http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Хьан б1аьргийн серлонехь Печать Email

Кадиев Руслан

*    *    *

Генарчу селханехь кхиъна,

Кхераман лар т1аьхьакхиъна,

 

Сан дуьне карчийна хийци,

Х1аваах ка-м1араш тийси.

Йоьду хан тидаме эцча,

Цхьа г1айг1а еа-кха эрша.

 

Некъо ног тухучохь йоьлуш,

1ожалла соьга ю хьоьжуш.

 

Сан ойла кхетамал тоьлла,

Хьо йицйъян ницкъ бацарх йоьлла.

 

Къастамехь собаро зийна,

Б1аьрзалца йишйохар ийна.

 

 

*    *    *

Хьан ц1е йохуш сан дог парг1ат долу,

Йоллу ойла даим хьоьца ю.

Дийнахь, буса къайлехь хьоьга кхойкху,

Сан лазамна орца хьоьгахь ду.

 

Хьан бен ницкъ бац йоьхна ойла теян,

1уьйре елош г1атто суна малх.

Тахне санна йог1у кхане еза,

Кхана юхаъ хьо сатосий ган.

 

 

*    *    *

Сан иесахь хазйина ойла,

Хьаьддица хьан вастийн 1овра.

Хьан б1аьргийн серлонехь тахна,

Йишйоьхна цхьа къайле йогу.

 

Лаамах сан з1е ца хаьдда,

Дегйовхон гуро са лаьцна.

Сай ирс цкъа ца го-те суна –

Хьай ирсан дарже хьо кхаьчна.

 

Ийзалуш 1уьйре схьакхочу ,

Х1оразза и керла йог1у.

Хьо гина, йист хуьлу хезна

М1аьргоне дуьне ца кхочу.

*    *    *

Тамаше тамаш хьо хилла,

Къайлени къайле хьо хилла –

 

Йогучу суьйренан йовхо,

Экаме лааман йовхо.

 

Лаьхьанах хьаьрчина буьйса,

Тийналло къарйина буьйса.

 

Х1ун ду те кханено бохург,

Кхолламан йозано бохург.

 

Вай 1индаг1 цхьаъ хир дуй теша,

Ахь цкъа а со лехний теша.

 

Малх сайна ца хьежар лезна,

Хьан елар сайн дацар лезна.

 

1уьйранна садаржар санна,

Б1аьстенца сагатдар санна –

 

Тамаше тамаш хьо хилла,

Къайленан къайле хьо хилла.

 

 

*    *    *

Сийначу геналлин шортехь,

Сиегачу беттасин дорцехь,

 

Буьйсанан боларца г1ийла,

Чот йоцу сайраташ хьийза.

 

Лакхара ларамза къежаш,

Лаьтта т1е шийла тхи лешош,

 

Седарчий корах чу хьоьжу,

Тем байна ойланаш кхоьхьу.

 

Эххара т1екхечи б1аьсте,

1уьйрено малхбале хьаьсти.

 

Кхетаман дозанал дехьа,

Хьо муха карор ю-техьа.

 

Къилбера самукъне мехаш,

Хьан амат хьистина мехаш,

Уьш х1унда юьстаха хьоькху,

Доцучохь ирс х1унда лоьху.

 

Йиш юй-те кхолламца къийса,

Нур лепа хьан амат дицдан.

 

 

*    *    *

Хила ша йишйоцург цкъа хилла гарие сатуьйсу,

Есана сирлачу беркате санна саттуьйсу.

Дийнахь хьо малхаха, буса хьо баттаха тарло,

Айпаза йог1учу б1аьстенна 1алам а къарло.

 

 

*    *    *

Дарие до б1аьрсино дагна –

Хьол хаза цхьа а ца хила.

Тоьшал до сан дагуо синна –

Хьол хьоме цхьа а ца хилла.

 

Сан оьмар кхачор юй тиеша,

Сатуьйсуш собарехь яьгна.

Бешара г1а дегош хьаьдда,

Мох санна хьо гарах хьаьгна.

 

Де-буьйса хьо йоцуш доьду,

Де-буьйса хьо йоцуш дог1у.

Ца хоьттуш гуьйре а йог1у,

Сан сица и цхьаьна йог1у.

 

Безаман доза ца хилла,

Кхетаман къайленехь тилла.

 

 

*    *    *

Гуьйре ма еъна-кха г1ийла,

Дог1анца тийжаш ю и.

Суьйрени къежар ду шийла,

Сан кхоллам г1айг1а хили.

 

Лаьара, хьан кхане екхна,

Хьан ойла къобал а еш,

Йог1ийла хьуна ирс деъна,

Йог1ийла хьо декъалйеш.

 

 

*    *    *

Хьаьрса хьач хазаллехь баьгна,

Огарах сира сай хьаьгна.

 

Есаллехь лаьхьарех сетташ,

Зарраташ вовшаха хьерча.

 

Аналле ойла а едда.

Еаро ловце сатесна.

 

Зиярте суьпа стаг воьду,

Анайист хадийна воьду.

 

Самалха дер дуй са хаьа,

Уппаг1а нисйинчул т1аьхьа.

 

Некъ зийна собарехь тилла,

Ахь суна кхел елахь х1инца.

 

*    *    *

Г1а хьадеш мох санна хьаьдда,

Сан оьмар дозане кхаьчна.

Дегйовхо декъала йоцуш,

Ана а мохь хезе яьлла.

 

Маьрк1ажехь серлонаш йогу,

1уьйре а шелйелла йог1у.

Хьуна дог лозийла аьлла,

Азаллехь хилла сан йоза.

 

Суох ойла хьан муха хилла,

Соьга цкъа хьаьжна ца хилча.

Ахь суна са муха гатди,

Со цкъа а гина ца хилча.

 

Вай гение ас муха къарйие,

Муха ю ахь кхобу къайлие.

 

 

*    *    *

Cан синна хьералла еъна,

Сан лерехь тийналла сецна.

 

Кханенан кхерамах вала,

Хийца а йишъяц-кха зама.

 

Б1аьсте шен басаршкахь къега,

Хьан хьажар суна ца сега.

 

Х1ун биен ду хан муьлха хилча,

Хьан тергон марзо ца хилча.

 

Буьйсанехь мохо садоь1у,

Дерриге селхане доьду.

 

Хьоьций биен сан ойла яц-кха,

Хьакъ вуй хьан ц1е мукъне яккха.

 

Ца бинчу новкъа со хьоьжу,

Хьан 1индаг1 лелла лар лоьху.

 

 

*    *    *

Кийрахь мохк бегош стигал къевкъира,

Кирхьан т1ехьара 1индаг1 лестира.

 

Хьо цхьаъ эзарлахь даго къастира,

Зовкхе тамашехь ойла 1адира.

 

Къорачуьнга ас хаза бохий те,

Б1аьрзечуьнга ас хьажа бохий те.

 

Анайист йоцу лаам хилла хьо,

Зие со кхоьллина йоза хилла хьо.

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.