http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


«Ас цкъа а ца яздо сайна цагинарш…» Печать Email

Бурчаев Хьаьлим

 

(Эссе)

 

Алиев Г1апур… Ткъех шо хьалха цхьа тийна-тапъаьлла ша нохчийн поэзе ма-варра, иштта тийна-таь1на, х1инц-х1инцца, вайна юкъара бакъдуьнене д1аваханчу поэтан васт а, цо шел т1аьхьа дитина Дош а шайна т1е тидам бохуьйтуш, шайх лаьцна ойланаш йойтуш, хаттарш х1иттош, жоп лоьхуш хир ду цхьа хан яьлча а. Иштта хирг хиларх шеко яц сан. Г1апура 1аламат дукха аьлла шен заманах, шен дуьненах, шен махках, вайх а, цундела цуьнан синлехамех, сатийсамех кхетар, царна т1аьхьакхиар ду-кх х1инца дисинарг. Г1апур нохчийн исбаьхьаллин меттан говзанча дика поэт воллушехь, цуьнан ц1е а, байташ а, цуьнан юй а хууш, евзаш яцара Нохчийчохь, кхечу поэтийн стихаш санна. Ткъа муьлхха а хьекъалча, адамийн тидам шена т1еберзош, уьш т1ебоьхуш, царна г1одеш, церан синхаамаш а, дег1ан ницкъ а карзахбоккхуш ма-хуьлу, цуьнан шайн дуьхьа вагаран, син ницкъан серлоне кхача лааран шовкъехь. Ткъа иштта х1унда ца нисло гуттар а? Алиев Г1апурах шех аьлча, цуьнан заманхой – вай ду-те цунна бехке я цо оццул дукха, даггара лазамца шен иллешций, байташций хестийначу Нохчийчу х1окху т1аьхьара ткъа шарахь хьаьвзинчу бохамийн дарц ду-те? Я Алиев Г1апуран шен бехк бу-те и, цхьаболчу яздархошна санна, шена ц1е ян ца хууш хиллачу, шен исбаьхьа байташ меттиг болчохь я боцчохь а д1акхайкхо, нахалаяха корматалла ца хилла волчу? Хаац… Амма, вайна лууш а, ца лууш а, Г1апуран шен а, цуьнан говзарийн а мах замано хадор бу, шо-шаре мел долу а замано и т1е а ч1аг1дийр ду. Цуьнан говзарийн, дахаран некъан къайленна т1аьхьакхиа, уьш довза, талла г1ертар ю вайн дуккха а т1аьхьенаш. И баккъал а воккха поэт шен заманахь вевзаш а, воьшуш а х1унда ца хилла а къастор ду, аьтто болчара шайн киншкаш арахоьцучу заманахь Г1апурна шен гулар зорбатоьхна ган доьг1на цахиларан бахьана а девзар ду.

Суна дуьххьара Алиев Г1апуран байташ евзира, аьлча а, цо ша д1аолуш илли хезира 1996-чу шарахь. 1аламат чолхе, кхераме мур бара и Нохчийчохь. Кхузахь «Конституционни къепе» яра х1етахь д1ах1оттош, маьршачу бахархошний, маьршачу ярташний, г1аланашний а т1е  х1оъ-молха дассош. Цкъа арен т1ера лома хьалабовдуш, т1аккха юха арен т1ехь кхерамаза меттиг лоьхуш, б1арзделла хьийзара вайн декъаза халкъ. Мискачу бахархошна кхетара схьатухург а, д1атухург а. Шу оьрсашкахьа девлла бохуш, хьийзабора федеральни эскарша д1алецначу ярташкара бахархой т1емалоша. Шу, т1емалойн аг1о лоцуш, царна къайлах г1одеш ду бохуш, хьийзабора оьрсийн эскархоша. «1аьхча – барзо боь ша, ца 1аьхча – 1уьно боь ша» баьхначу 1ахаран хьоле х1иттийнера шина а аг1орчара бехк-гуьнахь доцу маьрша адам.

Алиев Г1апуран иллеш цу муьрехь орцанан аз дара вайна массарна а, Нохчийчоьнна а. Харцо, г1ело, ницкъбар дара х1етахь вайн махкахь  букар бохь буг1уш. Талош дара вайн латта, б1аьрзечу къизалло хьередина хьийзара адам. Цхьана а кепара чаккхе ца гора баланех хьалхадовла. Ванах, х1ара дан а х1ун ду-те? Г1енах я самах а ишттаниг хир ду аьлла, хьанна моьттура? Я моьттича а, хир ду аьлча а, мила тешар вара?

 

Йохийна хьан ярташ,

ягийна г1аланаш,

Сийсазбо мехкарий,

х1аллакбо хьан к1ентий,

Дакъаза ма яла,

сан хьоме Нохчийчоь,

Маццалца хьийзар-техь

хьан керта мостаг1ий?!

 

Г1апуран-илланчин тийно-г1орг1а аз хезара нохчийн массо а ярташкахь, шахьаршкахь. Х1ора денна 1ожалло каетташ д1ахьочу нохчийн к1ентех, мехкарех, кегийчу берех дог 1ийжаш, царна орца кхуьйкху иллеш дара уьш, рог1ера шен балахьегарх Нохчийчоь юха а доьналлица чекхъериг хиларх вайн дегнаш чу тешам а бижош:

 

Къоркхокхий декар ду

цу нохчийн хьаннашкахь,

Ламанан баххьашкахь

лечарчий ловзур ду.

Дависа хьан дела1,

сан хьоме Нохчийчоь,

Мостаг1ех ц1анъелла

хьо хьанна гур ю-те?!

 

Хинйолчу парг1атонах нохчийн халкъо мел беза мах бала дезар ду шера гуш хиллера Г1апурна. Иттанаш, б1еннаш, эзарнаш д1абаьхьира вайна юкъара цу ирчачу шина т1амо, ткъа дог1маш, синош заь1апхилларш мел дукха бисина баха а. «Маржа я1, заманаш», «Сийна хьоза», «Езаш ца хилла хьо…», «Ма сиха…», «Йо1-т1емало», «Не1алт», «Ворх1 са», «Ас цкъа а ца яздо сайна цагинарш…» «Ма елха, нана», кхийолу а стихаш хьалхарчу т1еман шерашкахь язйина, царах цхьаерш иллин мукъамашкахь Г1апура а, кхечара а аьлла ю.

