http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Турпалхо Ахьмад-Хьаьжа Печать Email

Абдулаев Леча

К Ъ О Н А Х

 

Къонахчо къонах ца вуьйцу.

Къонахчо вуьйцур вац къонах.

Хьо вара лам санна къонах.

Хьо вуьйцурш эрз бара куьйса.

(Хьо вара лам санна къонах).

 

Къонахчо къонахчун гlалат

Кхайкхор дац, дуьне ца кхеро.

Хьо бара мокхазан алу.

Хьо вуьйцурш юкъ яра кхера.

(Хьо бара алу тlехь алу).

 

Хьо бара лам латто кхийра,

Аьрзунийн тlемийн синкъерам,

Хьо яра умматан къийлор,

Хьо бара тlагlутна кхерам.

(Хьо яра умматан къийлор).

 

Хьо вац кхин. Дегlаста еха,

Хьан некъах дийца дош хилла.

Къонах ву дуьненан меха, –

Ма эрна олуш ца хилла.

Къонах ву дуьненан меха!

 

Хьо вац кхин. Лаьмнаш ца текха, –

Масал гуш ахь бинчу некъан.

Умматах арданг ца хилла,

Хьо хьайх ца доьхначу декъан

Барзахан нуьрехь дlаlилла.

 

Сий довр дац ахь бинчу некъан!

 

 

Талхадов Хьамзат

Кадыров Ахьмад-Хьаьжина

Цхьаннех а ца лечкъош,

Къаночо дегийча бlаьрхиш,

Ца кхулуш, малх кхетта,

Нохчийчоь, хьо муха лаьтта?

Ца билла, къонахчо

Хьабдича нур кхачош бlаьргаш,

Хьалха ма-хиллара

Зезагаш гlовтту хьан хьаьттахь.

 

Эттlачу куьйгашца

Дендайша йоьгlна бlов йоьжча,

Хьалха ма-латтара,

Бlаьрг lехош, кхин цкъа ца гlатта,

Гlиллакх, дош, lесачу

Тобанан когашка доьжча,

Ца юхуш, ца текхаш,

Ахь муха лов-те и атта?

Хьо яха декхар ю,

Декхар ю тlаьхьенна яха,

Пайхамарш кхелхина,

Делхош хьан нуьре и lалам.

Цхьа кlайдарг а яц хьан

Каш доцуш ахка, я аха,

Цундела бо хир бу

Къонахчо хьан лаьмнийн ларам.

Осалчо хьо хьоьшу,

Къонахчо хьан лазам хьоьшу,

Осалниг хьох уьдуш,

Къонахчо lуьйшу хьан бала.

Хьан лаьмнийн беснеш тlехь

Кlаргделла хершнаш а доьшуш,

Цхьаммо ца аьлла дош

Лоьху цо, хьо хьоьстуш ала.

 

Цунна а хьо кхузахь

Карийна дуьнена вогlуш,

Шел хьалха ваьхначу

Кхонахчо ларйина четахь.

Къонаха кхелхаш вац,

Тап олий ву къайла волуш,

Ца юхуш хьо латтарх

Со хlинцца, къежвелча, кхетта.

 

 

К Ъ О Н А Х Ч У Н   Т Е З Е Т

Кадыров Ахьмад-Хьаьжина

 

Къонахчун тезетахь

Даггара хlора стаг воьлху,

lенадеш лаьтта тlе

Шайн довха и бlаьргийн хиш.

Ладоьгlча, lалам а

Хетало, узам беш доьлхуш,

Цхьа къонах кхелхича

Дуьне а ло дуккха тиш.

 

Къонахчун тезет а

Хуьлуш ду, хьун санна, луьста,

Шен хенахь цо шена

Гулбина белхи бу уьш.

Хlумма дац кху лаьттахь

Къонахчун гlиллакхца дуста,

Цундела боьлху нах

Иштта верг лаьтте дlалуш.

 

Тlедаржош цо хийла

Белшаш тlехь идийна верта,

Тезет а дlатийна

Къонахчух алийта дош.

Шен юьхь тlе lена хиш

Вистхиллац совцо а гlерташ,

Тlехуьлуш, къаночо

Хьаькхира шен бlаьргех пхьош:

 

– Адамаш! Вайн ваша,

Вайн мехкан комаьрша верас

Айби вай тахана

Егочу белшашна тlе.

Къинтlера шу дохуш

Моттарехь, дехар дан эшац,

Хlокхо ца дожийти

Лаьмнашна цхьа гlалат шех.

 

– Тахна вай даггара

Къинтlера девли-кха кхунна,

Ишттаниг, дlакхалхарх,

Дегнашкахь цкъа а ца вов.

Хиш совцац, къамелдан

Хала ду къурдашца суна,

lожалло эккхийти

Махкана доккханиг ков.

 

Кешнашка некъ эцна,

Мохь-цlогlа лаьмнашка даржош,

Кех ара йолийча

Къаноша тезетан юьхь.

Валар дац иштта дерг –

Хьо ойбуш, бlаьргех хиш lенош,

Цlогlане белхарца

Тlаьххьара ахь битахь мохк.

 

 

Уциев Абу

 

КЪОНАХЧУН ДОШ ТОЛОШ, КЪОНАХ, ХЬО ВЕЛЛА

 

И валарх, къонах-стаг виц ца во наха –

Диканан лар юьсу цул тlаьхьа яха:

Боьлхучу нанойн юьхь екхийла лиъна,

Ахь хьегнарг тхайн дуьхьа, тхайна дуй хиъна,

Къонах, хьо виц ца ван дуй бу тхан биъна.

 

Дуй бу тхан хьох йисна ирхенаш яха,

Кхиабеш некъ, хьуьнарш хьан карладаха,

Халонех озалуш, жолам ца баха,

lожаллийн-м ша дийнарг ма хьекъахьара,

Вежаршлахь маршо тов – вежаршкахьара…

 

«Тlамо бен тlом буха тухур бац», – баьхна,

Дакъазло хиллера вай дохо хьаьхнарг…

Ахь совца-м бехира, дай хилий мехкан,

Вай нисдан баьхкинчийн дегнаш гой дехка…

Хьекъал ца тоьир-кха… цlий дара чехка.

 

Нохчийчоь яхаран урдонна делла

Хьан вожар, Кхоьллинчо шен дуьхьа дойла,

Кхиабан некъ, хьуьнарш хьан карладаха,

Биъна дуй, хьох йисна ирхенаш яха,

Кхочушбан де эшахь – шен геч а дойла.

 

Къонахчун некъ толош, Къонах, хьо-м велла,

lожалле а ахь биъна дуй къар ца белла!

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.