Для восстановления архива, сгоревшего в результате теракта 04.12.2014г., редакция выкупает номера журнала за последние годы.
http://www.nana-journal.ru

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН

Пресс-эстафета "ЧР - ДОМ ДРУЖБЫ"


Нанойх лаьцна дийца мегар ду чаккхе йоцуш Печать Email

Мазуров Мохьмад

 

Сан нана, Бахьарча-Хьаьжин Имсан йо1 Лайса, йина Шуьйтан к1оштехь 1937-шарахь, Хильдехьаройн ломара, Луьнка юьртахь. Вайн халкъ махкаха доккхучу хенахь иза ворх1 шо кхаьчна хилла. Сан нена иесиехь дисна, дика дага а дог1уш 1944-шеран 23-г1а февраль, и къаьхьа ирча де шийла 1уьйре, кхоьссина дог1уш хилла ло а долуш.

«Кхаа баттахь 1ийра, – бохуш дуьйцу цо, – салти шайн юьртахь. Цара шайгара яй баьхьнера, яа х1ума ян безара шайна аьлла. Цу 1уьйранна и яй схьа а беара цара. Баркалла аьлла бахара уьш, кхин х1умма а ца олуш.

Цул т1аьхьа дукха хан ялале, шайна юххехь лаьттинчу салтишна юкъахь воккхах волу эпсар веара не1аре. Иза шайна вевзаш а, шайга массо хенахь хьал-де а, могаш-парг1ат хоттуш хуьлуш вара. Цо элира: «Плохи дела», – куьйгаца ишар а еш. Цу хенахь шайн нанна, Байсарина, оьрсийн мотт ца хаьара.

Шен дененан шаьш диъ бера дара. Да ц1ахь вацара, иза набахтехь хан йоккхуш вара. Куйбышевехь.

Юха а цу оьрсийн эпсаро элира, шена ган а гуш, шен нене куьйга-эшарехь «вас высылают», шайга д1аяхьалур йолу х1ума схьа а эций сихха арадовла аьлла. Шайн нана, мухха делахь а, кхийтира цо бохучух. Сихха шайна т1е х1ума а юьйхина шаьш кечдира. Шен кортали ц1енкъа а тесна, т1еюха х1умнаш цу юкъа гулйина, цунах шад а бира. Цул т1аьхьа ара а иккхина, катоьхна вир т1е кож а тиллира. Чу цуй, сискаллий, дакъийна жижиггий дуьллуш кечдина гали а катоьхна виран кож чу диллира. Шаьш арадевлча боьлхуш лулара зударий а, маьхьарий хьоькхуш бераш а, ч1ог1а боьхна лаьтташ баккхий нах а гира.

Цул т1аьхьа юьртара массо а стаг, ведча а ваьлча а ца вуьтуш, цхьана майдана гулвина, божаршна герз дуй хьожуш дег1ах хьаьвсина, карош ерг схьаяьккхира: шаьлта, тур-тапча, мукх.

Хилдехьаройн обаргаша, цхьацца болчара, дуьхьало йира.

Делкъхан хуьлуш охьадаха долийра тхо, – бохуш дуьйцу тхан нанас тахана а, елха а йоьлхуш. – Ирча де дара иза. Т1аьхьа 1оьхуш хьайбанаш, леташ-ц1ийзаш ж1аьлеш, ц1е тоьхна йогуш цхьацца х1усамаш, боьлхуш зударий, бераш.

Шозлаг1чу дийнахь, Итон-Кхаьлла охьакхечира. Цигахь кичча лаьтташ, 1амаркиера ю бахар уьш, охьадига хьалаяхкина яккхий машенаш яра. Цу сохьта машенашна т1е а ховшийна 1алхан-Г1ала охьадахкийра. 1алхан-Г1алахь ши де даьккхира, нах схьагулбаллац. Дуккха а адам схьагулдинчул т1аьхьа, даьхни лелош йолу вагонаш т1е а даьхна, вагони ние1аршна дог1а а тоьхна, д1ахьовсийра. Мацаллий, шелой ца ловш, новкъахь хийла адам делира.

Итт дийнахь некъ бинчул т1аьхьа д1акхечира Казахстане, Кустанай г1ала. Цул т1аьхьа, говраш йоьжна салазахь Миндагоринск ц1е йолчу районе далийра, цигара д1а Татьяновка олучу юьртахь совцира.

Цу юьртахь кхойтта шарахь 1ийра, – кхин д1а а дуьйцу нанас. – Цу юьртахь, тайп-тайпана къаьмнаш дара: бохийна украинцаш, немцой, оьрсий бухара казахаш. Хьалхарчу хенахь ч1ог1а хала дара, яа х1ума ца тоьара, чохь шийла хуьлура, дечигца а къоьлла яра.

