http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


БIАЬХО Печать Email

Эльмурзаева Роза, къинхьегаман ветеран, республикан культуран сийлахь белхахо

 

Сан ден, Эльмурзаев Якъубан, оцу т1еман шерийн совг1аташ хьалха дехкина ойлане ялча хийтира… «Ма к1езиг ду суна цуьнан т1еман некъех хуург, дагадог1ург. Ма вон йо1 хилла-кх со», аьлла. Боккха дагахьбалам бисана цуьнга к1езиг ладег1арна, цо дуьйцурш д1ацаяздарна…

Тхан доьзалехь к1ант цахилла, сой, сан йиший бен кхин доьзалхо цахилла сан ден-ненан. Зудабераш ледара х1умнаш ю… нехан ц1ент1е боьвлча, ден ц1а д1атосий, ерриге ойла а, хьуьнар а керлачу доьзална т1еерзайо цара…

Сайна бехказло лоьхуш хетта хир ду иштта тахана…

Тишачу, халла къаьстачу справки т1ехь яздина ду «Справка елла Эльмурзаев Якъубана, х1окхо 1941-чу шеран март баттахь дуьйна 1942-чу шеран январь бутт т1екхаччалца болх бина вагонийн депохь. Балхара д1аваьлла РККА/Рабоче-Крестьянская Красная Армия/ вахарца. Белхаш бина 1/l.1912 шарера, /дийнан терахь къасташ дац/ – IX.1917 шаре кхаччалца, IХ.1920 шарера-1/1.1942-чу шаре кхаччалца – ерриге стаж 27 шо.

Справка елла, яьгначу трудовой книжки меттана», аьлла.

Тидам белаш, хьоме махкахой, 1901-чу шарахь вина волу сан да болх бан волавелла шен 11-шо кхаьчначу хенахь. Х1инца тамашена хетахь а, х1етахь нислуш хилла иштта а…

1942-чу шарахь, шен лаамца, т1амт1е ваханчу цунна чов йина оццу шеран 4-чу августехь, кхечу справки т1ехь тоьшалла ду, 255-чу лерринчу кавалерийски полкан декъашхочунна Эльмурзаев Якъубана еза чов йина, аьлла. 2485 госпиталан куьйгалхо, 2-чу ранган т1еман лор Жижокина. Бердск г1ала. Оццу 1942-чу шеран 21-чу декабрехь эвакогоспиталехь елла билгало ю «Доблестному защитнику Сталинграда», аьлла.

1945-чу шеран 9-чу майхь арадаьллачу СССР-н Лакхарчу Советан Указаца билгалйина йолу «Сийлахь-Боккхачу Даймехкан т1амехь Германина т1ехь толам баккхарна» аьлла йолу медаль елла цунна 1947-чу шеран 18 апрелехь.

1942-чу шеран 22 декабрехь арадаьллачу СССР-н Лакхарчу Советан Указаца билгалйина йолу «Сталинград ларъярна» аьлла йолу медаль елла 1948-чу шеран 11 июняхь, Фрунзенски Горвоенкоматехь, подполковника Желонкина куьг яздина.

Сийлахь-Боккхачу Даймехкан т1амехь толам баьккхина 20-шо кхочуш. СССР-н Лакхарчу Советан Президиуман ц1арах медаль елла 1965-чу шеран 7-чу майхь. Шалински райвоенкомо, подполковника Гарбузовс куьг яздина.

«Шен майраллийца масал гайтарна а, Советски Союзан мостаг1ашца болчу къийсамехь яхь а, доьналла а долуш, пачхьалкхана хьалха долу декхар кхочушдеш хьуьнаре хиларна, б1аьхойн дог-ойла айярна а» аьлла, СССР-н Лакхарчу Советан Президиумо «Доьналлийна» аьлла йолу медаль елла 1968-чу шеран 11 июляхь, СССР-н Лакхарчу Советан Президиуман секретара М. Георгадзес куьг яздина… И совг1аташ а, даланза диснарш а /нохчашна т1еман совг1аташ атта луш ма-цахиллий /долуш, 1944-чу шеран 23-чу февралехь, т1амт1ехь хилла шозлаг1а чов ерзош хиллачу госпиталера доьзалх б1аьг тоха веанчу 3-чу дийнахь, 1асанашца а волуш, Даймахках ваьккхина, Киргизийн махка вахийтина…

