http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


ОЙЛА Печать Email

 

Межиева Хедишт

 

 

 

Ойла. Еккъа цхьа ойла.

Хьох лаьцна ойла.

Хили сох – кхачина г1ора.

Д1аяьлла серло, безамо човхийна.

Кхачийна оза,

Самукъне хилар а –

Ца хилча санна.

Массанхьа кийча,

Массаьрца ийна.

Дуьне а, самукъа,

Ахь делча санна,

Хьоьцани дайна –

Хьоьцани яйна.

Ца яхча санна

Хьол хьалха цкъа а,

Ца хилча санна

Хьо воцуш цкъа а,

Зама сан яйна.

Хьох йоьзна ойла,

Еккъа цхьа ойла,

Сатийса йисна.

Йиси со цхьалха,

Йиси со елха,

Ца хилча санна

Вист хилла цкъа а.

Дог дагах кхуьуш,

Марзо ца кхуьуш.

Са марзо ша цхьалха йисна,

Заманца къийса.

Хьох лаьцна йисна,

Хьох йоьзна хиларна,

Ларамза ца юьтуш

Дагна язъелла,

Деригге д1аэцна

Цхьа ойла г1ийла.

Еккъа цхьа ойла.

 

 

Г1ИЙЛАЛЛА

 

Ахь динарг дагдеъча садукъло ханна.

И муха, х1унда а дина те ахь.

Цабезам я безам, х1ун ду те ала,

Ойла ца кхачалуш жоп лоьхуш 1а.

 

 

Х1ун х1илла лиели те, мичахь галъяьлла,

Ас маца сий дайи хилла те хьан…

Везарал сов даьлла х1ун г1алат даьлла,

Ас мичахь цаларам гайтина сай…

 

Хьоь кхочуш оьзда хилла вац бохуш,

Къонахийн баьчча хьох винера ас.

Адмалла, сий, ларам хьоьцаний дозуш,

Ма ч1ог1а мах хадош лийлира хьан.

 

Тийшира, вийзира диег1а сан санна,

Хьо воцуш дахар а цагора сай.

Хьан б1аьрг ца кхуолийта г1айг1ане цкъа а,

Кийча яра нур хила чим хиларх сайх.

 

Лазаро к1елйитна цамгаро лаьцча,

Г1айг1ано хазалла тишйича сан.

Адмалла, накъостал доьхучу кхаьчча,

Ца аьлла со йитира ахь.

 

Со г1ийла йилхира гора а хиъна,

Дан амал дацарна баланна сайн.

Ас хьоьга кхайкхира берано санна,

Йишйелахь дист хуьлуш хилитахь вай.

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.