http://www.nana-journal.ru

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН

Пресс-эстафета "ЧР - ДОМ ДРУЖБЫ"


Ненан хастам Печать Email

Макалов Шамсуди

 

Йо Маккхал! КIенташлахь кIант! Ас Iалашйо цхьа хазна. И хазна ю хьуна лерина. Хьуна бен каро а, хьо бен тIекховда а йиш йоцуш. И хир ю хьан долахь, Дала мукъалахь. Массо а хазнел мехала хазна!

Хьажал, сан гIодах дихкина ду дашо доьхка, хьалха доьхкина ду дато туьдаргаш, лергех оьхкина ю дашо хьалкханаш, куьйгех доьхкина ду дашо хIазарш, ткъа коьрта тиллина ду ездарийн йовлакх. Иштта кечло со суьйренца хитIа яха, хин коьртехь со ларъеш хьо хир вуйла хууш. Хьо воцург кхин цхьа а кIант къобал ца во сан даго. Ур-атталл, хьох тераниг а хир вац доллучу дуьненахь. Мел лаарх а хьоьга аьттехьа кхачалур вац. ГIенахь а, самах а суна хьо ву гуш. Мерза, Iийжаме бу сан лазам. И тIера Дела воцург, хьол веза, хьол вокха эла вац сан деган.

Йо Маккхал, сан пхенашкахь сийна цIе хилла кхехка цIий! ГIушлакхе баьллла вайшиннан безаман малх! Веза хьо, яхь йолуш ву аьлла къонах хиларна. Веза хьо, хIилла доцуш, дог цIена хиларна. Веза хьо, цхьаьнгга а кура ца хьежарна. Хьо сил дукха везарна, хоьга бен сатийсам ца хиларна, Везачу Дала хьо сайна лург хиларх тешна ю со. Тешна ю, азаллехь синош кхуллуш, Дала хьо сайна велла хиларх. Мерза бу сан сатийсам.

Ас сан ницкъ хилча хьан дуьхьа дашо лаьмнаш хIиттор дара, гIиттор дара дато хиш а. Сайн дахаран мур лаьа хьоьца баккха. Хьоьца доцу дахар дезац суна. Мел товш бу хьан коьртехь чола куй. Куьце гIовтал. Юкъ язйина шаьлта. Буто, зоьрталла дегI. Хьайн белш тIехь, суна хетарехь, Башлам лалур бара хьоьга.

Йо Маккхал! Хьуна ядо лаахь, со хьем ца беш, дайчу боларехь дуьхьалъер ю хьуна. Юьртара ара ма-веллинехь, хин Iинара ирх кхевдина лаьттачу берда кIелахь вайшинга хьоьжуш хир бу хьан йоргIа дин. Ахь хьайн юткъачу шакарца кхайкхича иза дIахIуттур бу вайшинна юххе, мохал маса бада кичча. ЧIогIа эсала, жимчохь дуьйна ахь караIамийна бу иза. Дика накъост ву хьан. Ахь хьайн голаш тIета1Iошшехь дIаэккхар бу иза, тIехьашха ленаш а лепаш. Ламанан го хазбина тIаккха декар ду безаман туьйра, сирлачу безамо кхуллур ду ирс… ХIуммаъ дац тIаьхьабовларх сан дай, вежарий – вайшиъ лечкъар ду царах. Вайшиннан хIусам хир ю ламан хьех, вайн доттагIий хир ду ламанан аьрзуш, акхарой.

Йо Маккхал, баккъалл аьлча, стенна оьшу хьуна со ядо? Вайшиъ дуьнена а далале вайн дайн хилла барт-сацам ма бара: нагахь вайн кIанттий, йоIIий хилахь захало дийр ду вай аьлла.

Ахь со хьайн хIусаме юьгур ю. «Нус декъалйойла Дала, шуна ма-луъу», – бохур ду наха. Ловзар дийр ду, тхьамда а, цуьнан гIоьнчий а баьрчехь хIоттийначу столана гонаха Iаш. Шуьнехь хир бу тайп-тайпана кхача. Цхьана агIор – кегий нах, вукха агIор – мехкарий а болуш, хIайтъаьлла хир ду ловзаран болар.

