Для восстановления архива, сгоревшего в результате теракта 04.12.2014г., редакция выкупает номера журнала за последние годы.
http://www.nana-journal.ru

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН

Пресс-эстафета "ЧР - ДОМ ДРУЖБЫ"


Напехьат Печать Email

Т. Итаева

Бода човхош 1алам самадолуш, ломахь 1уьйре шийла г1отту. Лаьмнийн баххьашкахь 1ай-аьхка ца деша ло. Цундела хуьлу кхузахь 1уьйре шийла. К1айн мархийн пардуош, х1инца г1евтича санна, г1ийла йоьлху цхьана пана махка. Малх кеста ца кхета. Дукъал т1ехьара г1атта беза цуьна. Цуьнан юьхьиг гучуялча, сехьа дукъах малх кхета, дехьарчу дукъах 1индаг1 соцу. Малх хьала мел бели жимм-жимлуш 1индаг1 охьадоьдийш д1адолу. Цундела олу кхузара наха: «Бузуш малх кхета мохк». Луьста хьаннашкахь тайп-тайпана олхазарш дека, ц1еначу х1аваах кийра буззуш доккха са даккха парг1ато ю. Д1а мел хьоьжу цхьа тамехь дог хьостуш, б1аьрг белош хаза 1алам х1утту хьуна дуьхьал.

Я Рабби, Я Расулуллахь, Ва тхан Дела, ма хаза, ма ц1ена мохк белла Ахь тхуна. Хастам бу Хьуна тхан Веза, Воккха Эла. Кху махках терра ц1ена ойланца, бертахь, мерза даха хууш, къахегарах к1ад ца луш, мел беха некъ барах тила ца луш ламанхой баьхна кхузахь.

Пожах (Хильдехьа) олуш ю цхьа хаза, 1а-ваха ч1ог1а аьтту болуш меттиг ю. Пожахахь 1ийна Хушпаран Каса а, Каси Сулейма а. Сулейманов Сулеймани да, цуьнан х1усамнана Кани. Церан кхоъ к1ант, йиъ йо11ий доьзал кхиъна: Исрапил, Габиси, Мовсар, Напехьат, Зано, Сахьи, Саг1ират.

Напехьат ч1ог1а хаза йо1 яра. Ц1арна ц1е яхана. Сийна б1аьргаш, ц1ен-к1айн богу бос лепаш, хаьрса месаш. Ч1ог1а куьцехь, товш йо1.

Пхийттара яьлла йолуш, еха а ехна маре елла и. Амма цунна везаш кхин к1ант вара. И маре деш, ша мича йоьду хууш яцара ша олий дуьйцура цо.

Д1акхаьчна яьлчи бен ца хиъна кхунна, ша сатийсанчохь йоцийла. Х1ора дийнахь аьлча санна уьдуш ц1а оьхуш хилла иза. Са дале а, 1аржъелчул т1аьхьа а, шена т1ера б1аьрг тилабелчул т1аьхьа, 1ин чу юссий хих йолуш, луьстачу хьунан дукъах лам т1ехьа юьйлуш ц1а ихна. «Ва Напехьат, кхера ца кхоьру хьо, хьунан дукъах хьалаяла 1аржъелачул т1ахьа? Цигахь ча а, борз а хила там ма бара», – аьлла, шега хаьттича, цо олуш хилла: «Шша яхана стаг шена т1аьхьа кхиарна кхоьрура, кхин цхьани х1уманах кхоьруш яцара».

Кхин иза уьдучура саца а ца сецна, юха кхийла к1орда а дина цара йитина и.

Ца йоьшунна пхийтта етт белла цуьнан дас цу нахана.

Цунна везаш 1умхи Г1ани ц1е йолу к1ант вара. Иза баьхьанехь еъна иза марера ц1а. Лекха дег1ахь, куц-кеп ч1ог1а хаза долуш жима стаг. Доьнал долуш, майра а, ша схьалаьцначу новкъара юха вер воцуш къонаха хилла Г1ани. Наггахь шецара накъосташца Напехьат маре йолчу юьрта воьдуш хилла иза. Г1ани ша ехачу юьрта веъча, х1ара дерриг дуьне кхечу кепара хаза а, исбаьхьа а хеталора шена бохуш дуьйцура цо.