Цхьана казахин х1усамехь д1атардира тхо. Ч1ог1а вуон бара тхоьца казахаш. Г1о-м тешна а ца дора, т1ехбеттам бора шу бандиташ, шу къуй бохуш. Луо к1елара к1ен-кенаш лехьош, мацалла ца дала г1ерташ, ма йоккха хало лайра шаьш».

Тхан нанас 1956 шарахь тхан дега Мазуров Сапибулига еара ша боху. 1959 шарахь Даймахка ц1а доьрзуш, догг1ушехь Хьалха-Марта к1оштара Олхазар к1отарахь охьа а ховшу.

Суна, кхеттал хилчахьана дагадог1у даьхни лелошший, лаьтта т1аьххьий къахьегна сан нана. Тхо ворх1 бер хилла цуьнан. Уггаре хьалха, суна дагадог1у 1969 шарахь кертахь саьрамсекх бийна. Цул т1аьхьа, тхан дас кхин ши керт ийцира. Цхьаъ тхуна дуьхьларий, важа юьрта йистерий. Цу шарахь дедас Хьажбекара гомаш а ийцира, цунах доккха беркат делира.

Дас-нанас кхетийна а, 1амийна а ду тхо, массо а х1уманна т1ехь. Нанас нуй схьа а оьций, охьалегна к1ен буьртигаш схьагул а дой, тхоьга массаьрга шена т1е а кхойкхий, х1уп олуш уьш ц1ан а деш олура: «Кхоам хила беза, кхоам хила беза массо а х1уман».

Латтаца уьйр-марзо хила, иза муха лело деза нанас 1амийна тхуна. Ма ч1ог1а ц1ена, дика лелайора цо керт. Уьш кхоъ яра лелош. Х1ора шарахь саьрамсекх боьра, юкъа хьаьжк1а а, кхуоь а тосуш. Цул совнаха картол а йоьра, кхин йолу х1ума а йоьра. Тхан жима а, йоккха а ткъайоьссана бежана яра, узуш биъ еттий, ши гомашший йолуш. Цу хенахь, наха даьхни леладора. Даьхни леладан хала ду, кхузахь хаддаза къахьега деза.

Гуьйрана ялта чудерзинчу хенахь тхан ненан ши до буьззина хьаьжк1а а, ткъе иттех гали картол а, кхо-диъ гали кхоьа а, шортта г1абакх а хуьлура. Юьртара наха олура, Лайси саьмарсекх дика хуьлу, хьаьжк1а дика хуьлу, ахьар дика хуьлу. 1аьн т1ехь, массо а шарахь, тхан нанас хьаьжк1ех шийтта гали ахьар доккхуьйтура, ши гали хьаьжк1ийн цу, кхорин цу, хьаьмцийн варени, хьуьнан хьечин варени, чуйоьхкина наьрс, помидор хуьлура.

Цхьа доккха дечиган шелиг дара вайн. Базарара копаста а оьций, ж1онка шен хуьлура, уьш ата а отий, ие а йой, шелиг чу а юллий, т1е боккха ши т1улг буьллий д1акъовлура. Цхьа боккха наштара яй бара. Цу чохь хьаьжк1ий, кхоьййий ие а йой, т1е якъина мохь а тухий чорпа йора. Иза к1ирнах юура, лулахошна саг1ийна а лора. 1ай цхьа а цомгуш ца хуьлура, я цхьаммо а йовхар ца тухура.

Сарахь-суьйренца, ша даьхьана г1уллакх дина чуеъча, ламаз а дой, жимма х1ума а кхоллий, юха а йолалора цхьаъ дан. Т1арг1а къажбой, цунах пазаташ йора х1ора шарахь.

Тхан нана Лайси, шена мел ч1ог1а хало хиларх дагара ца хоуьйтуш чекхъяьлла.

Хьалха вайн дайша, кертахь дешна а дацахь, даьхни лелош а хьо вацахь, зуда йохуьйтуш ца хилла бохуш хезна ю ша олура цо.

Юьртхошца а, лулахошца а г1иллакхе, к1еда-мерза, елаелла, забаре яра. Наггахь цхьаъ хьашт хилла, шегара цхьаъ эца аьлла ша йолчу бог1учаьрга, ша йохка-иэцар лелош яц, саг1ийна луш ю олура цо. Д1а а лора.

Иштта, тхо ворх1 бер а, марнана а, марда а, ц1ийнда а, даьхни а, латта а лелош, хьанал-хьарам а къастош чекхъяьлла ю иза. Тхан мел дерг тхан ненан беркат ду. Шен могашалла эшшалца къахьегна цо. Тахана иза йолуш ю тхуна, хьалха санна могаш яц-кх.

Дала дукха бахабойла вайна, вайн сийлахь Наной. Дала церан вуон ма гойтийла вайна.

 

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.
Поддержка сайта