http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Стихаш Печать Email

Айдамирова 1айшат

 

 

*   *   *

Экханца хьун къуьйсу,

Аьрзуца бен къуьйсу,

Ч1ераца хи къуьйсу,

Соьца маршо къуьйсу.

Тхан божал догуш ду,

Етт, эсий 1оьху.

Ас ж1аьла чу дуьту,

Юрт Деле йоьху.

 

*   *   *

Бехк билла веъна хьо, лаьтта со г1ийла,

Эхь хета суна сайх бехказа йийла.

 

Хьо атта лиевели, б1аьрг хили вайна,

Дог шалла шелдели, ц1ийн тулг1е яйна.

 

Боцу бехк хала бу карахь ц1е санна,

Цу ц1ергахь догу дог ц1ен деши санна.

 

Ала ахь баркалла, хьо ала веъна,

Малх кхетта сирла де йочане деъна.

 

Матто лам лалабо я йохьу хьатта,

Яхь йолуш стаг велахь ца вуху атта.

 

Цхьа туьхий, сискаллий – диталур доцуш,

Яла-м со лийр ма яц 1ожалла йоцуш.

 

Ша хиларх къонаха хьаьжт1ехь нур догуш,

Билгала-м хир ма ву йоь1е дош олуш.

 

Поп санна нисвелла, хабарна шера –

Хьайн дагахь хилла-кх хьо дуьнена эла.

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.