http://www.nana-journal.ru

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН

Пресс-эстафета "ЧР - ДОМ ДРУЖБЫ"


Ма кегаелла хьо, зама... Печать Email

Алиев Г1апур

 

Еса г1ала

Цхьалха, есса, 1аьржа буьйса,

Г1алин деса урамаш.

Г1алин бошмаш евлла куьйса,

Хета, беш ю тийжам беш.

Йоьхна х1усмаш йохош ойла,

Кора-б1аьргаш къерзадеш,

Йовхо, серло, г1овг1а яйна,

Лаьтта соьга кадам беш.

Цигахь даьхна берийн совра,

Шайн бераллин г1овг1аеш.

Кхин ца дог1уш шайга ловзар,

Сагатдеш ду урамаш.

Чарташ доцуш байначара

Йитна шийла г1айг1анаш,

1адош зама – 1аьржа буьйса,

Д1алоьцуш ю майданаш.

Мацах кхузахь хьийзинчара

Битна сирла хьегамаш.

Биц а ца луш, бисинчарна

Хилла деган 1ийжамаш.

Г1алахоша тесна йитна,

Еса лаьтта пхьоьг1анаш.

Г1айг1а яхьаш 1аьржа буьйса

Йог1у, 1аржъеш ойланаш.

Соьлжа-Г1ала. 24.10.1997 шо

Вир а ю 1оьхуш

Нохчийчоь, хьо еза бохуш,

Цхьа к1ентийн г1ера ю хьийзаш.

Мел яарх ца дузуш,

Хьан букъ т1ехь дежаш,

Д1о генахь вир а ю 1оьхуш.

Нохчийчоь, шеконо 1ехош,

Цхьа 1еса ойла ю тебаш –

Хьан дуьхьа шаьш леларх

Уьш буй-те тешаш?

Ткъа вир а, вир а ю ежаш.

 

Нохчийчоь, «хьан дуьхьа» даржаш,

К1унс отуш, вовшашца къуьйсуш,

Хьан дег1ах каетташ,

Хьан дакъош доькъуш,

К1ентий бу, вир санна, 1оьхуш.

Нохчийчоь, селхенан декхарш

Уьттаза сов юха доьхуш,

Хьан дуьхьа лелийнарш

Т1епаза дойуш,

Вир а ю вирана 1оьхуш.

Нохчийчоь, шеко ю г1ерг1аш,

Шеко ю шен маша бузуш.

Ойла ян ца вуьтуш,

Саца а ца туьгуш,

Гай яьтт1а вир а ю 1оьхуш.

Соьлжа-Г1ала. 28.01.1998 шо

 

Ца лаьа

Ца лаьа, ма ч1ог1а ца лаьа,

Нохчийчоь, хьох ледар язда.

Хьох вала ма ч1ог1а ца лаьа,

Хьан к1ентийн г1алаташ арда.

Х1ун дар-техь, ши б1аьрг а хьаббина,

Заманаш лейина ваьхнехь,

Мел хилларг, долуш дерг дицдина,

Б1аьрзечу б1аьрзаллех хьежнехь?

Д1атесна и дешнаш кхалар,

Хедийна къарделла мерзаш.

Х1ун дар-техь сацийнехь пондар,

Кхин цкъа а ца деко иллеш?

Соьлжа-Г1ала. 27.04.1998 шо

Ма бале яьлла хьо, къу-нехан зама

 

Тем байна, сан ойла, ма кегаелла хьо,

Ма кегаелла хьо, зама.

Дагахь а доццучо шовкъе вой г1аттаво,

Дагахь а доццучохь т1ебог1у бала.

Ма кегаелла хьо, со веха зама,

Ма бале яьлла хьо, къу-нехан зама.

Селхено мел хир ду баьхнарш а харц дина,

Ма 1ехаелла хьо, зама.

Сатуьйсуш мел хилларг дахкарлахь дитина,

Даймехкан сий лардеш айина г1ама,

Къу-нехан герз хилла яьккхина ара.

Ма 1ехаели хьо, со веха зама.

Адмалла, адмалза вовшеха иэелла,

Ма иэрча яьлла хьо, зама.

Диканах вон къасто башхаллаш д1аевлла,

Бакъоно харцонан тахкийна ага.

Ма иэрча яьлла хьо, со веха зама,

Ма бале яьлла хьо, къу-нехан зама.

Марзонаш къахьъелла, гергарнаш эг1ийна,

Ма бале яьлла хьо, зама.

Нийсо а, харцо а цхьабосса тарйина,

Я к1айн ду, я 1аьржа – ца ваьхьаш ала,

Я оьзда, я осал ца къестош цара,

Ма бале яьлла хьо, къу-нехан зама.

