http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Къоман Турпал Печать Email

Хаджиева Седа

 

(илли)

Нохчийн сирла ц1е ца яйта г1ерташ,

Халонаш ца лайна и йожарна кхоьруш,

Йохийна ягийна вайн нохчий ярташ,

Къизачу 1азапо хьовзийна адамаш,

И гича кийрара дог лаза даьлла,

Шен са а д1алур ша оьшучохь аьлла,

Шен мехка да хилла, Турпала къонах.

Цо даймохк ц1анбира моссо а вонах.

 

 

Алалаш адамаш къонахчох лаций,

Яккхалаш цуьнан ц1е «Турпалхо» алий.

Къонахийн орамах схьаваьлла нохчо,

Турпалхо Ахьмад-Хьаьжа - тхан деган серло.

Алалаш адамаш къонахчох лаций,

Яккхалаш цуьнан ц1е «Турпалхо» алий.

И санна къонах ву дуьненан меха,

Турпалхо Ахьмад-Хьаьжа дегнашчохь веха.

 

Цо Делан пурбанца хаздира дахар.

Синтемехь нах охьа ховшийра Баха.

Барт-ийман даржийра халкъана юккъе.

Г1она куьг кховдира г1ийлачу халкъе.

И тахна воцуш вай дисина цхьалха.

Вайн къоман турпалхо вицвийр вац наха.

Халонаш баланаш цо дукха лайра.

Вара и дог ц1ена, вара и майра.

 

Алалаш адамаш къонахчох лаций,

Яккхалаш цуьнан ц1е «Турпалхо» алий.

Къонахийн орамах схьаваьлла нохчо,

Турпалхо Ахьмад-Хьаьжа - тхан деган серло.

Алалаш адамаш къонахчох лаций.

Яккхалаш цуьнан ц1е «Турпалхо» алий.

И санна къонах ву дуьненан меха,

Турпалхо Ахьмад-Хьаьжа дегнашчохь веха!

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.