http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Музаев Нурди Печать Email

Кадиев Руслан

Нохчийн яздархо Музаев Нурди вина 1913-чу шарахь 15-чу октябрехь Шела районера Белг1атойн-Эвлахь. Юьртара юьхьанцара ишкол чекхъяьккхинчул т1аьхьа, Соьлжа-Г1алара рабфакехь доьшу. 1935-чу шарахь чекхйоккху Москвара журналистикин институт. Болх бина “Ленинхо” газета редакторан замститал, Нохч-Г1алг1айн Республикан кинофикацин урхаллин директор, издательствехь редактор, яздархойн союзехь литконсультант, Нохч-Г1алг1айн пачхьалкхан университетехь хьехархо.

Стихаш язъян волавелла ишколехь доьшучу хенахь дуьйна. 1930-чу зорбане а евла цуьна дуьххьарлера байташ. Ткъа 1933-чу шарахь араяьлла “Нийсачу новкъахь г1улч” ц1е йолу байтийн гулар.

Поэзехь санна, Нурдис къахьегна прозехь, драматургехь, критикехь. Цхьа а жанр ца хилла цунна хийра. Шен кхоллараллин дахарехь 30 сов киншка арахецна цо. Х1орш ю цхьайолчеран ц1ерш - “Деган аз”, “Замза”, “Довха дегнаш”, “Къонахийн болар”, “Органан тог1ехь”,  “Сатийсаман ницкъ”, “Мур”.

Иштта Нурди пох1ме гочдархо а хилла. Цо нохчи матте яьхна А.Пушкинан, М.Лермонтовн, В.Маяковскийн стихаш, поэмаш. Нохчийн литературни дахарехь доккхачу маь1не а, Нурди кхоллараллин хьуьнар а дара цо гуьржийн сийлахьчу поэта Шота Руставелин “Ц1оькъалоьман ц1окалахь турпал” поэма гочъяр.

1илман кандидат а хилла Нурди. “Жанраш кхиоран новкъахь Къилбаседа Кавказан литературин вовшашца з1е” цуьна 1илман болх ч1ог1а мехала лаьрра шен заманахь.

Шен къоман хилларг а, долуш дерг а гойтуш, хиндолчун сагатдеш ваьхна Музаев Нурди. Йоврйоцу ц1е йитна цо шен нохчийн литературехь.

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.