Халкъо сатийсамца, боккхачу тешамца, дегайовхонца т1еоьцура уьш х1етахь, х1унда аьлча т1еман г1елаллин хьолехь бохкучийн синхаамашна жоп луш уьш хиларна. Бакъдерг аьлча, х1етахь т1амна дуьхьал Алиев Г1апура санна майра а, сацамболуш а дош олуш, и д1акхайкхош кхин цхьа а вацара. «Ц1е яьлла Нохчийчоь йогуш, орцане мохь беттар» хилла дека Г1апуран иллеш халкъана гергара, халачу муьрехь ч1ог1а оьшуш а дара, х1унда аьлча:

 

Иллеш дац, иллеш дац ас бохурш –

1адийна ц1ог1а деттар ду.

Пондаран мерзаш дац декарш –

Декашдерш синпхенаш ду,

– бохуш, хезашдолу Г1апуран таь1на-г1орг1а аз дан а дара вайх х1ораннан а синпхенаш дулуш, уьш декош. Цуьнан иллеш, цо ша ма-аллара, «г1аддайна узарш», «къоман б1аьрхиш», «мостаг1на герз деттар», «орцане мохь беттар», «к1иллой сийсазбар», «къонахий хестабар» хилла ца 1ара, уьш халкъ лийриг цахилар, Даймахке шен доза доцу безам гайтар а дара:

 

Иллеш дац, иллеш дац ас бохурш –

Толамна тоьшалдар ду,

Нохчийчоь, хьо сайна езар

Адамашка кхайкхадар ду.

 

И х1етахь дара, хьалхарчу т1еман а, и чекхбаьллачул т1аьхьа а даьхкинчу шерашкахь. Со а вара Алиев Г1апуран иллеш дезаделлачех,  илланчин пох1ма къобалдечех. Суна иза цкъа а гина вацара, амма вевзаш вара халкъан илланча санна, т1амо синхаамаш карзахбаьхна, харцонна дуьхьалх1отта доьналла кхаьчна къонах санна а. Наг-наггахь Г1апуран хьалхалера иллеш хазар бен, кхин цо яздина керланаш ца девзара суна. Цуьнан тийна-г1айг1ане мукъамаша сан иэсехь карлабохура д1абаханчу т1амо гуттаренна а битина дагалецамаш, цу бохамо эхарта д1абаьхьна я заь1апбина гергарнаш, доттаг1ий, бевзарш. Ткъа машаре ю боху хан а яцара маьрша. Хезаш, схьагушдерг нохчийн керла баьччанаш вовшашца цатарбалар, вовшех цабашар, цара мискачу халкъехь латтош йолу г1ело-харцо яра. Т1еман бала шен белш т1ехь лайна миска халкъ гуш я хезаш аддам а дацара, ницкъ шегахь мел берш, ц1убдарш санна, х1инца а т1еман тохарийн чевнаш ерзазчу Нана-Нохчийчоьнах шайна йолург схьаяккха, цуьнан ц1ий мийла т1елетта бохкура.

Т1аккха юха а Делан оьг1азло хилира. Хьалхарчул а къиза, бохаме хилла хьаьвзира т1еман шолг1а гуо. Юха а 1енира бехкбоцчийн ц1ий, лаьттаца д1ашарйира ярташ, г1аланаш.

Со х1етахь Шелковски к1оштара Червленнехь вехаш вара, т1амо х1усамаш йохийна, 1997-чу шарахь д1авахана, меттигерчу школехь хьехархочун болх беш. 2003-чу шеран гурахь Соьлжа-Г1ала веана волуш, сайн накъостий-яздархой ган лиъна, «Орга» журнале веара со. «Вайнах» а, «Стела1ад» а журналаш а хиллера цунна лулахь, Толаман проспектехь (х1инца – Путинан). Х1етахь «Вайнах» журналехь болхбеш волчу Ибрагимов Лоьмин (Канташ) кабинет чохь гира суна иза дуьххьара. Бакъду, х1етахь суна ца хаьара иза ас лоруш волу илланча Г1апур вуйла. Сирла-ц1ена юьхь-сибат долуш, еха къоьжа месаш, лекха, товш дег1ахь стаг вара Лоьмас: «Х1ара Алиев Г1апур ву», – аьлла, суна вовзийтинарг. Эсала хьажар, догц1ена велакъажар долу иза даго дуьххьара гичхьана дуьйна т1еоьцуш болчу нахах вара. Жимма къамел а дина, д1асакъаьстира тхо. Т1аккха «Орга» журналехь цуьнан коьрта редакторца Минкаилов Эльбрусца барт хилира сан т1едог1учу керлачу шарахь дуьйна ас кхузахь отделан редакторан болх д1аболош.

2004-чу шеран юьххьехь со «Органе» схьавеъча, кест-кестта вовшийн гар хуьлура журналийн белхалойн. Цига кхочура поэт Талхадов Хьамзат а. Иза сан ненан шичин к1ант а хиллера, Г1оьрдалара схьавалар а долуш. Мичара, хьенан ву аьлла тхойшин къамел тасаделча, гергарлонан уьйраш а карийна, т1екаре ч1аг1ъелира сан Хьамзатца. Ша 1аламат дика поэт а хиллера иза, х1инццалц зорбане ца волуш 1арна, башха вевзаш а воцуш. Суна йоьшура цо шен байташ. Цкъа тхойшиъ «Орга» журналехь волуш, «Алиев Г1апуран стихаш муха хета хьуна?» – аьлла, хаьттира цо соьга. Ас, цуьнан стихаш сайна ца евза, элира. «Муха-ца евза? – цецваьлла, суна т1евог1авелира Хьамзат. – Хаза а ца хезна хьуна уьш?» Ца хезна аьлла, мук1арло дира ас. «Дика ду, ас йовзуьйтур ю хьуна уьш-м», – элира Хьамзата. Цул т1аьхьа к1езиг хан яьлча, «Органан» 1999-чу шеран жима номер йохьуш веара иза: «Х1орш ю хьуна Г1апуран стихаш. Еша а еший, т1аккха хьайна муха хийтира алахьа соьга». Цу дийнахь, кхин цхьа г1уллакх хьалха а даьлла, и стихаш еша ца ларийра со.

