http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


ДоттагIчух тIаьххьара дош Печать Email

Воздингов Махаш

 

Кху шеран 10-чу июлехь вайн дахарера дIаваха искусствин гоьваьлла говзанча, похьма долу илланча, композитор-поэт, забарча, Нохчийн республикин халкьан артист Усманов Iимран. Сан дагна чIогIа хорам бу Iимранах тIаьххьара дош ала. Шовзткъа шарахь сов дукха мерза цхьана хIирчина, вовшийн ца гуш де даьлча дукха хан хеташ ши доттагIа вара тхойшиъ. И доттагIалла ша соьца лехна, ша бакьдуьне верзалц лерина Iалашдиначарех а вара иза. 1970 шарахь шен 17 шо долуш духхьарлера «Малика» илли даьккхичхьана нохчийн музыкин дахарехь хьакъ йолу йоккха меттиг дIа а лаьцна, халкьана везаш иллинча хилла дахарехь чекхвала хьуьнар кхечира Iимранан. Цо 40 шо хьалха дIааьлларг, тахана керла юкъадаьккхина илли, цхьатерра къоман дагчу дуьжура гуттараренна даха. Шен керла илли эфире даккха сихлуш а вацара иза. Иттех шо сов зама а йолура яздинчохь цо илли нахана ца довзуьйтуш. Усманов Iимрана шен иллешна дешнаш а ша яздора, мукъам а ша боккхура. Нехан байташ тIехь, цигахь кхоччуш поэзии, дешан тамашалла яцахь илли ца доккхура цо. Iимранан кхоллараллин амал дика евзаш, тхойшинний гергарло доллушехь, сайн дешнаш тIехь цуьнга илли яздахьара аьлла дац ас. Амма Iимрана ша, кхоъ шо хьалха, сан дешнаш тIехь, шен лаамехь, кхоь илли даьккхина суна деза совгIат дира. Бакъду, царалахь «Со дагалацалаш» цIе ерг тхойшинна дахаран гимн хилла даха дуьсур хиларан шеко яц.

Iимран – цхьа башха, дог цIена адам дара. Ира забар йолуш, шеца забар йича дегбаам бар а дацара цуьнца. Накъосташа со бахьнехь забаре хьовзавора иза: «Ва Iимран, хьо ган куц, кеп йолуш, махкахь вевзаш вара, дIаваккхахь хьайн хаьнтIе тесначуюьра и чолакх Махаш», – олий. «Ас муха воккху иза, им Дала чинт санна суна тIелатийна вай», – велалора Iимран. Даима суна там бан лууш, нахалахь сан сий деш чекхваьлла ву иза. Дахар дуьсур дуй хууш, даима сиха, лехамехь а вара.

Усманов Iимран хеназа вайна юкъара кхалхар нохчийн кьомана боккха эшам бу. Амма цуьнан иллеш нохчийн халкь мел ду, цуьнан сица дехар ду. Х!ун дийра ду? Дела Ша цхьаъ Воцург дерриш дала кхоьллина ду-кх вай. Iимрана шен иллехь ма аллара: «Хийла кIентий белла ду! Вайха диса герга ду!» Дала декъелавойла Iимран! Дала цуьнан кхалхаран дакъа мел кхочучарна иманехь собар, собарца ял лойла!

 

ДИКАННА ДЕКАЛАШ, САН ИЛЛЕШ, МЕРЗА

/Усманов Iимранна/

 

Диканна декалаш,

Сан иллеш, мерза,

Махкана хьекъалаш, –

Ойланаш сирла.

 

Беркатна ков доьллуш

Ирсечу новкъа,

Ваккхалаш дог доьлуш,

Токхечу шовкъехь.

 

БIаьстенан нур хилий,

ГIийлачуьн дог эца.

Нийсонан тур хилий,

Хароцонаш теда.

 

Емалве ун хилла,

ДIовш кхехкош вехарг.

ГIорийна шен чиллахь,

Зуламна вехарг.

 

Луо нанна бер санна,

Нохчийн мотт безар.

Къонахчуьн дуй санна,

Даймахке безам,

 

ДоттагIийн тешамна

Сийлалле кхача,

Мехкарийн дегнашна

Аьхналлехь дага.

 

Дуьненан машарна,

Шу орцах довла.

Хастамбеш дахарна,

Шух хилла гIовла.

 

Со валлац яхь лолаш,

Стогаллех гIатта.

Ца гIатта со вожахь,

Чурт хилий гIовта!

/1977 шо/

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.