http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Бакъволу халкъан поэт а, илланча а... Печать Email

Лула Куни


 

Шо кхаьчна вайца Г1апур воцу (Дала гечдойла цунна), амма и х1инца а вайна юкъахь волуш санна, цунах лаьцна къамел тасало, цуьнан байташ а йоьшу, цуьнан иллешка а – дог лозуш – ладуг1у... И кхелхина масех де даьлча, Москвахь вайн журнална презентаци ян яха дийзира сан. Иза ВДНХ-хь, цхьана йоккхачу павильонехь ян езаш яра – кхечанхьара баьхкинчу хьешашна хьалха. Йоккхачу г1овг1анца динамикаш чуьра лоькху эшарш, д1асалела тобанаш... Тхан вовшахтохар доло цхьа сахьт сов хан йиснера.

«Деллахьа, – дагатесира суна, – ма самукъадаьлла лела кхузахь х1ара нах, ма – сахетарехь – к1езиг бала бу кхеран Нохчийчохь масийтта шарахь хиллачу т1амца, ас а, сан накъосташа а балхош болчу баланашца а, нохчийн къомо лайначуьнца а...»

Вайн ц1ахь, тхан редакце х1инца а схьаоьхуш – Г1апур д1аваларна кадам беш – нах бара, дагт1ера чов аьттехьа а ерзаза яра...

Ас ноутбук т1ера суьрташ экрана т1е дехира.

Т1амо 1овжийна, дайина бераш, х1аллакйина г1аланаш, ярташ а, Дег1аста юхаметтайялош къахьоьгуш болу бахархой...

Динамика чохь делха дуьйлира Г1апуран иллеш...

 

Тхан презентаци йолуш – и д1айолаялале – ас тийналлин минот кхайкхира гулбелларчарна – до1а дан цхьа а(!) вайнехан стаг вацара цигахь.

(Ша-ша вог1ур ву, шаьш-шаьш тоба стамйийр ю бохуш, дош делла къонахий цхьацца г1уллакхо сацийна бисира цига ца бог1уш... Бехк буьллийла дацара...).

 

Вай олу, поэзи сийлахь ю, и нахана, халкъана а мел оьшу, цуьнан «шовданан хих» дегнаш 1аба сатуйьйсуш берш мел бу...

Г1апуран байташ, цуьнан иллеш дехар ду, вайн халкъ мел деха а, вайн Дег1аста мел лаьтта а...

Т1аккха вуй и боккъалла а бакъволу халкъан яздархо, халкъан илланча, и дийна волуш цунна и дарж ца кховдийнехь а?

 

Дала декъалвойла Г1апур.

Дала гечдойла цунна, цунна т1аьхьа д1адаха дезаш долчу вайна а.

 

 
©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.