http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН

Нохчийн литературехь шен лар йитина цо Печать Email

Бурчаев Хьаьлим, яздархо

Муьлхха а яздархочуьн юьхь, пох1ма билгалдоккхуш цхьаъ я масех говзар хуьлу. Масала, Айдамиров Абузаран «Еха буьйсанаш» роман, Мамакаев Мохьмадан «Даймехкан косташ» стихотворени, Гадаев Мохьмад-Салахьан «Даймахке сатийсар» я «Ц1ен-берд», иштта кхиболчийн а. Уьш цу яздархойн уггаре тоьллачех, церан ц1е халкъалахь яржийнарш ю. Ишттачех ю Арсанукаев Шайхин «Ненан мотт» стихотворени, цуьнан ц1е ма яьккхи нохчийн исбаьхьаллин литература езачарна дуьхьалх1утту башхачу яздархочун, оьздачу стеган юьхь-сибат, цуьнан кхийолу говзарш а дагайог1у.

Дукха хан йоццуш вайна юкъара бакъ-дуьнена кхелхина нохчийн халкъан поэт, вуьззина нохчи хилла чекхваьлла волу Арсанукаев Шайхи. Иза нохчийн литературехь цкъа а йоврйоцу шен лар юьтуш д1аваха. Дешнашкахь сов вийлар доцуш, шен к1еда-мерзачу амалца, к1орггера чулацам болчу шен дуьнене хьежамашца, ойланийн аьхналлица, оьздачу г1иллакхца кху дуьненахь чекхваьллачу Арсанукаев Шайхис дахаран масал а дити вайна, шел т1аьхьа бисначарна а, т1ебог1учарна а. Шен дагахь а, маттахь а дерг а цхьаъ долчу къонахех вара иза. Иза цхьаьнгга а харцлийна я цо цхьаьнца дарж къийсина а меттиг яц. Даккхий хабарш дийцар, деза дешнаш кхийсар, хьехамаш я кхайкхамашбар а дацара цуьнан 1ер-дахарехь а, кхоллараллехь а. Ша лайнарг далхош, леткъамаш бар а дацара. Кхузахь я кхечанхьа шегара осала х1ума далийтина а вацара. Кху доккхачу дуьненахь цхьанна а новкъарло ша ярх ларвелла а вара Шайхи. Цундела ю Арсанукаев Шайхин лирикин турпалхочун ойланаш, ламанан шовда санна, сирла-ц1ена, мокхазан тарх санна собаре-онда, бакъдерг санна сацамболуш аьхна. И г1иллакх цо ша ваьхначу, кхиийначу лаьмнашкара схьаэцнера. «Лакхенан г1иллакх» стихотворенехь уьш шега кхачаран къайле а йосту цо шен ешархочунна:

Кура ду сан лаьмнийн дог –

Осалла йо кхузахь сийсаз,

Воккхачун пусар до вай,

Кхерчан са – Нана ю сийлахь!

«Весет» ц1е йолчу стихотворенехь нохчийн т1екхуьучу х1ора а чкъурана декхардеш т1едуьллу Арсанукаев Шайхис г1иллакх-оьздангаллин, доьналлин, къонахаллин онда бух хилла схьабог1уш болу ненан мотт ларбар, биц цабалар:

…Хазнашлахь хазна ю

Ненан мотт къоман.

Ненан мотт мел бека,

Къам дуьсу даха…

Арсанукаев Шайхин дуккха а байташ, иллийн, эшарийн мукъамашка а яьхна олуш ю йишлакхорхоша а, илланчаша а. Цуьнан «Хан-Г1ала», «Тимуран тур», «Къизаллин хелхарш», кхийолу а поэмаш цо язйина вайн Нохчийчоьнах, цуьнан д1адаханчух а, хиндолчух а йолчу йоккхачу г1айг1анца, бовхачу сатийсамашца.

Арсанукаев Шайхин адамаллин, къинхетамаллин, ойлийн ц1еналлин, къонахаллин барам бан а бацара. Шена дуьненахь яккха еллачу оьмаро хьистина стаг вацара иза: бераллин а, къоналлин а шераш Сибрехан жоьжахатехь д1адахьа доьг1на а, ткъа г1еметтах1оьттинчу муьрехь Нохчийчохь къиза гонаш баха т1ебеъначу т1емийн халонаш лан язделла а хиллера цунна. Амма Шайхи осалваьлла, воьхна, текъамашка воьжна гина стаг а вац. Мелхо а, массара а цецбуьйлуш дуьйцура цуьнан доьналлах, къонахаллах лаьцна. И цо гайтинера хийлаза, 1ожаллин кхерам шена т1ех1оьттинчохь. Шен сий а, ц1е а, яхь а ца йожош, стогаллица дахарх чекхваьлларг къонах лоруш хилла вайн дайша. Иштта къонах ша хилар Шайхис гайтира, тур-тапча а даьккхина, нахана юкъахь маьхьаре а ца вуьйлуш, шен оьзда, чулацаме, дагна аьхна йолчу байташкахь а, шен дахаран новкъахь а.

Везачу Дала нохчийн халкъан массо а чкъурана дуьненахь лелаш долу саг1а дойла Шайхина цо мел т1аьхьа дитина исбаьхьаллин дош! И цо яздина шена доза доцуш дукхадезаш хиллачу нохчийн халкъана а, Ночийчоьнна а, цундела вайн дегнаш чохь гуттаренна а яха йисина Арсанукаев Шайхин ц1е. Дала гечдойла цунна, ялсаманин веза хьаша хуьлийла цунах!

Бурчаев Хьаьлим, яздархо

Нохчийн литературехь шен лар йитина цо

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.