http://www.nana-journal.ru

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН

Пресс-эстафета "ЧР - ДОМ ДРУЖБЫ"


«Хуур ду хьуна, хьайнаш кхиъча…» Печать Email

РАИСОВ Амран

Нана дагалоцуш

Ша цхьаъ ву шийлачу х1усамехь шовзткъа шаре ваьлла къонаха. Г1ийла ду цуьнан 1ер а, цуьнан юьхь-сибат а. Къизачу замано 1ожалла кховдийна, сибрехахь лайначу баланна т1е т1еман къизалла, сингаттам базбелла, лазаро лаьцна кхелхина кхуьнан да-нана. Х1аъ, ша цхьаъ ву х1ара, корашкара куьзган б1аьргаш еттачу яккхий тоьпаша кегдина, чохь лачкъа меттиг лоьхуш санна хьийзачу механ ц1ийзаре ладоьг1уш, ойлане вахана 1аш.

 

Вежарий а, йижарий а, доьзал а дера бу кхуьнан. Уьш т1амах бовдийна, г1алг1айн махкахь д1атарбина.

Шийла ю кхуьнан х1усам, ткъа коьртехь хьийза ойла кегаелла, кхерсташ ю яханчу заманахь, дахаран хьесап дан г1ерташ. Дуьхьала х1утту Ненан сурт. Кхуьнан г1о лаца, догъэцан, лазарна дарба дан, орца кхачон ницкъ боцуш кхелхинчу Ненан мерза аз декаш санна хетало сингаттаме х1оьттинчу тийналлехь.

Нана. Хетарехь, цул деза, мерза дош хир дац нохчийн маттахь. Ненан дикаллин, Нене болчу безаман, лараман лаккхара мах хадош, Ненан сий ойуш, хьостуш Нана-Даймохк, Нана-Нохчийчоь олий бен ца йоккху нохчаша шайн мехкан ц1е. Маржа-я1, Нана, ма ца хаьа, жимчохь хьан хама бан, хьан дог хьаста, хьо ларъян. Даима а хьо хила езаш санна, садие1а ца хилча йишйоцу х1аваъ санна, баш тергал а ма ца йо хьо лелаш йолуш. Д1аяьлча хаьа хьан мах. Т1аьхьа вуьсу хьан марзо эца, дохко волу цкъа хьан дог дохорна, хьан йовхонах хаьдда висчий бен ца хаало дахаран шело.

Нана, хьо ма хиллера куьйгаш т1ехь лело езаш, хьан орца доцург дала орца ма дацара бераллехь а, г1еметта х1оьттича а. Ма дохко ваьлла-кх хьан к1ант, хьомсара Нана, хьан даге ца хьожуш, лаамза а хьоьгахь сингаттам латторна, хьан дог дохорна. Тахана-м х1ара а висина т1аьхьа. Ойлано вадавой д1ахьо яхначу замане…

Дуккха а кегийрхой санна аьхкен мур чекхболура к1ента Нана-Нохчийчоьнах гена волий, Россин аренашкахь болх беш. Эзарнаш нохчийн к1ентий аьхкенца дуьнена рицкъ лохуш «шабашке» (иштта олура цу хенахь цу боламах) оьхура. Иштта нисвелла, цхьана хьаннашкахь 1уьллучу лесхозехь болх бар нисделира кхуьнан. Массанхьа а санна, хьо д1акхаьчначу муьрехь хьох х1ун долу хьожуш амал яра меттигерчу кегийрхойн.

Дов далар нисделла шен оьрсийн кегийрхошца. 1аьнан заманахь хилла х1ума ду дуьйцург. Сарахь х1усаме вирзина, довхоша тешнабехк бийр буй-техь бохуш, дикка хан елира.

Буьйса юкъал т1ехъелира кхин х1ума доцуш. Набаро марха коьрте яийтина 1уьллуш волчу кхунна хезира кора к1елахь адамийн когийн боларо лайн т1ехь г1арч-г1ирч олуш.

Г1евлангара урс схьаэцна буйнахь къевлина кечвелира, кхайкхаза бог1учу хьешашна дуьхьалоян. Ткъа когийн г1овг1а, лайн ц1ийзар не1аре кхаьчна, жимма д1атийра, т1аккха не1 схьайиллира.

«Ва нах, зайла болланза хилла-те?» , – ойла хьаьдира коьрте.