Х1ара марера ц1а еача, захало дийцина, амма д1айига сихо еш ца хиллачух тера ду Г1анис. Цуьнан вокхах волу ваша зуда ялонза вара боху цу хенахь. И шена хиъча Напехьата аьлла Г1анига: «Цкъа а зуда ялор йоцу хьан ваша Ша1манний, цкъа а маре г1ура йоцу сан йиша Заной 1ара бохуш шен 1а йиш яц, айхьа йигахь йига, ца йигахь со маре йоьду»!

Иштта кхуо аьлча, бакъалл яха а мегара иза аьлла, кхера а велла ялийра цо. Ч1ог1а мерза а, бертахь а дехаш хилла и шиъ. Дикка таро а, шортта хьал-бахам а болчу нехан к1ант вара Г1ани.

Г1ани деден 1амирхана жа лаьттинчу мет-меттахь канаш юззуш цергаш эцалуш хилла. Къеначу уьстаг1ийн багара охьа легна хилла уьш. Кест-кеста Гуьрже махка воьдуш, цигара хаза к1ади, пхьег1аш, йижаршна хаза, деза совг1ат дахьаш вог1ура олий дуьйцура цо.

Дуьххьара к1ант хилла цу шинний, Шида аьлла ц1е а тиллина цунна. Цунна т1е йо1 йина, Табарик. Цунна т1е а йо1 йина Аминат. Т1аьххьара йо1 1айна, Г1ани вийна кхо к1ира даьлча йина. Цу хенахь советан 1едална дуьхьал г1аттам хьайнчарна хьалха ваьлла лелла Г1ани. Юха ца бовла дуй биъна цара х1етахь.

Баси Байсета, цуьнан нанас дехар дина шен к1анте: «Ма г1ахьара хьо, ма йитахьара ахь ша кху берашца, хьайн зудчунца а цхьалха», – аьлла.

«Ч1аг1о йина яьлла, Делаца дуй бууш йина дош делла даьлла, юха вала аьтто бац. Нана, пурба а лой вахийтахьа со», – дуьхьал дехна цо нене. Т1аккха нанас, Дела йозанах вала йиш йоций хууш, пурба делла.

К1ента олучу метте Эски Зубайра лаца хьалабаьхкина салтий Итум-Кхаьлара. Иза воккха стаг хилла, паднара хьала а ца г1атталуш. Го лаьцна чу а лилхина, т1е герз лоцуш цара аьлла: «Хьо лаьцна ву, вай д1адаха деза, кечло». «Со могуш вац, со валур вац шуьца», – вистхилла важа. Т1аккха цара паднара т1ера чу кхоьссина х1ара. Зубайри несо, шен марда цара чу кхуссушехь , онда зуда хиллачух тера ду иза, буй хьовззийна ши-кхо салти вожа а веш, Бадили Абдурахьманера топ яьккхина. Цул т1ахьа цо мохь аьлла, шен аз мел долу. Гена боцуш левчкъина 1аш волу Бацалг, Увайс, Шамсат орцах баьхкина салтий лийцина.

Горзат олучу меттехь 1аш Солцан Ахьмад бохуш цхьа воккха стаг хилла. Лийцина салтий иза волчохь чубоьхкина битина цара. Лаьцначарна т1аьхьа бог1уш а салтий хилла. Идай М1ежа волчохь севца уьш. Солцан Ахьмади х1усамнана сих-сихха М1ежа волчу а йоьдуш, цара х1у леладо хьожуш, толлуш, юха схьа а йог1ий кхаьрга схьадуьйцуш хилла. Х1инца х1ума юуш бу, тоьпаш охьа а ехкина цо схааьлча, ц1аьххьана чу лилхина уьш а схьалаьцна. Хьалха лаьцнарш болчу уьш чу а боьхкина, х1у-ду, мил-ду хьажа Луьнка баьхкина.

Зуьзакха йистехь вовшах а кхетта цара барт бина к1ошта стаг вахийта, цигахь х1ума а хаийтехьа аьлла шаьш лелочух. И дуьйцуш х1орш лаьтташ, охьа б1аьрг тоьхча, Ц1ийлара хьала бог1уш салтий байна кхарна. Турмал чухула хьаьвсича вевзина, шайна герз ца тохийта хьалха ваьккхина Ц1ийла тезета вахана Ази Хуьнарк, Ити Эликси волуш, вог1уш пхийттех герга салти. Царна хьалха ваьлла чекисташ Лохи Мохьмад, суьйли Уртаев, оьрсий хилла. Уьш Луьнка хьалабевлча т1ом болабелла. Герз д1адетташ, схьадетташ т1ом бехха бина цара. Т1аьххьара Лохи Мохьмада аьлла: «Тутмакхашна хьалха ваьлла 1умхана Г1ани ву. И шена дика вевза. Иза ца виехь, вуьш юха бевра бац. Иза вай виехь, биснарш д1асаг1ура бу. Массара а герз цунна тоха». Т1акха цара массара а герз цунна диттина. Охьа а таь1на, шен пхоьаза йолу тоьпан чу патармаш даьхьна, хьалатаь1ча топ кхетта цунна коьртах. Муха ца кхетара, массара а цунна тухуш хилча.

