http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Къонахчун дош Печать Email

 

Бурчаев Хьалим, журналист.

 

Нохчийчохь вевзаш волу юкъараллин а, политикин а г1уллакххо, Нохчийн Республикан Парламентан депутат Умхаев Леча кхелхина.

Кху шеран июнь беттан уьтталг1ачу дийнахь хилира иза, дукха хан хала цамгар токхуш меттахь яьккхинчул т1аьхьа (Везачу Дала меле а, йоле а дуьллийла цунна и).

Леча кхалхарх болчу хаамо, цуьнан гергарчийн а, доттаг1ийн а хилла ца 1аш дог 1овжийра вайн махкахойн массеран а, х1унда аьлча нохчийн халкъана иза вевзара шен Даймохк даггара безаш а, политикехь жигара дакъалоцуш а хиларца.

Юкъара г1уллакхехь дика вовшахтохархо, къоман говзанча, нохчийн мотт лаккхарчу т1ег1анехь хууш вара Леча.

Умхаев Леча вина Казахстанан Талды-Кургански областан Кугалы юьртахь 1954-чу шеран 20-г1а сентябрехь.

1978-чу шарахь Сибирски автонекъийн институт кхиамца чекхъяьккхинчул т1аьхьа 1995-г1а шарахь къоман экономикин Академи а чекхъяьккхира цо.

Экономикин 1илманийн кандидатан дарж а даьккхира.

Шен къинхьегаман некъ Умхаев Лечас болийра 1978-чу шарахь.

Тайп-тайпанчу белхашкахь, даржашкахь болх бина цо, амма цхьана а х1уманна т1ехь шен дика ц1е ца йожош чекхвала доьналлий, яххьий, къонахаллий хилла цуьнгахь.

И амал цо шен башха деха а ца хиллачу дахарехь шегахь лар а йира.

Д1адаханчу б1ешеран 90-чу шерашкахь вайн республикехь чолхечу хиламехь жигара дакъалецира Умхаев Лечас. СССР йохарца боьзна хилам шен ницкъ ма-кхоччу вайн кхомана лазаме за ца хуьлуьйтуш пайдехьа берзо, Нохчийчоь ца йохаяйта г1ерташ къахьоьгучеран мог1арехь хьалхарчех вара иза.

Цхьана бохамечу киртигна т1едуьгуш дуйла уггаре хьалха кхеттачех а вара.

Цо 1аламат хала ловра, нохчашна даима сийлахь хилла «маршо» а, «дозуш цахилар» а бохучу кхетамах байракх йина шайн зуламечу 1алашонца арабевллачара халкъ ловзадар.

Цундела кхоьллира цо «Даймохк» ц1е йолу оппозицин болам.

Цуой, цуьнан накъосташший боккха болх бира харцпатриотийн яххьашший, церан ямарт г1уллакхашший 1орадахарехь.

Доьналлах а, къонахаллах а дуьзна дог дара Лечин некхехь детталуш.

Вайна дуккахболчарна дагадог1у 1993-чу шарахь Соьлжа-Г1алара театран майданахь шина баттахь оппозицин митинг латтар.

Иштта г1уллакх вовшахтоха политикин лаам, хьекъал хилла ца 1аш, йоккха майралла а, т1аьххьарчу минотана б1о цакъажор а оьшура.

Баккхийчу а, чолхечу а хиламашна юкъахь Леча гуттар а нисваларо гойтура иза шен къоман кхолламе бен-башха доцуш хьоьжуш хилла ца хилар.

Цундела лерам а бора цуьнан вайн махкахоша.

Нохчийчохь шолг1а т1ом д1а а бирзина, маьрша дахар д1ах1отточу муьрехь а юьстах ца 1ийра Умхаев Леча.

2003-чу шарахь Нохчийн Республикан Пачхьалкхан Кхеташонан председателан хьехамчин даржехь болх бира цо.

2005-чу шарахь Нохчийн Республикан Парламентан депутат а хаьржира.

Шен г1о оьшуш мел волчунна хьанна а дашца я  г1уллакхца г1о дора цо, хан а, могашалла а ца кхоош. Цхьана а х1уманна текъамаш, белхамаш бар дезаш вацара.

Леча вуьззина нохчийн к1ант, къонах вара, шен дикачу г1уллакхашца даррехь билгалваьлла.

Умхаев Лечас бинчу белхан лаккхара мах хадийра «Къинегамехь билгалваларна» знакаца, «Нохчийн Республикан парламентаризм кхиорна» орденца, Парламентан Сийлаллин грамотаца, иштта кхидолчу а совг1аташца.

Леча санна волчу къонахчух къаста атта дац.

Иштта атта дац и санна волчу к1ентан буьззина мах хадош дош ала а.

Цуьна дахар даима а вайна лаьттар ду, кху харц дуьненахь шен оьмар стага чекх муха яккха еза бохучунна масал а хилла.

Дала гечдойла цунна! Дала ийманца собар лойла цуьнан гергарчарна а, и везаш мел хиллачарна а!

 

____________________________________________________

Некролог автора мел аьллачунна т1е а тевжаш «Нана» журнала редакцин белхалоша а даггара кадам бо Умхаев Лечин доьзале а, гергарчаьрга а, и везаш, лоруш мел хиллачаьрга а.

Леча санна волу к1ант вайна юкъара д1авалар динна халкъана а, махкана а эшам бу.

Дала гечдойла цунна. Дала ялсаманин хьаша войла цунах.

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.