http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Стихаш Печать Email

Бетмурзаева Човка

 

 

*   *   *

Сан Даймохк, хьан чевнаш сан 1ийжа йоьлча,

Мегара со хьера яла.

Цкъа хьуна йоьлхуш со тийжа йоьлча,

Ма дукха дара сан ала.

 

Эшар

 

Марша йог1ийла ва хаза йог1у аьхна 1уьйре,

Схьакхетачу малхах тера.

Тхан синошна серло лохьа, –

Марша йог1ийла ва дуьне г1аттош йог1у 1уьйре.

 

Марша йог1ийла ва хаза йог1у аьхна суьйре,

Чубузучу малхах тера.

Т1еман бала ахь д1ахьохьа, –

Марша йог1ийла ва марзо яхьаш йог1у суьйре.

 

Марша йог1ийла ва хаза йог1у йовха б1аьсте,

Айхьа 1алам ден ма дарра,

Тхан синошна дехьа дарба, –

Марша йог1ийла ва чевнаш ерзош йог1у б1аьсте.

 

Марша йог1ийла ва хаза йог1у токхе гуьйре,

Айхьа дохьу беркат санна,

Тхан махкана лохьа маршо, –

Марша йог1ийла ва рицкъах юьзна йог1у гуьйре.

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.