Шолг1ачу дийнахь делкъеян дагахь со редакцера араваьлча, некъаца йинчу аьчкан кертана юххехь гуттар санна лаьтташ Г1апур гира суна. Ас сайца делкъеян кхайкхира иза. Х1ума а кхоллуш, цхьацца къамел деш тхойша 1аш, ас дийцира цунна Хьамзатца сайн хилла къамел. Вела а велла, «Сан стихаш-м к1адбоцург дара, иза ша мел дика поэт ву хаьий хьуна?» – аьлла, хаьттира Г1апура. «Дера хаьа, цо суна уьш еша а ешна, – жоп делира ас. – Къаьсттина дика йоьшу цо «Рожа» ц1е ерг». «Х1ун Рожа? – цецвелира Г1апур. – Иштта стих а ю цуьнан?» «Ю дера-кх. Хьуна ца ешна цо и? Цхьажимма дагахь а хаьа суна цуьнан мог1анаш, ладог1ал», – аьлла, еша волавелира со:

 

Рожа, шан хажа Рожа,

Ежа хьо шуна шайн шил дукха…

 

Кафе чохь мел верг цецваьлла тхойшинга схьа а хьожуш, ч1ог1а велар иккхира Г1апуре. Кхин дош ца алалуш, дукха веларна, б1аьргех хиш оьхура цуьнан. Цунна хазделларг ас, Хьамзата ма-аллара а олуш, ешар дара: метта буьххьехь олура цо цхьадолу элпаш, цу т1е а цо шена лерина и стихотворени язйина йо1 Роза а тхойшинна евзаш яра.

Редакце тхойша юхавог1учу новкъахь а воьлуш схьавеара Г1апур: «Декъаза ду-кха хьуна и шиъ х1инца дуьйна. Ас г1ад-амал дойур ду церан, и байт йоьшуш», – элира цо тхойша д1асакъаьсташ.

Талхадовс сайга делла журнал деша охьахиира со чу ма-вахханехь. «Къонахийн зама» стихотвореница д1айолалуш яра Алиев Г1апуран байташ. Со цецвелира, суна хууш дара и мог1анаш яздинарг илланча Г1апур вуйла, х1етахь дуьххьара уьш иллин мукъаме а дерзийна, 1аламат говза а, дика а д1аэлира йишлакхархочо Рамзаева Бирланта, массарна а дукхадезаделла а дара и:

 

...Майралло дахчийна,

къоман барт ч1аг1бина,

Нохчийн сий айинчу

хьайн денойн дуьхьа,

Тхо сийсаздовларах

лардала 1аммалца,

Собарде, сих ма ло,

къонахийн зама.

 

Цунна т1аьхьайог1урш а йийшира ас. Шеко яцара, церан автор а и илли даьккхинарг хиларх: яздаран хат1 а, меттан башхалла а цхьаьнадог1ура цу байтийн. Со сихха «Вайнахе» вахара.

Г1антан букъа т1е а тевжина, куьйган п1елгашца стоьла т1ехь вотанан мукъам т1аьхьара а балош, мукъамбеш 1аш вара Г1апур:

 

…Рожа, шан хажа Рожа,

Ежа хьо шуна шайн шил дукха…

 

– Ма к1ордийна, хьех-мерах чекхъяьккхина-кх ахь суна и эшар. И а йитий, хьайна хаахь, кхиниг лакхахьа, – бохуш, дехарш деш, шен стоьла хьалхара кехаташ кегош, елакъежаш 1аш Роза а яра.

Со чоьхьа ма веллинехь, к1ажвахана велах1оьттира Г1апур. Ткъа ас, со ца кхетачуха, цхьажимма х1аваэ вала вайша аьлла, аракхайкхира Г1апур.

– Г1апур, – хаьттира ас цуьнга, – т1еман заманахь иллеш олуш хилла Г1апур вевзий хьуна?

– Ой, дера вевза, шен ц1оканций а-м. Т1аккха..? – аьлла, вела а къежаш, д1ах1оьттира.

– Иза х1инца мичахь ву? – юха а хаттар дира ас.

– Мичахь хир вара иза? Шен ц1ахь 1аш ву-кх. Х1ун дора ахь цунах? Иза-м вайна бир-минот ялале схьакарор ву, нагахь хьуна эшахь.

Т1аккха сан шеко кхин т1е а ч1аг1ъелира:

– Х1ета, билггал хьо ву-кх и илланча Г1апур, – элира ас.

– Ой, ву дера-кх. Тера вац ткъа со цунах? – забаръеш элира Г1апура…

Х1етахь дуьйна виллина цхьаьна хуьлура тхойшиъ. Белхан хенахь сарралц масийттазза вовшийн гойла хуьлура, цхьаьна охьа а хевшина, къамелаш деш 1ан хан а хуьлура. Цо шен стихаш гойтура суна, царах лаьцна хетарг алахьара олий. Бакъду, ша яздина дешнаш я мог1а атта хуьйцур болуш вацара.

– Хаац суна-м, хьо бакълуьйш хила а ма тарло. Делахь а, х1ара язъечу хенахь иштта ойла хилла-кх сан. Ткъа х1етахь соьгахь хилла хьал юха хир  а ма дац, – олура цо, суна хьалха бехказвуьйлуш санна.

Т1аьхьо иза къеравара ша шен цхьайолчу стихаш т1ехь мелла а кхачамбацарш дитина хиларна.

– Дала мукъалахь, ала х1ума доцуш рифмаш а, дешнаш а нисдина, дика тойийр ю ас уьш, Дала могашалла лахь, – олура Г1апура.

Шен поэзи хьахийча: – Д1авалахьа, хьенех, уьш-м даккхий х1уманаш дацара ас яздинарш-м. Дависа, Гадаев Мохьмад-Салахьан «Даймахке сатийсар», «Ц1ен берд» я «Йоьжна дарта» санна йолу цхьа х1ума язлахьара, – олий, шен сатийсам бовзуьйтура.