Соьлжа-Г1ала. 26.08.1998 шо

* * *

Д1о цхьаъ ву бакълуьйш,

Кхузахь – кхин цхьаъ,

И ший а вовшашца вуьйлуш ву девне;

Бакъо ю бакъонца къуьйсуш,

Кечйина харцонна 1ойле.

 

Бакъо ю хадош

Бакъонан мах,

Шиннан а бакъоно кхиош ю харцо.

Шиммо а ямартло толош,

Баьккхина харцонна аьтто.

Д1о цхьаъ ву кечлуш,

Кхузахь – кхин цхьаъ,

Шиннан а кечам бу г1аддойуш зевне,

Д1аьвше зирх дегнаш т1е туьйсуш,

Баланаш т1екхойкхуш кевне.

Д1о цхьаъ ву бакълуьйш,

Кхузахь – кхин цхьаъ,

Шиммо а нохчашка кхийдош ю токхо.

Нохчийчоь балане йожош,

Не1 етташ лаьтташ ю къоьлла.

Соьлжа-Г1ала. 03.11.1998 шо

Х1аллакьеш ю сан Шеме

Т1аьхь-т1аьхьенца бала базлуш,

Есса лаьтта Нохчийчоь.

Гуш дов хьедеш мостаг1 воцуш,

Сан къам лаьцна луралло.

Маьждигашкахь дин ду кхайкхош

Иман доцчу 1илманчо.

Къу ву къуьца девне вуьйлуш,

Бакъо къуьйсу харцоно.

Т1ом чекхбаьлча т1амо эшош,

Лаьтта миска Нохчийчоь.

Х1ораммо а пайда лоьхуш,

Беркъе йина сан Шеме.

Дехча кхача орца доцуш,

Йоьхна хьийза Нохчийчоь.

Йогуш лаьтта ц1е-к1ур боцуш,

Нохчийчоьнан сийлалле.

Хьалха вала баьчча воцуш,

К1езий кхийда пхьу-дарже.

Хуьлуш долчух кхуьуш доцуш

Нохчийн къам ду г1айг1ане.

Х1ораммо а шен мах хадош,

Байлахь йити кханене.

Моттарг1анийн кирхьа дожош,

Маша буьйзи к1езгалло.

Г1овг1а яьлла хастамаш беш,

1адош лаьтта Нохчийчоь.

Шений-шений д1ай-схьа ийзош,

Х1аллак еш ю сан Шеме.

Осалалла дарже кхийдаш,

Сийсазйеш ю сийлалла.

Оьздангаллин некъаш хедош,

Х1аллакьеш ю Нохчийчоь.

Соьлжа-Г1ала. 12.01.1999 шо

* * *

Тезетна даьллаза лаьтташ ду кевнаш,

Д1ах1иттош лаьтташ ду барз боцу кешнаш.

Г1алийна гуо лаьцна – берзанан эскарш,

Д1адевлла моьттинарш, дицделла хетарш.

Дахаран некъаш ду хеназа хиэдаш.

Г1азотан х1олламийн ярташ ю диэбаш.

Г1ала ю йохаеш, ягаеш, отуш,

Мохь бетташ кхайкхарах орца дац кхочуш.

Адам ду мацалло шен маракъуьйлуш,

Мацделла ж1аьлеш ду царна гуо туьйсуш.

Йист йоцу г1айг1а ю б1аьргашчохь сецна,

Балано 1аьвшина дегнаш ду хебна.

Ягийна, йохийна г1ала ю 1аьржа,

Х1оранне дахаран узуш ду терза.

Тахне ю селхенах ца къаьсташ – терра,

Сецначу заманна адамаш г1ерг1а.

Гечдина хьаналдар хьарама некъаш,

Къарбарна хьан ц1арах биина дуйнаш.

Хьо хьоьшуш, хьан букът1ехь леларна атта,

Къинт1ера далалахь, х1ай 1аьржа латта.

Барз боцуш нисделахь, тхо лахь, тхан лахьта,

Ж1аьлешна каетта ца дуьтуш 1ахка.

Гуш доцчу бахьанна иккхина, даьтт1а,

Хьайн кийра иэцалахь, х1ай 1аьржа латта.

Соьлжа-Г1ала. 07.01.2000 шо

Сан Нохчийчоь ловзо яьккхи

Хила йишхилларш ма ца хили,

Хир ду моьттинарш моьттуш диси.

Зезаг дийначохь баь11аш девли,

Сан Нохчийчоь ловзо яьккхи.

Цхьаннан меттана цхьайтта вели,

Берзан дарж къуьйсуш к1езий г1евтти.

Х1ораммо ша шех баьчча кхайкхий,

Сан Нохчийчоь ловзо яьккхи.

Бода къарбина са ца хили,

Къилба дицдина гонна хьийзи.

Юкъ къийсинчун йист ца кхечи,

Сан Нохчийчоь ловзо яьккхи.

