http://www.nana-journal.ru

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН

Пресс-эстафета "ЧР - ДОМ ДРУЖБЫ"


Иза нохчийн меттан верас вара Печать Email

Бурчаев Хьаьлим

Вайна юкъара д1аваха г1араваьлла вевзашволу нохчийн меттан 1илманча, этнограф, фольклорхо, поэт, публицист Джамалханов Зайнди. Шех лаьцна ала дуккха дика дешнаш, г1уллакхаш дити цо шел т1аьхьа. Шен т1аьххьара денош т1ех1итталц нохчийн матта т1ехь хаддаза къахьоьгуш схьавеара Джамалханов Зайнди.

Иза дуьнен т1е ваьлла 1922-чу шеран май беттан 9-чу дийнахь. Школехь дешна ма-веллинехь, 1939-чу шарахь, Теркайистан к1оштан газетехь д1аболийра Джамалханов Зайндис шен къинхьегаман некъ. Вайн халкъ махках даьккхинчул т1аьхьа итт шо даьлча Алма-Атахь арахеца долийначу «Къинхьегаман байракх» газете балха вахара 1955-чу шарахь. 1957-чу шарахь Нохч-Г1алг1айн АССР юхаметтах1оттийча вахара Зайнди республикин историн, экономикин, меттан, литературин а 1илманан-талламан институте балха.

Джамалханов Зайнди поэзин кхаа гуларан автор ву. Иштта дика гочдархо а вара иза. Амма уггаре йоккха лар йитина цо нохчийн меттан 1илманехь, 1939-чу шарахь, шен 17 шо бен доцуш, Джамалханов Зайндис Х.Хумпаровца цхьаьна язйира дуьххьарлера «Нохчийн меттан синтаксис» 1958-чу шарахь Мациев Ахьмадца цхьаьна х1иттийра «Нохчийн меттан нийсаяздаран коьрта законаш». Иштта цо арахецна литературин а, меттан а 1илманийн дуккха 1аматаш.

1959-чу шарахь вевзашволчу фольклорхочуьнца Эльмурзаев Сираьждица цхьаьна цо х1оттийра нохчийн фольклоран I-ра том, «Нохчийн халкъан туьйранаш, кицанаш, х1етал-металш» II-г1а том а.

Иштта Джамалханов Зайндис вевзашволчу филологин докторца Алироев Ибрах1имца цхьаьна кхочушбира доккхачу маь1нехь болу болх – х1оттийра «Нохчийн меттан нийсаяздаран дошам», цу т1ехь нохчийн мотт безачарна пайдехь дуккха материалаш ю.

Билгалдаккха дог1у 1939-1941-чу шерашкахь Джамалханов Зайндис болх бо г1араваьлла волчу 1илманчица, академикца Н.Ф.Яковлевца. Цаьршимма цхьаьна х1оттийра нохчийн меттан морфологи, орфографин а, пунктуацин а дуккха хаттарш къастийра. Цушиннан и 1илманан болх оьрсийн маттахь арахийцира 1960-чу шарахь.

50 сов 1аматаш, пособеш, дошамаш, 250 сов 1илманан белхаш – иштта жам1 ду Джамалханов Зайндин 75 шеран къинхьегаман некъан.

Цуьнан дахаран а, къинхьегаман а хьуьнар лаккхарчу совг1аташций, даржашций билгалдаьккхина ду: Нохчийн пачхьалкхан университетан а, МСГУ-н а лераме профессор ву иза. Дешаран а, кхоллараллин а декъехь цунна елла дуккха мидалш, «Нохчийн Республикин халкъан хьехархо» сийлахь ц1е. Дуккха грамоташ, дипломаш делла Джамалханов Зайндина, амма цо ша дозалла деш цхьа ц1е яра – «Нохчийн Республикин лераме гражданин».

Нохчийн Республикин куьйгалло гуттар шен тергонехь латтадора Джамалханов Зайндин 1ер-дахаран хьелаш, мехалчу совг1аташца билгалбаьккхира республикин куьйгалхочо Кадыров Рамзана 1илманчин къинхьегаман некъ, шен халачу дахарехула оьзда, халкъана вецаш иза чекхваларна, Нохчийн Республикин уггаре лакхара совг1ат делира Зайндина – Кадыровн орден.

Тахана вайца вац нохчийн сийлахь к1ант Джамалханов Зайнди. Амма вайн халкъан иэсехь иза вуьсур ву нохчийн мотт, фольклор кхиорехь мах хадийна ца валлал дукха, беркате къахьегна стаг санна, хьекъале хьехамча, вуьззина нохчийн къонах санна а. Дала гечдойла Зайндина! Везачу Дала ялсаманин веза хьаша войла цунах!

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.