Цул т1ахьа Зубайри, Увайс, Бай Идрис лоха таь1начу меттехула охьа а бахана, гуо лаьцна салтийн. Шайна гуо тоьхни хиъча Хьами бохучу стеган чу а лилхина цу чуьра схьа герз детта долийна цара. Цхьа хан ялча , лакха Луьнкара охьа мохь тоьхна Исаев М1ежис, Хильдехьара юьртадас: «Со т1е ван мегар дуй», – аьлла. 1едалан стаг хиларх терра, машар бан лууш хилла иза. «Мегар ду», аьлла жоп делла вукхара. Иза чувахана Хьами волчу х1усаме, цу чуьра салти йисаре балийна, церан герз схьа ара деъна. Юха цхьацц-цхьацца ара баьхна салти а, чикисташ а.

Г1ани уггаре жимах волу ваша Тонки, цу хенахь пхийта шо кхаьчна бен вац. Хьерг1ит1а олуш ю ши чурт доьг1на меттиг. Цига д1а а вигна Тонкис хаьттина Лохи Мохьмаде: «Хьайн ваша вийначун х1ун дийр дара ахь?». «Шина б1аьрга юккъе топ тухур яра», – аьлла вукхуо. Т1аккха цо тоьхна и цунна. Уртаевна а тоьхна. Оьрсийчунна а тоьхна. «Хьо жима ву, ахьа ма тоха», – соьгий-соьгий тохийта цхьаболчара боххушехь. Тонкис аьлла цаьрга: «Вийнарг сан ваша ву, тухур яц со воцчо, т1аьхьа дийцар хир ду аш тоьхча».

Шолг1ачу дийнахь х1ара дуьне дуззал 1едал деъна Хильдехьа. Цара шаьш Г1ани дакъа д1а лур дац, шайн кхо стаг схьацалахь аьлла. Т1акха х1окхара уьш мичахь бердах чукхиссина д1ааьлла, байинчул т1аьхьа.

Машшаш туьйсуш салтий чу а биссина, хьаладаьхна декъий. Цул т1ахьа говрана чук1елхула куьйг-ког вовшах дихкина охьа ца легийта, Итум-Кхаьла охьа деъна. Лохи Мохьмад верстана хиларе терра ч1ог1а вистина хилла. Схьа ара а яьлла, Итум-Кхелара цхьана зудчо, куьгаш хаьн т1е а дехкина элира бох: «Ахь дешначу Къоръанора ца вог1у Лохи Мохьмад тахна-ма Гуьйтари, Хьачарари, Т1еречуьри санна. Хильдехьара-м веста а вистина когаш хьалха вахьа», – аьлла.

Г1ани вийна шо кхочуш Напехьат маре яхана Исраил Хьасане. Иза а ведда лелаш тутмакх ву бохуш хилла цу хенахь. Шарахь сов обаргашца цхьаьна Советан 1едалана дуьхьал т1ом беш цаьрца лелла иза. Пуламот ч1ог1а дика йиттина цо. Шайна ижуна я тутмакхаш д1асабевлча, х1ара цхьаъ юьсуш хилла хьехахь. Кхунна етта аьттуо дика болчу метте пуламот х1оттуш боьлхура уьш.

Иштта цхьана дийнахь, геннахь ц1ехьа бог1уш тутмакхаш болуш, хьалаг1ерташ салтий гина Напехьатана. Шен пуламот охьа а ерзийна йиттина цо, хьала ваьлл-ваьлларг охьавуьллуш. Цигара салтий юха бирзина, дан х1ума доцуш. И цхьа г1ашлойн некъ бен ца хилла цигахь. Цу новкъа кхуо цхьа салти хьала ца валийтина.