Амма шерра гуш хуьлура шен поэзех лаьцна хеташдерг алар, цуьнан дика я ледара аг1онаш йийцареяр цунна тамбеш хилар. Беран санна, сирла-ц1еначу велакъежарца ладоьг1ура Г1апура шен говзарех лаьцна дечу къамеле, «ма дика ду-кх хьуна и иштта хеташ» юкъа-кара а олуш. Цуьнан дукхахйолу стихаш 1995-1999-чу шерийн муьрехь язйина ю, ма-дарра аьлча, уггаре а диканаш. И иштта муха нисделира аьлла, ас шега хаьттича:

– Гой хьуна, – элира цо, – со баккъал а тешна ма вара нохчашна маршо хирг хиларх. Со саннарш дуккха а ма бара. Амма дуьххьарлера т1ом чекхбаьлча дуьйна сан шеконаш кхоллаелира вайна хьалхабевлла лелачарех, нохчийн г1иллакхашций, амалшций ца дог1уш мел дерг цаьргахь ган доьлча. Ма-дарра аьлча, вайна т1ом чубохьуш баьхкинарш а, кхузахь царна дуьхьало ян еза бохуш, кхайкхамаш бинарш а цхьабарт болуш хиллий-те олий, ойла йог1ура кест-кестта. Суна къа а, кхоам а хета хьалхарчу т1амехь х1аллакбинчу вайн къоначех, иштта массарех а. Шайн синошца, дог1машца, ойланашца ц1ена кегийрхой ма бара сила доккхачу эскаршна дуьхьал леттарш, баккъал а вайн маршоне сатесна белларш. Вайн баьччанаша х1ун дира?.. Т1ом д1а ма-бирззи, даржашший, г1анташший, бахамашший къийса х1итти-кх мецалгаш. Царна дага а ца бог1ура т1амо х1аллакбинарш, бохийна, талийна мохк, ц1е-к1ур боцуш биснарш. Х1етахь 1едалехь бу бохучарна юкъахь сан накъостий, доттаг1ий бу бохурш а ма бара. Т1аккха сан цаьрца къовсамаш хила буьйлира, т1аьххьара а – д1асакъастар а. Х1етахь Нохчийчохь х1оьттинчу ирчачу суьрто садуура сан. Айса т1ом болуш баьхначу иллех а догделира. Амма ца яздеш ца 1алора. Иштта х1етахь сайна гучух, сайна хетачух лаьцна язйина ю-кх сан дукхахъерш. Дош алаза 1ан а ца велла язйинарш. Гуттар а сайн оьг1азло к1арг ца ялийта, юкъа-кара безамах я кхечунах лаьцна а язъеш…

 

Чекхбаьлла, чекхбаьлла, буьрса т1ом чекхбаьлла,

Д1атийна герз деттар,

къам парг1атдаьлла.

Ткъа сан дог, тембайна,

хьо х1унда деттало?

Х1ун гина? Х1ун хилла?

Стенах шекдаьлла?..

 

*   *   *

…Да велла диса шу, сан иллеш,

Да велла диса шу.

Шу дохуш ас йина ойланаш,

Аш дагна мел бина лазамаш…

 

…Да велла диса шу, сан иллеш,

Давелла диса.

Да велча, мохь тоххий делхалаш,

Кхин цкъа а ца декаш, совцалаш!..

 

*   *   *

Сан иллеш, чекхъели шун зама.

Сан зама, чекхъели хьо…

Чекхъели къонахийн зама,

Т1ейог1у кхечеран хан…

 

Лакхахь далийначу байтийн мог1анашкахь, иштта Г1апуран кхийолчу стихашкахь а шера гуш ду вай юьйцучу заманахь цуьнан са а, дог-ойла а мича хьолехь хилла. Шен амалца Г1апур харцонан, ямартлонан г1олоцур долуш вацара. Цунна уьш хийра, къилахь дара. Стеган доьналла, собар, тешаме дош дара Г1апура коьрта лоьрург. Ткъа кхидерш эрна х1уманаш хиларх шен ц1ийх доьлла дара цунна.

Хийла хан яьхьира оха Г1апуран х1усамехь, цуьнан оьздачу, комаьршачу х1усамнанас Мархас хьалха шун а х1иттош. Мархас олура соьга:

– Дуьйлийша Г1апур волчу, цунна мел дукхадеза шу. Гуттар а хьой, Хьамзаттий, Мовсаррий хьехош, сагатдо цо шуна мукъачу деношкахь.

Сой, нохчийн драмтеатран актер Атаев Мовсаррий кест-кестта воьдура цаьрга Бух1ан-юьрта (Черноречье). Цига вог1ура Г1апуран юьртахо, гергара стаг, берахьлера дуьйна доттаг1 волу филармонин артист Асхабов 1абдул-Хьаьлим а. Т1аккха тхо т1аьххьалц 1ара, Г1апурий, 1абдул-Хьаьлимий дечиг-пондар т1ехь иллеш олуш, литература а, искусство а хьехош. Цигахь тхох схьакхетара Г1апуран шича Султан а, лулахо Лом-1ела а.

Со Червленнехь вехашволуш тхоьга хьошалг1а а бог1ура уьш. Х1етахь сих-сиха сан х1усамехь хуьлура Г1апур, Гамаев Ваха, Талхадов Хьамзат, Джанаралиев 1имран (уьш х1инца бац, шу марша. Дала гечдойла царна!), Минкаилов Эльбрус, Сентябриев Эми, Джамбеков Ша1рани, Устарханов 1алви кхин а. Тхан доьзална, сан къеначу нанна а, доккха самукъа хуьлура уьш баьхкича. Уьйт1арчу тхов к1ел охьа а ховший, сакъоьруш 1ара тхо. Лулахой а схьагуллора кет1а. Цигахь охьа а ховший, Г1апуран а, 1абдул-Хьаьлиман а иллешка ладоьг1уш 1ара уьш тхо д1адийша чудаххалц. Цундела и хьеший юха а бахкаре сатесна хуьлура Червленнера бахархой а. Г1апур веъча, шайна хаийта олура цара тхоьга.

Шен уьйрийн гонера цхьаъ кхелхича, и ч1ог1а холчадолура Г1апурна. Цундела хилла хир вар-кха иза т1аьхь-т1аьхьа дог дуткъалуш, тхуна массарна а чу са диллина, дашца хилла а, массеран догъэца г1ерташ. Хала лайра цо шен уггаре юххерчу доттаг1ех цхьаъ – Талхадов Хьамзат кхалхар. Г1апуран х1усамнанас Мархас дуьйцура: «Дийнна к1ира даьккхира цо гуттар а и хьехош». Х1етахь язйира цо шен уггаре дикачех цхьаъ йолу 152-г1а сонет:

 

Доттаг1ий, дотт1аг1ий,

шун гуо бу херлуш,

Шайх дагахьбалламаш суна буьтуш.

1одикаяр а дац. Лаьттачохь оьгуш,

Со т1аьхьахьоьжжучохь латта вуьту.