Когийн тата х1ара вуьжучу чоьна не1аре кхаьчна, дуьхьлара к1аде д1ахилош куьг хааделира. Т1аккха гучуелира… Нана…

Я Аллах1 Дела, мичара ели хьо кху пана-махка? Цец валаро инзар ваьккхина, вистхила г1оьртича, кийрара аз ца долуш, тхьус воьлча санна, меттах а ца хьалуш 1уьллура к1ант. Ткъа Нана, г1ийлачу озаца, не1арера к1адица б1аьргех 1ийдало хиш дохуш: «Маржа-я1, сан жиманиг, ма гена ваьлла хилла-кх хьо. Ма ч1ог1а сахьийза, сагатло сан, ц1а верзахь, сан диканиг», - аьлла, меллаша юххе елира. Мохь тоха г1ортарх вист ца хилалуш 1уьллучу кхунна не1 тухуш хезира. Нана ара елира. Т1аккха, тхьус йоьлла меженаш хецаелла: «Нана, Нана, собар де, ма г1олахь», – махьарца хьалаиккхина, не1аре хьаьдира.

 

Цецваларан доза дацара, – ондда аьчгах бина зайла боьллина не1 къевлина карийра.

Каде не1 йиллина ара ведира, гуш аддам дацара. Теллира ц1ийнан гуо, амма шура санна к1айчу лай т1ехь ур-атталла цициган я ж1аьлийн лар а ца карийра. Дайначу суьртех цец валаран йистйоцуш, самах дара-те иза, я набаро дуьхьала тесир-те бохуш, х1ара ойлано лаьцна 1аш, сатесира.

Цу сохьта не1 а туьйхира. «Мила ву?», - аьлла вист хилча, не1арехь лаьттачу цхьаьна оьрсийн к1анта хаийтира АТС-н дежурни йолчу телефонистко кхойкхуш хилар. Хьем ца беш, гена йоцучу телефонни станци д1акхаьчначу к1анте трубка кховдийра цу чохь 1ачо: «Твоя мама звонит», - аьлла.

Буса кхунна хезначу кепехь, г1ийла дара ненан аз: «Х1ун деш ву хьо, ч1ог1а вуон г1а-набарш гина суна, сагатделла етта ас тилпуо. Ц1а маца вог1у хьо, тоьур дац ахь идийна аренаш?» . Нана, хьомсара Нана яра шен к1антана орцах яьлла, сагатдешъерг. Хуьлучу аг1ор цуьнан са тедеш дош делира к1анта, кестта ц1а вог1у ша аьлла. Амма ц1а верзар ца нисделира цу 1ай. Аьхка ша лерина г1уллакх чекх даьккхина, шина «КамАЗаца» хьун йохьуш, ц1а веара. Машенашца вог1ийла хаийтинера телефонехула. Кет1ахь машенаш совцийна, шофершка схьадуьло шена т1аьхьа аьлла уьйт1а велира. Дуьхьала йог1уш яра, машенийн г1овг1а хезна, шен к1ант ц1а кхаьчний хиъна, Нана а, улло яьлла жимах волчу вешин зуда а. Тайп-тайпана дара цу шинни юьхь-сибат – нус йоьлуш яра, ткъа Нана, куьг бете лаьцна, йоьлхуш йог1ура.

«Д1аяла, ва мама, хьо стенна йоьлху, т1амера вог1уш-х ваций Хаза-К1ант», - аьлла, шега йист хиллачу несе Нанас элира: «Хуур ду хьуна, хьайнаш кхиъча ас х1ун до. Д1ахьажахь цуьнга, г1уча ваьлла, вакъавелла… Нана яла хьан дела1», - аьлла, елхаран къурдашца мара къевлира Нанас г1еметта х1оьттина шен к1ант. Маржа-я1, Нана, хьуна-м тхо, хьайн бераш, мел замано къандича а жима хеташ хиллера.

Ма ч1ог1а оьшуш хиллера-кх хьанорца, хьан йовхо воккха мел хуьлу а, Нана! Дала декъала йойла хьо, сийлахь Нана, дуьненахь а, эхартахь а. Т1аьхьа висинехь а, доьху хьоьга - къинт1ера ялалахь, Нана. Тахана, ахь санна, доьзална сагатдеш, ахь санна дог эцан, дог хьаста стаг воцуш, хьан довхачу куьйгех, ахь кечбеш хиллачу мерза кхачанах хьоьгуш лелачу хьайн г1ийлачу к1антана…

 

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.