Г1ани виен а вуьш и г1аттам хиллачу хенахь, чу боьхкина салтий баго ча кхиехьна аьлла мотт бина, Саг1ират ц1е йолу берх1ийтта шо долу йиший (ч1ог1а куц долуш йо1 хилла боху иза), наний лаьцна Напехьата. И шиъ доь доцуш яйна. Цул хьалха кулакаш бу аьлла кхуьнан дай ши ваший лаьцна. И кхоъ а доь доцуш вайна.

Исраил Хьасанна к1ант вина Напехьата. К1ант валие тутмакхех схьа къастина хилла иза. Къаьстина дукха хан ялале нах Сибреха бигна. Иза а йигина Сибреха. Цуьнан к1ант новкъахь велла. Шен дешичица хилла Напехьат Сибреха юьгуш. Цигахь цуьнца 1ийна, кхин гергара стаг а воцуш. Цу хенахь 30 шо а кхачанза, хаза товш хиларах терра стеган б1аьрг т1е х1уттуш хилла цунна. Иштта, Шишхана Асо олуш ч1ог1а дешна а волуш (Докки Жунидаца дешна хилла иза) воккхуна стаг зуда яла а елла берашца висина. Цо шега йола аьлла Напехьате . Дуьххьара цо шега йола аьлчи, х1ара яша а ца яьшна цунах. Жимма хан яьлча 1едал деъна Сулейманова Напехьат хоьттуш. Цхьамма мотт тоьхнехь хиллехь я шаьш дагабевла хиллехь, иза лаца баьхкина уьш. Дешичас х1ара къайла яьккхина, цаьрга аш мила юьйцу а ца хаьа шена аьлла. Амма уьш юха а, юха а оьхуш Сулейманова Напехьат оьшу шайна бохуш хилла. Кара яхча цара тоьпаш тухур йолуш хилла кхунна къамел доцуш. Х1ара обаргашца шарахь сов лелли, дукха шера хууш дара царна.

И хаа а хиъна Шишхана Асо, юха а веъна дехар дина, шега яг1ахьара хьо, хьо цара лаьцна д1айигахь доь доцуш, т1епаза йоьйур ю цара. Кхоам бара хьан иштта х1аллакъхила. Шега хьо яг1ахь, ша к1елхьара йокхур яра хьо. Шишханова Асет аьлла ц1е а тиллина шен зуда ю аьлла тоьшалла дийра дара ша. Т1акха реза хилира иза цуьнга яха. Салтий юха баьхкича Асос аьлла, аш мила юьйцу а ца хаьа шена, х1ара Шишханова Асет ю, шен зуда ю, х1ара бераш тхойшинна ду. Лулахой а т1екарие бина хилла Асос, шайга хаттахь ишттаъ-ишттаъ алахьара аш аьлла. Цара а, Асос ма деххара т1еч1аг1дина, х1ара Асойн зуда ю, и бераш церан ду, шайна дика йоьвзуш ю, аш лоьхург х1ара яц аьлла. Цу хенахь метарка а я паспорт ца хилла, кхин дан х1ума доцуш д1абахна салтий. Иштта Асос к1елхьара яькхина иза 1едалах. Асойна дина кхоъ йо11ий, цхьа к1антий дара цуьнан.

К1антана Совет 1едал долчу хенахь тоьпаш туоха аьлла кхел йина. Сайд-Ахьмад ц1е йолуш, ч1ог1а безамехь, товш жима стаг вара иза. Цхьа х1ири таксист вийна аьлла кхуьнца цхьана лаьцнарш, хьалха а чуохьбаьхкина нах хилла. Х1илла а, тешнабехк а хиллера цаьргахь: ши суьлий, метишкийа, цхьа оьрсий – диъ дара. Цара барт бина, массарел жима а, мекарло а йоцу Сайд-Ахьмад к1елвита. Массара а цхьабосса кхуо вийна аьлла дарий динера суьдехь. Х1ара цхьаъ бен вацара, уьш диъ дара. Ишта к1елхьара бовла барт хиллера церан. Сайд-Ахьмадана тоьпаш туохар кхайкхийра, уьш шераш тухуш к1елхьара бевлира, бех шайн боллушехь.

К1антана кхел кхайкхича ч1ог1а к1елйисира Напехьат. К1антана йина харц кхел ца лаелла дог иккхина хиллера цуьнан. 1989-чу шарахь кхелхина иза. Олхазар к1отарахь д1а а йоьллина.

 

Дала декъала йойла Напехьат!

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.
Поддержка сайта