 

Сингаттам базбелла,

б1арзвелла висча,

Комаьрша куьг кховдо шу ца хуьлу.

Вай вовше дийцинчу

хабаршлахь тилла,

Со д1ай-схьай хьоьжжучохь

де т1ехтуьлу.

 

Доттаг1ий – ас йинчу

ойланийн тешаш,

Сингаттам т1аьхь-т1аьхьа

аш базбина.

Генара гушйолчу серлонех лиэпаш,

Шух дагалецамаш суна бисна.

 

1одикаяр доцуш, ц1еххьана оьгуш,

Х1ун ч1ир ю, к1ентий,

аш соьгара оьцург?

 

– Вайшиммо Хьамзатан прозин а, поэзин а гуларш кечъян еза, – элира соьга Г1апура. – Уьш арахеца г1одан стаг воцуш ма вара иза, шен киншка зорбатоьхна ган а лууш. Х1инца вайшимма т1е ца лацахь, и кхочушдийр долуш аддам а дац-кх. Бакъду, уьш арахеца таронаш йолуш вайшиъ а вац, делахь а, хьанна хаьа, киншкаш кийчча хилча, цхьаъ вала а ма мега и г1уллакх кхочушдан. И болх биэ вайша? Цунна дуьхьал эвххьаза г1ур вар-кха т1аккха…

Со т1етайра Г1апурна. Цул хьалха, Хьамзат кхалхале, тхойшинга дийцинера Г1апура, шен йишина компенсаци ду лурдолуш, цо киншка арахеца ахча лур ду аьлла шена бохуш. Амма и компенсаци далар а хьеделира. Т1аккха 2010-чу шарахь Г1апурна нохчийн меттан денна лерина цхьа б1е эзар сом преми елира. Цунна ма-луъу киншка арахеца к1езиг дара и. Цо и ахча йохк –эцарна юкъадиллира, амма бизнесехь а ма веза цунна ох1ла стаг, кхин башха пайда т1е ца болуш лаьттира и г1уллакх а.

Цкъа дуьххьара Талхадовн стихаш кечйира охашимма, бакъду, уьш а ерриге схьагулъян ца кхиийра. Царал т1аьхьа цуьнан проза вовшахтоха дагахь а вара.

– Цкъа хьалха Хьамзатниш зорбатухийла хир дацара-те, – сатуьйсура Г1апура. – Цул т1аьхьа бен сайниш я хьайниш арахеца бакъо яц аьлла хета суна вайшиннан, – олура цо, т1аккха, со зуьйш санна, соьга леррина хьажа а хьожий, т1етухура: – Реза ма ву хьо, схьагарехь. Вуьшта, кхин цхьаъ ду хьуна. Хьанна хаьа, сох х1ун хуьлу а, т1аккха шолг1а дукъ а хьан коча дог1ур дуйла хаалахь, – велалора.

Суна ца товра Г1апура цу кепара забарш яр. Цу т1е а, дукха шера гушдара иза могашалла т1етт1а оьшуш хилар. Шолг1а т1ом болуш юххехь иккхинчу йоккхачу тоьпан снарядан гаьргаш а яра цуьнан дег1ах йохкуш, схьаяха а ца баьхьна, лоьраша йитина. Ц1еххьана йовхарш т1ейог1ий, юьхь ц1ийлой, хьацар кхетий, иза гатвелла хьаьвзича, холчах1уттура со а, цунна дан г1о доцуш. Шех доглазарца долу сан хьажар а лоций, цхьа бер санна бехкала а воьдий, олура цо:

– Хаа-ц суна-м, кхоллал кхуллуш хилча, х1ара вайн дог1мийн чархаш аьчках кхолла езаш ма-хиллера…

Т1аккха, Хьамзатан киншка вовшахтоьхна ваьлча, Г1апуран ерриге говзарш кечъеш къахьийгира охашимма.

Вевзашволчу яздархочо, нохчийн литературин фонд схьайиллина, вайн яздархойн говзарш арахоьцуш волчу Мусаев 1алавдис Москва вигира Г1апур. Иза цига мел хала вахара, 1алавдина санна суна а хаьа.

– Со муха г1ур ву х1инца цунна балевала? Иза-м шен г1уллакх деш, кхин а дуккха а нехан г1уллакхаш айбина лелаш стаг вай. Иэхь ма хета суна цунах. – бохура цо.

Амма, 1алавди къар а ца велла, Москва вахара Г1апур, цунна дарбанаш а леладайтира. Хаъал могашалла тоелла ц1авеара Г1апур х1етахь. Цу т1е а Г1апурна ч1ог1а оьшуш йолу компьютер а еллера 1алавдис цунна. Шозлаг1а а цига больнице ваха везаш а вара.

– 1алавдис юха а д1акхойкху со. Ма ца лаар-кха суна юха а сайх цунна бала бан, – олура Г1апура.

Цига г1уо бохуш, шега деш долу дехарш, цхьацца бахьанаш лехьош, дуьтура цо.

– Хьан иллеш – хьалхалернаш а, керланаш а – д1аязде вай, Г1апур, – кест-кестта олура ас цуьнга. – Ахь ма-аллара  уьш кхечо эр ма дац.

Цкъа цхьажимма могашалла а тойина, т1аккха цхьаъ дер вай, олий, дуьтура цо иза а.

Г1апур дуьнен т1е ваьлларг январан шолг1а де дара. Оцу дийнахь шен уггаре юххера накъостий ша волчу д1акхойкхуш ламаст кхоьллинера цо пхи-ялх шо хьалха.

Оцу дийнахь 12 сахьт долуш цигахь д1агуллора тхо : Жанадди коьртехь волуш эвтархой, Талхадов Хьамзат, Гамаев Ваха, Сентябриев Эми, Атаев Мовсар, Гайтукаев Юсуп, Ширвани, 1абдул-Хьаьлим, со а гуттар хуьлура цигахь. Т1аккха хьалхий-т1аьхьий Ваха а, Хьамзат а д1акхелхича, гуттар а ч1аг1делира тхан иштта цхьаьнакхетарш. Нохчийн литературах къамелаш деш, иллеш а олуш, 1ара тхо

– Гой шуна, уьш д1абаха, вай а г1ур ду. Цундела, ваьш дийна долччуьра, вовшех марзо иэца ма еза вай х1окху дуьсудолчу дуьненахь, – олура Г1апура.

