йохкуш бохку. Цара массара д1асаийзош ду халкъ. 1аьржа бода хилла кхерста хьаг1, карзахъяьлла сутаралла сийса гонах. Вайн веччанна ма го х1ара! Вай х1ун леладо? Мича доьлху? Мича кхача дохку? – бохуш а хеза. Охьаваккха! – олий, чуозаво трибунера ишттаниг. Ойла йийраш 1адабо, ох1ла боцчара ечу куьйлано. Х1ораммо а ша ша ву боху къоман г1уллакх шен белш т1е эцнарг. Кхоьссина-а аьлча, иштта хьал дара х1оьттинарг. Т1екхиъначу кегийрхошна ца гинехь а, церан дайшна-наношна дага ца дайла яц и хьал.

 

Ткъа мичахь ю, дакъаза ма яларг, вай йийцина «бюро», «къоман диспетчерский пункт», ишттачохь цунна некъ гайта дезарг, къоман хиндерг гун «турмал» – интеллигенци? Шен болх беш яц аьр вай, цхьа кхиниг а аьлла вас ца ян. Мичахь ду, дийцарина дийцина, дайн г1иллакхаш? Багахь – ду, кийрара – иэгна, сутараллин махо лоькхуш ду дассаделла кийранаш…

Юха а: х1ун ду къуьйсург? 1едал ду – цуьнца «берцан буьртигах» катоха болу аьтто бу. Оцу к1урк1аманехь вовшахъетталуш ю Нохчийчоь Россих къаста еза боху тоба а, бакъдерг аьлча, т1аьхьо-о доладо цара и къамелаш. Тайп-тайпана нах бу оцу тобане бетталурш. Даггара берш а хир бу, дукхахберш оцу хабарийн дорцан муьрехь 1едале а кхаьчна катоха, ериг яккха хьийзачух тера а ду (т1аьхьо-о ч1аг1 а до цара и тера хилар). Цкъачунна иза дагахь ду, ткъа багахь – массо а къомана хьаьддий-веддий. Когаирах1оьттичахьана и болх беш хилла шаьш а боху цхьаболчара, хьалха и болх беш цхьанна а шаьш ца гинехь а. Б1ешерашкахь бакъо йоцуш, Сибаре кхуьйллуш, колхозе лоьхкуш, Казахстане дохош лелийначу, цхьа диканиг хир ду аьлча, 1ехадала кхийчча долчу, къомана-м томехь а хета цхьадолу къамелаш – сатуьйсу дикане. Амма, дуьйцург цхьана таьлсе дерзийча: 1едалехь берш вовшашца даржаш къуьйсуш бу, министр – массо министрийн корта хила, директор – министр хила, завсклад – директор хила, мацах д1аваьккхинарг юхаван г1ерташ, дарже кхачаза висинарг – массарца а къуьйсуш ву. Селхана набахтера араваьллачунна а эпсар, хьаьким хила лаьа. Мох-дарц санна, марса хьийза махкахь карзахалла. Варзапаш етташ бохон бердан т1улг санна, отуш бу адамна юкъара барт, тешам, вовшашца хилла уьйраш, безам, дайшкарадуйна схьадог1у гергарлонаш. Маьхьарший, эвхьазлонашший йийсаре лаьцна мехкан майданаш, урамаш. Юьртахь маьждиг дан меттиг къастош а барт буху – ши маьждиг до. Молла а юьртахь шиъ ву, райкоман секретарь а шиъ, колхозан председатель – шиъ-кхоъ, совхозан директораш – оццул. Селхана атеисташ хиллачара Хьаьжац1абахар къуьйсу, обкоман агитаторш хиллачара эвлаяаш хестабо, Хьаьжац1ера юхабирзинарш кхечу къоман духарш а духий, вайн бухарон холхазан куйнаш т1е чалбанаш а хьерчош тобанех беттало, шаьш Далла ян 1амал а г1алий майданах ца йича чам ца хуьлуш. Х1ор а бохург санна, ша гуо, ша хаза бохуш ву, ша-шега хьоьжуш, ша-шега ладуьйг1уш – шена уллераниг хезаш вац. И хилларг, вай кхузахь хьахийнарг а, хьахоза дисина кхин а ирча дерг а, бакъ хир дац, хуьлийла яц и тайпаниг вайна юкъахь, вайн г1иллакхаца, оьздангаллица, ламастаца дог1уш дац – эр ду ца гинчо. Вай а эр дара, ваьш цуьнга хьежна, иза гина, цуьнга ладийг1ина, цуо дог 1ийжина дацахьара, амма, и лелийначарна и карладахар ца дезалахь а, хилларг а, гинарг а, лелийнарг а ду иза…

/Т1аьхье хир ю/

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.
Поддержка сайта