http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Эшна воцуш Печать Email

Воздингов М.

 

 

(Кадыров Ахьмад-Хьаьжийна)

 

Турпалхой тоьллачу толаман дийнахь,

Д1аваха къийсамехь эшна и воцуш.

Бакъо вайн толийта воьжначуьн сийлахь,

Дуьнено ц1е айби южур а йоцуш.

 

 

Машарна саг1адеш дахар д1аделла,

Ткъесаха к1ант веги, хьулдеш вай вонах.

Къоман эхь лардинчух мах беза белла,

Даймахко хастамбеш ц1е яьккхи къонах.

 

Дош деган догучу хьаьштигах доккхий,

Цо ира тусура харцонаш ага,

Беркате г1улчаца Делан ц1е йоккхий,

Къам кога х1оттийра ирс долуш даха.

 

И вара даржаха эцалурвоцург,

Эшначу мостаг1чо шех бинарг лерам.

Къоман сий дайина вохкалурвоцург,

Халкъана хьанала ларбинарг тешам.

 

И вара дуьненах 1ехацавелларг,

Мисканиг шен шуьнехь дог ц1ена лайнарг.

Харцонна, бохамна озацавелларг,

Стешхачу дахарал 1ожалла тайнарг.

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.