Т1аккха, иллеш олуш, стихаш а йоьшуш, цхьацца забарш а еш, самукъадоккхура тхешан. Тхох цхьаъ цига ца вог1уш висча, дегабаам а бора цо ч1ог1а.

2010-чу шарахь, цхьанхьа генна ваханчуьра сарахь ц1а кхаьчна, к1адвелла со 1аш волуш, Г1апура соьга телефон туьйхира. Ас сайгара хьал д1адийцича:

– К1адвелла боху ахь хьуо? – хаьттира Г1апура, цуьнан озехь беран санна дегабаам къаьстара. – Со-м 1ийр вацара хьуна, хьан метта суо хилча…, – кхин х1умма а ца элира.

Арахь 1аржъелла хан яра со новкъаволуш. Со вог1у я ца вог1у ас Г1апуре ала а ца элира. Со, г1ала д1а а кхаьчна, шен х1усаман не1арх чоьхьаволуш шена гича, дуьхьал а хьаьдда, со къевллина мара а воьллина:

– Суна хаа ма хаьара, хьо, Бож-1елина а дайна, суйнах схьабаьлла суй буйла! – элира цо.

Амма оцу цхьаьнакхетарех уггар а ч1ог1а иэсехь ч1аг1делла дисна суна х1окху шеран 2-г1а январь.

Гуттар а санна, Г1апуран х1усамехь гулделира тхо х1етахь а. Х1усамнанас Мархас х1оразза а санна комаьрша кечдинчу шуьнехь тхо 1ачу хенахь х1усамда х1инццалц цкъа а ца хиллачу кепара самукъане, векхавелла хиларан тидам хилира сан (массара а тидаме эцна хиллера и).

Ша к1адвелла, шега сада1ийта ца олуш, дукха иллеш элира цо тхуна. Х1окхул хьалха буса 7-8 сахьт долуш д1абухуш хилла хьеший 10 сахьт даллалц д1а ца бахийтира Г1апура. Ткъа со гуттар а иза волчохь буьйса йоккхуш соцура. Оцу буса сой, Г1апуран юьртахо, поэт Турпалханов Вахий, 1абдул-Хьаьлиммий висира т1аьххьалц сакъоьруш.

– Тховса санна самукъане цкъа а ца гина-кх х1ара суна, – элира соьга Мархас. – Дела реза хуьлда шуна, кхуза а даьхкина цуьнан дог-ойла иштта айарна.

Шолг1ачу дийнахь 1абдул-Хьаьлим филармоне вахара, Марха а шен балха д1аяхара. Тхо кхоъ висира чохь. Дог даста сихвелча санна, дуьйцура Г1апура тхойшинна шен халачу бераллах, т1аккха къоначу хенахь СССР мел ю ша гездина некъаш, юха вайн драмтеатрехь а, кхечанхьа а ша бинчу балхах а лаьцна.

Йо1ана Фатимина лерина стихотворени а ю Г1апуран «Йолахьа, Б1оба» ц1е йолуш, цуьнца 1аламат мерза юкъаметтигаш яра цуьнан.

 

Хьайн баккхий б1аьргаш

ца къерзош,

Фатима кхеро ца г1ерташ,

Тхо долчу йолахьа, Б1оба,

Хаз-хазчех туьйранаш дохьуш.

 

Цахиндерг хиндолчух дуьйцуш,

Ворх1 ломан дехьенаш хестош,

Туьйранаш дийцахьа, Б1оба,

Наг-наггахь Фатима хьостуш...

 

...Йицъяйта х1ара ирча зама,

Йигийта туьйранийн махка,

Фатима кхойкху хьоь, Б1оба,

Хаз-хазчех туьйранаш дийца.

 

Шел т1аьхьа Фатимас х1ун лелор ду-те боху шен ойланаш а йостура цо т1аьххьарчу хенахь. Шен квартира цуна, д1аелира цо, ткъа ша нехан х1усамехь вехаш вара.

Со, ц1енош д1ах1итто г1ерташ, ка-м1араш етташ вуй хиъча: – Дала мукъалахь, хьо хьайн х1усамаш чу воккхуш, сайн вешин санна, г1о лоцур долуш ву-кх со, – элира цо.

Иштта вар-кха Г1апур, х1оранна а орцахвала кийча, массарех а доглозуш. Поэт а вара, бакъволу поэт, цхьа а шеко йоцуш. Дуьххьарлера байташ ша 1994-чу шеран 28-чу ноябрехь, шен доттаг1чун, вевзашволчу режиссеран Гузуев Хьуьсейнан тезетара ц1авеъча язйира ша бохуш, дуьйцура Г1апура. Цул хьалха а цхьацца забаре иллеш-м яздинера ша, амма Хьуьсейн кхалхаро цхьа к1орггера дагахьбаллам битира шена, бохура цо.

 

Елхалахь, елхалахь, елхалахь, езар,

Ас хьайга дийцинарш дага а лаций.

Хьайн дагна 1ийжамаш

сох бисна алий,

Елхалахь, мохь тоххий,

нахалаялий...

 

...Хиллачех, хиндолчух

елхалахь, езар,

Сох диснарш дерриге дагар а дай,

Со ала цакхиънарг диканна алий.

Елхалахь, мохь тоххий,

нахала ялий...

 

Соьлжа-г1али чу 26-чу ноябрехь дуьххьара танкаш яьхкина, т1ом хиллачохь вийнера Г1апуран доттаг1. И вайн халкъан рог1ерчу ирчачу бохаман юьхь яра. Цул т1аьхьа хьийза юьйлира Нохчийчохь т1еман кахьар.

 

Заманаш, заманаш,

маржа-я1, заманаш,

Шу йицъеш, кхин бахка

хир буй-те баланаш?

Баккъал а бакъдолуш

гуш дуй-те мел гушдерш,

Я г1ан ду х1иттош дерг

шен буьрса г1аларташ?...

 

«Тахнено 1адийначу мискачу нохчашна» кханенаш х1ун дохьуш йог1ур ю-те бохучу хаттарша кхоьллира цул т1аьхьа язйинарш. Цо ша ма-яздарра, иза ца кхеташ йог1у заманаш, бакъду бохуш кхайкхош дерш а ду иза шайх ца тешаш, «1аьржа 1аржо махкахь яржош, гондахь хьийза ардангаш» а.