Эххар а кхочушхили сан сатийсам. «Декъалйойла, декъала хуьлда», – дийки юьртахь. Сийлахьдерг сийлахь а долуш, дог гург дог долуш даха хиира вайша. ДIавоьдуш – тIаьхьа йолуш, хьо цIа вогIуш дуьхьал юьйлуш, хьан сийдора ас, веза хьаша санна хеташ. И тIера Дела воцург хьол веза, хьол воккха эла вацара сан. Хьо боь ваьккхича, Дала совгIатна елча санна хеташ, ас гIажарийн кузашца, бес-бесар зезагашца хазйира вайшиннан хIусам. Иза яра шуьйра уче а йолуш, даккхий кораш а долуш синкъераме хIусам. Пенах кхозура турс, тур, шаьлта. Дуьйш-дерзош семса, хьена латта а дара. Маккхал, хьо цIа воьрзу сахьт уггаре ирсе сахьт дара сан, амма хьо цIера ваьлча, малх кхулура суна. Хьо кест-кестта волура цIера. Дукха хуьлура хьан арахь гIуллакх: тIемало, иччархо, майра бере ма вара хьо. Хьо цIа варе сатуьйсуш хан йоккхура ас. Хьо сан стигал, дуьненан юкъ ма яра…

Хьалха хилла сайн духар тIе ца духу ас хIинца. Де-дийне дазлуш ду сан дегI. Суна хIинца хала ду цIестан кIудалца хи дан. Суна йицлуш лаьтта хIинца мехкарийн эшарш.

Дукха хан ялале доьзалхо дуьнена велира. Далла бу-кх хастам! Иза кIант вара. Сан майрачун, тхан массеран а лаам кхочушхилира. Беран озо ека йолийра хIусам. Со ирсе яра. Со йоккхайийна ца йолура.

– Цунах поп санна онда стаг хир ву. ЛадогIал, мел ницкъ бу цуьнан маьхьарца, лергашна потта хIоттал, – элира цхьана йоккхачу стага. Чу оьхура лула-кулара зударий.

– Ирс яI хьан! – олура цара. – Хьан дуьххьарлераниг кIант ву.

Сан кIантана дика лааран ловцаш дора цара:

– Дала беркате доьзалхо войла!

– Дала дукха вахавойла!

– ВорхI вешин ваша войла!

Вара аьлла дас кIантана цIе а тиллира, цунна тIера хьакъикъат а деш. Сан кIантана мотт ма Iемми «бисмилла» даккха Iамийра ас.

Чолхе яра зама. Лаьмнашкахь дукха хуьлура тIелетарш. Гуьржи махкахь цхьана тасадаларехь валар хилира Маккхалан. Вайна ца везачунна бен ма лойла ас лайнарг. Хорам беш легашка хьалагIоьртира суна и бала. Екхна лаьтта стигал цIаьххьана къевкъича санна хийтира суна. Со холчахIоттинчуьра жимма саметта еъча, сайн кIант гира суна сан логах хьерчаш, шена кхача лоьхуш. Цуьнан дуьхьа яха сацам бира ас.

Шен болар лах ца деш, хан-хено хуьйцуш, дIайоьдура зама. Диттан орамах хьаладолу маргIал санна, хьалакхуьура сан кIант. Сихха воккха хила лууш вара иза. Пхийттара ваьлча, денна бохург санна, цо тIемалочун декхар кхочушдан кечлуш, тайп-тайпана къийсадалар, хьуьнар зер дIахьора. Шен гIодаюккъал стомма болу цIулла серийн цIов цкъа тур тоьхча хадалора цуьнга. Вара, да санна, мотт вуочу дашах, куьг-ког вуочу гIуллакхах лардеш вара. Шен да санна лууш вацара кховсамехь хьалхе яккха, мелхо а девнехь маслаIат дора. Со резайоцург шегара даьлча, сихлора къинтIера яккха. ЦIаьххьана ирча кхаъ беара лаьмнашка. МостагIийн сур, цIоз санна, тIегIерташ ду аьлла ламанхойн гIийла ярташ яго, леш бина уьш бацо.

– Къонахий! КIентий! – мохь бели юьртахь, араяха шайн говраш! – Вайн лаьмнийн, вайн кхерчийн доладан деза вай.

Мархаш йоьлхуш догIа, ткъес а детташ, стигла этIара, мох угIура мецачу барзах, – нахаца бала боькъуш, Iалам а оьгIазъоьхура тIегIертачу гIеранна. Цу хенахь сан кIантах бIаьрла стаг, бакъволу тIемало хилира. Сан Вара лом санна каде, тур ира, куьг онда, дог майра, хьекъале а ву аьлла, цунах бIо-баьчча ван лиъна, кIант веха сан кетIа баьхкира къаной, къонахий. Баьхкира сан сийдина, оьздангалла ларйина.

– Шу дахккхал, аш деххал доккха дац аш деъна дехар, – аьлла, цара вехча, церан сийдеш, ас велира царна сайн цхьаъ бен воцу кIант. Ша царна билггал оьшуш вуй хиъча резахилира иза, лата везачохь лата а, вала везачохь вала а. Ас айса арабаьккхира цуьнан са цIена дин. Кара Iамийна, чIогIа эсала хьайба дара иза. ДIакховдийра кIанте дегIе дерзо, цуьнан дех дисина гIагI а, турс а. Сан кIантана хIинца а ден йовхо хаалуш санна хетара цаьрца. Варас, шен туьрца ков дIа а диллина, элира:

– Нана, йоха ма йохалахь, суна чIогIа са ма гатделахь! Дала мукъалахь, со кестта мостагIий мерцина, церан декъех саьлнаш хIиттийна, хаза кхаъ а бохьуш юхавогIур ву. – Иза а аьлла, мостагIчунна дуьхьала вахара сан кIант. Вахара, вирзина Даймехкан дола.

