http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Стихаш Печать Email

Мусаева Луиза

 

*   *   *

Ас хьуна сатуьйсу денна,

Лечкъаеш г1айг1ане ойла.

Со йоцуш хьо мичхьа лела,

Безамо некъ луьйцуш г1оза?

 

Замано йовзийна гатте?

Кхечуьнца боьзна те кхоллам?

Ас тховса хоттур ду батте,

Ирс дацахь  хьулбийр бу лазам.

 

Сатийсар хиллехь сай эрна,

Хиллехь со цкъа 1ехаелла.

Сан дагна шен хетта амат,

Кхолор ду, доккхур ду генна.

Шуьйта-Г1ала

 

Шуьйта-Г1ала – лаьмнийн жовх1ар!

Со хьо йолча кхочур ю.

Сан дай оьзда баьхна шахьар

Хьан хазна ас кхайкхор ю.

 

Хьан дозалла – лекха лаьмнаш,

Сирла дуьйлу шовданаш.

Хьан хазалла – бошмаш, хьаннаш,

Ирзехь кхуьу зезагаш.

 

Х1аваъ башха, 1алам тийна,

Хаза ойла  кхоллало.

Стигал екхна хьоьжу сийна,

Дахар цара сан хаздо.

 

Чолхе заман хало лай ахь,

Тешалла деш Б1аьвнаш го.

Вайн лаьмнашкахь ларйина яхь,

Д1ацалуш лаьттина хьо.

 

Мокхаз, бердаш, Шуьйта г1ала,

Денна хазлуш кхиалахь.

Сан дай дошлой баьхна г1ала,

Дахар тодеш яхалахь.

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.