Оцу масех шарахь Г1апура язйина стихотворенеш а, сонеташ а махка боьссинчу баланех, г1айг1анех а ю. Уьш дерриге  сих а, дагах а чекхдуьйлуш, цо язйина байташ шайн ешархо биэндацараллехь вуьтуш яц.

Г1апур шен дешан жоьпалла хууш, цунна т1е тидам ч1ог1а бохуьйтуш вара. И иштта ца хиллехь, ешархочун даг чу дуьйшуш, лаккхара поэзи шайна чохь йолуш мог1анаш цуьнан хир а дацара. Цунна масална дало дог1у «Дененан туьйранаш» ц1е йолчун дакъош:

 

Зил тоьхна, сан вахар нисдина,

Цхьа аз ду сан лерехь декаш.

Г1ум-Азехь деннанас бийцинчу

Даймахках ойла ю хьерчаш.

 

«Сан жимниг, д1о генахь Дег1аста

Ю хьуна вайга ц1а кхойкхуш.

Со кхузахь юьсур ю г1амаршца,

Сан дуьхьа вахалахь», – бохуш…

 

Деннанас  дуьйцу к1антана генарчу Нохчийчоьнах, цигарчу стигланах, шовданех, хьаннех. Исбаьхьчу туьйране санна ладоьг1у к1анта деннанас буьйцучу махках лаьцна долчу дийцаршка. Иза-м тоххар ц1авирзина, оцу махкахь вехаш ву, амма:

 

…Г1ум-Азехь деннанас дийцина

Туьйра ду х1инца а дехаш.

Со, х1етахь сайн бабас 1ехийна,

Х1инца а ву цунах тешаш.

 

Кест-кестта нислора г1алин урамашкахь, Г1апур а вевзий, цабевзарш бистхилар:

– Г1апур, Дела реза хуьлда хьуна иштта иллеш дахарна. Керланаш д1а х1унда ца олу ахь? – хоттура цара.

– Г1апур, суна хьан керла илли ма хезира хьастаг1а радио чохь, – олурш нисбелча, цо цецволий хоттура:

– Муха-керла илли? Ас д1а-м ца яздайтина уьш.

«Нохчо ву со, нохчо ву. Кхиий вала, нохчо, бохуш, хьалакхиийна...», я, «Тубленийн к1ажоша цаьпцалгийн йиш лоькхуш...» иллийн дешнаш даладора т1аккха вукхара.

– Делан Вазлора ца яздина уьш-м ас! – карзахволура Г1апур. – Цхьа кхин ву шуна церан автор, х1инца уьш сан коча ма дахкийталаш, – дехар а дора.

– Оьг1аз ма эхахьа, Г1апур, – генаваьлча а бур-бур деш схьавог1у Г1апур теван г1ертара со. – Хьан керла иллеш хаза лууш ма боху и цара, баккъал а и аз хьайчух тарделла.

Дахаррий, 1ожаллий дуьхь-дуьхьал х1иттош, къаьсттина 1ожаллах лаьцна хаттарш шена а, ешархошна а хьалхах1иттош йолу байташ дукха ю Г1апуран. Царах лаьцна хаьттича: – 1ожаллин чаччамаш ю вайна гондхьа етталуш, вай хоьржуш. 1имран, Хьамзат, Ваха, Хьасамби, кхиберш а цара лийци. Вайх хьалхара мила ву хууш дац. Т1аьхь-т1аьхьа г1айг1ане мукъамаш бен язлац-кх соьга, – олура.

 

Мел вехар-те дахар дезаш?

Мел хьоьшур-те латтанаш?

Мел ду-техьа дисна дезарш,

Яза йисна ойланаш?

 

Дагардаза дисна денош.

Со кхачаза стигланаш,

Синхьаам беш, генна кхийдарш,

Мел ду-техьа сан диснарш?

 

Хир буй-техьа ойла 1овжош

Къаьхьа-мерза безамаш?

1уьйре яре сатесина

Хир юй-техьа суьйренаш?

 

Амма дахаре безам ч1ог1а бара цуьнан. Шен юьртахь, Мартанчохь, юьстаха керт-ков а ийцира Г1апура, мукъа хан цигахь яккха. Тхо, шен накъостий, цига д1а а кхойкхуш, кест-кестта вовшех марзо эца.

– Г1ала юьтур ю ас, – олура, – наггахь бен цига а ца вог1уш. Юьртахь ас мел ч1ог1а язйийр ю ца хаьа хьуна.

Ша кхалхале цхьа бутт хьалха ч1ог1а цомгаш хилира Г1апур, больницехь а 1иллира. Цигара ара ма-велли, юха а балха волавелира.

– Гуттар ч1ог1а лазар деана, ша гатвелча, шен дерриге йозанаш хьоьга д1ало элира цо соьга, – дийцира Г1апуран х1усамнанас Мархас. – Хьоьл доггах царна т1ехь болх бийр болуш цхьа а хирвоций хаьа шена, бохура.

Х1етахь со дуьххьара шеквелира  Г1апурах, кхелхинчу тхан доттаг1аша бинна «тешнабехк» иза ша а бан волий-те аьлла. Со т1аьххьара иза волчу воьдуш ша 1ачу квартире хьалаболучу лами т1ехь масийттазза сада1а сецира иза. Цул т1аьхьа деанчу деа-пхеа дийнахь, юьхь-бос мелла а тобелла хеталуш, хийцавелла а вара. Дог-ойла г1еххьа айаелла а хеталора.

14-чу мартехь дийнахь сарралц цхьаьна дара тхо. Минкаилов Эльбрусан кабинет чохь а 1ийра, цхьана поэтан керла киншка юьйцуш. Сарахь 5 сахьт даьлча со телевидене ваха везаш вара. Ша волчу вог1ур волуш Атаев Мовсар ву, цига д1авоьллахь цо соьга а аьлла, лифта хьалха д1асакъаьстира тхо. Буса 8 сахьт даьлча соьга телефон а тоьхна, шаьшшиъ соьга хьоьжуш 1аш хилар хаийтира суна Г1апура.

Со балхахь хьевелира. Эххар а, 10-г1а сахьт доладелча, мукъавелира со. Г1апура юха а з1е туьйхира соьга.

Сайчух тховса г1уллакх ца хуьлу, х1инца вайна хан а яьлла, кхана цхьаьнакхетар вай аьлла, бехказвелира со. Суна гушберг Бух1ан-юьрта бан беза беха некъ бара. Суо 1ашволчу квартире вахара со.