– Марша гIойла. Дала ларвойла хьо. Варийлахь, юьхьIаьржо цIен тIе ма ялахь…

КIант шен бIоца къайлаваллалц тIаьхьа хьийжира со, Деле и воьхуш. Со цIахь йисира цунга ладегIа, мацах цуьнан дега санна. Буьйсанна наб а, дийнахь тем а боцуш, бIаьрзе хьийзара со. Мичахь ву-те? Дийна вуй-те? Буьйсанаш мел шийла ю, шеллой-те хьо, сан кIант? Я ву-те, мох санна, хехкалуш, ткъес санна, карахь тур лепаш, тIемалойн дог ир-кара хIиттош. Сан кIант, оццул жима волчу хьуна, баьччаллин дарж лело ма хала хир ду. Амма со теша, баьччин куй коьртахь ахь биъна дуй къарбийр цахиларх. Толамца, сан кIант, верзалахь цIа. Хьуна ца хезий хуушшехь ас мохь бетта хьоьга: «Сан кIант, къар ма лолахь, чIагIъелахь амал».

Со сих-сиха йолу кет1а, хьоьжу генна дIа аналле. Мохо чан айича хетало, сан кIант, хьайн тIемалошца хьо цIехьа вогIуш. Бергийн тата хезча – хьан дин богIуш хетало. Мехкарий хи тIе оьху, зударша хийистехь юьтту бедарш. Ткъа сан хIумма а дан дог ца догIу – ас сатуьйсу хьо цIа варе.

ЦIаьххьана юьртахь маьхьарий девлча, со махал маса ара иккхира. Геланчаш гучубовлу новкъахь.

– Хьан кIант, тхан бIо-баьчча – турпалхо! Дика кIант кхиийна хилла ахь. Хьан кIант – толамхо!

Соьга иза а олий, уьш сихло ярташкахь и хаза кхаъ баржо. Ас дозалладо сайн кIантах. Суна гуо буо – массарна а лаьа ган турпалхочун нана. Цу хенахь кIентан куьйгаша маракъовлу со. Го суна белшах йинчу чевнех кисана тIехула даьлла цIий. Сан кIант толамца цIа вар сан деза де хилла ца Iаш, мехкан деза де хIутту. БIаьрхица маар-мара хьерча адам. Хьийза гIовталш, техка гIабалийн тIемаш, хIаваъ отуш дека «Х1орс-с». ТIекхечи сан ирсан де. Ц1а вирзи сан кIант. Теша хала долуш, доккха хьуьнар, йоккха майралла гойтуш вирзи цIа. Цо ца къарби ша биъна дуй.

Наха суна совгIатна дохьура чухта, шипон, кортали, шолан йовлакх. Ткъа ас сайн кIантана тIера сагIийна лора. Чевнаш хилла, бос баьхьна вара сан кIант. Ас айса дарба лелош ерзайора уьш. Суна дика евзара ламанца кхуьуш йолу бецаш. Царах дарба хуьлуш, дийнера де мел дели сайн кIанте гIора догIуш гуш, зуда ялор хьахийра ас. Цунна шена а хаьара, шех эшарш яьхна, бIаьрг тIера дIа ца тилош шена хаза мехкарий буйла. Цуьнан нийсархойх наггахь а вацара зуда ялоза. Ца кхиира.

МостагIийн гIера тIелетта, юха а бала боьссира вайн махка. ТIехIоьттира юха а хала киртиг. Хьере хилла боьхна, шайн-шайн керт юьтуш, нах хьуьнан кIорге уьдура, махках буьйлура. ЖIаьлеш тIаьхьа доьлхура, бежнаш тIаьхьа Iоьхура.

– Орца дала! ГIера йогIу! – бохуш, декаш маьхьарий хезара.

– Нана, кхера ма лолахь, собарх ма йохалахь. Вайца Дела ву хьуна, – сан са тедеш элира кIанта, шен ка ма йоллу тIаме ваха кечлуш.

Малх гIоттуш малхбале цIийеллачу хенахь мохк ларбан, шен коьртан сий лардан юха а йогIучу гIерана дуьхьалвелира сан кIант. Со юха а йисира ладегIа. Цул тIаьхьа дикка хан елира суна сайн кIант ца гуш. ШолгIачу батте бирзина бахбелира тIаьххьарлера тIом. Дикка хан елира сан кIантера хаам боцуш. Амма хан мел ели, сан ойла чIагIлора, сан кIант кестта толамца цIа вогIур ву аьлла. Хаьара суна, чорхо санна мостагIий отуш и вуйла.

