http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


ЦХЬАНА ДАХАРАН ЗИЕРАШ Печать Email

Мацаева Асмаъ

 

Адмийн кхоллам  язбечу Дала яздина хилла-те 1944-чу шарахь, 1аьнан шело ч1аг1ъеллачу хенахь,  бусалба нах  махках бахар…  Х1ан-х1а, адамийн  маьрша дахар хийца , лан ца яллал  чолхе ерзийна къизална т1е х1иттош болу  мур герга балийнарг дара Делах даьлла  цхьа чкъор.  Йоккхачу политикин майданахь  «ловза  даьккхина къамел» дийцаре  деш хиллера х1етахь, нохчийн къам махках даккхар коьрта 1алашо лаьцна. Шаьш хьанал гулбинчу бахамах цхьа к1еззиг сал-пал  кара эцна , халчарех беха некъ юьхьар лаьцна, хиндолчун юьхь я  чаккхе ца гуш, ца девзачу мехкашка,  ницкъ беш,  д1ахьовсинчу  къоман юкъахь бара Абдулаевг1еран  доьзал а.

Сийлахь къинхьегаман турпалхо ю Абдулаева Арубика. Къона  дахар б1останехьа доьрзучу муьрехь  цуьнан хилла ткъесса шо. Цхьа ша тайпа ницкъ бу къуоналлин: луьра дарц, чехка мох хьакхарх, сийна ц1е яларх къуоналла къаръян хир дарий хьовх кху лаьттахь цхьа а х1ума. Иштта аьлла хеташ  мур бу и.

Дукха дийцина, дукха яздина, г1ал-бецал а дукха, мотт баъбаллал хьехийна вайн къам  г1амаршкахь 1охкучу  хийрачу мехкашка  д1адохорах лаьцна. Мел дукха шераш д1аэхарх, х1етахьлера  кегий нах тахана къаной,  диц дала  ца туьгу  шайн маьрша х1усамера  арадевлачу  минотехь  дуьйна  новкъахь  лайна хало, харцо. Х1етте а адмаллех, иманах ца доьхна.  Къаьсттина дийца ду  вайн  г1иллакхех, вовше лелийначу ларамах, къинхетамах  лаьцна.

Нохчийн къома башхалла ю и, цунах вай цец а ца дуьйлу. И вайн  пхенашкахь уьдучу ц1ийха йоьлла  яьржина лелаш ю, д1аяла йиш йоцуш. 1957-г1ачу шарахь,  Делан  пурбанца, х1етахьлера СССР-н пачхьалкхан хьалхара секретар Н.С.Хрущевс  вайн къомана ц1а дерза пурба делира. Амма, нохчийн  х1усамашкахь бехаш-1аш оьрсийн а, лулара къомах болу нах  бара, къизачу кхоьло  махках даьккхинчу халкъо  хала гулбинчу бахам т1ехь.  Йоккха хало хиллера  шен махка кхаьчначул т1аьхьа а лан езаш. Ц1а дерза  бакъо ма еллий, шаьш хала  йина кегий х1усамаш йоьхкина а, йохказа а Нохчийчу, дай баьхначу ярташка бирзинера нохчий.

Хала хетачех цхьа  х1ума ду, хийлаза вайн наха зийна: мелла а вайн бахархой садаккха таро хилла  парг1ат бевла хан ялале, юха а дуьненан рицкъах  ца  1еба мекарчу адмаша Нохчийчу зулам далош хилар.  Халкъан ойла  т1емаш чахчош, хьанал 1алашо йохош, хийла нехан кхоллам хьошуш  лан бийзира Нохчийчу беъна къиза ши т1ом, уггаре а вайн къаной г1ора дайначу хенахь.

Шеца хиллачу къамелехь Арубикас элира : «Девзткъе уьтталг1а  шере ша йолуш ,тайп-тайпана къомах  болу мог1арера нах бевзаш, шена хаъделларг  ду, уьш вовшех кхеташ хилар. Ткъа цу юкъа дукха х1ума дог1у», – аьлла. Церан дахар цхьатера хилар хир ду-кх иза.

Вайн  таханлера къаной бу шозза-кхуза дахаро зийна. Цкъа  Сибарехахь,  къуона болуш, ю мел боху адамийн бакъо йохийна баьхна, ткъа кху т1аьхьарчу шина т1амо, церан т1аьхьалоно ницкъ эшийна дахар токхуш. Уьш лара, церан сий дан Дала кхетам а, къинхетам а лойла вайна.

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.