Мел дукха дуьйцура цо шен накъостех, шаьш лайначу халонех… Мел деза а, доккха а дуьйцура 51-чу Армина чуйог1уш хиллачу 255-чу дошлойн полкан командирах, вайн махкахочух Висаитов Мовладех лаьцна… Цуьнан безамна тиллира, йоь1ан к1антана, Мовлад аьлла ц1е. Кест-кеста тхо – бераш – гонах ховшадой Даймахках, нохчийн къомах, нохчийн маттах хаза а, деза а дуьйцура… Оьрсийн а, нохчийн а йоза хууш, доккха дахаран зеделларг долуш, оьзда стаг вара сан да Эльмурзаев Якъуб. Цуьнан хьехамца, нохчийн маттахь деша а, яздан а 1амо луучу берийн тоба вовшахтуьйхира тхан хьаьрмахь. Уьш дара гергарчийн а, лулахойн а берашна. Дукха хан ялале парг1ат нохчийн маттахь деша а, язда а 1емира тхуна. Хьалхарчу элпа т1ера т1аьххьарчу элпанна т1екхаччалца, рог1ехь доьшура оха, Алма-Атара, лаьррина доуьйтуш долу «Къинхьегаман байракх» газета. Иза тхан дешаран пособи яра…

Фрунзе г1алин цхьана районехь дехаш дара тхо. Оцу ерриге а районехь бехаш болчу вайнахана юккъехь сан да-бен йоза-дешар хууш стаг вацара. Тайп-тайпанарчу дехаршца цунна т1оьхура вайнах. Мехкан 1едале, меттигерачу 1едале заявленеш яздайта, шайн-шайн герагара нах лоьхуш, я цхьацца, дахарехь нислуш йолу харцонаш нисъян г1ерташ… массане дара уьш оцу чолхечу хенахь нислуш долу хьашташ. Массаьрга а ладуг1ура, массеран а дог оьцура, г1о–накъосталла дора… Дозалла дора ас сайн дех. Цул хазий, хьекъал долушший, доьналла долушший стаг дуьнент1ехь а цахетара. Тахана а хета иштта, иза дуьнент1ехь воцу 40 шо доллушехь. Фрунзен ц1арах йолчу, йоккхачу, оборонин маь1ана долчу, машинашъяран заводехь г1ароллина куьйгалла деш вара иза. Цуьнгахь бен вайнахехь цхьанггехь дацара, лелон бакъо йолуш, герз. Сийлахь-Боккхачу Даймехкан т1еман совг1аташ долуш, оцу т1еман ветеран хиларна 1едалехь а сий-ларам бара цуьнан. Баккхийчарна накъосталла дан а, кегийрхой ларбан а, берийн дог хьаста а ларавора иза. Дала гечдойла цунна!

1948-чу шарахь дара иза, сан ялх шо долуш. 1-чу майхь тхан районехь бехаш болу нохчий а, г1алг1ай а Дуьненаюкъарчу къинхьегамхойн дезачу дийнан демонстраце бахара. Берриш а: къаношна т1ера, кегийчу берашна т1екхаччалца. Берашна эцнера кегий, «1-ра МАЙ» т1еяздина йолу байракхаш. Тхан жимчу колоннехь яра, Марем ц1е йолуш, кхиъна йог1у г1алг1айн йо1, жима кехат пондар карахь болуш. Тхуна, берашна, дика йевзара иза, гено 1аш елахь а, х1ора п1ераскана суьйранна саг1ийна берашна х1ума яхьаш йог1ура иза.

