Для восстановления архива, сгоревшего в результате теракта 04.12.2014г., редакция выкупает номера журнала за последние годы.
http://www.nana-journal.ru

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН

Пресс-эстафета "ЧР - ДОМ ДРУЖБЫ"


Тхан хьоме Нана. Дош оьшучохь моз а, герз а Печать Email

 

Свайнона Умхаева

 

Къоман сий айа, мехкан маршо ларъян къонахий ир-кара х1иттош вайнехан зударийн хилла – наной, йоь1арий, йижарий, несарий. Нохчийн божарша даима а лоруш хилла уьш. Хьенан деган йовхоно, куьйгийн эшаро, б1аьргийн нуьро хьосту жимачохь беран дог? Хьан оьцу цуьнгара лазар шен кийра, мила 1а дийнахь а, буьйсанна а аганна т1е 1унал-долан т1ам товжийна?

Нана! Мел к1орге чулацам бу цу дашца. Мел атта ду и ала – ша-шах маттара долу-кх! Цу дашо воккха а, жима а вуьгу бералле. «Нана!» – олий кхойкху лазийначу беро, дахаро човхийначу к1анта.

 

Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) волчу цхьа 1арбо вахана хилла хаттар эцна. «Я Мухьаммад Расуллуллах1, – аьлла, – кху дуьненахь уггаре ч1ог1а ас лара везарг мила ву?». «Нана», – аьлла Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна). Къонахчо шозлаг1а а дина шен хаттар: «Цул т1аьхьа мила ларар ду суна т1ехь?» – аьлла. Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) жоп делла боху: «Нана». Кхозлаг1а а иштта хаьттина хилла веанчо. Юха а «Нана», – аьлла Элчано (Делера салам-маршалл хуьлда цунна). «Цул т1аьхьа кхин мила лара веза ас?» – аьлла, доьазлаг1а хаьттича: «Да», – аьлла, Делера салам-маршалла хиларо Мухьаммад-Пайхамара.

Аллах1-Дала хьайн сийлаллехь лакхайоккхийла хьо, бакъ дуьненахь хьол деза х1ума доцуш, еза хьаша йина, лелайойла хьо, хьоме Нана!

Иштта лакхара Ненан мах хадабар ма дац ден лерам к1езиг хила беза бохург. «Да – стигал, нана – латта», – олуш ду вайнехан кица. Ден а, доьзалан а юкъаметтиг латтош ерг ю нана.

Вайн дуьне вай оьздачу нанойн къинхетаме куьйгаша латтош ду. Наноша кхиабо мехкан парг1ато, маршо ларъеш болу турпала к1ентий.

Мел вуон дарах, Делан тешамах ца бовлуш, т1ех1оьттинарг ловш, сийлахь к1ентий кхиийначу нохчийн зударшна лерина деза де ду аьлла, вайн Куьйгалхочо Кадыров Рамзана билгалдина ду сентябрь беттан кхоалг1а к1иран де.

Нана! И йоцург кхин цхьа ца вуьжу дагчу оццул к1орга харш доккхуш. Иза д1аяьллачул т1аьхьа юьсу, мел дукха дарбан мутт доттарх юзур йоцу чов. Ненан дахарх, цуьнан марзонах хаьдда ма дуьсийла вай! Делан ницкъ бар-кх, дуьненахь бо-бер ца хилийта, ненан дегйовхонах даьлла и ца лелийта. Амма, массера а шен-шен хан-зама ю-кх, кху дуьсур долчу дуьненахь хада сиз хьаькхна. Вайн хьоме Нене, иза луьйш, хезаш, могуш йоллуш алий вай мерза дош. Эций вай цуьнан дог, кху халчу замано хийлаза чехийна, хийлаза лазийна долу!

Сийлахь Лекхачу Аллах1а Нана боху дешан марзо латтайойла массо бусулба стегехь! Дуьненахь – могашалла а, ирс а, аьтто а, эхартахь – Ялсамане а лойла хьуна Дала, тхуна дукха еза, тхан хьоме Нана!

 

Дош оьшучохь моз а, герз а

 

Генарниг улло озош, уллораниг гена доккхуш дерг а дош ду. Цхьана дашо хадабойту стеган мах. Дашо ютту г1ала, иза йоха а йо. Вайнехан кица ду: «Дашо стаг воь, вуьйчуьра а воккху». Дош иштта ницкъ болуш ду-кх. Иза забаре алахь а, бакъдеш алахь а нуьцкъала ду и. Стага ша олу дош лардеш, луьттуш, дустуш ала деза. Цуьнца цо гойту шен хьекъал, доьналла, тешаме хилар.

Бусалба динехь ч1ог1а деза лору дош. «Алаза дисина дош деши ду» олу. Бакъду иза. Нагахь цхьаьнгара дала ца деза дош далахь, цуьнан т1аьхье муха хир ю ца хаьа. Цунах кхетарг а, цакхетарг а нислур ву. Ткъа дош а хуьлу, Делаца ч1аг1о ца йичи а, шен ницкъаца ч1аг1дина. И санначех ду зуда йитар барам олуш долу дош. Цкъацкъа нисло, кегийчу наха, шаьш вовшахкхеттачохь, шайх цхьаъ йохье воккхуш: «Хьайн доьналла гайта», – иза хьовзош цуьнгара, забарна, зуда юьтур ярий, яцарий олий дош доккхуш. Амма, ша дийриг забаре хета къонахчунна. И баккъалл а аьлла ца хилар хуьлу цуьнан дагчохь. Я х1усамдас, оьг1азло йоьссинчохь «йитина хьо» шен х1усамнене олу. Юха т1аьхьа дохко а волу, юха оьцу цо и ша аьлларг. Ткъа цунах хуьлуш дерг бусалба динехь, и зуда йиталуш хилар ду. Шари1атан бакъоне дерзийча, цу цхьана дашо зуда стеган долара йоккху бохург ч1аг1до 1еламнаха. Дала къинхетам бойла, Шен лай бу аьлла бусулба кхоьллинчу нахах. Бусалба динца цадог1ург лелочух лардойла вай Везачу Дала! Мел боккха кхаъ хуьлу ц1енна, тайпана наха гулбелла зуда ялош. Дуккха а адам вовшахкхета ишттачу меттехь. Шайн доьзалхо санна т1еоьцу к1ентан дас-нанас шайн керта йог1у йо1. Шеко яц, иза ийми-беркат дохьуш йог1ийла лаьа царна, цунах шайна муьт1ахь нус хуьлийла а лаьа, шайн к1антаца бертахь, ирсе ехийла лаьа. Керла кхоллалуо доьзалан кхоллам Аллах1-Деле декъал бар доьхуш мовлад йоьшу. Вовший ларар, безам доьзалехь ларбеш хилча, Дала и доьзал зенах, зуламах, вочух ларбо. Магийна дац бусалба нахана зуда, забарийна йо бохуш йитар. Делан сийлахь дашна духьало ца еш, иза лардан а, лара а ийман, кхетам лойла вайна Кхоьллинчо!

 

 

 

Комментарии  

 
+1 #1 нЕЗНОКОМЕЦ 16.02.2016 09:35
:D
Очень красиво! Молодцы!!! ;-)
Цитировать
 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.
Поддержка сайта