http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Тхох дуьсуш лаьтта хьо, маьлха дуьне... Печать Email

МУЗАЕВ НУРДИ

 

*   *   *

Ч1ебарлой лаьмнашкахь

Шийла дарц хьийзадеш,

Ва Шотойн аьрцнашкахь

Мела дог1а ва детташ,

Ч1ишкара варшашкахь

Къоркхокхий ва декаш,

Чечана ва арахь

Малхо тов хьийзадеш…

Цу хьаннийн к1оргешкахь

Акхарой ва уг1уш,

Ва хьаннийн баххьашкахь

Атйокхаш ва екаш,

Дай белла дисина

Ва маьлха хьо дуьне,

Тхох дуьсуш лаьтта хьо

Кху пана ва махкахь.

 

 

Доьрзуьйтуш дош

 

Дуьне!

Лаьттан овгалан къорзалла,

Хуьйдинарг хийла ц1ийн татолаш,

Дог лекхадели йоьзан морз хилла,

Хестаеш шовкъаца хьан мерзалла.

 

Дуьне!

Сийна стигал, 1аьржа латта,

Б1аьстенан заза исбаьхьа лепар!

Мостаг1ийн герз

дуьйлина мел лаьтта

Хедар дац б1аьрг сема латтабар.

 

Б1аьсте!

К1орда ма делахь хьекъадан

Хьайн исбаьхьа сирла зезагаш!

Хьакъ хили дуьнено

диканиг лардан,

Хьакъ хили вон мел дерг дагадан!

 

 

Кана латта

(Г1орзоран цуьрг)

 

Тхевнаш т1ехь кибарчиг

Алох таръелла,

Пенаш к1айн лепаш

лайх тардаларна,

Вара со юха

Кхуза Ван сихвелла –

Хьоме вайн ярташ ган лаарна.

Генахь белхаш бина,

Хьомечу кху мете

Кхечи, шарбаза болу некъаш бина.

…Воккхаве со жималла

Сайга йог1уш,

Ломан новкъахула сайна екхна.

 

Ларамаза ийци

Канахь ас латта,

Дерриг д1адахнарш дага а лаьцна,

Лаьттан цинц буйна 1евдина

Мохь туьйхира кура:

– Маршалла хьуна,

Сан латта,

Даймохк, со вина!

 

 

*   *   *

Лаьтто а лов оьрнашт –очакхаш,

Дедайша чевнийн моьнаш санна.

Тахане ю ловш и сакхаташ,

Д1аяханчу ширалло теснарш.

 

Деригге сакхатех ц1анъелла

Хилийтархьама хьанал кхане,

Деца вай хеназа къаежделла,

Шираллин д1аьвшех

ц1андеш дуьне.

 

Ма хуьлда сан тезет ловзарах тера,

Ма хуьлда тезет санна ловзар.

Сан г1айг1а хуьлда

лулахойн кийрахь,

Сан кийрахь санна церан лазар.

 

 

Безаман лазам

 

Сахуьлуш я садовш

З1аьнарш ловзаевлла,

Стиглан цхьа аг1о ц1ийелча –

Сан дог д1аоьцуш ерш

Хьан йогу беснеш ю,

И суна лепаш берш

Хьан башха б1аьргаш ду.

 

Ду денош-буьйсанаш

Д1аоьхуш, хийцалуш.

Безаман лазам бу сан дагахь –

Дашо олхазарш гарх,

Хаза аьзнаш долуш,

Безаман лазамна

Дарба дац-кха хуьлуш.

 

Безаман лазам а –

Ирсан стоьман марзо, –

Цо дагна хьуьнар ло сов сирла!

Цундела сайн цамгар

Хуьйцур яц могшаллех,

Нагахь и могшалла

Со хьох хервеш елахь.

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.