http://www.nana-journal.ru

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН

Пресс-эстафета "ЧР - ДОМ ДРУЖБЫ"


Кадыров Ахьмад-Хьаьжина Печать Email

 

Талхадов Хьамзат

Цхьаннех а ца лечкъош,

Къаночо дегийча б1аьрхиш,

Ца кхулуш, малх кхетта,

Нохчийчоь, хьо муха лаьтта?

Ца билла, къонахчо

Хьабдича нур кхачош б1аьргаш,

Хьалха ма-хиллара

Зезагаш г1овтту хьан хьаьттахь.

 

 

Этт1ачу куьйгашца

Дендайша йоьг1на б1ов йоьжча,

Хьалха ма-латтара,

Б1аьрг 1ехош, кхин цкъа ца г1атта,

Г1иллакх, дош, 1есачу

Тобанан когашка доьжча,

Ца юхуш, ца текхаш,

Ахь муха лов-те и атта?

 

Хьо яха декхар ю,

Декхар ю т1аьхьенна яха,

Пайхамарш кхелхина,

Делхош хьан нуьре и 1алам.

Цхьа к1айдарг а яц хьан

Каш доцуш ахка, я аха,

Цундела бо хир бу

Къонахчо хьан лаьмнийн ларам.

 

Осалчо хьо хьоьшу,

Къонахчо хьан лазам хьоьшу,

Осалниг хьох уьдуш,

Къонахчо 1уьйшу хьан бала.

Хьан лаьмнийн беснеш т1ехь

К1аргделла хершнаш а доьшуш,

Цхьаммо ца аьлла дош

Лоьху цо, хьо хьоьстуш ала.

 

Цунна а хьо кхузахь

Карийна дуьнена вог1уш,

Шел хьалха ваьхначу

Кхонахчо ларйина четахь.

Къонаха кхелхаш вац,

Тап олий ву къайла волуш,

Ца юхуш хьо латтарх

Со х1инцца, къежвелча, кхетта.

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.