1уьйрана 5 сахьт долуш телефонан горгали бекча, цхьа тамашийна, даго цхьаъ хьоьхуш санна, чамбайра суна. З1ене ваьлларг мила ву сайна ца хуъушехь, со тешна вара билггал цхьа вуон болх хилла хиларх. Иза 1абдул-Хьаьлим хиллера.

– Хьенех, – салам а ца луш, г1ийла элира цо, – иза д1аваьлла…

Лов-в аьлла дег1е зуз хьаьдира, цо вуьйцург Г1апур бен хуьлийла а дацара, амма дагна билггал иза хиларх теша ца лаьара.

– Мила?.. Мила ву д1аваьлларг?.. – хаьттира ас, и ирча кхаъ т1еэца ца лууш, г1енаха мукъана а хир дац-те х1ара аьлла, ойла а хьодуш коьрте.

– Г1апур… – кхин х1умма а ца олуш д1ахадийра 1абдул-Хьаьлима къамел.

Дикка 1ийра со сайна хезначух теша ца лууш. Арахь серлаяьлча, балконан не1 а йиллина, х1аваэ велира. Х1ара г1ала а, дерриге а дуьне а цхьа дассаделла, хийра хетара, гондахьа гуш мел дерг цхьана а маь1нехь а ца хетара.

Г1апурца мел яьккхина хан дагалоьцура, цуьнан оьзда, самукъане забарш, цуьнца цхьаьна д1асавахар, охашимма вовшашца вайн литературах, исторех лаьцна дина къамелаш, цхьацца хаттаршна т1ехь хилла къийсамаш а. Суна дагадог1уш, цхьана секундна а цунна оьг1азвахар, дегабаамбар ца хилла сан даг чохь. Ледара, осала х1ума дезаш ма вацара Г1апур, сох я кхечуьнах ишттаниг даьлла меттиг нисъелча, цхьанне хала а ца хоьтуьйтуш, и кхачамбацар хьахо а, цунах ларвалар хьеха а хаьара цунна.

Телефонан горгали бийкира, иза поэт Ясаев Леча хиллера. «Бакъдуй шена хезнарг?» – аьлла, хаьттира цо. Т1аккха хьалхий-т1аьхьий схьаетта йолийра телефонаш. Г1апур кхалхар массарначул хьалха суна хуур ду аьлла хетта, цу хаамо дог 1овжийна, муха, маца хилла и бохуш, хоьттура х1орамма а.

Т1аккха тезета дахара, Г1апуран юьрта, Мартанчу. Цуьнан х1усамнене Мархе кадамбан т1еваха ца х1оьттира со, сайн собарх суо вохарна кхоьруш.

Зорбанан ц1ийнехь Г1апур мел вевзинчара кадамаш бора, ткъа тхан редакцехь-м баккъал а тезет дара. Умарова Асетций, Махмаева Маликиций а дара цуьнан вешин йижаршца санна мерза гергарло. Делкъе гуттар а тхо долчохь д1ахьора Г1апура. Цхьа к1ира хан яьхьира оха цул т1аьхьа, х1инццалц санна, тхан редакцехь, вовшийн хьийзош, забарш еш, охьа ца ховшуш.

Г1апуран хиллачу кабинет чу ваха ца лууш хан а яьхьира, иштта цуьнан иллешка ла ца дог1алуш а. Амма хууш ма-хиллара, виснарг ца 1ийча ца волу-кх, шен де т1екхаччалц.

Г1апуран вашас Г1анис арахийцира цуьнан хьалхара киншка – оьрсийн маттахь язйина сонеташ – иза кхелхина кхо бутт кхочучу хенахь. Цул т1аьхьа ас кечйина д1аелла нохчийн яздархойн Союзе Г1апуран драматургин а, стихийн а, сонетийн а кхо киншка. Уьш, Дала мукъалахь, кестта арахоьцур йолуш ю. Иштта Нохчийн Республикин арахьара з1енийн, къоман политикин, зорбанан, хаамийн а Министерствос шен чоьтах зорбатоьхна Г1апуран доттаг1чун Талхадов Хьамзатан гулар. Яздархойн Союзо арахоьцуш ю цуьнан шолг1а киншка а. Оцу дерригено а дагна боккха хьаам бо суна, цушимма оццул сатийсина киншкаш эххар а зорбатухуш хиларна, цу т1е а Г1апура соьга дина весет а кхочуш ма хуьлу. Т1аккха со юьхьк1айн г1ур ву цушинна дуьхьал олий, ойла хуьлу сан.

Г1апуран поэзи вайзаманан теш хилла юьсур ю нохчийн литературехь. Нохчийн халкъан евзаш йолчу исторехь уггаре чолхе, кхераме беана мур бу цо шен поэзехь а, драматургехь а гайтинарг. Ша веха зама дика евзаш, кхузарчу хиламийн теш хилла волчу Г1апуран стихашкахь вайна го Нохчийчоьне, шен халкъе безамах, цунах доглазарх юьзна уьш хилар. Цуьнан кхолларалла – вайн заманан куьзга ду, ма-дарра аьлча, Нохчийчохь хьалхий-т1аьхьий д1абаханчу къизачу шина т1еман, церан т1аьхьалонийн куьзга. Оцу ирчачу хиламех а, иштта дахарх, даймахках, доттаг1аллах, безамах а лаьцна Алиев Г1апура язйина байташ, д1ааьлла иллеш а  нохчийн исбаьхьаллин дешан хазна т1еюьзуш а хир ду. Герга г1ерташ ду Керла шо, бакъду, х1инца-м Г1апур воцуш дог1уш ду и. Тхан – доттаг1ийн-гуо дуккха а гатбели цул т1аьхьа. Г1апур ма вара тхо вовшахтухушверг, тхан доттаг1аллин кхерч, д1а ца бойтуш, латийна латтош верг а. Делахь а, х1ун дер т1аккха, дуьне ду-кха х1ара, олуш ма-хиллара – баланийн а, г1айг1анийн а ц1а. Доттаг1аллин, безаман, гергарчийн уьйраш хедайо-кх 1ожалло. Д1аваха везаш х1ора а ву вайх. Амма со ц1енчу даггара хьоьгу, Г1апура санна, шех ала дика дош а, ша аьлла хьекъале, оьзда дош а дуьтуш, д1а мел баханчех.

Везачу Дала эхарт декъалдойла церан а, царна т1ег1урдолчу вайн а!

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.