Сийлахь мел хеттарг осалдели,

Осал мел хетта некъаш даьсти,

Дуьне мел ду сан къам даржий,

Сан Нохчийчоь ловзо яьккхи.

Хьекъал оьшучохь 1овдал туьйли,

Хила йишйоцчух хилларг хийци,

Дийца луъчунна хабарш девли,

Сан Нохчийчоь ловзо яьккхи.

 

Соьлжа-Г1ала. 05.07.2001 шо

Сонет № 17

 

Т1ом кхехка, еригге д1алаьцна майда,

Дерриге сецна акъ-даьлла.

Хилларг а, хиндерг а дац, сецна г1айг1а

Лазийнчу дахаран баьрчехь.

Виелар а, велхар а дац хезаш х1инца,

Тийна ду 1адийна дегнаш.

Бен хилларг бен а дац. Т1еоьзна кирхьа,

Лаам бу ша-шена текъаш.

Тахне яц кханенах жоп дала кийча.

Цхьа а вац цхьаьнгге ладуг1уш.

Г1овг1а ю! Г1овг1а ю! Г1овг1анах ийна,

Т1ом бу шен ц1ен духар духуш.

Сонталло сан махкахь ага тахкийча,

Къизалла йоьссина и лийчо ц1ийца.

Соьлжа-Г1ала. 20.12.1999 шо

Сонет № 34

Яккхий ю аренаш кхечеран мехкан,

Даккхий ду кхечеран лаьмнаш.

Цигарчу адамийн ирсан яй кхехка,

Шуьрех ду дуьззина 1аьмнаш.

 

Цигахь бу бахамаш, ца оьшуш леха,

Ц1еста ду массеран кевнаш.

Ворх1 ломал дехьарчу дехьенал дехьа,

Лекха ю массарел б1аьвнаш.

Яц цигахь къаналла, массо ву къона,

1ожалла яц цигахь царна.

Вовшашка хьошалг1а эхар ду т1ома,

Ца боху ирс хир ду кхана.

Нохчийчоь, цигарчу дахарх ца хьоьгу,

Хьан эвла йистехь сайн каш хилар лоьху.

Соьлжа-Г1ала. 20.05.2000 шо

 

Сонет № 36

Гома а, ч1ома а чам бина чаьмза,

Чам боццург ву хьалха ваьлла.

Хьалхенан да воцург кхиссалуш хьалха,

Т1аьхье ю кхетамах яьлла.

Ша хила хьакъ воцчу нисвелла ко1а,

Бала беш шех, маса хьийза.

Кханено нисъяле тахненах божа,

Мел вакхарх, ца вузуш, ц1ийза.

Лулахойн тезетахь х1оттийна ловзар,

Цхьаъ воллу пал туьйсуш хьарам.

Лачкъийнчу баккхалах х1оттийна базар,

Хийламмо гулбина бахам.

Хьо хилар, цахилар бие-башха доцуш,

Нохчийчоь, хийла ву хьан латта хьоьшуш.

Соьлжа-Г1ала. 20.05.2000 шо

Сонет № 38

Жоп доцуш дуьсур-те мацхенан хеттарш?

Миел еха хир-те хьо, къу-берзан хан?

Г1елвелла, г1елвелла, к1ордийна г1ерг1а,

К1ордийна заманах 1ехавала.

К1ордийна замано сайн д1ай-схьай хьийзор,

Сайн меха воцучух масала дан.

Къарбелла пондаран цхардоьлла ц1ийзар

К1ордийна, са мере кхачийна сан.

Сан пондар къарбелла, сан зама санна.

Сан зама д1аяхна, ластийна т1ам.

И юха йог1ур ю со воцуш… Хьанна?

Сан некъ бу г1омалха дахана г1ам?

Нохчийчоь, хьо йоцург деригге дита

Реза ву, ахь витахь хьайн г1енаш тида.

Соьлжа-Г1ала. 21.05.2000 шо

 

Сонет № 99

Чал дера къизалло буьрса герз детта,

Де-буьйса г1ирдоьлла вовшех ийна.

Дахарах каетташ 1ожалла кхиерста,

Баланан г1евлингахь синтем бижна.

Кхайкхаза веанчух х1усамда хилла,

Тхан х1усмаш лаьттинчохь оьрнаш девлла.

Докъаза байначийн доьзалаш тийжа,

Жоп доцуш мел дина до1а дисна.

Сийсазъеш жималла, къаналла тийжош,

Осала мел хеттарг махка деъна.

Боцучу бехкана жоьпалле ийзош,

Хийла к1ант мостаг1чо х1аллаквина.

Ладог1ал! Х1ун ю и хезаш ерг лелхаш? –

Дуьне а 1адийна лелхарш ду дегнаш.

Соьлжа-Г1ала. 22.12.2000 шо

 

 
©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.