Дас болх беш йолчу заводан колони т1ехьа д1анисъелира, дезчу денна тхайн махуьллу кечделла долчу, тхан жима тоба. Эшарш лоькхуш, хелха буьйлуш хьалха боьлхучу нахана т1аьхьа цадиса г1ерташ, дехха д1аихира тхо. Марема пондар меттах хьабеш бацара. «И х1унда беана те цо, карахь и бацахьара атта йог1ур ма яра иза» аьлла хетара суна…

Трибуни хьалха кхечира тхо, цу т1ехь, хаза кечбелла, дуккха а нах бара. Фрунзе г1алин а, оцу оборони маь1ана долчу заводан а хьаькамаш хиллера уьш. Тхан Марема доггах пондар аз даьккхира, хелхаран йиш яра иза. Цхьаммо вота туьйхира, нисса оцу трибуни хьалха д1ах1иттина, баккхийчара хелхаран бал баьккхира… Х1етахь жима хиларна, хьекъал цакхечира сан цуьнан маь1нех кхета. Йоккха хиллачул т1аьхьа кхийтира – вайнахана т1ехь лелориг харцо хилар, вай маьрша нах хилар, нийсонах дог цадиллар гайта г1иртира и пекъарш… Тайп-тайпанарчу т1ег1анашка, лакх-лакхарчу даржашкарчу нахе кехаташ яздеш, хала яьккхина хиллера оцу демонстрацехь вайнахе дакъалацийта, бакъо…

 

Сан деда Эльмарза Цоцин эвлахь г1азотан кешнашкахь д1авоьллина ву. Иза кхелхина 1919-чу шарахь Цоцин эвла мостаг1ашка х1аллак ца яйта орцах ваьллачохь. Сан да а цхьана, 5 к1ант хилла цуьнан, ийман а, ислам а долуш, къонахий болуш. Дала гечдойла царна массарна а. «Доьзал дит санна бу, цуьнан орамаш онда мел ду доьзал ч1ог1а хуьлу», олуш ду. Халахеташ делахь а, дахаран халонаша хедадо доьзалан орамаш. Гуттар а кхерамехь, гуттар а къовсамех хилла церан дахарш… дависа, таханлера мехкан а, къоман а парг1ато царна ган йиш елхьара, аьлла хета. Ийман, ислам садуьйлуш маьрша даха Дала аьтто бина вайн тахана. Вайн хьалхарчу хьалхенаша а, вай а динчу до1анашна Дала делла жоп ду иза. Цунах кхета а, и ларда а Аллах1 дала хьекъал а, кхетам а лойла вайна!

Сийлахь-Боккхачу Даймехкан т1еман ветерана Эльмурзаев Якъуба т1ахье ю Аргун г1алин Полевой урамехь ехаш. Эльмурзаев Якъуба вешин – Муси к1ента Элабека к1ентийн: Ибраьх1иман а Исма1алан а Абу-Бакаран а, Якъуба вешин – Уммалта к1ента Асламбека к1ентийн: Мохьмада а, Султана а, Сулеймана а дозалш ийман-ислам долуш, хьанал къахьоьгуш, беркате бехаш бу.

Эльмурзаев Ибраьх1им – ц1еяххана механик-инженер ву, Исмаь1ал – Аргун г1алин кхеташонан депутат ву, Абу-Бакар – предприниматель ву. Мохьмад а, Султан а, Сулейман а ву хьанал къахьоьгуш. Дика хир дара Нохчийн Республикан Президентан Кадыров Рамзана омар кхочушдеш, Сийлахь-Боккхачу Даймехкан т1еман ветерана Эльмурзаев Якъуба т1ахье ехачу Полевой урамна цуьнан ц1е тиллича.

«Сийлахь-Боккхачу даймехкан» ц1е йолчу т1амехь толам баьккхина 65 шо кхочуш, даггара декъал бан лаьа вайн ветеранаш! Веза-Воккхачу Дала г1азот къобалдойла, оцу т1амехь х1аллакхиллачу вайн махкахойн! Толам баьккхинчул т1аьхьа, т1еман чевнаша, т1еман аренийн халонаша д1абигинчарна а! Дала лардойла вай боккхачу а, жимачу а т1еман бохамех!

Тахана вайца болчу ветеранийн Дала хан яхйойла! Ас дозалла до шух массарах а!

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.