Цхьана сарахь сайн кIантана юьртахь уггаре а хазчу йоIаца захало а дийцина со цIаеъча, шийла кхаъ кхечира сан кетIа. Сан кIант, сан кIант – турпал къийсаман арахь воьжна аьлла. Хоьттуш ма ца кхочу бала. ЦIаьххьана ма кхочу иза. Хезначо, гIенахчул башха дагахь доцчу, сан дагах чIогIа лазар туьйхира.

– Ва-а! Сан кIант! Ва-а нана-а яла хьан! – аьлла, шийла мохь белира сан. И мохь лаьмнийн тархаша кар-кара луш, шайтIанан мох хилла бийкира. Сан дог гIелделира. Когаш меттах ца бахалуш, голаш тIе охьаяхара со. Хаац, бухара латта дIаса а дедда со буха хIунда ца яхара. ГIоьмакхех, таррех барма а бина, тIе верта а тесна со ехачу кетIа веара кIант. Зингаташа сийсо туьйлиг санна – дукха нах гулбелла сийсош яра сан кетIе. Царна юкъахь дуккха а тIемалой бара.

Гуьйре яра. Лакхара, стиглан кIоргера хезара къилбехьа йоьлхучу гIаргIулийн гIийла мукъам. Ма тера бара и мукъам сан деган тийжамах. Сан балийна йоьлхуш яра уьш. Верта дIа а тесна, сан ницкъ кхечира кIентан юьхь-сибате тIаьххьара хьажа. Со шена гуш санна… велааьшна деш балдаш метахъхьовш санна хийтира суна. Сайн кIентан корта мара а боьллина, когаш меттах ца бахалуш, голаш тIе охьаяхара со. Наха со гIаьххьа Iийра боху иштта, садаллалц сайн дегIе.

Маржа, сан кIант яI, хьо воцуш еса ю сан хIусам. ГIайгIано базбина корта. Мел чIогIа сирла чиркх багарх боданехь лаьтта сан са. Мел йовха хиларх сан дог шийла лаьтта. Хьо вуьйжи кхоллам баьгна. Суна белхар хеза. Уьш лула-кулара зударий бу, сан кIант, хьан къинна боьлхуш. Со а ю йоьлхуш... Елхалахь, зуда, ахь безам байина! Елхалахь, нана, ахь кIант вайина! ХIусам а хетало мелачу ладарехь йоьлхуш. БIархиша бойу сан кхерч…

ХIуммаъ дац, сан бIаьргехь тIехтийсарх лазам: со юхур яц. ХIуммаъ дац, лазамо даадарх сан синпхенаш: турпалхочун нана йоха йиш яц. Со йоьхча, дуьне а духур ду. АлхьамдуллиллахI, хастам бу Везан Дела! Реза ю-кх со Хьан кхиелана. ХIан-хIа, со кхин йоьлхур яц. Сан кIант, ас махкана велла, махко айина ма вара хьо… Башлам буьххье а яьлла, дIасахьожур ю со. Куьзганахь санна гур бу суна сайн мохк: ярташ, бIавнаш, аьрцнаш, сирла хиш. ХIара ду сан латта! Дай баьхна латта! Ирс дайна яц со. ХIара ду сан ирс! Кху юьртахь мел волу стаг сан кIант, сан ваша ву. Кху юьртахь мел йолу зуда сан йоI, сан йиша ю. Со дийна мел ю дер дац сан уьйтIа къух, шира лур бац сан керта бог1у некъ. Ламанан кху ирзехь гIаьттина Iуьйре. Цо наб йожош хьаьстина лаьмнийн баххьаш, хьаннаш. Сийна чIуг хьовзош, хелхарехь хьаьдда Iалам. Олхазарийн эшарш ека. Ас тIаьхьара олу: «ХIай сан Дела! Хастам бу-кх Хьуна! Зудчунна хила доьхна ирс гина суна. Хастам бо сайн кхолламна! Хаза хилла со бацалахь цIен зезаг санна. Сан вара сан деган эла – сан тIехьийза кIант. Соьга бен кхайкхина вацара иза юьртарчу шовдане. Цунах хилира сан цIийнада. Суна лиира сайн кIант хуьлийла – Дала велира и суна. Суна лиира сайн кIантах цIе йоккхуш къонах хуьлийла – цунах турпал-кIант хилира. Керл-керла синхаамаш гIуьттуш, тоъал мелла ас ирсан мутт. ХIара дуьне беса ца хилла суна. ХIай Везан, хIай Воккха Дела, хастам бу-кх Хьуна!»

 

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.