http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Гlапуран Аз... Печать Email

 

Дош хаза а, маттана говза а хиллачу Хьасамбис иштта аьллера шен хенахь Г1апурех. (Дала гечдойла цу шинна...)

ЯХЬЯЕВ Хьасамби

Г1апур, поп санна дег1 а долуш, шовзткъе итт шаре ваьлла, г1еметта х1оьттина стаг ву. Дег1 а, хан а хиларх бер ду х1ара, бер ду шен дог-ойла беран санна цІена хиларна.

Со а, суна хетарг а боккха болх бацахь а, Г1апурах сайна гуш долчунна т1е а таь1на, кхунах сайна хетарг ду ас дуьйцург: жимачуьнан дог эццал жимачуьнца жима а ву х1ара, накьостана накъост а ву х1ара, шегара цхьа ледарло а яьлла шех бехк баьккхича, бехкана юьхь-1аржа х1оттал иманчохь а ву х1ара.

 

Шен схьавалар Мартан-Чуьра ду Г1апуран, Хьалха-Мартанан кІоштахь лаьмнийн когашна к1ел 1уьллучу к1отарара. Кхузара х1о-х1аваах, шовданех литтаелла нохчийн меттан жималлин хазалла а, аьхналла а ю Г1апуран иллешца леларг. Ткъа кхоллалушшехъ нохчийчун дагчохь кхолла а елла схьа1аьнна ойлийн, синхаамийн, вастийн шорталла дагах кхета, шех хьан а, хьох шен а гІортор яр лерина лазам боькъий, д1аяйна яьлла аьлла хеталун дегайовхо денъеш.

Ши поэт цхьана ца тарлучу дуьненахь поэтан дарж даккха араваьлла вац ша аьлча санна, ша язйийраш стихаш яц, иллешна яздина дешнаш ду олу Г1апура, аьлча а кхунна коьрта ду замано ха хорцучу дийнахь ша т1евехна къоман хьашт – массо заманахь а, дехье а, сехье а ца къестош, марзонан, нийсонан, доьналлин бух т1ехь лаьттинчу къонахийн мог1арехь дечиг-пондар кара а эцна, ша вехачу, вовшийн хьашт-иэшамаш а луьттуш, ша шех дагавуьйлучу шен заманан илланча-кхайкхамча хилла висар. Амма деккъа дашна я дух-барч боцу беса кхайкхамаш бар аьрха ду Г1апуран кхетамна, кхо ялхо яьккхинарг кьам къомаллин ларда т1ехь латтон син ц1еналла ю:

Заманаш хийцалуш дуьхьал куъг тессина,

Хьо ловзош баьхначу къонахийн дуъхьа,

Халкьашлахь яьккхина нохчийн ц1е ларъялца.

Собар де, сих ма ло, къонахийн зама.

Ткъа Г1апур поэт ву-вац боху къастам бечохь кхуьнан кхин цхьа байт а ялайойла луур ду:

Ц1е яьлча ц1е яьллий а ца хууш,

Дов даьлча дов даьллий а ца хууш,

Мацвелча мацвеллий хуучух

Ларвелахь со, везан Дела.

Мацвелча мацвеллий а ца хууш,

Хьагвелча хьагвеллий а ца хууш,

Дов даьлча дов даьллий хуучух

Ларвелахь со, везан Дела.

Дехьенна сехье а ца евзаш,

Сехьенна дехье а ца. евзаш,

1овдалчо еш йолчу 1амалах

Ларвелахь со, везан Дела.

Сатуьйсур ду вай, и сатуьйсийла вешан хилча-м муххале а, х1унда аьлча, вайн къам, хууш ма-хиллара, Дала шен дехарна жоп даларна т1ехь декъала хилла къам ду:

Г1агг1инехь мохь оьхуш, совццане ца совцуш,

Іанне а ца 1ийча белла хьо Дала.

Оха ма-беххара, ирсан не1 д1акъовлуш,

Дег1аста боьсси хьо, балийна бала.

И а ву Г1апур.

Г1апур-поэт.

Г1апур-илланча.

Селхе, тахане, кхане шех хьаьрчина, цу хьарчамехь виса хьаьхна.

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.